Владимиран кӀоштарчу дешаран хьукъматашкахь бусалбан йа кхин долу динан духар лелор дехкаро, луьра реакци йира Къилбаседа Кавказерчу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан белхахошлахь. Цара чӀагӀдо, бусалба нехан бакъонаш йохош йу бохуш, амма Оьрсийчохь бусалба дин лелочарна дуьхьал кхин а даккхий низамаш дохорна хIумма а ца олу, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцица къамел динчу эксперташа а, йукъараллин жигархоша а.
Цхьана а кепара мехалла доцу хаттар
ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь дуьйна Владимирскан кӀоштахь дихкина ду школашкахь динан духар а, цуьнан билгалонаш а лелор. Дехкар йукъадаьккхина масех де хьалха регионерчу дешаран а, кегийрхойн политикин а министралло арахецначу омрица. "Школан духарца а, дешархойн куц-кепца а хӀиттийначу барамаша, церан дин мухха а делахь а, пачхьалкхан а, муниципалан а дешаран хьукматаш кху заманан хилар а, царна чохь динан нейтралитет латтор а лардо", - бохуш, кхетийра хьаькамаша шайн позицих.
ТӀаьхьо Владимирскан кӀоштан вице-губернатора Куимов Владимира дӀахьедира, и дехкар шаьш берашна йукъахь "девнаш хилар" бахьана долуш дина аьлла.
Этникан оьрсийн Владимирскан кӀоштара бусалба динан духарца доьзна хаттар (тӀаьххьарчу бахархойн тептарца, меттигерчу бахархойн 95% шаьш оьрсий бу бохуш дуьйцу, шолгӀачу меттехь украинхой бу – 0,9%) хетарехь коьрта дац. Оьрсийчоьнан бусалба нехан Динан урхалло бинчу хаамца, цу регионехь бусалба динехь болу бахархой 50 эзар гергга бу дерриг а 1,3 миллион стагах.
"Тхуна хезна дац [вайн регионехь] исламан духар бахьана долуш латкъамаш баина, йа конфликташ хилла бохуш. Владимирскан кӀоштахь бусалба кегийчу къаьмнашна дуьхьал дискриминаци йар нисло, амма и тайпа хIуманаш наггахь бен хуьлуш дац. Масала, Владимирскан колледжера дешархо Громова Екатерина дIайаьккхира, урокехь коьртахь йовлакх лелорна. Амма бакъонашларъйархой йукъагӀоьртинчул тӀаьхьа йуха а колледжехь деша бакъо йелира цунна", - боху Владимирерчу "Довод" зорбанан гӀирсан коьртачу редакторо Косыгин Ильяс.
Цунна хетарехь, йукъадаьккхинчу дехкарна цу тайпа резонанс а, реакци - иза Украинера тIом а, Крокусехь хилла теракт а, националистийн мигранташна а, исламна дуьхьал а синхаамаш алсамбовлар бахьана долуш йу. Владимирер дуккхаха бахархоша, къамел динчу стага дийцарехь, боккъал а гӀортор йира школашкахь хьиджабаш лелор дехкарна, къастина оьрсийн националистийн тобийн "Оьрсийн йукъаралла", "Къилбаседа нах", "Рокот центр" декъашхоша.
КХИН А ХЬАЖА:
Хьиджабаш йехкарца доьзна Владимиран кIоштара депутатаца хиллачу цхьанакхетарх дIахьедина Делимханов Адама
Къайлаваьлла депутат а, “идиоташ” хьаькамаш а
Хийцамна дуьххьара реакци йинчех цхьаъ вара Къилбаседа Кавказехь вевзаш волу журналист, Владимирскан кӀоштан низамашдахаран гуламан депутат хилла волу Шевченко Максим. Цо маслаӀатца гӀортор йира хьехархойн дешаран процессана тӀе тидам бахийта лаарна, ткъа регионан дешаран министраллан омрица леррина билгалдаьккхина исламан духар – хьиджабаш а, никъабаш "политикан ловзарехь" дакъалацар ду аьлла. Динан атрибуташ йукъахь йу аьлла Шевченкос листира, иштта керстан жӀараш а, киппа а, керст динан гимназешкахь дешархошна лерина йовлакхаш а.
Нохчийчоьнан муфтийс, Къилбаседа Кавказерчу бусулбачийн координацин кхеташонан куьйгалхочо Межиев Салахьа а дӀахьедира, и дехкар Оьрсийчоьнан конституци дуьхьал ду аьлла. Шен аларехь Оьрсийчоьнан бусалба наха Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацар а хьахош.
