Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллин декъахь йолчу "Север-Ахмат" спецназан гонаш дуьзна довларх лаьцна а, иштта "Восток-Ахмат", "Юг-Ахмат", "Запад-Ахмат" батальонаш вовшахтохарх а. И тIеман дакъош Iаламат йоццачу хеначохь вовшахтоьхна – хIара хаам зорбане баккхале кхо кIира хьалха дIахьединера Кадыровс царех лаьцна.
Официалехь йолчу телеграм-каналехь цо дIахьедарца, "Оьрсийчоьнан тIеман министраллан куьйгалло шен хенна сацам тIеэцна дакъош вовшахтоха", ткъа уьш кхуллуш дакъалаьцна "лерринчу тIеман операцин" республикерчу штабан куьйгалхочо (Оьрсийчоьнан официалан пропагандо Украинана дуьхьал болчу тIамах иштта олу.- Редакцин билгалдаккхар.) нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Цхьана а пачхьалкхан кхечу регионехь официалехь оцу даржах лаьцна хаам бина бац.
Кавказ.Реалиино хеттарш дира хьал девзачу нохчийн бахархошлахь болчу жигархошка а, эксперташка а. Царна хетарехь, кхоьллинчу дакъоша хIокху тIамехь кхин дIоггара ладаме дакъа лоцур дац, Нохчийчоьнан куьйгалхочун рогIера пиар ю иза.
Хьалхара миф. Зеделларг долу бIахой вовшахтохар
Кадыровс дIахьедира, "Север-Ахмат" полкан декъахь "Шемахь а, Украинехь а хиллачу тIемашкахь Iемина бIахой" бу аьлла." Оцу дешнашца кхеташ дац, буьйцурш билггал Шемахь а, Украинехь дакъалаьцнарш а, йоццачу шайн инструктажах чекхбевлларш а бу, йа Оьрсийчоьнан телехьожийлехь пропагандистийн репортаже хьийсинарш бу.
Карарчу хенахь Нохчийчохь Iедалехь болчарна оппозицехь лаьттачу 1АДАТ боламехь берш тешна бу, тIаьххьара верси бакъхиларх: тIом бан гунахь ресурсаш Кадыровн йисина яц, цундела пайдаэцна цо оцу къаьстина йоцчу кепах.
"Оцу батальонашка нах юкъабало тIеозийна массо а ву аьлла, дуккха а хаамаш бу тхоьгахь. ПIерасканан дийнан маьждиган рузбанехь а кхайкхамаш бира, цига дIаязло бохуш. Оцу хаамашна юккъехула Кадыровн ден дIахьедар блеф санна го – гуш ду, тIеман зеделларг доцу нах бу цара оцу кхоьллинчу дакъошка дIаэцнарш. Путина а, Кадыровс а шайна метта бала хьалхатуьйсу нах бу уьш", - дIахьедира Кавказ.Реалиица къамелдинчо.
Мел а тIом бан говзалла йолчу нахах пайдаийцира тIом болабеллачу хьалхарчу баттахь, "уьш кхелхина бохуш, дуккха а хаамаш бара. Мичара вовшахтухур бара Кадыровс корматалла йолу тIемалой, пхеа баттахь боьдуш тIом хилча?", дуьйцу кхин дIа 1АДАТ-н векало.
Масална цо дийцира, полицин тIедилларца, меттигерчу бахархошкахула чекхбуьйлуш, иштта кхелехь таIзарш диначьаргахула а цхьана, кхуллучу батальонашка дIаязбалар доьхуш, агитаци еш, полисхой леларх.
"Тхуна хууш ду 33 шо долчу Эна-Хишкарчу вахархочух Муртазалиев Хасдинах лаьцна. ТIеман министарллица контракт де аьлла, полисхочо тIедожийнера цунна масийттазза, арахь яккха тоьхна хилла хан иза токхуш воллушехь. Контрактна дуьхьало йеш йоллушехь цо", - билгалдаьккхира 1АДАТ-хь.
