Венерачу университетан 26 лоьмар йолу аудитори шинари сайрахь юьззина яра, бусулба а, кериста а студентех а, цу университетехь доьшуш бацахь а, амма цу сарахь хьешаша а, университетан профессорша а дийцаре дечу хеттаршка ладогIа баьхкинчу хийрачех а, амма иштта цIеяхханчу Малхбузерачу бусулба динан Iелимех а.
„Европехь бусулба теологи Iилма санна“ - иштта ю шинарий суьйранна Венерчу университетехь дIадуьйладеллачу дешарийн цIе. Даханчу шарахь дуьххьара Европехь „Бусулбачу талламийн институт“ цIе йолу кхерч Венехь кхоллича дуьйна схьа дIаболийнера цу дешаршна кечамбаран болх.
И тайпа факультет кхоллар а, цигахь Iелимнах арахецар а, меттигерачу бусулабачийн куьйгалхошна хетарехь, бусулба нахана шаьш Австрин юкъараллин мехала дакъа дуйла гайтарехь а, ткъа иштта кхечу къаьмнийн а, диний а векалшна а бусулба дин цу пачхьалкхан цхьана дакъа дуйла а гайтарехь хазанесанна оьшуш болх бу.
„Бусулбачу талламийн институт“ кхоьллинарг а, хIинцалера „Европехь бусулба теологи Iилма санна“ боху дешарш вовшахтоьхнарг а Венерчу университетехь бусулба динан педагогикан факультетан декан волу профессор Эднан Аслан ву. Маршо радионе цуо дийцира, ша а, шен накъосташа а бечу белхийн коьрта Iалашонаш вайнзаманахьлера Европера бусулба теологехь шира хьостанаш керлачу заманан хьелашца цхьаьна муха далон йиш ю бохучу хеттаршна жоьпаш лахар ю, бохуш.
Профессор Аднан Аслан: „Ткъа Iалашо хIун ю хьуна аьлча, Венерчу университетехь бусулба динан теологин факультет схьаеллар а, Европерчу бусулбачарна лерина а, вайн заманца цхьаьнайогIуш а йолу теологи кхоллар а, цуьнан баххаш а, башхаллаш а билгалъяхар а ю.
ХIара оха йохуш ерш дуьххьара гIулчаш ю, Европехь бусулба динан теологи муха хила йиш ю те я муха хила еза те бохучу хаттарна жоп лахарехь. Кхин дIа а цхьа могIа цхьанакхетарш а ду оха цу Iалашонца дIадахьа лерина“.
Венерчу университетехь, меттигерачу Бусулба динан коьртачу Кхеташоно а, дешаран а, культурин а министралло а гIо а деш, дIаболийна Европера бусулба теологи кхолларан болх шен агIор дуьненчохь дуьхьарлера бу. Амма доллучу дуьненчуьрчу я йоллучу Европерчу бусулбачара иштта ша Австрехь ма-кхоллара тIеэца безаш бац и болх, бохуш дуьйцу профессор Аслана.
ХIунда аьлча теологин Iилманехь даима а мехала хилла а, мехала долуш а дерг – иза и дин делочу меттиган, хенан а, хьелийн контекст тидаме эцар ду.
Профессор Аднан Аслан: „Ма-дарра аьлча, Европехь дуьххьара беш болх бу хIара. Амма тхан Iалашо коьртачу декъехь Австрехь бехаш а, белхаш беш а болу теологаш Iамор а, кхиор а ю. Цундела диц дан мегар дац, теологи даима а цхьана леринчу контекстаца йоьзна хуьлуш хилар.
И бохург ду, кхузахь дешна болу нах меттигерачу хьелийн контекстехь болх бан гуьнахь хила безаш бу, бохург. Бусулба динан йоллу истори а, цуьнан Iаламат шуьйра йоккха хазна а йиц а ца еш“.
Ткъа хIун ю те классикан бусулба динан теологиний,- иза доллучу дуьнентIехь, уггаре а хьалха амма Iарбойн мехкашкахь хьохуш а, лелош а ма-хиллара, - Европерчу бусулба теологиний юккъера коьрта башхалла? Цу хаттарна иштта жоп ло Венерчу университетан бусулба динан педагогик факультетан декан волчу профессор Эднан Аслана.
Профессор Аднан Аслан: „Масала, оха юхьаралаьцнарг ду, доьшучарна юккъехь а, амма иштта юкъараллехь а бусулба дин кхеторан болх лакхарчу тIегIанна тIе баккха безаш хилар. Бусулба динах кхеторан теологи бохург ду, соьга хаьттича, вайн динан Iадаташ а, цуьнца доьзна долу дуккхаъ хеттарш а вай ваьш критикалле а, духекхиа лаарца а таллар.
Вайн ваьш классикан Iилма даима иза кхолладеллачу а, иза даьржинчу а заманан контекстехь тIеэцар а, цу контекстехь вай цунах кхетар а мехала ду. Иштта иза хьекъалца а, кхетамца а вай ваьш тудар а ду. Тхан дешар чекхдаьккхина болу Iелимаш тоъалла Iилма хила дезаш бу, шира тептарш вайн замане хьаьжжина туда а, Iамон а, царех кхета а“.
„Европехь бусулба теологи Iилма санна“ цIе йолчу дешарийн хьалхарчу цхьанакхеталлехь дакъалоцуш вара Австерачу бусулба дин лелочийн кхеташонан президент волу Санач Фуат а, Боснера лаккхара муфти Хьусейн- Хьаьжа Кавазович а. Шен КъурIан тударехь Iилман белхехь лаьцна рапорт йира иштта Германерачу Тюбингерачу университетан профессор волчу Iелимо Хамдан Iумара а.
ТIедогIучу кIиранашкахь йоллучу Европера бусулба динан Iелимаш декъа а болуш кхин дIа а хьур долуш ду и дешарш.