Ичкерин диверси: Белгородан кIошт Кадыровс Iалаш хIунда ца йина

Ажиев Рустам, и ву Iабдул-Хьаким Шишани а, цуьнан куьйгаллица ичкерихоша диверси йира Белгородан кIоштахь

Украинехьа тIемаш бечу нохчийн леррина Iалашонаш кхочушйечу Къаьстинчу батальонан (ОБОН) эскархойн аьтто хилла Белгородан кIошта чубахка а, мел кIезиг а, тIеман цхьа машен йохон а. ТIелаталале масех де хьалха Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, оцу регионера Оьрсийчоьнан дозанаш лардан хIоьттина "Запад-Ахмат" батальон аьлла. Ткъа дуьхьало йоцуш шаьш йинчу рейдах цара дийцинчул тIаьхьа дIахьедира, маса Оьрсийчуьра дIабаханера уьш, ахматхой шайна тIаьхьабаьхча аьлла. Кавказ.Реалиин редакци гIоьртира къастон рейдан хила тарлун Iалашонаш а, цуьнан тIаьхьало а, иштта кадыровхойн диверсанташна дуьхьало йан таронех а.

Украинан талламхойн Коьртачу урхалло зорбане йаьккхира кабини тIехь "Z" элпаца йинчу билгалонца эскархойн машенна тIелатар деш гойту видео товбеца-беттан 17-чохь. Кхин кIорггера оцу операцих лаьцна Киево ца дийцира. Дукха хан йоццуш Нохчийн Ичкерия республикин тIеман департаменто кхоьллинчу телеграм-канало цу буса йаржийра оцу видеон шуьйрра верси.

Диверсин тоба регионе йарах Оьрсийчоьнан агIоно банне а ца бира хаам: комментареш ца йелира йа Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, ВСУ-но а, регионехь тохарш дарх денна бохург санна хоуьйтучу йа Белгородан кIоштан губернаторо Гладков Вячеслава а.

Беккъа цхьа кадыровхой хIаллакбан Iалашо йац Ичкерин ницкъийн

"Урал" машенна тIелатар деш тIаьххьара йаржийначу видео тIехь операторо боху, товбеца-беттан 15-чохь дина ду тIелатар Середа эвла боьдучу некъаца, хIетахь эскархойн машен йуург дIасайекъна йухайогIуш хиллера. Видеон авторо билгалдаккхарехь, машенлелорхо а, цу чохь коьрта хилларг а вийна, кадраш тIехь гуш цхьа дакъа ду. Видеон авторо йуьйцу Середа эвла Оьрсийчоьнан пачхаьлкхан дозана ши чакхарма генахь йу.

Диверсанташа йовзийтинчу видео тIехь тидам бойла ду ткъа гергга тIемалочун, йу цаьргахь автоматаш а, куьйга йетта пулемет а, иштта гранатометаш а. Шаьш кIело йечу меттиге гIаш баханера уьш – цхьана а видео тIехь йеза техника йац гуш.

Белгородан кIоштара пачхьалкхан доза лардийриг "Ахмат-Запад" батальон йу, и цига хьажийна аьлла хаамбира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIелатар дале бутт хьалха. Пачхьалкхан дозана 20 километар дехьа йолчу Нехотеевка эвла кхаьчначу Делимханов Адама хIетахь дIахьедира, "бахархоша сагатдан ца оьшу", хIунда аьлча, "Ахматан" дакъоша дозана уллора меттигаш дIалецна, "дагахьдоцург" кечдина аьлла.

"Нагахь уьш [диверсанташ] чубогIуш хилахь, цхьайолчу меттигашкахь царна новкъарло а йийр йац", - велавелира хIетахь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентера депутат.

Нохчийчохь вовшахтоьхна, тIеман министраллин эскарийн структури йукъа йогIу "Ахмат-Запад" батальон Белгородан кIошта хьажон бартбира марсхьокху-беттан 12-чохь Делимхановн а, губернаторан Гладковн а цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа. Оьрсийн лаамхойн корпусан (РДК) рейдаш хиллачул тIаьхьа и хьехнера ша Кадыровс, цо чIагIо йира, Нохчийчуьра дакъойн зеделларг ду "хьаннийн а, лаьмнийн а меттигашкахь" тIемаш бина аьлла.

