Гезгмашин-бутт бовш рогIера бохам хилла Эльбрус лома тIехь. Лома буьххье гIерта 16 турист а, уьш буьгуш воьду виъ гид а нисвелла жил-Iалам карзахдаьллачу хьелашка – хьаьдда ницкъала мох, лайн чахчари, минус 20 градус шело а йохьуш. Оцу хьелашкахь велла пхиъ, зен хилла масех стагна.
ХIора шарахь а ле туристаш Эльбрусна тIехь. Бахьанаш хуьлу тайп-тайпана: Гари-Баши чIожах вахар, дог сацар, гIорор я стелахаьштиг тохар. 1987 шарахь лайн тарха кIел яхначу Ленинград-махкарчу зудчун дакъа карийра кхо шо хьалха, ломахь шеш дешча. Цунна уллехь Iохкура советан заманара паспорт а, кеманна эцна Москва-Минводы, Минводы-Москва билеташ а, ахча а.
Оьрсийчохь туристаш лома бига мега хьанна а, синкъерамо дахар дIадахьа тарло муьлххачу а сахьтехь. Оцу хьокъехь дийцира Кавказ.Реалиига Оьрсийчоьнан альпинизман федерацин PR-куьйгалхочо, альпинизман инструктора Морозова Иринас.
– Нах коммерцин турашка кхойкхучу компанеша олу: "Эльбрус хала лам бац". Ткъа стенна ле нах хIора шарахь оцу гIашлойн новкъахь? Буй ломан баххьашна тIебоьлху некъаш "аттанаш" я "халанаш"?
– "Атт бохь" боху термин лелаш яц альрпинизмехь. Нах автобусца тIехьовса буьгучу ломах бен олийла дац ишта. Лаьмнашца дерг, къаьсттина Кавказехь, кхераме ду, цигахь 3 эзар метрна тIера дIаболало муьлхха а ломан бохь, "аттаниг" ала бац цигахь цхьа а лам.
Орсийчоьнан альпинизмехь кхетам бу "маршрутан техникан чолхалла" олуш, баххьаш бекъало ялх категоре. Оцо къастайо ломан бохь баккха йолу халонаш, амма ца лоьру метеорологин хьовзамаш, лам такха тарлуш хилар я тIулгаш чухьовдар.
Эльбрус-лам бакхар билгалдоккху: къилбехьара агIо "1Б" категорица. Иза уггаре аттаниг лору альпинизмехь. Къилбаседанехьара агIо - "2А". Ткъа атта дац Эльбрус баккха хенан хоттам хицабалар тергоне эцча, дагахьа доцург нисделла туристашна, масала, кху деношахь. Цуьнца бу кхерам. Нахана атта ду моьтту и лам баккха, уллехь зеделла некъахой хилчхьана. Цундела ле цигахь туристаш хIора шарахь. Массо а Кавказан лаьмнашкахь лечу нахал дукха бу Эльбруса тIехь лийраш.
Нисло альпинизмехь хьох доьзна доцург а, бохам ца хуьлу хьан леларца боьзна. Делахь а дукхахдолу баларш хьал телхича лела цахаарна нислуш ду. Масала, цIеххьана хенан хIоттам боьхча.
Суна бевза ирхенаш дегIо ловш боцу аьлпинизман говзанчаш
– Эльбрус-лома ваха новкъавалале туристана хаа деза хIумнаш дукха дуй?
– Спортан альпинизмехь хаарш луш программа ю: дуьххьара лома воьдург Iама веза шех, лайх чекхвийла, чхарнашна буьххье вийла. Цул тIаьхьа кегий баххьаш бохуьйту цуьнга. Иза до Iаьмна воцчу стеган хьал лаьмнашца зуьйш. Цхьаверг сиха вулу ирхенех, важа – воллане а ца вулу. Суна бевза ирхенаш дегIо ловш боцу аьлпинизман говзанчаш.
Лома ваха Эльбрус тIехь Iамар нийса дац. Амма мегаполисан вахархочунна драйв ца тоьучу кху заманахь цунна лаьа парашютца чукхоссавала, лома буьххье вала, хинкема хахка, амма Iаьмна ца хуьлу иза дан. Ткъа дукхаверг Эльбрусна тIера волало. Цунна Iаьмна хила веза, шена уллехь говзанча а оьшу.
– Оьрсийчохь тесна дитина хIуманаш дукха ду – гид шех ала тарло муьлххачо а, ахча даккхархьама лома буьгу нах. И агIо тидаме эца еза аьлла хетий альпинизман федерацина?
– Низаме диллича, "инструктор-некъахо" олу категори ю вайн. Амма и нах муьлххачу а хьукмате Iамало, дешаран лицензи цуьнгахь хилчхьана. Масала, Ставрополехь, Краснодарехь курсаш ю Iамош – цара лома а ца буьгу шаьш Iамош берш, лахара мах бу цара лучу кехатийн.
