"Нохчийн мафи" – немцойн прессина хетарг, я долушдерг?

Муха мах хадабо шайх лаьцна меттигерчу журналисташа яздечун Германерчу нохчаша

Der Spiegel уггар даккхийчу журналех ду пачхьалкхехь. "БКА-но нохчийн мафех ларло боху" аьлла ю цо деношкахь арахецначу дIахьедаран цIе [БKA – Германин криминалан полицин урхалла]. Артикло дийцарехь, зуламхойх яьккхина ю цигара нохчийн диаспора, бесташ бу цо махканна бохьу бала.

Тамашениг ду дерриг а хаа декхаре а, хаъалц талламаш дIакхехьа а шена тIехь долчу полицин хьукмато "кеп-кепарчу зуламийн декъахь хила тарло [редакцин билгалдаккхар] нохчий" бахар. Дешархочун тидам тIеберзош билгалдоккху цо: Германин лерринчу сервисашна зIе ца карийна криминалний, динан радикалисташний юкъахь.

Шпигелна тIаьххье, бIаьрг тIехIутту цIе а туьллуш, репортаж арахоьцу "Немцойн тулгIено" ("Deutsche Welle") шен ютуб-каналехула – "Германера нохчийн мафи: гуттар а къизачу бандитех долу къайлах дIахьедар". Авторо бахарехь, оцу мафино, шен декъашхойн барт чIагIбеш, нохчийн къома юкъадоьлла политикан дар-дацарш а тIехь дуьту юьстах. Иштта кечйинчу оцу видеоматериале къаа дийнахь хьаьжна 110 эзарза.

"Немцойн-кавказхойн юкъараллин" куьйгалхо Эккерхард Маас реза вац "мафех" лаьцна баржочу хаамашна. Цунна хетарехь, Оьрсийчуьрчу прессо даржочу харц масалшна тIе а тийжаш, Германерчу журналисташа а, хьукматаша а "халкъ Iададо, кхерадо нохчех хIоразза а".

КХИН А ХЬАЖА: "Маж" операци, я стенга кхаччалц ю "нохчийн лар"?

Тидамза ца дитина Der Spiegel-о яздийриг Соьлжа-ГIалахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-гIоьнчас Каримов Iаьлвис дIахьедина, арахецна артикл политикан, экономикан бахьанашца арахецна а, "пIелгах бекхаш язйина а ю".

Нохчийн диаспорин жигархо Б. Элабек Кёлнехь веха. Ша реза вац журнало яздечунна, элира цо "Кавказ.Реалиица" къамелдеш: "2001-чу шарахь дуьйна веха со кхузахь, шеко йоццуш ала ду – доцург кхоьллина дIахьедаро. Каро мега нохчашна сийдеш доцу ши-кхо сакхт цаьргара даьлла меттиг. Амма "нохчийн мафи" а, "цуьнгара юьйлу къизаллаш" а бохуш даржор – иза нийсо яц".

Берлинерчу Д. Рамзана – иза а ву меттигера жигархо – билгалдаьккхира, Германин миграцин урхалло нохчех лаьцна дуьйцунна нийсса бIоста ду прессо даржийнарг, аьлла. "Масала, мигранташца болхбечу говзанчаша чIагдарехь, нохчий атта меттигерчу дахарх булуш, адамашца тарлуш нах бу. Бахьана долуш а, доцуш а полице ца уьду нохчий, шайлахь, шайн кхетамца лоху барт а, машар а – цундела ца хила а мега цхьаболу полицера хьаькамаш тхуна реза", боху Рамазана.

КХИН А ХЬАЖА: "Нохчийн мафино" сагатдойту Германига. …Ткъа муха?

Der Spiegel харц ду, пачхьалкхехь "нохчийн мафи" ю баххал бух бац, аьлла шайн резадацарш дIахьедина кху юкъанна Германерчу нохчийн юкъарллаша.

Даймахкахь лаьттачу тIамех уьдучу мухIажирех кхоллаелла, Европерчу, Iамеркарчу кхечу мехкашкахь а санна, немцошлахь нохчийн диаспора. Мигрантийн, мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу федералан урхаллин статистико гойту Германехь 50 эзар къилбаседа-кавказхо вехаш хилар, царех 40 000 гергга ву нохчо. Францел тIаьхьа (цигахь веха 68 эзар нохчо - Le Monde) шолгIачу меттехь ю шена чохь бехачу нохчийн дукхаллица Германи.