ХIинца Шарли Эбдона реза дац Оьрсийчура Iедалш

Шарли Эбдон сурт.

Шен скандалечу карикатурашца гIарадаьллачу Францерчу Шарли Эбдо журнало кхардаме сарташ дехкина Мисрера догIуш чудоьжначу оьрсийн некъахойн кеманах лаьцна.

Адамийн маршо лекха лоручу Малхбузерчу демократин коьртачех принцип ю „хьан маршо чекхйолу ахь кхечу стеган маршо хьошучу доханехь“ бохуш. Цу принципна тIехь лаьтташ кхин дIа йолу дукхахйолу Европера мехаллаш а, бакъонаш а – кхечуьнан маршо ахь хьашшалца маьрша лору хьайн хетарг дан а, яздан а, ала а. Амма наг-нагахь нисло цу принципан чолхечу дахаран хьелех когтассалуш. ХIунда аьлча, нисло, цхьанна дешан маршо хетарг вукхунна шен сийдоъуш хеталуш. Я цхьанна исбаьхьаллин маршо хетарг вукхуьнан динан маршонаш хьоьшуш.

Ткъа мичахь чекхйолу дешан а, исбаьхьаллин а маршо, нахах кхардаран, церан динан я дегIан я сийнан маршонаш хьешар дIа а долалуш? И тайпа хаттар а, цуьнца доьзна къйисадаларш а даьрэа Европехь, Шарли Эбдо цIе йолчу сатирикан журнало шен рогIерчу карикатурийн порци зорбане массоза йоккху кху тIаьхьарчу заманчохь.

ХIинцачул масех шо хьалха цхьана готтачу ешархойн гуонна бен, дуьнентIехь шуьйрачу юкъараллийна дуйла а ца хиина долу и журнал гIарделира, ткъа гIардаларца кхиа а доладелира бохам бахьана долуш. Даханчу шеран Iай Шарли Эбдос Мохьмад Пайхамарх, Делан салам хуьйла цунна, кхаьржаш долу сарташ зорбане дахар ца дезделлачу шина террорхочуо, вежарша КуашигIара журналан редакцина тIелатар дира.

Цу ямартчу тIелатарца цара 12 стаг вийра, шайна юккъехь 10 журналан белхахо а, 2 полисхо а волуш. ХIетахь дуьйна доллучу дуьннентIехь даьржира „шарли эбдо“ боху ши дош, ур-атталла цкъа а и тайпа журнал хиллийла а ца хуучарна а и цIе дагахь а юьсуш, ткъа журналан тираж миллион терахь елира.

ХIетахь дуьйна Шарли Эбдон карикатурашкахь кхин Мохьмад пайхамар хьахош вацахь а, - редакцино динчу мукIарлонца, бусулбачийн Пайхамарх кхин ца кхарда сацам бина цара, - амма хIумма а кIезгох кIоршаме дац цуьнан сарташ. Ши бутт хьалха Туркойчуьра Европе кхача гIерташ хIурдала а вахана, велла, Туркойн хибердашка тулгIенаша схьатессинчу жимчу кIантах кхаьрдаш карикатураш а ехкира Францерчу журнало, бусулба бераш хи чу доьлху, ткъа керистаниш хи тIехула лела аьлла йоза а яздеш уллохь.

Ткъа хIинца рогIера шайн скандале кхолларалла гайтина журналан сарташдахкархоша, Мисрера догIуш бохам а хилла, чудоьжначу оьрсийн кеманах а, цу чохь беллачу нахах а кхаьрдаш.

Цхьана карикатурина тIехь стиглара чулегаш гуш ду кеман дакъош а, адамийн догIмаш а ду. Ткъа лаьттахь царех хьулвала гIерташ цхьа маж йолу Iарбойн кепехь еха коч йоьхна стаг ву, гехь герз а кхозуш. „Исламан пачхьалкхе. Оьрсийчоьно бомбанаш еттар чехкачу даьккхина“ аьлла йоза ду цу бухахь.