Иза ламастан мехаллаш лардеш ду бохуш, шенйа цу тӀехь къийсам латточу нехан васт кхолларан манипуляци йу
Цуьнах терра къамел дира республикера Пачхьалкхан Думан депутата Делимханов Адама а. Цо дийцарехь, кхечу низамаш даьхначаьрца цхьаьна цо цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Владимирскан кӀоштарчу шен белхан накъостаца Игошин Игорьца, цара барт бира "провокацин омра йухадаккхарехь бахьанаш лелор" ду аьлла. Цул сов Делимхановс дош делира, цунах ца кхетачарна "динан ламасташ хӀун ду а, уьш ларам боцуш дехка йиш хӀунда йац а шера дӀадийца".
Ша депутат Игошина цу цхьаьнакхетарх комментарий ца йира, дукха хан йалале ханна дӀавайра иза– масех дийнахь цуьнца зӀене бовла аьтто ца белира йа федералан а, йа меттигерчу а журналистийн.
Делимхановс пост хӀоттийна жимма хан йаьлча, Владимирскан кIоштан Ӏедало билгалдаьккхира, регионан куьйгалхоша дина омра Конституцица а, федералан низамашца а, Лакхарчу кхелан позицица а догIуш ду, йа иза йухадаккха дагахь дац аьлла. Иштта кхечу регионашкахь изза дехкарш йукъадаьхнера Ханты-Мансин а, Ямало-Ненецкан а автономин кӀошташкахь а, Брянскан а, Смоленскан а кӀошташкахь а, амма цунах оццул луьра реакци ца хилира Кадыров Рамзанан гонера.
Владимиран кӀоштан губернаторна гергарчу "Коммерсант" зорбанан хьостано а тӀечӀагӀдина, меттигера Ӏедалш "йухадовла дагахь дац" аьлла.
Динчу дехкарна оьгӀазлонна гӀортор йира Пачхьалкхан Думан Дагестанера депутато Хамзаев Султана, Владимирерчу хьаькамех "идиоташ" олуш. Цо дийцарехь, Конституцино билгалъйаьккхина йу синкхетамна маьрша хила бакъо хилар а, цундела маьрша динан гӀирс лелор а. "Оьрсийчоь 1" федералан телеканалехь Хамзаевн дешнаш дийцаре деш, дӀахьош волчу, иштта парламентан депутато Попов Евгенийс шен Дагестанерчу накъостах "хайпожор" аьлла, цIе тиллира, цул тӀаьхьа Хамзаевс кхерамаш а туьйсуш, цуьнга телефон тоьхна бохуш дуьйцу.
Хиллачу Вайлдберрисан девнан лар?
Дешаран хьукматашкахь хьиджабаш лелор дехкар айсберган юьхьиг бен йац, боху Ичкерин Францерчу векало Албаков Шамилс. Цо билгалдоккху Оьрсийчохь Къуръанан гочдарш дихкина дуккха а шераш хилар а, махкахь уггаре а йоккха исламан зорбанан цIа кхоьллинчунна "терроризм" артикалца 17 шо хан тоьхна хилар а, аннекси йинчу ГӀирмера бӀеннаш бусулба нахана хенаш тоьхна хилар а. Царна ламазаш дар а, мархин бутт кхабар а дихкина хилар а, амма Нохчийчуьра а, Дагестанера а пачхьалкхан белхахоша тидаме эцнарг - коьртахь йовлакх лелор дехкар бен дац.
"Депутатийн дӀахьедарш, цара бусулба нехан бакъонаш ларъярехь къийсам латторан пропагандистан кеп хиттор ду – Кремлан исламна дуьхьал йолу политика хьулйеш. Ламастан мехаллийн дуьхьа къийсам латточу нехан васт кхолларан кеп хIиттош бу уьш. Нагахь санна, депутаташна боккъал а бусалба нах ларбан лууш хилча, цара набахтешкахь болчу бусалба нахана гIо дийр дара, цара эвсара система кхуллур йара, массо а бахархойн бакъонаш ларъйеш" - аьлла хета Албаковна.
Кадыровс комментари ца йо, амма хьан хаьа, дош ала меттиг шена йуххехула тIех йолуьйтур йолуш вац
Кремль реза ца хилира хӀоьттинчу хьолана йукъагӀерта – президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дира: "ХӀора регионо шен бакъонаш лелайо, оха дакъа ца лоцу оцу дийцаршкахь". Амма политологна Галлямов Ӏаббазана хетарехь, Москваца барт ца хиллехьара, Владимирскан кӀоштан Ӏедалша йуьхьарлаьцна хир дацара къийсаме даьлла хаттар.
