Малхбузера банкашна альтернатива а хилла кхуьуш ю бусулба банкаш. Зе доцуш, карарчу хенахь лаьттачу кризисах уьш хьалха йовлар а дузу иза. Муха бу церан болх? Талла хьаьжира Маршо радион корреспондент Рекнагел Чарлз.
1970-чу шерашкахь бусулба банкаш дуьххьара яхка йолийча, церан клиенташ боккъал болу бусулба нах бара, дино ма-боххура хила еза банкийн система бохуш болу. Динаца а догIуш, юхалург лучу ахчанна тIе мах баккхар дихкина ду. Эвхьазчу бизнесехь са яккхар а ду дихкина – маларан бизнесехь я порнографехь.
Амма тахана бусулба банкашна шайна тIе шуьйра тидам узу бусулба динехь боцчу нехан а. Массо а динашкарчу нахана схьайиллина йолу бусулба банкаш, глобалан экономикан кризисах хьалхайовларца доьзна а ду иза. ХIинццалц цхьана а бусулба банкана гIо ца эшна кризисах кIелхьаръйолуш. Церан клиенташ паргIат Iийна, дерриг дуьненахь кризис яьржича а.
Лондонехь вехаш ву бусулба финансийн хьехамча Мохьаммед Амин. Цо бахарехь, и тайпа хьажам цхьана агIора нийса бу, вукху агIора нийса бац. Ма-дарра долу бусулба банкашкара хьал, юкъара банкашкахьчул а консервативан амал йолуш ю. Юхалучу ахчанна тIера са ца яккхар, масала, клиентийн дуккха а вуо декхарш ца оьцу бохург ду. Дукхах йолчу малхбузера банкашна и хIума бахьанехь вовшаъйовла кхерам базбеллера. Цхьайолчу бусулба банкаша а – кхечу муьлхха а ахчанаш дIадохкучу хьукхмато санна – шен клиенташна кхерам кхуллу.
Ахчанан операцешна тIера са ца оьцучу хенахь, кхечу банкаша леллош дерг леладо бусулба банкаша а. Амма кхечу гIирсашца.
Ахча банкехь латтийча тIе са йоккхучу цхьана чотах лаьцна дийцира Амина масаллина. МогIарерчу банкехь, цхьана билгалчу хенахь ахча хье а ца деш Iад дитича, цунна дуьхьала 5 процент ахча дуьллу банко. Бусулба банкашкахь изза ахча даккхало, банкан йолучу санехь.
Амин: «Хьайн ахча оцу исламан банке дуьллу ахьа. Цигахь мел долчу ахчанах дIаийна ду иза. Банко цу ахчанах шен бизнес еш пайда оьцу, кхечу клиенташка ахча даларца йоьзна ю иза. Шо чекхдаьлча, яьллачу сана жамI деш, цо хьуна, масала и 5 процент са лур ю. Я кхин а дукха, я кхин а кIезга яла мега, шо дика-вуо хиларе хьаьжжина.»
Амина билгалдаьккхира, вуо деанчу шарахь банко хьуна са ца яла там а бу, аьлла. Ткъа юкъарчу банкашкахь хьуна лур ю аьлла йийцина са ялар, царна тIехь ду.
Юкъарчу банкаша санна, бусулба банкаша а клиенташна юхалург ахча даларх са йоккху. Юкъарчу банкаша юхалучу ахчанна тIера са йоккхучу хенахь, бусулба банкаша йохка-эцаран операцешна тIера йоккху.
Амин: "Бусулба банко эр ду, «Хьайна хIун машен еза ала, иза муьлхачу туьканахь ю а ала. Оха даха а дахана, и машен схьа а эцна, хьуна юхаюхкур ю.» Иштта, бусулба банко и машен, эр вай, $1,000 эцна, цул тIаьхьа цара и машен клиентана $1,150 ахчанах юхкур ю. Клиенто ахча 36 баттахь дIадала дезар ду. Бусулба банко машен йохкарна тIехь са йоккху. Ахча юхалург далар дац иза. Машен $1,150 ахчанах йохкар ду».
