Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, нагахь санна, 2018-чу шарахь дозанаш къастош демаркаци ярх претензеш ечуьра гIалгIайн жигархой ца совцахь, ша Оьрсийчоьнан Iедалхошка дехар дийр ду, къобал ца йинчу Ичкерин заманахь бархI эвла дIалуш бина сацам юхабаккха аьлла.
"Оха динчунна шу реза дацахь, пачхьалкхан куьйгалле дехар дийр ду оха, нийса сацам бахьара аьлла... ТIаккха тхуна юхаерзор ю тхан бархI эвла", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ВКонтактерчу" шен агIонехь.
Оцу юкъанна цо кхайкхамбина нохчашка а, гIалгIашка а провокацина меттах ма довла, вовшийн сий дойъуш, дIа- схьа аларш ма хилийта аьлла.
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь дозанаш къасторна гонах керла эскалаци иккхира Фортанга хийистехь нохчийн Iедалхоша йистош чIагIъеш, гIалгIайн ДаьттагIна гена доццучохь болийна белхаш бахьана долуш.
2018-чу шарахь Гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгашъздира регионийн куьйгалхоша Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан Конституцин кхело а низамехь лерира хилла барт. ТIаккха митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Протестхошна хетарехь, дозанаш къастор нийсонца дацара.
Кху деношкахь ГIалгIайчоьнца дозанера хьал чолхечу даьллачу юкъанна Нохчийчохь кхаа дийнахь тIеман Iамораш дара дIахьош. Республикан дозанца леррина "ха ден меттигаш" хIиттае аьлла, омра дина Кадыровс ницкъаллин структурийн куьйгалхошна.
Дахначу кIиранах нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашка кхайкхамбира "ГIалгIайчоьнан тайпийн Кхеташоно", шина субъектана юкъахь дозанна тIехула хиллачу бертах лаьцна дискусси юхайолон еза аьлла. Цул тIаьхьа инстаграмехь шен агIонехь йоьдучу эфирехь нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада критика йира "тайпийн Кхеташонан" декъашхойн Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанех йолчу позицина."Кхеташонан" декъашхой – Нохчийчохь "куьйг лун тайпа бац" аьлла, дIахьедира Даудовс.
Карарчу заманчохь Ессентукехь йоьдуш кхел ю гIалгIайн протестийн ворхI лидерна тIехь. Уьш бехкебо, Магасехь 2019-чу шеран Зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьал болчара хIоттийначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна а, экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна а. Прокуроро доьху кхеле, бехкебечарна набахтехь даккха ворхI шарера исс шаре кхаччалц хенаш тоха аьлла.
Бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедалхоша арахьарчу агентийн могIаре язйина, организаци цунна реза ца хилла. - Редакцин билгалдаккхар.) центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.