Регионалан а, тIамехьа йолчу телеграм-каналаша а, хуучу эскархошна тIетовжуш йаздора, кадыровхоша "мел дика лаьцнехь а, кхоалгIа-пхоьалгIа тIеман эшелонаш" дIалецна аьлла. Ткъа хьалхарчу а, шолгIачу позицешка хьийсийнера салтий. ТIом зуьйчу америкахойн Институтан талламчаша билгалдоккхура, шен нах Белгородан кIошта бахийта аьллачу, Кадыровн дехаро тоьшалла до, тIеман чолхечу агIонашкара шен салтий Iалашбан и лууш хиларан.

Кавказехь дуьхьал тасабала кечлуш бу

Оьрсийн машенна тIелатар деш дIайазйина видео зорбане йаьккхина Нохчийн Ичкерия республикин тIеман талламхойн департаменто, ресурсан авторша чIагIдарехь, и кхоьллина товбеца-беттан 13-чохь, Ажиев Рустама, Шишани Iабдул-Хьаьким аьлча дика везачо куьйгалла а деш. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Ичкерин армин Коьртачу фронтан буьйралла деш вара иза.

2011-чу шарахь Туркойчу дехьаваьллачул тIаьхьа Ажиевс буьйралла дира Шемахь Асад Башаран эскаршца а, "Исламан пачхьалкхан" гIаттамхошца а тIемаш бечу "Аджнад Аль-Кавказ" тобанан 2017-чу шеран гурралц.

2022-чу шеран гурахь нохчийн Ичкерия республикин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада хIоттийра Ажиев Ичкерин тIеман ницкъийн командиран гIовс.

Оьрсийчоьнан дозана тIехь дуьххьара нохчаша йина бакъйолу диверсин операци йу хIара

УНИАН-н эфирехь Закаевс дIахьедира, Белгородан кIоштахь "агрессор-пачхьалкхан дозана тIехь мостагI хIаллаквеш" Ичкерин спецназ йара аьлла. Цо иштта билгалдаьккхира, видео тIехь гойту рейд диверсантийн дуьххьара тIелатар дацара аьлла.

"И бераш кест-кеста доьлху оцу агIор, цигар диверсин- талламан барамаш дIахьо цара мостагIчун дозана тIехь. ХIара царех цхьа операци йу. Шуна дага ма догIу тIаьххьарчу масех баттахь оьрсаша дIа ма хьедора, доза къевлина ду, ур-атталла дахка а чоьхьа балалур бац бохуш. Оцу бераша ма дарра долу хьал дIагайтина", - дийцира Закаевс тIелатаран Iалашонех.

Нохчийн политолог Кутаев Руслан тешна ву, Ажиевн тобанхойн Iалашо "Ахматан" дакъойх латар йацара аьлла. Нохчийн Ичкерия республикан тIеман ницкъийн эскархой украинхойн къайлахчу сервисийн а, ВСУ-н а куьйгакIел бу, царна хьалха хIиттина цхьа Iалашонаш йу – уьш кхочушйина цара, тешна ву къамелахо.

"Ичкерин армина кху хьолехь коьрта ду шен салтий тIаме хьийсор, хIунда аьлча, Кавказехь дуьхьало йан кечлуш бу уьш. Со тешна ву, бен-башха дац, йу царна хьалха Ахмат-Запад", "Ахмат-Восток", "Ахмат-Север" йа "Ахмат-Юг". МостагI – и мостагI ву, муьлхха куьцехь велахь а: Росгварди, ФСБ, ТIеман министралла, МВД. Кхузахь Ичкерин ницкъийн Iалашо йац беккъа цхьа кадыровхой хIаллакбар", - кхетадо политолого.

ХIетте а, "Ахмата", ша Кадыровс а жоп лучу дозана тIехь тIелатар дина хиларо операцин медийн эффект чIагIйина бохура шена тIаьхьабевллачул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIавахначу нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

"Оьрсийчоьнан дозана тIехь нохчаша дуьхьара йина диверсин операци йу хIара [Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа], хIокху тайпа хIума хиланза чIогIа-чIогIа дукха хан йара, - дуьйцу Янгулбаевс. – Эхь ца хеташ, церан меракIел, доза а хадош, Кадыровс Iалашдан тIелаьцначу дозана тIелатар дина, - хIокху деххачу шерашкахь лечкъина Iачу Кадыровн гIагI диллинчу куьзги тIехь къарс дина. Цо дозалла деш мел хилларг, ган а гуш, духуш ду".

Оцу кепара хиллачун мах хадийна иштта Z-военкораша а, ичкерихойн операцин коьрта Iалашо, билггал тIом бар а доцуш, леррина цхьа Кадыров Iалашван вовшахтоьхна "Ахмат" "тикток-эскарш" ду аьлла, дIагайтар йу аьлла.