Делахь а, юкъара банкашкахь санна, бусулба банкашкахь а цхьа тоьшалла дац, банкийн операцеш кхерам боцуш хир ю ала. Юхалург ахча лучарга иза буьззинчу барамехь дIа ца даладаларца йоьзначу проблемашца Iиттало банкаш. Нагахь санна цхьайолчу бусулба банкийн долахой кхераме хьаьжна а доцуш, майрра ахчанаш бизнесана юкъадахкаран операцеш ян кийча хиларо, банках банкрот ян тарло.
Дукхах йолу банкаш цу кхерама хьалхайовла хьовсу. Цара дозанаш туху цхьацца кхерамашна. Лондонерчу Бизнесан а, Финансийн а Школера Сахар Атас бахарехь, бусулба динера «гIарар» дехкаран кхетамах дозуш ду иза. Гочдича, гергарчу барамехь «тIех кхераме хIума дар» бохург ду иза.
Цо билгалдаьккхира, бусулба банкаша доза туху шаьш юхалург лучу ахчанна. Шайн долахь долчу ахчанан 30 процентал сов ца болуьйту цуьнан барам. Оццу хенахь, Бусулба банкаша ШарIан кхеташонера говзанчашка хьехарш дойту. Уьш банкийн гIуллакхашна тIехьовсу. Нагахь санна банкан болх шарIан принципашна тIера дIаболуш белахь, цунах лаьцна хаам бо.
Оццу хенахь, бусулба банкаша юкъарчу банкийн дуккха а са яккхаран операцийн бух схьаэцарна критика йо цхьаболчу бусулба Iилманчаша, церан болх даггара бац, бохуш. Цара чIагIдарехь, хIинцалерчу бусулба банкийн кепо, йоккха са яккхарна тIаьхьа евллачу малхбузерчу банкийн кепе а евлла, боккхачу кхераме йохур ю.
Лондонера Зест компанехь бусулба банкийн белхан а, инвестицин а хьехамча ву Эль Дивани ТIарекъ. Цо бахарехь, критика ечарна луург, нехан декхарна тIехь бахам бан Iалашонца, юхалург ахча даларна тIехь са йоккхучу массо а кепах бусулба банкаш ларъялар ду.
Дивани: " ХIинцалерчу бусулба банкийн кепана альтернатива хила лур йолу, цIена са яккхаран кеп, дукха хьолахь, инвестицин фондах тера ю. Аса хьан бизнесе ахча дуьллу, хьуна цунах хилла са вайшимма йоькъу. Хьуна цунах хилла а зе доькъу вайшимма. Юхалург лучу финансашкахь хIун хуьлу аьлча, аса хьуна $ 100 бизнес йолон ахча ло. Хьуна цунах пайда болу я зе хьулу, шо чекхдолуш суна сайн $ 110 ахча юхадеза. Бухера дуьйна харц лору иза. Аса сайна са хIунда еш ю, хьуна хуьлуш ца хилча?»
Делахь а, кхин болчу бусулба Iилманчаша гIо доккху хIинцалерчу бусулба банкийн системегхьа, цо, бусулба дино ма хьеххара, юхалург лучу ахчанна тIехь са ца яккхарна. ХIинццалц схьа и къийсам мелла а тIехула бен хаалуш бацара.
Дуьненан банкийн индустрехь долчу ахчанан цхьана процентал лахара я $ 1 трилллион ахча бен дац бусулба банкашна кхочуш дерг. Амма цхьайолчу пачхьалкхашкахь бусулба банкийн система сихачу боларца эвсара йолуш ю.
ТIаьхьарчу 7-8 шарахь Британехь лицензи яьккхина пхеа бусулба банко. Исламан финансийн институташ болх беш ю Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь. Планаш ю уьш Малхбузера Европехь схьаелла а. Аьлча а, хIинцале Гергарчу Малхбалехьа а, Къилба-Малхбалера Азехь а йолчу банкашна тIе, бохуш ерзайо шен исламан банкех лаьцна йолу материал Маршо радион корреспонденто Рекнагел Чарлза.