Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телевизионехь Кремлан коьртачех пропагандхо волу Шейнин Артем човхийна ларамаза Италехь цунна тIенисвеллачу украинхочо. Цу цхьаьнакхетарх йолу видео шуьйра дIасаяьржина интернетехь. Иза зорбане яьлла масех де даьлча а йийцаре еш ю интернетлелорхоша. 14 эзарз хьажна цуьнга еккъа цхьана Ютюб сайта тIехь.
Цу тIехь гуш ду, Малхбузенна а, Европина а дуьхьал Оьрсийчоьнан бахархой ира-кара хIиттош волу Шейнин Италерчу Верона гIалахь туьканахь хIумнаш а эцна араволуш. Цунна юххехь оьрсийн къомах зуда а ю.
Ша Ананьевс шен сайта тIехь иштта комментарий йира шаьшшиъ Европехь вовшахкхетарх лаьцна: „И хIума цхьа минот ца яьллехь юьйш яра ас Веронина юккъехь. Сан шеко яц, цунна со вицлур ца хиларх. Ас чIогIа сатуьйсу кхолламо тхойша цхьа а теш воцучу меттехь кхин цкъа а вовшахтухур хилархь“.
Жимма тIаьхьа Украинин тIеман министраллин десантхойн тобанехь болх беш волчу Ананьев видеофилмехь дийцира шен оьрсийн коьртачу пропагандхочуьнца хиллачу къамелах лаьцна.
Шейнин чIогIа кхеравелла гуш ву видеогайтамехь. Туькан чуьра иза араваьлча, бехк ма биллахь, хьо оьрсийн журналист вуй аьлла цхьа жимстаг шена тIе волавелча, вела а лой, хетарехь, шен цхьа фанат хир ву ша вевзина, аьлла, соцу Шейнин. ТIаккха жима дIасаалар динчул тIаьхьа украинхочо цуьнга олу, хьайн ирс хилла хьан вайша кхузахь вовшахкхетта, олий. Цхьанхьа кхечанхьа шена иза гинехь, ша иза вуьйр вара а олуш. ТIаккха цо Шейнинна юьхь тIе туйнаш туху.
Цул тIаьхьа гуш хуьлу вуно чIогIа кхеравелла оьрсийн пропагандхо дехьа а еккхий, шен юьхь тIера туйнаш дIасахьоькхуш лаьтташ. Телевизионехь шен программе баьхкинчу хьешашка, цара Малхбухехьа а Украинехьа гIодоккхуш дош алахь, царах летарца а, царна кхерамаш тийсарца а вевзаш волу Шейнин Оьрчийчоьнал арахь ша цхьаъ украинхочуьнца юхь-дуьхьал ша нисвелча кхеравелла аз эгош хаало. Иза гIорта а ца гIурту шена туйнаш тоьхначунна дуьхьало ян. Машаречу Европехь тIаме воьдуш санна тIейоьхна хаки басахь тIемлойн хеча а, шарф а хиллехь а шегахь.
Дозанал арахь нисбелча оьрсийн телевизионехь санна майра ца хуьлу кхинболу Кремлан пропагандхой а. Цара мел дера къамелаш шайн даймахкахь дахь а, шайн турпалалла гайтархьама шайна тIе мел дукха мидалш охкахь а.
Иштта ши шо хьалха ШозлагIчу Дуьненан тIамехь толам баккхаран де даздан Берлине кхаччалца мотоциклашкахь турне ян арабевллера Хирург шех олучу Залдостанов Александро куьйгалла до байкерш.
Полшин дозанна тIе уьш ма бевлла царна шаьш хIума тухур ю, кхин дIа а бохуьйтур бац аьлла полшхойн байкерш а, цу махкахь беха нохчийн кегирхой а гулбеллера уьш тIехбовла безачу новкъахь. Иза хиинчул тIаьхьа шайн маршрут хийца а хийцина, бIе чакхарма гена го боккхуш кхечу новкъахула къайлаха дехьа бевллера шогачу байкерех ловзуш болу Залдостановн накъостий.