Иллеша ден зулам: Нохчийчохь артисташна тIехь Iуналла чIагIдо

Хелхаволу Кадыров Рамзан. Архивера сурт

Меттигерчу иллиалархойн мукъамийн боларна шога тIедахкарш дина Нохчийчуьра Iедалхоша. И хаам маса баржийра оьрсийн а, дуьненан а хаамийн гIирсашкахь. ХIун нийса дац цу сацамца, Кадыров Рамзанна дезачу мукъамийн чомаца стенна и ца догIу а хаьттира Кавказ.Реалиин редакцино республикера иллиалархошка.

ТIейогIучу хенахь Кадыровх дага а буьйлуш, йоллу музыкин, эшарийн, хелхарийн мукъамаш темпехь догIуш хила деза цхьана минотехь 80-на тIера 116 тохарна тIекхаччалц. И хаамбира Нохчийчуьра культурин министро Дадаев Мусас. Цо билгал ца даьккхира и бехкам бан хIун бакъонан бахьанаш ду. Иштта хууш дац, и бина сацам халкъан мукъамех хьакхалуш бу, йа кхечу жанрех а, тIейогIучу хенахь дохур долчу керла иллех, эшарех хьакхало.

Билгалдаккхар: Мукъамийн темп йустуш йу минотехь дечу тохаршца (ингалсхойн. BPM – beats per minute), цо билгалйоккху цхьана минотехь дIалокху йоьалгIа нотин терахьалла. Музыкехь минотехь лелош йу 40 тIера 200 -не темпаш, йа кхин а сов тохараш минотехь. 80-II6 минотехь тохарш долу диапазон йогIуш йу гIеххьачу темпера жигаралле йолуш.

Министро билгалйаьккхинчу диапазона йукъа ца нисло дуккхаъ а гоьйевлла эшарш, иллеш. Масала, Оьрсийчоьнан гимнан минотехь 76 тохар ду, ткъа "Толаман де" эшаран – 126. Нохчийчоьнан гимнан а аьтто ца баьлла – 76 тохар ду цуьнца. Оцу йукъанна ритм, масала, суфийн кунтахьаьжойн вирдан зуькар, Кадыров ша а ву церан вирдехь, 126 тохаре кхочу.

Дадаевн дIахьедарца, билгалбаьккхинчу барамца йогIуш йоцу шайн композицеш артисташа йухайазйан йеза мангал-бутт карабале, ца хуьлчу далахь, уьш нахана йукъахь лоькхуьйтур йолуш йац.

"Хьекъал доцуш бина сацам бу"

Дадаев – йуьртбахаман хилла министр ву, иза ца кхета къоман иллин темп минотехь 116 тохар бен цахилар хIун ду, кхечу композицешкахь мел кIезиг а минотехь 118-120 тохар хуьлуш хилча. Шен цIе ца йоккхуш бохура ишта цхьахйолчу нохчийн йишлакхархочо: "Хьекъал доцчу наха аьллачунна хIун дина комментарий йийр йу? Суна интересе дац, уьш хIун дан гIерта хаа. Сан эшарш лезгинкин кепехь дIайазйина йу, даим а 120 тохар долуш. Хаац, Нохчийчуьра культурин министраллина хIун ца тов, амма цара нисйан йезаш йац тхан эшарийн чехкалла"

Хьекъал доцчу нахана дуьйцучунна комментарий муха йийр йу? Сан бала бац царна луучуьнца

Доллу дуьнено а буьйцуш болу сацам бан гIуллакх дацара культурин министралло, бохура шен цIе йаккха ца хIоьттинчу Нохчийчуьра иллиалархочо. И бина сацам беламе а, "чIогIа лартIахь боцуш" лору цо: "120 тохарел а сов йолу лезгинка муха хийца бохку уьш? Йухайазйан йеза уьш? Со тешна ву, и иллеш эфирера дIадохур ду. Кассеташ тIехь хир ду уьш, амма цхьана официалан барамашкахь царах пайда оьцуьйтур бац. Беламе а, къаьхьа а цхьабоса хета суна хIара гIуллакх".

Кадыровна дукхайеза йишлакхархо Межиева Макка хьахийра иллиалархочо: цо бахарехь, цуьнан йоллу эшарш аьлча санна ма йу 120 тохарна тIера хьала, ткъа Кадыровх лаьцна йиш 125 тохар шеца долуш йу.

"Деа доцург ду хIара! Цхьа гIурт бу-кх! Оцу сонтачу шайн сацамашца массо а нах стенна бийлабо. Моьттар дац, культурин министралла кхин бан болх боцуш йу, тохарш дагар дар бен. Со цецваьллера, цара ишта дIакхайкхийча", - дерзийра иллиалархочо.

Соьлжа-ГIалахь ца кхетачух тера ду, шаьш муьлхачу заманахь дехаш ду, эшарш, иллеш муьлхачу темпехь хила деза бохучунна бен саготта бацахь, бохура Европера нохчийн диаспорера йукъараллин гIуллакхдархочо, йаздархочо Хачукаев СаьIида. "Шайн хирг до цара, оцу иллеш, эшарш локхучарна хIун лаьа, муха хета ца хьовсуш, и бу хьуна кIадбухе вуьгу некъ",- элира цо.

Цо дагалецира 80-чу шераш, хIетахь культурин министраллехь "методистийн кабинет" йара болх беш, бохура цо, тахана Iедалхоша шаьш дийриг цара дора хIетахь: "Оцу кабинето тIечIагIбеш бара вайн культурина самукъадаккхаран мукъамаш. Акха, маса, чIогIачу ритмехь дара дерриг а. Леррина деш дара и, адамашна мукъаман хазалла, лирика, даггара хилар ца хаадалийта. Изза ду-кх тахана вайна гуш дерг а".

