Митчелл Линколн Iамеркерчу Колумбин университетан профессор ву. 2002-чу шарахь дуьйна шина шарахь цо куьйгалла дира Iамеркан Къоман демократин институтан Тбилисерчу бюронна. Дукха хан йоцуш Гуьржийчохь хиллачу харжамашкахь толам баьккхинчу «Гуьржийн сатийсам» коалицин хьехамча вара Митчелл. Цу коалицин куьйгалхочо Иванишвили Бидзинас шен министрийн кабинетан декъашхойн цIераш яьхна.
ХIун ойла ю хьан, хезнарг тидаме эцча аьлла, дара Маршо Радион корреспонденто Митчелл Линколне делла хьалхара хаттар.
Митчелл Линколн: «Церан хатI кхин ду. Цу нахе хоьжуш гуш ду, уьш тур лестош ца хилар. Уьш вуно эсала а, кхетам болуш а нах бу. Цундела иза дукха йоккха башхалла ю аьлла, хета суна. Суна хаьа, Иванишвили политикана юкъаваханчул тIаьхьа дийца долийра иза оьрсийн тайнаг ю бохуш.
Харжамаш дIабирзича цхьадолчу газеташа яздор, Оьрсийчоь тоьлла, я Гуьржийчоьнан Малхбузехьа йолу политика эшна бохуш. Амма, бакъдерг дийцича, иза дукха партала олу журналистика ю, цхьана агIора яздича тоам беш йолу, вукха агIонца къамел а дина, шена хало ца еш йолу. Цу наха дукха сиха жамI деш Iедал ду хетачунна.
Масала, «Мишас (Саакашвилис) ингалсан мотт Иванишвилис буьйцучул гIоле буьйцу, цундела...» олий цхьа жамI до. Цундела кхузахь дукха баккхийн хийцамаш хилла аьлла, ца хета суна. Суна гуш бу хийцамаш, хIара тоба мелла а эвсарал долуш хила мегаш хилар. ХIара тоба, суна хетарехь, идеологи юьхьарлаьцна яц.
Ирх-пурх а Iедалехь йиса гIорта дагахь, массанхьа а оьрсийн лар лаха гIертар йолуш яц хIара тоба. Ткъа иштта яра тIаьхьарчу шерашкахь Саакашвилин раж. Цу гIуллакхо новкъарло йора Гуьржийчоьнна арахьарчу политикехь шен Iалашонашка кхача».
Маршо Радио: «Ахьа бах, керла Iедал керла хатI долуш ду. Ткъа керла чулацам буй цуьнан»?
Митчелл Линколн: «Дийца жимма хьалхо далахь а, амма Иванишвилис дIахьедар дира, Оьрсийчоьнца экономикан уьйраш юхайоло лууш ву ша аьлла. Иза шина агIор хIума ду. Цхьана агIор доккха гIуллакх ду иза, вукха агIор дIоггара доккха гIуллакх а дац иза.
Иза дукхах болчу гуьржашна хаза лууш долчу хIуманех хила а мега. Дукхах болчу гуьржашна лаьа, шаьш Оьрсийчоьнна дуккха а хIуманашна тIехь реза бацахь а, цу махкаца юкъаметтигаш дIанисъян еза аьлла, тIеман озийначу лаг тIера пIелг дIабаккхийтар Iалашонца. Цигахь цхьацца хийцамаш хила а мега.
Амма Гуьржийчоьно ОвхIанистанера эскарш цIа а далор ду, НАТО-на юкъаяха гIертар дуьтур а ду, иза Оьрсийчоьнан Iаткъамна къел а гIура ю, я цхьана керлачу Советан Бертана юкъагIур ю аьлла, хеташ верг дукха гена ваьлла шена хеташ долчехь».
Маршо Радио: «Абахазех а, Къилба ХIирийчоьнах а лаьцначу хаттарехь цхьа а хийцамаш хир бу аьлла, хетий хьуна»?
Митчелл Линколн: «ХIа-хIа. Гергарчу хенахь хир бу аьлла, ца хета суна. Амма цаьрца юкъаметтигаш кхечу бух тIехь дIанисъян аьтто бу аьлла, хета суна. Саакашвили коьртехь волуш Гуьржийчоьнан официалан политика яра, Къилба ХIирийчохь а, Абхазехь а адамаш доцуш санна.
Цара Оьрсийчоьно аьлларг бен деш дац. Цигахь йолу конфликт Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а конфликт ю бохуш, чIагIдар цхьа а жамI дохьур долуш дацара. Цундела Саакашвили Iедале веана 8 шо даьллачул тIаьхьа и регионаш гена евлла Гуьржийчоьнна хьалха хиллачул а.
Цундела ойла ян магар долуш цхьаъ гIуллакх ду. Цигара бахархой хIун ойла йолуш бу-те бохург ду иза. Уьш йозуш йоцучу пачхьалкхехь бехаш болу нах а ца лоруш, уьш махкана юкъабало гIортар.
