Грекашна гIо дан кечбеллачух тера дац оьрсий

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир (аьттоагIор), Грецин премьер-министр Ципрас Алексис, Кремлехь. Москох, 08Охан2015 шо.

Оьрсийчоьнан финансийн министро шаьш шайн ахчанца юкъагIорта мега Афинийн а, Брюсселан а юкъаметтигашна аьлла дIахьедар динехь а, цхьа а бахьана дац оьрсийн ахча хIинцале а Греце дIахьажо новкъа даьккхина ду ала. Цунах лаьцна яздо шен материалехь Маршо Радион авторо ХIейл Эндис.

Нагахь грекашна шайна Москохара накъосталла кхочур ду моттахь уьш паргIат хила мегар ду. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалш Европана йистошкахь зуламаш лело кийча далахь а, гарехь, цхьа а лаам болуш дац уьш 300 миллиард евро ахча оьшуш йолчу Евробертан декъашхочунна Грецина гIо дан.

Евроберто а, Дуьненаюкъарчу валютан фондо а кху тIаьхьарчу 5 шарахь бIаьннаш миллиардаш еврош деллехь а, декхарш такха аьтто болуш хила гIерташ йолчу Грецица шен маша бузуш ю Украинера хьолана тIамца юкъагIортарна ша а экономикан халонаш ловш йолу Оьрсийчоь.

Евробертана юкъахь йолу пачхьалкхаш шайн кредиташ юхадерзо лууш ю. Цара доьхург ду Афинашка еврозонина юкъахь йисар. Хуьлуш долчо кхерам тосу Евробертана юкъахь йолу пачхьалкхаш цхьаьна къахьоьгуш хирг хиларна, масала, Оьрсийчоьнна духьал кхайкхийначу санкцешца доьзначу хаттарехь, я Оьрсийчурчу газах дозуш хиларна къелхьара довла гIертаран хаттарехь.

Мангал-беттан 29-чу дийнахь Оьрсийчольнан президентан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс элира, Грецехь дефолт хила мегаш а йолуш Москох «саготта ю цу гIуллакхо вочу агIор тIеIаткъам бан мега берриг а Евробертана» аьлла.

Цул хьалха Оьрсийчоьнан финансийн министро шаьш шайн ахчанца юкъагIорта мега Афинийн а, Брюсселан а юкъаметташна аьлла дIахьедар динехь а, цхьа а бахьана дац оьрсийн ахча хIинцале а Греце дIахьажо новкъа даьккхина ала.

Шена хетарехь, дуьненаюкъарчу шен партнерашна ахча дала аьтто хир болуш яц Оьрсийчоь, элира, Маршо Радионна интервью луш, Ренессанс Капитал олучу компанин коьртачу экономисто Кузьмин Олега. Цунна хетарехь, тIаьхьарчу шарахь Малхбузено кхайкхийна санкцеш бахьана долуш 100 гергга миллиард ахча дайа дезна йолчу Оьрсийчоьнан аьтто бац цхьанне а гIо дан кханенна аьлла охьадиллинчу ахча дукха къезиг хиларна.

Цуьнга хьажна доцуш, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир къахьоьгуш вара Грецина а, Евробертана а юкхара хьал чолхе даккха гIерташ.

Иза масийттоза цхьаьнакхийтира Дечкен-баттахь Грецин Iедалан коьрте хIоьттинчу премьер-министрца Ципрас Алексисца.

Иштта тIаьххьара Мангал-беттан 19-чу дийнахь кредиторашца дийцарш дIахьочу метта, Путин Владимирца цхьанакхийтира Ципрас Петарбухерчу экономикан форумехь. Путина а, цо а тIеийцира Туркойчухула Европе дIаяхьа лерина йолу газан биргIа Греце дIакхачор хьокъехь йолу меморандум.

Грецехь Ципрасан партино харжамашкахь толам баьккхинчу хенахь Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона дIахьедар дира, Оьрсийчоьно тесна дуьтур дац Грецино гIо доьхуш дина дехар аьлла.

Оьрсийчоьнан кхечу Iедалалхоша а дIахьедарш дора Греци БРИК олучу Оьрсийчоьно дакъалоцучу клубана юкъаяха мегаш ю бохуш. Оьрсийчоьнца цунна юкъахь ю Бразили, Инди, Китай, Къилба Африка.

Амма цу хеннахь Путина кхайкхам бира Оьрсийчоьно дакъалацар деста мадахьара аьлла. Цо цхьа а декхар шена тIе цалецира, кхана иза кхочуш цадина аьлла шена бехк цабиллийта.