"Стенна оьшу Кремльна оцу тайпа инициатива? Сан ши верси йу хиллачух. Президентан администрацино, цхьана агIора Кадыровн "маж ийзо" – и сацам бина, Вайлдберрисан гуонах хилчун хьокъехь. Вукху агӀор, хӀара хила тарло информацин повестка хийца гӀертар. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дӀахьедарш дарна керла бахьана а луш ", - бохуш, кхетадо эксперто.
Цо дийцарехь, доккха дов хиллачул тӀаьхьа, республикан куьйгалхочунна "юьхь кIайн" Вайлберисан девна йукъера валийта аьтто бина хила мега Кремло, цо шен “массо бусулба нехан лардархо” аьлла кхоьллина вастан зен ца хилийта. Иза хила тарло, маркетплейсан гонахь долу дов дерзош, Кремло йина компромиссан цхьа дакъа, бохуш, мукӀарло до Галлямовс.
КХИН А ХЬАЖА:
"Лараман лакхенехь"? Мила ву Барахоев Бекхан, кадыровхошца Wildberries-на тIехула девно стенга кхачор ву изаЦхьана агӀор, йа вукху агӀор, Владимирскан кӀоштарчу дешаран хьукматашкахь динан духар лелор дехкар дӀадаккха тарлуш дац, меттигерчу бусалбанийн йукъаралашкахь иза къовсаме ца доккхуш хиларна муххале а, бохуш дуьйцу шен цӀе ца цайаккхар дехначу Оьрсийчуьрчу политолого.
"Ахь тидам бахь, ша Кадыровс хиллачуна хьокъехь хIумма а аьлла дац. Массо а меттехь, бахьана долчохь а, доцчохь а коментареш йеш волу. Хетарехь, цунна Москвара и "кхетош" цхьаъ дийцина хир ду, цундела "Iам чу ца вала" гIерташ даьсса къамелаш дина. Бюрократин системо ша-тайпа болх бо, нагахь санна цхьа сацам тIеэцнехь, мел чIогIа къобал беш и бацахь а, иза йухабаккхар Ӏаламат хала хир ду", - боху къамелхочо.
Цунна хетарехь, цигахь компромисс хила мега, Владимирскан кIоштан дешаран министраллан омра формалан кепехь кхочушдар: хьиджабаш йоьхначу дешархойн зудаберашна новкъарло йийр йац, амма ша омра лелаш дуьсар ду.
- Пачхьалкхан думе низаман проект кховдийна Оьрсийчохь никIаб лелор доьхкуш – бIаьргаш боцург йоллу меженаш къайлайоху духар ду и. Цуьнца цхьаьна хезон долийра корта а, лаг хьулден хьиджабаш а цхьаьна йехкарх, - цкъачунна дешаран хьукматашкахь. Бусалбачийн духаро эргIадалла стенна гIаттош йу Оьрсийчохь – дуьйцу Кавказ.Реалиин сайтан материалехь.
- Украинехь тIом болабелчахьана, Оьрсийчуьра динан цхьаьнакхетараллийн хьалханчаша тайп-тайпачу хьежамашца догIу дIахьедарш дира - машаре кхойкхучу кхайкхамашкара дIабуьйлабелла и тIом "беза" тIом ларарна тIекхаччалц. Цхьаберш бен ца баьхьира ма-дарра дерг олуш, Кремлан агресси йемалйан. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа билгалдоккху: уггаре чIогIа идеологин хьежам бусулбанийн урхаллин векалша а, Москварчу патриархин оьрсийн православан килсан (РПЦ)-н хилла олий. Иудейша, буддисташа, керистийн масех кхечу конфессешкарчу векалша политикин хиламаш бийцаре ца бечу хенахь.
- Ульяновскерчу набахтехь хенаш токхуш болчу Нохчийчуьра, Дагестанера виъ тутмакхо, Узбекистанерчу цхьамма а дIахьедина, набахтин белхахоша шайна тIехь ницкъбарх, динца доьзна сийсазаллаш шайца лелорах а. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина бакъоларйаран "Гражданское содействие" проектехь – оцу нехан гергарчу наха орца дехна хиллера цаьрга.
- Оьрсийчоьнан набахтешкахь нахана таIзараш муха до хьалхо Кавказ.Реалии редакцига дийцира Gulagu.net проект йолийначу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан белхалочо, докторо Миронова Верас а.