Хьиджаб - гIомат санна: бусулба зударийн Нохчийчуьрчу бакъонех дийцарш

Соьлжа-Г1ала, Нохчийчоь

Дешаран шо дIадоладелчхьана Оьрсийчохь юха а рогIера дов иккхина, хьиджаб тиллина дешархо урокашка ца йитина аьлла. Тюменера 88 номер йолчу школан директоро шен дуьхьалоярх кхетийна, "школехь массарна а аьлла, юкъадаьккхина духар лела ца дахь, берашна юкъахь къестамаш хуьлу"..

Луьра девнаш дийларан бахьана хIоьттира масийттазза школашкахь хьиджабаш лелорах. Iедалхоша дукхазза дуьхьал хилира бусулбачийн духар дешаран хьукматашкахь леладайта.

2013-чу шеран охан-беттан 25-чохь Оьрсийчоьнан бахархошца йоьдучу эфирехь пачхьалкхан президенто Путин Владимира билгалдакхира: "Диканиг хIуммаъ а дац цуьнца – къоман башхалла яц иза, динца йолу ойла дIагайтар ду. Вайн пачхьалкхехь а, бусулба регионашкахь а цкъа а хилла хIума дац и".

"Хьиджаб лело меттиг бац школа"

Инцидент хиллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра бусулбачийн Юкъараллин куьйгалхочо Зиганшина Наиляс дIахьедира, дешаран хьукматехь хьиджаб дIаяккха бохург магийта йиш йоцург ду, цо кхайкхамбира директор балхара дIаяккха аьлла.

Оцу юкъанна Пачхьалкхан Думера Iилманехула а, лакхарчу доьшийлехула а йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Смолин Олега директоран агIо лецира: цунна хетарехь, куьйгалхо кху заманан пачхьалкхан а, дешаран а низамца лелла.

"Iаламат чIогIа новкъадеара и скандале хилларг" Нохчийчуьра адамийн бакъонаш Iалашъян векал винчу Солтаев Мансурна. Цо бахарехь, директоран леларо "чов йина беран психикана", ткъа йовлакхо "цхьана а агIор новкъарло йийр яц дешархошна".

Школан директоран компетенте хиларх "леррина талламбан беза", хьехна дупутато

Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу Хамзаев Султана кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан дешаран министре Кравцов Сергейга, оцу конфликтаца доьзна. Шен кехата тIехь цо кхайкхамбина министралле, школашкахь хьиджабаш лелоран хаттарх "юх-юха ца дийца йист яккха" аьлла. Иштта депутато хьехна школан директоран хьокъехь "цуьнан компетенте хиларх леррина таламбар", ткъа "цакхеташ хиларна" - "шуьйра ликбез йолчу цхьахйолчу Къилбаседа Кавказерчу республике хьажайе иза" аьлла.

Эххар а Тюменера школехь ца хийцира, дешархойн хотIах шаьш хIиттийна шайн чоьхьара низамаш. Регионан Iедало шайн телеграм-каналехь билгалдаьккхира, "конструктиве дийцарш" динчул тIаьхьа, и сацам школан урхалла дечу кхеташоно цхьабоса тIеэцна аьлла. Тюменан кIоштахь Дагестанан цIарах векал волу Курбанов ЯрагIи тIетайра кхеташонна, дIахьедира цо, нагахь санна, лелаш низамаш делахь, уьш лардан деза аьлла.

Оцу юкъанна, кхул а масех де хьалха цхьанакхетар хилира йоьIан да-нана а, школан администраци а, Дагестанан векал а юкъахь волуш. Иза дирзича дешархочун дас Давудов ИбрахIима хаамбира, администраци реза хилла шаьш бохучунна, йоIа хьиджаб школехь лелорна дуьхьал бац аьлла.

"ДIа а йигина, таллам бийр бу"

Уггар хьалха Оьрсийчохь 2012-чу шарахь дихкира школашкахь хьиджабаш лелор Ставрополан Iедалша. Оцу тIехь церан агIо лецира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело. Кхин а ши шо тIаьхьа дешархошна хьиджабаш йоьхкуш бина сацам нийса лерира Мордоверчу Лакхарчу кхело, Белозерье олучу эвлахь хьиджаб дIакъовлуш буллу маха цхьахйолчу йоIана бага бахначул тIаьхьа.

