Малхбузе Мосулехь эскаро шира маьждиг даккха сахьт дац

Иракъ -- Иракъан лерийнчу ницкъийн эскархо Мосулерчу маьждиг чохь, Дечкен-бутт 19, 2017

Иракъан ээскархой тIекхочуш бу малхбузерчу Мосулерчу ширачу ал-Нури маьждигна. Полисхойн буьйранчу дийцарехь, эскарша маьждиг шайн Iуналле эца сахьт дац. И маьждиг мехала толаман билгало хир ю, бохуш дIахьедо Иракъан Iедало.

Iаьмеркан тергамчийн хьесапашца, Мосулехь кхин 2000 ДаIишан тIемало ву Иракъан Iедалан эскаршна дуьхьало еш.