"ГIашсалтичун хьоло декхарийла во". Муха бевлла Кадыровца дарж "къовса" бохкурш?

Chechnya -- Chechen leader Ramzan Kadyrov (C) leaves a polling station in the village of Tsentaroi during Russian parliament elections, September 18, 2016

Демократин юкъараллехь хуьлучу харжамийн кеп ю масех кандидато дарж къовсар. Сурт иштта гайтархьама бевлла гурахь тIекхочучу харжамашкахь Кадыров Рамзанца Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж къовсур долу нах. Амма тергамчийн шеко а яц хинболчу харжамийн жамI тахханехь девзаш ду бохучух.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун дарж "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин векалца Кадыров Рамзанца къовсур ду шиммо: компартерчу Накаев Халид а, "Нийсонан Оьрсийчоь – патриоташ - бакъдолчуьнгахьа" партерчу Хаджимурадов Iисас а.

Мехкан куьйгалхо юхахоржу де ду 2021-чу шеран Гезгмашин-беттан 19-гIа, оццу дийнахь хоржур бу республикехь парламентан керла декъашхой а. Мехкан цIарх Пачхьалкхан Думе а, республикерчу 14 къоштан, Соьлжа-ГIалин, кхечу шина гIалин думе а бу халкъан векалш юхахоржуш.

Нохчийчохь 19 парти ю официалехь шайн кандидаташ харжамашкахь хьалхататта а, референдумашкахь дакъалаца а бакъо йолуш. Амма махкарчу парламенте кхочурш яц масех парти бен: "Цхьаалин Оьрсийчоь" (цуьнгахь ю коьрта бакъо, регионан парламентерчу 41 меттигах 37 кхочу цунна), компарти, "Нийсонан Оьрсийчоь" (шишша депутат).

Харжамийн комиссин хаамца, Товбецан-беттан 1-чохь махкахь вехаш вара 754 031 харжамхо.

Хаджимурадов Iиса а, Накаев Халид а

Кадыровца дарж къовса кечвелларг ший а ву Нохчийчуьрчу шайн партийн дакъойн коьртехь. Республикерчу "Нийсонан Оьрсийчоь" партин декъан лидер ву Хаджимурадов Iиса, Накаев Халид – Оьрсийчоьнан Федерацин компартин регионерчу декъан хьалхара секретарь. 51 шо ду шиннан а.

Хаджимурадов Iиса вмна Астрахан-махкахь, филолог ву иза, чекхаъяьккхина Нохчийн пачхьалкхан университет. Пачхьалкхан даржхочун некъ цо болийна 1990-чу шерашкахь Нохчийчоьнан латтанийн департаментехь. 2000-чу шерийн юьххьехь кегийрхойн гIуллакхех жоп луш хилла иза, парламентан депутат ваьлла 2008-чу шарахь, куьйгалла дина зорбанан, информацин министраллах.

Хаджимурадов Iийса

2020-чу шеран Зазадаккху-баттахь Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра иза, амма шо даьлча цуьнгара дарж дIаделира мехкан куьйгалхочун маьхче, 30 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмаде.

Тахана иза ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин хьалханчин гIовс.

Мангал-беттан 14-чохь хиллачу "Нийсонан Оьрсийчоь" партин махкарчу декъан гуламехь хьалхатеттина цуьнан кандидатура мехкан куьйгалхочун харжамашка. Ткъа цул тIаьхьа кхо де бен юкъа ца дулуш, I7-чохь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе ваха кандидат а хIоттийна иза.

"Иштаниг дан магош ца хилча, Хаджимурадовн документаш дIаэцна а хир дацара", – аьлла жоп делира Нохчийчуьрчу харжамийн комиссин векалша, шайга, низамехь дуй цхьана дийнахь хуьлучу харжамашкахь мехкан куьйгалхочун а, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан а даржашка ваха стаг гIортар бохучу хаттарна дуьхьал.

Хаджимурадов байначу баттахь вийцаваьккхира прессехь. Харжамашка иза кандидат язвалар а дацара иза – нохчийн пабликашкахь наха ша хесто волийча, шен инстаграм-аккаунт дIакъевлира цо.

