Социалан машанехь Амаq агенталлино хаам баржийна Аштаркхнехь полисхошна динчу тIелатарийн жоьпалла ДаIиш тобано шена тIеоьцу, аьлла.
Ала догIу, кху беттан 4-чу дийнахь Аштаркханехь динчу тIелатаршкахь вийра 2 полисхо, ткъа 6-чу дийнахь 3 "Къоман Гварди" декъашхо лазийра, аьлла дIахьедарш динера Оьрсийчоьнан ницкъхоша.
Ницкъхоша чIагIдарехь, цара тIелатарш динчех вийра 4 стаг.