Нохчийчохь мелхо а, 2017-чу шарахь дуьйна тIеэцна низам ду, дешархошна школехь хьиджабаш лело могуьйтуш, "нагахь санна церан могушаллина цо деш зен дацахь а, кхечу берийн маршонан бакъонаш талхош яцахь" а. Делахь а, стенгахь лело еза хьиджаб, муьлхачу басахь, барамехь и хила еза, хIун дIакъовла еза цо бохург, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан карахь ду.

2006-чу шарахь регионан куьйгалхочо къобалдира хьиджабаш лелор, цо-м эзар долларшкахь ахчанаш а делира студенташ болчу мехкаршна, ткъа кхин а бархI шо даьлча, цо кхерамаш тийсира Iаьржачу басахь хьиджабаш лелочарна, иштта лелор дуьйзира цо шахIидашца.

"Iаьржа духарш доьхна, чIениг дIакъевлина арайолу зуда…И зуда оха дIаюьгур ю, цунах хьовсур ду…тIера бедарш а, хеча а охьа а йоккхуьйтур ю…", - дIакхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Махкара дешархой декхаребира 2016-чу шарахь керлачу шарна хIиттийначу барамашка пхьаьрсаш дIакъевлина кучамашца а, месаш къайлаяьхна, техкинчу йовлакхашца а бахка.

2017-чу шарахь Нохчийчоьнан муфтий а, кхин а цхьа могIа республикера хьаькамаш а бистхилира, пачхьалкхан дешаран хьукматашкахь хьиджабаш лело бакъо йита аьлла, ткъа Оьрсийчоьнан къаьстина хьаькамаш иза ехка хьийзара.

Межиевс а, Соьлжа-ГIаларчу полисхойн декъан хьаькамо Ирасханов Аслана а юьхь яьккхира никIаб (бусулбачийн коьрта туьллу хIума ю, юьхь дIакъовлуш, ши бIаьрг бен гуш боцуш. – Редакцин билгалдаккхар.) лелош хиллачу ворхI зудаберан. Цунах лаьцна сюжет гайтира меттигерчу телехьожийлехь. Шена хетачунна дуьхьалберш "Делан мостагIий", "ваххабисташ, иблисаш, шайтIанаш" ду элира муфтийс, "шен халкъан доцу духар" лелор хьарамло ю аьлла, тIе а тухуш. Бакъду, и зудабераш сийсаздар "психикана чов яр" ца хийтира хIетахь Нохчийчохь бакъонаш Iалашъян векал винчунна.

Бакъонаш Iалашъян ца хIоьттира Солтаев, республикехь зударшна дресс-код юкъаяккха буьйлабеллачу хенахь а. ХIетахь муьлш бу цахуучу наха, Iаьржа куьзганаш долчу машенашкахь герга а оьхуш, коьртахь йовлакх доцчу зудаберашна басарш деттара пейнтболан герзаца.

"Сан пурбанца и деш хиллехь а, суна эхь хетар дацара,- элира Кадыровс. – И басарш тIе диттинчу йоьIаршка масийттаза цул хьалха баьхна хиллера. Цул тIаьхьа и йоI тIепаза ян езара эхь хетта, шен чохь къайла а яьлла, кхин нахана юкъа а ца йолуш, хIунда аьлча, шена тIехь и даллал оьзда ца лелла иза, ".

Ах берзина а бевлла, зударий офисашка лела буьйлалахь, божаршна болх дагахь хир бац

ТIаьхьо Нохчийчоьнан урхалло къайлах низам хIоттийра, пачхьалкхан хьукматийн а, урхаллийн а белхахой а, студенташ а исламан динехь лела беза аьлла.