Накаев Халид

Кадыровн шолгIа конкурент – Накаев Халид – ТIехьа-Мартанара ву. Цо, гIишлошъярхочо, чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарах йолу мехкдаьттан институт. 1994-2012 шерашкахь ТIехьа-Мартанан кIоштан администацехь цхьацца даржаш хилла цуьнгахь. 2012 -2016 шерашкахь Соьлжан кIоштан (Аьрга-Хишка) куьйгалхочун хьалхара гIовс лаьттина иза.

2016-чу шарахь Накаев мехкан парламенте хаьржира – индустрин, энергетикан, транспортан, зIенан гуIллакхашкахула йолчу комитетехь вара иза.

Кавказ.Реалиин редакцино блиц-хаттам бира нахе кандидатех лаьцна Соьлжа-ГIалахь. Къамеле ваьллачу итт сов стаге ца аладелира мила ву Накаев, цуьнгара хIун хьуьнарш дийлина мехкан куьйгалхочун дарже ваха хIоттал. Ткъа хаьара хаттар шайга деллачу нахах дукхаболучарна Хаджимурадов мехкан коьртачу шахьарахь мэр Iийна вуйла. Жоьпаш деллачарна гарехь, ший а кандидат хьалхатеттина кепана, моттаргIин дуьхьа.

Демократех ловзар

"Харжамаш (аьлча а, кеп) лелайо Iедална лигитималла кхачийтархьама. [Оьрсийчоьнан президентана] Путинна а, Кадыровна а халкъ шайца ду ала некъ луш.

Шегара дарж харжамашца караоьцуш хьийзачу Путинна хьалха мила ву Кадыров, изза харжамаш Нохчийчохь а ца хIитто?

Ала тарло, харжамаш бо цхьана декъанна Малхбаленна дIагайтархьама. Лигитималла оьшу пачхьалкхана шен дозанашна чохь а, арахьа а. Амма соьга хаьттича, Путинна алссам оьшу чоьхьара лигитималла. Даглоцур вай харжамаш, кепана, Советан Iедало а хIиттош хилла зама", - аьлла елира Кавказ.Реалиина комментари Америкерчу The Jamestown Foundation хьукматан Къилбаседа Кавказан аналитика Дзуцати Валерийс.

Эксперта билгалдоккху Кадыров шел лакхарчу даржхочух возуш волу хьаькам хилар.

"Шега хаьттича, цунна лууш хила а тарло Нохчийчоьнан паччахь хила, амма ша Путинан гIашсалти хиларе терра, шен шеф шел лакхара хилар билгалдаха декхаре ву Кадыров. Ткъа шегара дарж харжамашца караоьцуш хьийзачу Путинна хьалха мила ву Кадыров, изза харжамаш Нохчийчохь а ца хIитто? " – билгалдоккху Дзуцатис.

Нохчийн яздархочунна, журналистна Тарамов Майрбекна хетарехь, Путинан амалш, лелар шена масале оьцу Кадыровс. Ша харжамашка юьллу шен кандидатура гIарайоккхуш, хIинца цо юкъаийзийна Европера нохчий а тIехь – 100 ззарнал сов болу Европерчу пачхьалкхашкара мухIажараш а бу шегахьа, алархьама леладо иза.

Тарамовс бахарехь, кхерамна кIел хIуттур вара нохчашна веза а везаш, лара а лоруш волу стаг, иза дарж къовса харжамашка ваьлча, ткъа гучуваьллачу шина кандидатна вага бахьана а дац.

"Харжамийн маршо ю иза, кхаьжнаш парггIат тосуьйту кеп ю бохург аьттехьа а дац. Оьрсийчохь президент хийцавелча бен хир вац Нохчийчохь кхин куьйгалхо, амма иза а хир ву Кремло хIоттийна, цхьа фамили кхечунах хуьйцур ю, цунах "демократин харжамаш" эр ду", - тешна ву Европера нохчийн юкъараллин жигархо Солтаханов Iелам-Паша.

Дагалаца догIу Кадыров Рамзане мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца аьлларг ша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир хилар.

2021-чу шеран гурахь хоржур ву Къилбаседа Кавказерчу еа регионан куьйгалхо – Кадыров а санна, шаьш шайн мехкийн коьртехь бисаре догдоху Кхарачой-Чергазийчохь Темрезов Рашида а, Дагестанан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а куьйгаллехь Iачу Меликов Сергейс а, Меняйло Сергейс а. Оцу еа республиках, деккъа дIа кепана хилла а, маьрша харжамаш хуьлуш яц цхьа Нохчийчоь бен.