Альпинизман а, спортан туризман а федерацешна и тайпа дешаран хьукматаш лицензешка яхар тIедожош долу низам арадаланза ду хIинца а.
Ломахь нисделла тIаьххьара баларш дуьйцуш, яздо, туристашца гидаш-профессионалаш бара, бохуш. Хаттар хIутту: хьан зийна церан профессионализм? Оьрсийчоьнан альпинизман федерацино Iаьмначу инструкторшна тоьшаллаш ло – уьш дохуш ондда къахьега деза спортхойн. Амма изза хьал хIоттор кхечу доьшийлашкахь тхан федерацина тIехь дац – бакъо яц тхан коммерцин хьукматашна и тайпа кехаташ наханна далар дехка.
Монблан тIе, масала, клиенташ бига яц бакъо хьеннан а
Таханлерчу хьелашкахь говзанча а, могIара альпинизман дарж дерг а ву цхьабосса бакъо йолуш нах лома бига, гид хIотта, ша цкъа Эльбрус тIехь я Ленинан цIарахчу ломан бохь баьккхина велахь, нахаца лаьмнашкахь болх бина вацахь а.
Цивилан кхечу пачхьалкхашкахь низаме диллина гIуллакх ду иза. Монблан тIе, масала, клиенташ бига яц бакъо хьеннан а. Оьрсийчоьнан альпинизман федерацино дуккхаза а дехна и болх шен карабалар, амма ца бина цуьнан лаам кхочуш низамаш дохучара.
– Социалан машанашкахь дукха ю мехах Эльбрусе нах кхуьйлу реклама, йоккха индустри ю оцу белхан ГIебарта-Балкхаройчохь. "Альпинизман хIайталла" гIаьттина Къилбаседа Кавказехь.
– Альпинизман федерацино ца лелайо коммерци нах лаьмнашка кхуьйлуш, оха юкъаралла леладо, чемпионаташ хIиттайо, профессионалан спорхошца болх бо. Бакъду, шаьш-шайггара альпинизм латточийн дика аьтто болийла ду гуш интернетехь. Аьхка Эльбрусан тархашца нах лаьтта ша Москван центрехь санна дукха – лома баха рогIехь а лаьтташ.
ГIалаташ дукха хаало Эльбрус тIе нах лелочу инструкторийн балха тIехь. Масала, нах машшашца боьхку, иттех стаг цхьаьна, юкъахь 2 метр а йоцуш. Царех цхьаъ охьакхетахь, лазор бу массо а, цхьаммо важа озор шена тIаьхьа Iин чу. Профессионалаша-гидаша иштаниг цкъа а дийр дац.
– Лома йоьдучу тобанца маса гид хила веза? Цхьана гидо Iемаш волу итт турист Эльбрусна тIе вигар нийса дуй, масала?
– Иттанца цхьа гид бен воцу тур хьайна кховдаяхь, шекваьлла ца Iаш, къахка веза оцу турах. Юьххьехь а, тобанна тIехьа а гидаш белахь -шиъ- кIезиг бу уьш. Эльбрус тIе нах буьгуш, лахара а цхьа гид хила веза кхаа туристе хьожуш.
Стага шен дахар ду гидах тешош, теша веза цунах турист ша а. Шеко юй – юьстахвала
– Эльбусе воьду турист кхин стенах къахка веза?
– Уггаре хьалха зен деза, мел хаарш долуш ву гид. Иза цуьнгарчу альпинистан тептаро гойтур ду. Иза яцахь, хатта, муьлхачу лаьмнийн баххьаш тIе вийлина иза. Нагахь санна Эльбрусехь бен ца хиллехь, хаа деза, массаза ваьлла иза оцу лома буьххье. Кхеташ ду, дуккхаза а ломахь хилла гид ву зеделла говзанча, цунна хуур ду хьал телхича некъ каро, адамаш къелхьардаха.
Яздечу бертан кехата тIехь билгалдаьккхина хила деза, стенах жоп ло гидо. Стага шен дахар ду гидах тешош, теша веза цунах турист ша а. Шеко юй – юьстахвала.
Кхин цхьа хIума а ду шеко гIаттош: "ахча дIаделла ахь, хенан хIотам мухха а белахь а, гIур ду вай лома" ма алийта хьайга, дIавита иштаниг воллучохь, вац иза профессионал. Говза гид гIур вац хьо а эцна лома, ахь милион деллехь а, Iаламца хьовзаме хьал а долуш. Иштта ду массо а пачхьалкхашкахь, гидо къастабо некъ а, ирхенаш йоху хан а. Цуьна бакъо ю тоба юхайига а – хьелаш кхераме делахь, клиент Iалашвархьама.