Ши стаг а, цхьа зуда а юьш, кIира хьалха Несар-гIалахь иккхинчу бохамо сингаттам беана дуккха а нахана. ЙоI ядор бахьана долуш хилла и зулам. Цуьнан чакхе кестта хир яц аьлла хета цу республикерчу бахархошна.
Цхьа кIира хьалха хилла ду и зулам. Амма, тахана а гIалгIайн юккъараллехь шуьйра дуьйцуш ду иза. ХIинца-хIинца цхьанахь цхьаъ хила мега бохуш, цунна лерг диллина Iаш бу нах. Кхо стаг а, цхьа зуда ю йийнарг.
Дов даьлларг махкахь уггаре а даккхийчерах долу ши тайпа ду - ЕвлоевгIеран а, АушевгIеран а. ТIаьхьарчерах ши стаг вийна. Цул сов, оцу меттехь цара герзаш детташ ларамза герз кхетта елла, доьзалхочух йолу жима зуда а.
И дов йоIанна тIехула даьлла. Болчу хаамашца, АушевгIерах волчу кIанта кхузза ядийна хилла ЕвлоевгIеран йоI. ХIоразза а иза, дуьхьал а йоцуш хилла иза. Амма цуьнан нах дуьхьал хилла оцу гергарлонна. Иза дерриг а къасто, меттиг билгал а яьккхина, гулбала безаш хилл, шина а агIора кегийн нах. Собар а ца тоьана, цигахь, герз детта долийна ЕвлоевгIеран шина кIанта.
Юккъараллехь кхеташ дац йоI а, кIант а вовше дезаш хилча, уьш цхьаьна хIунда ца кхоьтуьйту. Иштта боху, масала, Несар-гIалара вахархочо Якъуба.
Якъуб: «Со со а, сайн йишийн йоI йигина, оцу гIуллакхана юккъахь лелаш вара. Иза а дара, ишшта ира лаьтташ. ЙоI ша реза а йолуш, дIаяхана хилча, иза йита хIунда ца юьту марехь? Жима стаг а, йоI а вовше дезаш а хичла, и захало дан кхин новкъарлонаш а ца хилча хIунда ца дойтуш ду иза?
Шозза-кхузза юха елла иза цара. КхозлогIа а яхана хилла иза маре, ша ара а яьлла. Иза нуьцкъала йигина ма яц. Иза тIаккха марехь Iайита мегар дац?».
Хилалчунна болийна болу таллам шен Iуналле эцна мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Иштта, синтеме хила аьлла шен тайпан вежаршка кхайкхам бина Аушев Руслана а. Амма, дукхачу наха, бехк, цхьана а агIонна тIе а ца буьллуш, Iедалшна буьллу, къаьсттина, полицина. Герз диттинчарах цхьаъ полицин белхахо ву. Дуьйцу Рамзан цIе йолчу Несар-гIалара вахархочо.
Рамзан: «Кхузахь кест-кеста хуьлу вовшах леташ а, урс тухуш а хIуманаш. Леш а бу шортта нах. Цхьа а цецволуш стаг вац, амма некъан юккъехь нах дIасалелачехь, герз а диттина, автобус чохь схьайогIу берах йолу зуда ер чIогIа новкъа деана нахана.
Массара а бехке деш дерг Iедалш ду - полици. Герз диттинарг полисхо ву. Тахана иштта волчу стаге герз леладайтар лортIехь хIума дац. Коьртана дика волчу стага и хIума дийр дац».
Оцу зуламан тIаьхье яхъяла мега. Мел чIогIа дехаршка болхахь а, зе хиллачу агIоно и гIуллакх дитахь тамаш бу аьлла хета Рамзанна.
Рамзан: «Евкуровс ша маслаIат дийр ду бахахь а, кхузахь иза хир ду бохучух ца теша со. Iедална томанна, шаьш нах тIебитина аьлла кеп а хIоттина, чIир цкъа ерзор ю. Зудчух, вайнехан Iадаташца ши стаг вогIу, ткъа, цуьнан кийрахь хиллачу берах а цхьа стаг вогIу.
Ирча хIума ду хIара. Во бала бина цара, шайна а, нахана а. Суна-м ца хаьа. тахана, чуьра ара а ваьлла, автобусца дIасаваха маьрша ца хилча хIун дан деза?»
Хиллачу бохамо юха а гойту зуда ядорах, долуш долу зулам мел кIоршме хуьлу. Цхьаннах а лачкъийна хIума дац, цу тайпа, чуччагIортаран дукхачу хьолехь бахьан хуьлу, нахана хьалхахь шай йоьхь ларъяр. Цхьаболчеран, и хIума акхаройн кепе йоьрзу. ТIаккха баккхийчу наха а, Iедалша а бохург чоьте ца оьцу, оцу бохамечу новкъа бевллачара.