Оцу кепара бехкам юкъабаккхарх кхетийра Кадыровс: "Зударийн, тхан нохчийн, бусулбачийн Iедал ду духарца оьзда лелар. И низамаш дохош хилахь, нагахь санна, зударий офисашка ах берзина лелахь, оха, божарша, белхан ойла йийр яц….Цундела дIахьулъелла, коьртахь йовлакх долуш эха еза зуда балха".

Цул совнах, нохчийн школашкахь хьалхарчу классера йоьIарий а цхьаьна бу декхаре, школан духаран дакъа хилла, кIайн йовлакхаш коьртахь лело.

ХIора школано шен "барам" дIахIоттабо

Пачхьалкхехь къоман а, конфессин а шорталла хиларна, школан духарца йогIуш хила тарло хьиджаб а, тешна ю бакъонашларъярхо, журналист Серганова ТIаус.

"ТIаьххьарчу шерашкахь "школан духар" боху кхетам чIогIа шорбелла богIу. ХIора школехь шен "барам" бу дIахIоттош. Цундела "ДIаяккха хьиджаб!" алар – динан билгалонца лелош йолу дискриминаци ю", - дIахьедира къамелдечо.

Адвокато, юридикан Iилманийн докторо Мусаев Мурада хьалхо Iалашйира, хьиджаб бахьанехь школе чу ца битинчу Ставрополера дешархойн дайн-нанойн интересаш. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира, хьиджаб – динан атрибутика яц, духар ду, иза ехкар динан маршонех лаьттачу конституционан бакъонашца догIуш дац аьлла.

"Цхьа хIара ю аьлла билгалъяьлла дефинаци яц школан духаран. Iедалхойн политикан сацам бахьана долуш, оцу дешаран хьукматийн цхьана заманара схьа дуьйна маршо ю, школан дресс-код билгалъяккха. Цуьнца озабезамаш лелош, дукха хьолахь школехь хIиттийначу низамаш юкъа туху цара оцу кепара чулацам, цара таро ло царна адамашна новкъарло ян",- дуьйцу Мусаевс.

Адвокато терго тIеузу, хьиджаб ехкар – зударийн бакъонаш хьешар хиларна.

Нагахь санна, тахана ахь царна хIара магийтахь, кхана кхин а цхьа хIума доьхкур ду хьуна

"Адаман маршонна тIекховдар ду хIара. Тахана ахь царна хIара магийтахь, кхана кхин а цхьа хIума доьхкур ду хьуна. Оцу делаца къуьйсучарна луург доккхуш, стенна эшам бан беза стага, конституцино шена магийначу маршонан", - эргIадъоьху Мусаев.

Human Rights Watch оьрсийн программин директорна Локшина Татьянина хетарехь, нагахь санна, зудчунна йовлакх лело лаахь, оцу школашкахь, пачхьалкхан хьукматашкахь а, кхинйолчу меттигашкахь а цунна и таро латтон езаш ю.

"Амма бусулбачийн дресс-код ларъйе бохуш, цунна ницкъбар магийта йиш йоцург ду", - аьлла хета Локшинана.

***

ХIокху гезгамашин-баттахь Астраханерчу пачхьалкхан лоьрийн университетан студенташа латкъамаш бира, доьшийле чудоьлхучохь коьртара хьиджабаш дIаяхийтира шайга, студентийн билеташ схьадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш аьлла. Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллира респуликерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна, оцу хаттарх йистъяккха аьлла. Даудов Мохьмад Оьрсийчоьнан могушаллин министраллин векалшца зIене велира, проблема цхьахаяккха аьлла, тIе а дожош.

Коьртахь йовлакхаш доцу дешархой урокашка ца битина школан директоран гIовс балхара дIаваьккхира Дагестанехь 2021-чу шарахь. Цул а масех бутт хьалха, ксенофобин дIахьедарш яздинера цергийн лоьро шен инстаграмехь аьлла, Кубанан пачхьалкхан медицинан университет девна юкъахь нисъйелира. Оцу доьшийлехь хьехархо ю ша аьллера цо. "ТIаьххьарчу хенахь дIакъовлабелла Нохчийчуьра бусулба мехкарий баьржина", дIахьединера цо, ша иштаниш "деша чу ца буьту" аьлла.