25 шо кхаьчна ГКЧП хилла

ГКЧП-н декъашхойн зорбан конференци. Пуго, Янаев, Бакланов (аьрроагIорхьара аьттоагIорхьа). Москох. 19.08.1991.

25 шо кхачна Советан пачхьалкхехь ГКЧП олу путч хилла. Iедалан лаккхарчу даржахоша махкахь чолхе хьал кхайкхийра цу дийнахь, ГIирмерчу Форос олучу меттехь садоIуш волу президент Горбачев Михаил зIенах дIа а хадийна.

Your browser doesn’t support HTML5

25 шо кхаьчна Советан Пачхьалкхехь ГКЧП хилла

ГКЧП-на юкъахь вара 8 стаг. Советан пачхьалкхан вице-президент Янаев Геннадий а, тIеман министр Язов Дмитрий а, КГБ-н гIантда Крючков Владимир а, премьер-министр Павлов Валентин а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министр Пуго Борис а, Юьртабахаман белхахойн кхеташонан куьйгалхо Стародубцев Василий а, Пачхьалкхан индустрин объектийн а, Iедалан заводийн а ассоциацин куьйгалхо Тизяков Александар а, пачхьалкх ларйон кхеташонан гIантден хьалхара когаметта Бакланов Олег а.

Хууш ма хиллара, цу деношкахь коьрта турпалхо а хилла дIахIоьттира вайн махкахо оцу хенахь Оьсрийчоьнан Федерацин (РСФСР) Лаккхарчу Кхеташонан гIантден декхарш кхочуш деш волу Хасбулатов Руслан. Цо дуьйцу.

Хасабулатов Руслан: "40 километр Москохна уллехь Архангельское олучу цхьана эвлахь Iаш вара со. Сан цIа а дара цигахь, уллехь, цхьа ткъех метр, Ельцинан цIа а дара. 7 сахьт даьлча телевизорехула "Лебединое озеро" мукъам а локхуьйтуш ГКЧП йина шаьш аьлла цара и шайн къамел дешшехь хиира суна иза карчам буй а, цара лелош дерг хIун ду а. Ведда чуиккхира со Ельцин волчу. Лахахь цуьнан зуда а ю, и Коржаков боху и "тхьодакх" а ю - цера и "охранник". Бершший а боьхна бу.

"Мичахь ву Ельцин?", - боху ас, - "Борис Николаевич".

"Лакхахь ву", - боху.

ШолагIа тIегIана тIе ведда хьалаваьлча, чIогIа воьхна Iаш ву хIара.

"ХIа, хIинца дIадели вайн гIуллакх!" - боху кхо со гича.-"Крючковс хIинцца арми схьайоуьйтур ю. Вайшиъ таIIийна чувуллур ву, дан хIумма а дац".

"Вай, и бохург хIун ду хьан, дан хIумма а дац?", - боху ас.

"Цхьана шарахь эха шарахь Горбачевс нийса ца лелабо некъ. Демократи хила еза, нахана латта дIадала деза, заводаш дIаяла еза бохуш лелаш верг вайшиъ вацара?"- боху ас.

Кхузахь штаб йийр ю вайшимма аьлла, и духьалояр вовшахтохар дIадолийра-кх ас. ТIаккха оха йоха а йира-кх и ГКЧП.

Нохчийчохь а, кхечу республикашкахь санна адам араделира ГКЧП оьшаш хилар гинчул тIаьхьа. И нах кхин чу ца бирзира меттигера Iедал хийццалц Хасбулатов Русланна хетарехь, нагахь путчан декъашхой жимма тIах аьллча хиллехь, уьш тола а мегар. Амма тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан куьйгалхоша гайтина йолу кIизалла гайта цу хенахь Iедалехь хилла нах кийча бацара. Уьш кхеча заманан нах бара бохаш дуьйца цо.

Хасабулатов Руслан: «Цара тIом бинехьара тхо хIаллак дан хала дацара царна. Амма цIий Iано ца лиира царна.

Марсхьокху-беттан 21-чу дийнахь ГКЧП-н декъашхой дIалецира, ша шена тоьхна велла волу чохьарчу гIуллакхийн минситар Пуго Борис воцург. 1994-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо амнисти йира ГКЧП-хь дакъалаьцна аьлла чубоьхкинчу нахана.