Юкъараллашна юкъахь уьйраш тесна а, юкъаметтигаш кхоьллича хIун дар-те, уьш Малхбузенах дIатосуш, Оьрсийчоьнах цу бесса бозуш уьш ца хилийта. И уьйраш Тбилисехула чекхйовлуш хила а ца еза, цара хIинццалц деш ма-хиллара. Уьш ду-кх вайна ган там болу хIуманаш».
Маршо Радио: «Иванишвилис шен арахьарчу гIуллакхийн министр хаьржина Панджикидзе Майа. Цунах лаьцна хIун хаьа вайна»?
Митчелл Линколн: «Иза, шуна хууш ма-хиллара, харжамийн кампани йоьдуш зорбанан гIирсашца зIенаш латтош яра. Амма иза зеделларг долу а, дика а дипломат лоруш ю. Суна хетарехь, дуккхах берш ладоьгIуш бара, цу дарже мел лакхарчу даржехь хилла стаг хIоттор ву бохуш.
Амма, суна хетарехь, иза дика хир ю цу даржехь. Иза лоруш стаг ю, къаьсттина керлачу Iедалехь арахьарчу политикехь болх бийра болчу наха. Цундела иза дика харжам хета суна.
Иза езаниг яц, дуккха а нахана цу дарже хIоттор ву аьлла, хеташ хилла волу 30 шо дипломатехь болх беш зеделларг долу, Iамеркехь векал хилла волу Джапаридзе Тедо санна. Амма вайна хаа лаьа керлачу Iедалах лаьцна вайн аьтто берг.
Оппозици тоьлча керла нах богIу Iедале. Царах цхьаберш вайна ца бевзаш хила а мега. Цундела шеко хуьлу, ларалур буй те уьш шайн декхаршца олий. Обама Iедале веара Iамеркехь. Клинтон ХIиллари цкъа а болх бина яцара Iедалан структурашкахь.
Амма, оппозици, толам а баьккхина, Iедале еача, хуьлуш дерг ду иза. Дуккха а керла нах богIу Iедале. Уьш керла нах бу, церан зеделларг дац, цундела уьш говзалла йолуш бац Iедалехь болх бан бахар, нийса дац».
Маршо Радио: «Ткъа чоьхьарчу гIуллакхийн министр хIоттош волчу Гарибашвили Ираклех лаьцна хIун эр дара ахьа»?
Митчелл Линколн: «ТIахьарчу масийтта шарахь Иванишвилин банкехь а, цул тIаьхьа цуьнан гIоьналлин балхахь а накъост хилла ву иза. Иванишвилис валийна а вара иза шеца. Харжамийн кампани дIахьош а, ткъа иштта тIаьхьарчу шарахь чIогIа бIаьрла стаг вара иза.
Цуьнан Iалашо гуш ю. Цо цIанъян езаш ю чоьхьарчу гIуллакхийн министралла. ТIехула тIе коррупци а ю дIаяккха езаш.
Гарибашвилис дика буьйцу ингалсан мотт. Цунна французийн мотт а хаа моьттуш ву со, цо иза буьйцуш сайна ца хезнехь а. Иза Цхьаьнатохначу Штаташкахь дешначерах вац, масала. Амма цо дуккха а хан яьккхина Малхбузехь, Европехь. Иза тIаьхьакхиина цунна. Иза кхеташ ву цигахь долчу дахарх.
Иза чIогIа мехала ду чоьхьарчу гIуллакхийн министр санначу даржехь болх бечу стаганна».
Маршо Радио: «Москох муха хьоьжуш ю аьлла, хета хьуна Гуьржийчохь тахана хуьлуш долчуьнга»?
Митчелл Линколн: «Суна ца хаьа Москох кху харжамех лаьцна хIун дийцира. Суна хетарехь, Москох хууш дара баккъалла а кху харжамашкахь хIун хьулуш ду. Царна гуш дара цу шина кIантах цхьа а шайгахьара ца хилар. Царна гуш дара царах цхьаммо риторика хуьйцур хилар, цундела иза пайденна хила мегаш хилар Гуьржийчоьнан хаттарехь.
Москохца йолчу политикехь Саакашвилис кIоршаме риторика лела йора. Суна ца хаьа. Аласания а, Панджикидзе говзанчаш бу арахьарчу политикехь. Уьш бу Гуьржийчоьнан арахьара политика дIакхехьа дагахь берш. Суна хетарехь? цара иза эвсара дийр ду. Ткъа Москох хьо валахь, хьуна гуш ду, тIом хила мега бохург дIадолуш хилар.
Амма, шуна а хаьа иза, Мокох пайда эцара, тIом хила мега бохучух. Иза чоьхьарчу политикехь мехала дара Оьрсийчоьнан Iедалшна. ХIинца иза дIадаьлла. Цундела, суна хетарехь, цу гIуллакхо Iаткъам бан мега Оьрсийчохь нахана хетачунна».