ШолгIа миф. Украинехь тIом бан оьшуш ду керла дакъош
"Иштта дакъош тIеман министраллина юкъахь вовшахтуш ду, цу юкъа богIучу тIемалоша контракт урхаллица деш ду. Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, кхин долу муьлхха а дакъош низамехь лоруш дац. Ю царлахь, кампанешна ха деш ю аьлла, хьулйина, долара тIеман вовшахтохараллаш а цхьаьна", - элира Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь бакъоларъяран "Вахархо а, арми а" це йолчу организацин директоро Кривенко Сергейс.
Экспертана хетарехь, "цIераш тохкуш", керла дакъош Нохчийчохь а, кхечу къаьмнийн мехкашкахь а гулдар, Кремлан инициатива яц, шайн субъектийн ю - "цхьаболу губернаторш шаьш "Риман папел а даккхий патриоташ ду" аьлла, Москвана муьтIахь хилар дIагайта лууш хуьлу".
Хьалхо къаьстира, ГIалгIайчохь цIарах "гIалгIайн" кхийсархойн рота кхолларх – иза лаьтташ хир ю, тIеман гIуллакхех чекхбовла контракт дийр долчу лаамхой олучех. Оцу кепара дакъош кхолларх дIахьедира иштта ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.
Батальонан декъехь хир ву 500 гергга бIахо, -полкан – ши эзар гергга. Оьрсийчоьнан тIеман министралло ца дуьйцу билггал маса стаг ву тIемашкахь дакъалоцуш, амма Оьрсийчоьнан аналитикийн лараршца, тобанехь ву 150-180 эзар стаг. Иза догIуш ду Би-би-си-н талламан зерашца: Чиллан-беттан 23-чохь Украинан дозанашкахь 190 эзарна тIекхаччалц эскархой бара.
"Оццул нах юкъахь хилча масех батальон цхьана а кепара стратегин маьIна долуш хир яц. Ткъа уьш сихонца вовшахтохаро тIечIагIйо коьрта Iалашо – самукъане пиар. Хьенан ахчанах вовшахтоьхна ду и ши дакъа, бюджетехь йоцу муьлха фондаш юкъаялийна хила тарло боху хаттар диллина дуьсуш ду. И хеттарш Коьртачу прокуратуре а, Лараран палате а ду", - билгалдоккху "Вахархо а, арми а" вовшахтохараллин директоро.
Керлачу вовшахтохараллашна хьалха ца хIоьттича ца йолу рогIера проблема ю, - оцу юкъахь къепе нисъяр. Кривенкос мах хадорца, батальонан юкъахь дийцарш дан, "тоба тIеман декъан кепе ялон", мел лахара а ши бутт хан оьшур ю. Цул тIаьхьа дакъош дIахьовсор ду тIамна гергарчу дозане, цигахь кхечу дакъойх дIаэдийр ду, иштта артиллерица, авиацица а.
КхозлагIа миф. "Оьрсийн дуьне" Iалашдийр ду къаьмнийн батальонаша
Стратегин планехь оцу кепара хIуманаш Москвана пайден дац. Шаьш башха ду аьлла, эксклюзиве ду, "кхинберш санна дац" аьлла хетар чIагIдо цара", аьлла хета Оьрсийчоьнан политологна Галлямов Iаббазна.
"И дерриг а национализм а, тIейогIучу заманчохь, сепаратизм а кхиарна кхерам бу. Кремль хIица маллуш ю, Кадыровн амбицешна дуьхьал латта гIора дац. Украинхошца ларалахьара иза, кадыровгIар шен метта охьаховшон хан ца тоьа", - дIахьедира Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь эксперто.
ЙоьалгIа миф. Кадыровн чоьтах кхоьллина ю батальонаш?
Карарчу хенахь лаьттачу хьелашкахь тIеман урхалло къайладаьхьна хиларна документашца тIечIагIдан а, йа бакъ дац аьлла, дIататта а чолхе долу кхин цхьа хетарг а ду: цхьа могIа аналитикашна хетарехь, дакъош вовшахтухучу заманчохь Нохчийчоьнан Iедалхойн бюджетехь доцчу ахчанах пайдаэцна, гуттар а Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионалан юкъараллин фондо гулдеш долу.
