ГIажарийчоьнан зорбанан гIирсаш дийцарехь, маймалш космосе дахийта дагахь ю ТехIран, цкъа дуьххьара шайн иза дан аьтто ца баьллехь а. ГIажарийчоьнан космосан агенталлан куьйгалхочо Фазели Хьамида дийцарехь, хIара бутт чекхбаьллачул тIаьхьа 10 де далале хила мегаш хIума ду иза. И де цхьаьнадогIуш ду 1979-чу шарахь революци хилла 34 шо кхачарца.
МехIр олучу хаамийн агенталло дийцарехь, маймалш хIинца карантинехь ду. Пишгам (Пионер) олучу капсулана чохь хьура ду уьш космосе Кавошгар олучу космосан кемано.
(http://www.rferl.org/media/photogallery/24834993.html)
ГIажарийчоьно хIинцале а дахийтина космосе цхьацца дийнаташ. Царна юкъахь дара мукадехкий а, уьнтIапхьидаш а, нIаьний а.
Амма 2011-чу шарахь космосе маймалш дахийта аьтто ца белира гIажаройн.
Дийнаташ а, ораматаш а космосе эхийтар ехха истори йолуш гIуллакх ду. 1947-чу шарахь хьорматийн мозалгаш яра Iамеркахоша уггаре а хьалха космосе хьажийнарш. Цул тIаьхьа Iамеркан Iилманчийн тидам тIебахара маймалшна. Иза доьзна дара уьш адамех тера хиларца. Адамаш космосе дахийта кечлуш дина дара маймалш космосе хьажор.
Дуьххьарлера астронавт дара Альберт цIе йолу маймал. Ракета 62 километр хьалаяьллачул тIаьхьа садукъаделира цуьнан. Альберт ШолгIа кхечира космосе. Амма иза а делира 134 километр лакхадаьллачул тIаьхьа латта тIе юхадогIуш, парашют гал а яьлла.
Уггаре а хьалха, космосе а дахана, цIадаьхкинарш дара Iамеркан Юпитер олучу ракетина тIехь цига дахийтина долу Эйбл а, Бейкер а цIе йолу ши маймал.
Латтанан орбите тIе даьлларг дара Советан Союзо космосе дахийтина Лайка цIе йолу жIаьла. Iилманчаша хIоттийначу планаца а догIуш, 7 дийнахь космосехь Iийначул тIаьхьа, иза дуьйр долуш дара, дIовш а кхаллийна. Амма Лайка делира, косомосе кхаьчна масийтта сахьт а далале. Дукха йовха хиларна а, кхерадаларна а деллера иза.
ГIажаричоь шен кхиам хиларе сатуьйсуш ю. Фазелис дийцарехь, цу гIуллакхо аьтто бийр бу церан стаг космосе вахийта кечам беш. Ткъа иза дан дагахь бу гIажарой 2020-чу шарахь.
ГIажарийчоьнан космосан программа сагатдойтуш ю Малхбузенан, иза зарратан герз лело аьтто болу ракеташ зер Iалашонца кхочуш еш хила мега бохуш. Амма ТехIрано дIахьедарш до, шайн программа цIена машаран Iалашонаш йолуш ю бохуш.