Диверси йина кIира даьллачул тIаьхьа цунах лаьцна вистхилира Кадыров. "Йамарте хIума ду" элира цо Оьрсийчоьнан дозана тIехь дина тIелатар. "Оьшу гIирс тIекхоьхьучу цхьана машенна кIелонаш йечул а, тхан эскархошна дуьхьал довлийша цул а, гайтийша шаьш стенна гунахь ду", - йаздира Нохчийчоьнан урхалхочо шен телеграм-каналехь.

Ахматехьа" тIом беш мила ву?

ТIелатале ши де хьалха муххале а Оьрсийчоьнан агIонна хууш хила тарлора кечйечу диверсих. Цхьахволчу эскархочун телеграм-каналехь товбеца-беттан 13-чохь информаци гучуйелира, Украинан талламхойн Коьртачу урхалло штурмана ши тоба вовшахтоьхна дозанехула чекхбовлархьама аьлла. Царех цхьаъ Купянскехь дIатарйина бохура, шолгIаниг – Харьковн кIоштара Печенегехь.

Иштта хаамаш бара операцихь нохчийн тIемалоша дакъалаца тарло бохуш, делахь а, йуьйцург йара шейх Мансуран цIарах батальон, Ажиевн тоба йацара. Операци мел шуьйра хир йу даздина дийцинера, цигахь РДК-но дакъалаца тарлуш хиларна: доккхачу декъанна оьрсийн эскархошна моьттура 500 стагах лаьтта тоба тIелетар йу аьлла.

Оцу батальонашка нуьцкъаша хьийсабо меттигера бахархой, йа махинацешца

Оццул нах тIелетта хиллехь шегга "Ахмат-Западе" кIад а далур дацара: Янгулбаев Абубакаран хьесапца, Белгородан кIошта мел дукха а батальонан кхолгIа дакъа хьажийна – 100 стагана тIера 200 тIекхаччалц.

"Батальон "Ахмад-Запад" –"ноу-хау" йу, тIом болийна ахшо даьллачу хенахь кеп-кепарчу йоманех вовшахтоьхна. Хьалхе дуьйна къастийна эскархой бац уьш, нохчий а бац цаьрца, Кадыровс бу баьхнехь а. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкара вовшахбиттина нах бу оцу батальонашкахь, цунах вайна хууш ду йийсаре лецначу ахматхошкара", - чIагIдо къамелахочо.

Бахмутна гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дIахьедира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Эскархочо бахарехь, цуьнан декъа йукъахь тIеман хьалхарчу позицешкахь вара 51 стаг, царех йалх бен вацара Нохчийчуьра.

"КIезиг бу "Ахмат-Запад" батальонехь а нохчий, дукха хьолахь командираш хуьлу: Делимханов Адам, цуьнан гIовс Агуев Рустам, церан уллора го а. Биссинарш, пехота олу, - уьш нохчий бац, хIунда аьлча, меттигерчу бахархой оцу тобанашка нуьцкъаша хьийсабо, йа динчу зуламах маьршадохур ду бохуш, махинацеш лелош", - дерзийра Янгулбаевс.

  • Стохка гIадужу баттахь Лакхарчу Радехь сацам тIеийцира Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу аьлла, иштта йемалйира "нохчийн къоман геноцид". Украинехь хIоттийначу карти тIехь Нохчийчоь билгалйаьккхина йу къаьстина пачхьалкх санна – Ичкери аьлла. Карта арахецна пачхьалкхан картографин "Картографiя" компанино.
  • Украинехьа тIемаш бечу нохчийн тобанхоша Белгородан кIоштахь йинчу рейдехь дакъалаьцна Ичкерин лидерийн воIарша. Закаев Ахьмадан воккхаха волу кIант Закаев Шемала а, 2001-чу шарахь вийначу Ичкерин тIемалойн командиран Бараев Iаьрбин кIанта Бараев Фатхьис а.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Украинехь тIемаш бен махкара бахархой хьовсийра Кадыров Рамзана Закаев Ахьман вен. И дан ка йаьллачунна хьоле дахар хуьлуьйтур душ а республикехь элира цо. Иштта Нохчийчоьнан урхалхочо чIир хьейира, Украинехьа болчу Ичкерин агIончашна.
  • Гуьржийчоьнан хиллачу президенто Саакашвили Михаила дIахьедира, Украинаца тIом бирзича Оьрсийчоь "кегийчу дакъошка йаьржар йу" аьлла, цунна хетарехь, и процесс "йолалур йу Къилбаседа Кавказана тIера".