Шен цIе ца яккхар дехначу, Европехь вехачу цхьахйолчу нохчийн юкъараллийн векало дагадаийтира: Украинехь тIом оьшуш дац аьлла хетарш, жоьжахати кхочур бу аьлла, Кадыровс дина дIахьедар.
"И бохург ду, Кадыровна дукха дика хиъна, кхета а кхета: Украинерчу тIеман жамIаш шех а хьакхалур долуш дуйла. Цундела, республикан бюджетера ахча дайина ца Iаш, хIокху шерашкахь ша лечкъийна ахчанаш а цхьаьна ду цо дойуш", -тешна ву Кавказ.Реалиица къамелдинарг.
Ткъа 1АДАТ боламехь болчарна мелхо а кхин хета: Кадыров Рамзан сутара ву, шен ахчанаш цо дойур дацара. Мелхо а, хIокху доллу шерашкахь кеп-кепарчу программашкахула республике кхочург жигара шен карадерзош вара иза.
"Хьенан чоьтах вовшахтухуш ду Нохчийчохь керла дакъош – хаттар диллина дуьсуш ду. Нагахь санна, кIезиг теша со цунах, хIоттийна Iалашо коьрта хиларх, шегара ахчанаш оцу юкъа хьажаде аьлла, Кремло "паччахьна" дина омра делахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо тапъаьлла кхочуш дийр ду иза, амма, кхеташ ду, Москвара чукхачош долчу кхечу ахчанца хилла зен метта а хIоттош, нохчашна къола а деш", - аьлла хета боламехь болчарна.
***
Украинехь тIом боьдучу юкъанна Кадыров оьрсийн агрессин коьрта рупор хилла: шен телеграм-каналехь цо денна дуьйцу нохчийн эскархойн хьалхататтадаларх, цара дендолчух а яздо, иштта йоьшу шен мостагIашна байташ. Чиллан-баттера схьа дуьйна цуьнан агIоне язбеллачийн терахь 60 эзарна тIера шиъ а, ах миллионе кхаччалц лакхадаьлла. Оцу юкъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йоьзна аккаунташ масийттазза бехкейира "агIоне мехах нах язбарна".
Карарчу хъенахь Гуьмсера спецназан университет Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара лаамхой шайх олучарна Украинерчу тIаме баха аьтто луш йолчу кхаа меттигех цхьаъ ю. ТIамехь дакъа лацарна царна ахча лур ду олу, вийна меттиг хилахь, доьзална гIо а дийр ду, бахарехь. Хаам бора, хIора кIирнах университето тIамна 200 гергга "лаамхо" кечвеш хиларх.
Нохчийн бакъоларъяран организацеша а, блогерша а хаамаш бора, "лаамхой" санна Украинана дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархошкара шайга кхочучу информацех лаьцна. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкара вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
Стигалкъекъа-баттахь къаьстира, Нохчийчуьра Украине тIом бан бахначу, лаамхой олучарлахь, кеп-кепарчу зуламашна тIехула хенаш йиттина нах хиларх, царех цхьаберш таIзар текхна бевлла цахиларх а. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, украинхойн талламо Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" зорбане даьккхинчу тептарера мел лахара а 101 стаг "бехкзуламе селхане а, тахане а" йолуш ву.
Кавказ.Реалиино теллира, Нохчийчухула тIаме хьвосийначу "лаамхойх" украинхойн агIоно зорбане даьккхина тептар. Лаамхошлахь нисбеллера баккхий доьзалаш болу дай а, къона кегийрхой а, конспирологин теорешкахьа берш а, хьакъ боллу болх карон аьтто ца хилларш а, - уьш берриш а теша пачхьалкхан пропагандех, уьш тешна бу, Украинехь шайн даймохк шаьш ларбеш бу аьлла а. Лазийначу а, байинчу бIахойх дийцира редакцина церан гергарчара.