Культурина тIехь контроль латтон министралла

ХIара дуьххьара дац культурин агIона тIехь контроль латтон хьийза Нохчийчуьра Iедалхой. Масала, 2019-чу шарахь культурин министр хиллачу Дааев Хож-Баудис (гIишлошйархо ву иза) бехкбаьккхира филармонихь болх беш боцчу иллиалархойн. Говзалла йоцчу артисташа, культурин белхахой а шаьш доццушехь, концерташ йаларна эргIад ваханера иза.

Моьттур дац, культурин министраллин кхин дан хIума дац, тохарш дагардар бен

ХIетахь министраллехь дIахьедира, хIора иллиалархочун композици лерринчу комиссино къобалйина хила йезаш йу, цо терго латтайо "нохчийн менталитетаца и дерриг а догIуш хилийта" аьлла.

"ДIахIоттийна къепе йу: республикехь "да" ву, Iедал ду, низам ду. Забарш цхьаьнга а лелайойтур йац", - дIахьедира министро. Цо кхайкхамбира "культурин министраллица боьзна боцуш, амма шаьш артисташ лору нах" цхьана а кепара барамашка ма кхийкха аьлла.

Кегий гонорараш оьцу артисташ йукъара а баьхна, пачхьалкхан филармонин артисташна некъ "баккха" деш хIума ду аьлла, тIеийцира йукъараллехь. Масала, зуда йалийначу ловзарга, вина де даздан, йа цхьа кхечу бараме кхойкхучу бакъволчу артистан мах лакхара хуьлура. Редакцин хьасташа бинчу хаамашца, хIинцца йукъабевлла, кхин башха бевзаш боцчу иллиалархоша бIе эазр соьма тIера мах олучохь, масала, Межиева Маккин мах хуьлура цхьана сахьтехь мел лахара а кхо бIе эзар сом.

Дааев министр волчу хенахь дуьххьара дийцадаьккхира нохчийн иллийн тексташ а, дIаалар а догIуш цахиларх. 2019-чу шеран лахьан-баттахь республикера иллиалархой а, эшаршлакхархой а декхаребира шайн репертуар культурин министраллин кеп-кепарчу комиссешца дагабовлуш кечйан. Министран дIахьедар тIехтесна нохчийн ши иллиалархо, ВахараговгIеран вежарий Аюб а, Асхьаб а лецира Гуьмсера полицино, шина кIиранах лаьцна витира и шиъ "кхетош къамелаш" деш.

Культурин сферина тIехь контроль латтон хьийзира иштта, Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолу йоI Кадырова Iайшат 2020-чу шарахь культурин министр хIоттийча а. Министран гIентахь иза йолчу хенахь кхоьллира, Къилбаседа Кавказехь муьлха артисташна концерташ йала мегар ду къастор йолу "Маьттазаллица къийсам латторан комитет" а. Формалехь и "комитет" нохчийн культурин министраллица йоьзна йацара, амма редакцица къамелдинарш тешна бу, оцу урхаллин пурба доцуш и хуьлийла дацара аьлла.

Оьрсийчоьнан эстрадера артисташа йаккхий концерташ тIаьххьарчу шерашкахь луш йац Нохчийчохь, чIагIдора Къилбаседа Кавказехь концерташ хIитточара, уьш йукъахйаха тарло бохуш. Оцу йукъанна комментаторо бакъдира, цхьаммо кхойкхий, къайлах концерт йала регионе цхьаболу артисташ хIинца а богIу аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, цуьнан дена, йа кхечу гергарчарна лерина эшарш ца йаьхна аьлла, концерташ йалар дихкира нохчийн артисташна. Хууш дац Этиева Азизин кхолламах, махкара арайаьккхира похIма долу Сугаипова Тамила, йиш локхуш йац Нохчийчохь Шоипова Элина, Хамзатова Хеда, Сальмира, ткъа къона иллиалархо Бакаев Зелим вайна лоруш ву 2017-чу шарахь иза лачкъийна вигинчул тIаьхьа.

  • Лакхахь хьахийначу "ца магочу" артистийн тептарера масех иллиалархочо хьалхо дуьйцура Нохчийчоьнан куьйгаллица белхан а, доттагIаллин а уьйраш шайн хиларх. Доккхачу декъана, 2017-чу шарахь Бузова Ольга йеара Соьлжа-ГIала Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоьIан Кадырова Iайшатан модин гайтаме. 2018-чу шарахь йуха а йеара иза Нохчийчу, мехкан куьйгалхо винчу денца декъалван.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан гергарнаш а - мехкан некъан инспекцин буьйранча Черхигов Идрис, кхиберш – телевиденин программа лелорхочо, эшаршлакхархочо Бузова Ольгас шен инстаграм-аккаунтехь машен къовсучу рекламе баьхнера. Социалан машанерчу церан аккаунте язбала кхойкхура нах, кхоже йиллинера BMW машен. Мел мах беллера Нохчийчоьнан Iедалхоша Бузова Ольгин аккаунтехула шайн аккаунташ дебориг, хууш дац. Амма 2019-чу шарахь, хаамийн гIирсаша бахарехь, и санначу рекламин цхьана постах Бузовас доьхуш хилла лаххара а 500 эзар сом.
  • Цул а хьалха Оьрсийчоьнан рэперо Моргенштерна дийцира, социалан машанашкахь нах аккаунташка йазбалийта кхайкхийначу конкурсехь Кадыровн доьзало а дакъалецира аьлла. ХIора аккаунт дебориг 400 эзар сом дара йукъадиллина. Дерриг а вовшахтоьхча хиллера и масех миллион.