Оьрсийчура 100 гIалана юкъахь ирсениг хоржуш талламаш дIабаьхьна дукха хан йоццуш, юкъараллехь хеттарш дIахьучу Ньюсэффектор компанино. Соьлж-гIалин юкъ бен башха меттахIоттийна яцахь а, цу юккъера керла йина гIишлош тIех еза хиларна, еса лаьтташ елахь а, цу гIалин бахархой Оьрсийчура уггар ирс долуш лерина, цу хеттарш дIахьучу организацино.
ХIун бахьана ду Соьлж-гIалина ирсе гIаланашна юкъахь хьалхара меттиг кхачаран?
И талламаш бинарг ю, NewsEffector, цIе йолу Оьрсийчуьра мониторинган агенталла. Бехха бинчу талламашкахь, дакъалаьцна боху, Оьрсийчуьра 100 гIалано. 40 эзар ца кхоччуш цигарчу бахархошка хеттарш дина, дахаран цхьацца хьелашна: кхерамазаллна а, таронна а, шай гIала кхиарна а, кечъярна а, реза буй уьш аьлла. Ала догIу, ша верг ваха вахь хаа гIерташ йолу Москох, 52 меттехь ю. Ткъа, хьалхарчу меттехь, Соьлжа-гIала ю, цул тIаьхьа.-Тюмень, ткъа кхозлогIачу меттехь, уггаре а ирс долу нах бехаш ерг, къастийна- Казань-гIала.
И талламаш дIадаьхьанчу компанийно, тидам бо, дахаран токхо хилар, маьIан долуш далахь а, нахан, кхин хаттарш коьрта хеташ ду аьлла. Кхерамазалла а, экологи а, ишшта кхин дIа а. 7-8 шо хьалха, саьлнаш юккъера гIаьттина йолу Соьлжа-гIала, оцу тIегIанехь ю боху, оцу конкурсан авторш.
Бакъ дуй теша, Соьлжа-гIалара бахархой, пачхьалкхехь уггаре а ирс долуш болу нах бу бохург? Иза цаьрга шайга хаьттичий бен хуура дац.
Салман цIе йолчуьнна, иза ишшта ала мегар ду аьлла хета. Хьалха хилларг, дагдеъча-м, вай ялсманехь дехаш ду боху цо.
Салман: «Суна хетарехь Соьлжа-гIалахь беха нах тIаьххьарчу хенахь ирс долуш бу аьлла дог-ойла, хила йиша ю аьлла хета суна. Хьалха хиллачуьнга хаьжча, тIемаш а , нах дIабигар а, литтарш а, дагдеъча- муххале а. ткъа, хIинца, ша дерг хийца а делла. ГIала тайина а, дахар та а делла. Ирс шай ду аьлла хета царна. Ишшта хета церан бакъо а ю».
Роман цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочо, емал до, NewsEffector компанийно дуьйцург. Ирс дочлу меттера нах дIа ца боьлху кхечу пачхьалкхе, аьлла тидам бира цо.
Роман: «Шаьш ирс долуш бу аьлла хеташ хичла, кхузара дIаохура барий нах? Дукха дIаоьхуш ма бу. Ханна, Нальчике вахча а паргIате хуьлу. Наха ишшта дуьйцу. Кхузахь хIун ду? ГIала таеш ю, амма, суна-м ца хета ирс долуш бу аьлла. Кхуза богIу нах. ГIала хазахета царна, маьждиг а. Самукъдолу церан. Амма, хIара ду аьлла кхин царна гайта вай-м дац кхузахь хIума».
Сулим цIе йолчу кхечу вахархочуьнна, тамаш хета, Соьлжа-гIалахь ша верг ирс долуш валахь. Селхан-стомара иттанаш эзарнийн Iожаллийн бен хиллачу гIалахь, даг чу сапаргIат догIийла дац, боху цо.
Сулим: «Ирс долуш буй, ирс долуш хетий бохуш долу хIумш, цхьа политикан бух болуш хета суна. Ирс долуш муха хуьлу? Тахана оцу гIалахь, ян вийна, ян вайна стаг воцуш цхьа доьзал бац махкахь. ХIну дина гIала ю иза? Ян гIала а яц-кх, хьалха хиллачуьнга хьаьжча, эхан-ах а. Тадеш бахкаш-м бу уьш, амма, некъ барх, хIусам таярх долуш дац. ГIала бахархой ах яьрташкара бу. Уьш сарахь оцу гIалара дIабоьлху-кх. Суна ца хета наха ирс долуш бу аьлла. Я, со реза воцуш валахь а».
NewsEffector, агенталло, ирсан индекс муьлхачу гIалахь алсам ю аьлла ечу хенахь, коьратчарах хаттар хилла, экологийца долчу хьолан шу мел реза ду аьлла. Соьлж-гIалхой, гарехь реза бу цунна. Оцу хIуманна бахьан, хууш ву Салман цIе йолу вахархо.
Салман: «Хьалха заманахь, Соьлжа-гIалана тIехула кIура хуьлура. СадоьIийла а дика дацара. Заводаш а, фабрикаш а яра болх беш. Цундела цамгарш а алсам хуьлура. ХIинца, хьалха хиллачуьнга хъаьжча, экологи гIоле ю. Алапаш, кхиъ дика хуьлийла лаьара. Белхан меттигаш, ма хетта тоьуш яц. Яьрташкахь кхиъ хала бохку нах. ГIала долу хьал гIоле ду».
Ирсан мехалла, хене хьаьжжина хуьлу. Кегийчарна, шаьш ирсе ду моьттург хира ду аьлла хета Сулимин. Амма, хиллачуьнна а, лайначуьнна а, хIинца схьагуш долчуьнна а хьесап дича, шеконан яьккхий ойланаш кхоллало нехан дегнашкахь.
Сулим: «17-18 шераш долчу кегийчу нахана, буьйлабала а, ловза а меттиг хилча, цхьа ирс долуш бу аьлла хеташ хира ду. Сан хенахь болу нах, тIаьхь йисина йолу хан, Европе а вахана яьккха ца езаш, цуьнах баккхий беш бу. Во дерг тхуна гина. Тхайн дог хьастахьара бохуш лелаш а бац тхо.
Я тхан сагаттадеш стаг а ца хета тхуна. ХIара тIом а, бала а лайнарш нохчий а боцуш, оьрсий я, кхин къам хиллехьарий, хIоранне тIаьхьа ваьлла лелаш 2-3 психолог а волуш, 1-2 банкир а волуш хира бара,хьуна кредит деза, ян ссуда деза, бохуш хеттарш а деш.
Хала хийтира хьуна, вас хиллера хьуна, бохура дара. Тахана со велча а, со сийначу стигал хьалавахча а, соьца бала болуш стаг вац кхузахь. Кадыров Рамзан, нахаца шен бала болун дела дIагIерташ ву, амма, кхиберш, хIун лачкъора яра теша бохуш лела. Оцу гIалахь деш дерг а, цаьрга нуьцкъалоха дойтуш ду. хIну ирс ду иза? ХIара а ирс далахь, и ирс сан долуш дук-х».
ТIаьххьарачу цхьа баттахь, Нохчийчоьнна а, нохчийн къоман агIора, даккхий сийлаллийн дешнаш бохуш ду, Оьрсийчоьнан Iедалш. Москохара, цхьа гIалат ца кардо, кхузарчу Iедалш дечуьнах. Стенна кIадбелла теша уьш, бохуш, лерг диллина сема бу дукхахболу нохчий.