Вукху суьрта тIехь веллачу стеган туьта ю Iуьллуш, догуш йистехь кема а ду гуш. „Оьрсийн лоукостерий (аьлча а, дорахчу кеманийн) кхерамаш аьлла йоза а долуш.

Интернетерчу социалан машанашкахь шуьйра дийцаре деш ду журналан кхардаме сарташ. Цхьаболчара уьш бакъдо, дешан маршонца. Вукхара дацаре до, адамийн бохамах кхардар цхьанна а кепехь магор.

Ткъа муха хета вайнахана цу кепара йолу исбаьхьалла? Юй иза сатирикан башхаллашца бакъйан йиш? Францехь вехачу Чагаев Тархана дуьйцу, Шарли Эбдон сарташ цуьнан авторша исбаьхьаллин бакъонашца а, маршонашца а бакъдахь а, амма дуккхахчу нахана уьш чамцахиларан доза хадош хета бохуш. Акхачу нехан Iадат ду беллачех кхардар боху цуо.

Чагаев Тархан: „Суна иза я дешан маршо а ца хета, я исбаьхьаллин маршо а ца хета. Суна иза цхьанна а кепара цу адамийн морал ца хилар хета я цхьа а дин а, цхьа а адамийн Iадаташ а. Дуьненахь миллиард сов адамо лоруш волчу Дала воссийначу Пайхамарах а уьш кхаьрда, Шемара дуьйна масех доза а хадош, тIамах дедда хилла хи чу а дахана деллачу мотт ца луьйчу берах а уьш кхаьрда, хIинца цхьанна а зуламе а боцуш, шайн садоIа баханчара цIабогIуш кема чу а доьжна кхелхинчу нахах а уьш кхаьрда. Цуо гойтуш ду-кх цу нехан моралан сибат. Адаме бохам беъча цунах къехеташ хила деза кхин адам. Ткъа цу карикатурхоша лелош дерг акхачу нехан хIумнаш ду“.

ТIаьххьарчу кеманан бохамах лаьцна Францера карикатурхой кхардар ур-атталла Оьрсийчоьнан лакхарчу Iедалхошна а Iоттаделла. Президентан Путинан пресс-секретар волчу Песков Дмитрийс магон йиш йоцуш лерира Шарли Эбдон бохам лайначу кеманах лаьцна долу кхардаме сарташ. „Иза я демократица а, я шен исбаьхьалла гайтарца цхьа а кепара догIуш хIума дац, - элира цуо. - КIеззиг бен тхайн хан йоцушехь, оха накъосташца лийхира, террорхоша байъинчу Шарли Эбдон белхахошна цхьаммо а ехкина карикатураш карйой- те бохуш. Тхуна уьш ца карийра“, - аьлла.

Цуьнца цхьаьна Песковс билгалдаьккхира, и журнал дукхаъчу наха тIеоьцуш ца хилар а, осала лоруш хилар а. „Иза официала гIирс бац, цуьнан тираэ а яц кIеззиг бен“, - элира цуо, журналан а, цуо динчун а мах пайдабоцуче баккха гIерташ.

Кхузахь ала догIу, цхьана хенахь дан дара Шарли Эбдо пайдабоцу тираж бен йоцу, цхьа жима журнал. Террорхоша КуашигIара тIелатар а дина, иза гIардаллалца 28 эзарал цкъа а лакха ца яьллера цуьнан тираж. Амма и бохам хиллачул тIаьхьа Шарди Эбдо цхьа лоьмар 7 миллион сов экземплярца араелира, ткъа даима а и журнал оьцучийн терахь ткъозза лакха а аьлла, хIинца 200 эзар стаге даьлла.

Ала дашна, иза а хила мегар шен Шарли Эбдон стилехь дикчу карикатурийн тема – цхьаццаболу белхан накъости байаро вуьшберш баха ховшор.