Your browser doesn’t support HTML5
Къанойн Кхеташо дукхахенахь дуьйна ша-тайпа демократин кеп хилла лаьттина ю нохчийн къомана юкъахь. Цо вуно мехала юкъаметтигаш латтош хилла адамашлахь, Iедалан а, парламентан а декхарш кхочуш деш. Тахана а болх беш ю махкал арахьа бехачу нохчаша кхоьллина Къанойн Кхеташо. Цуьнан куьйгалхочо Докудаев Ахьмада дуьйцу, Малхбузерчу Европехь бехачу нохчаша Къанойн Кхеташо кхолларх а, цуьнан декхарех а лаьцна.
- Ахьмад, муха нисделира Малхбузерчу Европехь бехачу нохчаша шайн Къанойн Кхеташо кхоллар?
- Тахана доьхний, даьржиний долчу вайн барт бац, тешам а гIелбелла вайна юккъехь. Маттаца а гIело ю. Кхечуьнца а гIело ю. Вайгахь гIиллакх-оьздангалла лелорца а халонаш ю. ХIокху арахь даьржина долу вай, шайн чу а хевшина, ше-шен чохь долу хIума тоийтичхьана бохуш Iийча вайн дайша къонахалла лерина а яцара, цIий Iанийна маршо хьахор бен кхин бохуш хIума а доцуш, маьрша даха лаар тхуна, дитахьара тхо алар доцург оцу мостагIе кхин аьлла хIума а доцуш, кху тайпана доьхна ду вай... Вайн ворхIа дайшкара схьа юьртахь а, куьпахь а, махкахь а доьхна хIума, даьржина хIума хIоьттича, цхьа нах вовшах а кхетий, шайна тIе декхарш а лоций (арабовлуш хилла).
- Ткъа маца, мичахь кхоьллира аш Къанойн Кхеташо?
- ХIинца 4 шо кхочуш ду. Жигархойн тоба эр ду-кх вай, 7-8 стаг, вовшашца дага а ваьлла, арахь болчу нохчашка - мухIажирашка - лазарш ма ду вайн къомаца аьлла, барт боьхна хьийзаш ду вай, кхеташо кхолла еза вай аьлла Чиллан-беттан 23-чохь (2014 шо), вай махкадаьхначу дийнахь гулдала деза аьлла, кхайкхам а кечбина, дагIахьара шу (Белге) аьлла (Брюсселехь) кхоьллира оха и кхеташо.
- Муьлуш бу хьан накъостий, муха нах бу уьш?
- 70 шо а, 75 шо а долуш, хазнехасанна хIокху белхан бала болуш нах бу тхуна юкъахь. Нигат ду тхан, тхо тIе а кхуьуш, нийса доцург а, хIокху дуьненна зуламе хила мегаш дерг а, къоманна эшаме дерг а лелор а ма дац, дийр ма дац я сацам ара а боккхур ма бац аьлла.
- Махкал арахьа беха нах, вайна гучу суьртаца, мацаллица а, духарца а тахана бала хьогуш бу аьлча нийса хир дац. Гарехь, мелла а цу агIор гIоле хьал ду Нохчийчохь а, гIийла бохку нах бац бохург дац иза. Ткъа хIун ду, хьуна хетарехь, уггаре а нохчашна тахана оьшург, муха го хьуна халкъан кханеца боьзна коьрта бала?
- Суна уггаре коьрта хетарг къоман маршо ю. Иза хила езаш ю вайна. Иза ца хилахь вайн гIуллакх дIадаьлла. ШолгIа. Уггаре чIогIа вайн къоманна эшаме дерг ду вайн барт бохар. Динехь вай декъадаларш чIогIа эшаме ду вайна, барам а боцуш. Шайх Мансурана тIера таханлерчу дийне кхаччалц схьабогIучу маршонан некъа тIехь декъадаларш ду вайн. ХIокху дуьнено а бакъо елла маьрша хила, шен мотт а, мохк а болчу кIоманна. Цара елла маршо ю-кх вай йоьхург.
- Кхеташ ду, муьлхха а юкъаралла а, цхьаьнатохаралла а кхиаме хилийта харж ян оьшуш хилар. Иза ца дийцича, шайн болх мелла а кхиаме хилийта хIун дича дика хир дара аьлла хета хьуна?
- Вайн къомана оьшуш а болуш, дуьненаюкъараллана зуламе а боцуш болу некъ бу оха арабаьккхинарг. Оцу некъана реза воцург, хьо реза хила веза бохуш, нуьцкъаша оха хьийзор вац. ЗIе таса гIерташ ду тхо вовшашца. Францехь а, Белгехь а, нохчий болчехь массанхьа а тхайн дакъош (къанойн) кхеташонаш кхолла Iалашо ю тхан. Яц - цхьанне а хIуьттаренна а, цхьанне а гамонна а.
- Адамашца болх бан, хууш ма хиллара, вуно хала ду. Хьуна а, хьан накъосташна а нохчаша лелочух уггаре ца товш дерг хIун ду тахана?
- Эзар километр дехьа генахь охьа а хиъна, сехьаволчуьнга луьйш, ткъа хIара цунна дуьхьал луьйш... Вайн къомехь пайда боцуш кIиллочун хIума дара иза, Дала муххале а магийна дац иза. Стаганна дерш а, доцурш а дуьйцуш, луьйш нах бу тахана вайна юкъахь. Вайн ворхIа а дегара схьадогIучу гIиллакхашца, нахана луьйш волчу стагах цкъа а къонах хилла а вац я хир а вац иза цуьнах.