Бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан юристо Янгулбаев Абубакара хаамбина, Нохчийчуьра шен ткъа сов ненахой а, дехой а, церан гергарнаш а дIабигина аьлла. Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, оппозицин IАДАТ боламан модерацица боьзна хила тарло ЯнгулбаевгIеран вежарий аьлла.
Кавказ.Реалиин корреспонденте Янгулбаевс дийцарехь, карарчу беттан 23-25-чохь лецна бу цуьнан нах Хьалха-Мартанарчу ГIойтIахь а, Соьлжа-ГIалахь а. Буьйцурш бу юристан ден агIор болу ЯнгулбаевгIар а, ненехула болу - МусаевгIар а.
Iаьржачу барзакъца болчу наха полицин дакъошка дIабигина уьш, шаьш муьлш ду а ца хоуьйтуш. Паспорташ а, телефонаш а йоцург а, цаьргара дIадаьхна цIенойн, петарийн кехаташ а.
"Официалехь бехкаш царна дехкина дац. Соьгарчу хаамашца, 21 стаг ву лчкъийнарг. Карарчу хенахь Нохчийчохь хьаьккхина дIалехьош бу оппозицин блогерийн а, бакъонашларъярхойн а, Кадыровн режимна резабоцучийн а гергарнаш", - билгалдаьккхина къамел динчо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонах болчарна ша а, шен ваша Янгулбаев ИбрахIим а IАДАТ боламан администратор а, модератор а ву аьлла хета, тIетоьхна юристо.
Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь яьккхинчу видео тIехь Нохчийчу юхаеанчу, ша Ичкерин министрийн кабинетан векал ю бохуш леллачу Мицаева Рубатис дуьйцу, оппозицин телеграм-каналан модераци лелориш ЯнгулбаевгIеран вежарий бу аьлла.
"Факташца аьлча, иштта дац иза. Амма кадыровхойн Iалашо ю, Нохчийчохь бехачу сан гергарчу нахехула суна Iаткъам бан", - кхетийна юристо.
ТIаьххьарчу шина дийнахь Нохчийчуьра дIавахначу пхеа оппозиционеро дIахьедира, даймахкахь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх. Ву царлахь - Швецехь вехачу блогеран Абдурахманов Тумсон исс гергара стаг (цхьаберш тIаьхьо дIахийцира, амма лачкъийна Тумсон стуннана а, стунйиша а). Германехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан цIийнах болу нах а бигина, билггал хууш дац маса стаг вигина, Европехь болх бечу бакъонашларъяран "Вайфондан" куьйгалхочун Садулаев Мансуран гергара кхо стаг, Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан ворхI герагара стаг, Германи дIавахначу Ичкерин адамийн бакъонийн Центран куьйгалхочун Арцуев Асланан цIийнах виъ стаг а.
Денош хьалха Нохчийчуьрчу хьаькамаша социалан машанашкахула видео яржийна, царна чохь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана боху, "харц къамелаш дечарна" таIзар ду кестта дийр долуш. И къамел деш яьхна видеоматериалаш яржийра махкарчу телегойтийло шен эфирехь а, инстаграм-агIонехь а, амма дIаяьккхира видео де даьлча.