Путин Владимирна кхаьжнаш тийсар лаккхара хилар гайтина Нохчийчоьно 2024-чу шеран Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь. Кхаж тасарехь дакъалаца бохуш, жигара кхайкхамаш бора махкара динан урхалло. Динан факторх муха пайдаийцира регионехь, дийцаредира Кавказ.Реалии сайто.
Харжамаш тIекхача цхьа бутт ахбутт биссинчу заманчохь, дечкен-бутт бовш, Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана хаттар дира шен администрацин куьйгалхочуьнга Таймасханов ГIаласе, кхаьжнаш таса муха кечам беш ду шу аьлла. Вукхо охьадиллира: "Мурдаш, имамаш, йукъараллийн организацеш – берриш жигара хьийза. Iедалхойн органашца, муниципалитеташца цхьаьна йукъарлонаш лелош, дIахьош бу болх".
Хьаькамо къастош ца элира, хIун болх бу муфтиятан векалша бийриг, ца дийцира президентан харжамашна йукъа уьш стенна ийзабо а. ТIаьххьарчу хаттарна жоп ду меттигерчу муфтиятан декъашхой иттаннаш шерашкахь республикан бюджетах латтош хиларехь, хетарехь, шайна кхачош долу ахча "хьанал дан" декхаре бу уьш.
Карладаккха догIу кхин цхьа хIума а, чиллан-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан урхалхочо меттигерчу боллу 309 имамана LADA Granta машенаш а, цу тIехь 100 эзар соьмаш а дийкъира. Мехкан куьйгалхочун "бохча" лоручу Кадыров Ахьмадан фондера оцу пиар-акцина хьажийра мел лахара а 247 миллион сом – Кавказ.Реалии сайтан лараршца.
Оьрсийчоьнан пачхьалкхан цIарах тIаьххьарчу 30 шарахь нах байинчарна кхаж муха тосур бара?
Харжамашна кечамбарехь кульминаци хила йезара, зазадокху-беттан 2-чохь Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьна Iедалхоша вовшахтоьхна Нохчийчуьра къаьмнийн съезд. Оцу барамехь Кадыров Рамзана а, цунна тIаьххье мехкан муфтийс Межиев Салахьа а йиллина агитаци йира Путинна, Нохчийчохь дин лелон магош хилар цуьнан пурбанца ду а олуш. Цул совнах, муфтийс дIахьедарехь, харжамашкахъ дакъалаца бусалба стеган "дуьххьалдIа декхар ду". Оцу йукъанна, редакцино хеттарш динчу республикера бахархошна хетарехь, съезд формалехь хIоттийна йара, кхин дIоггара терго йоцуш чекх а йелира иза.
Кхин а ши де даьлча, Нохчийчуьра бусалба нехан урхалло хIоттийначу кхеташонехь Межиевс йуха а дIакхайкхийра, харжамашкахь дакъалаца дезаш хиларх лаьцна. ХIетахь дуьйцура, маьждигашкахь кхетор бу бусалба нехан харжамех аьлла. Иштта муфтийс агитаци йира харжамийн дакъошка а догIуш, кхаьжнаш тийса бохуш, меттигерчу телехьожийлан эфирашкахь а, социалан машанашкахь а, цигахь зорбане доккхура шайн кеп-кепара хиллачу цхьанакхетарех а, "бахархойн гуламех" а – цхьаьна ламазаш а деш, берзабора и барамаш гуттар а.
Йуьстах ца йиссира Соьлжа-ГIалара Оьрсийчоьнан Кунта-Хьаьжин цIарах йолу исламан университет а, цигахь а вовшахтуьйхира кегийрхошца цхьаьнакхетар, студенташ "кхетийра" харжамашкахь цара лаца дезачу декъах.
Кадыров Рамзанна лийна аьлла, махках баьхначара оцу кепара агитаци йар, доккхачу декъана Нохчийчоьнан муфтийн кхайкхамаш, "дин харцахьадаккхар" ду бохура.
Дукха хенахь дуьйна уггар а шена чекхсагайтинчех а, безам боцчех а волчу Межиевс дIагайтира ша эхь дайна манкурт хилар (шен хилларг дицдина, шен къоман гIиллакхех, ламастех, мехаллех дIахаьддарг. – Редакцин билгалдаккхар), къайлахчу сервисашкара шен кураторша тIедиллина хIуъа а кхочушдийр долу", - шога дIахьедира оппозицин нохчийн NIYSO боламо.
Путин Iедалехь хиларна Оьрсийчуьра бусалба нах паргIат бу дин лелон бохуш, нохчийн муфтийс ден дIахьедарш бакъдолчуьнца бIостане ду: дуккха а меттигаш бу набахтешкахь бусалба нах хьийзош (Соьлжа-ГIалахь тергамза дуьту и), динаца доьзна духар лелочу бусалба зударшца пачхьалкхехь хIинца а доху девнаш, ткъа Москвахь хIора пIераскандийнахь иттаннаш эзарнаш бусалба дин лелон нах декхаре хуьлу догIуш догIа а, ло а долуш, урамехь ламазаш дан, маьждигийн къоьлла латтарна.
Харжамийн хьалхарчу дийнахь, зазадокху-беттан 15-чохь, харжамхойн декъе веара Межиев ненаца а, зудчуьнца а, берашца а. Къайла а ца хьош, дIакхайкхийра цо, шен кхаж Путинна дIабелла ша, цо ислам ларарна, пачхьалкхехь машар а латторна аьлла. Ткъа Украинехь Оьрсийчоьно шуьйра тIом болийна кхоалгIа шо а ду. Оцу тIехула дозанашкарчу кIошташкахь тохарш до кест-кеста.
КХИН А ХЬАЖА: Кавказе чубогIур буй-те? Ичкерин агIончаш Белгородан кIоштахьIедалан хьашташ кхочушдар
Нохчийн динан урхалло хIинца президент волчуьнгахьа кхаьжнаш таса бохуш, агитаци йарехь кхин дIоггара хIуммаъ дац, элира Москвара цхьахйолчу лакхарчу доьшийлан историн Iилманийн докторо, хьехархочо Хьусейна (Оьрсийчохь "ца оьшучу" организацийн хьокъехь айдинчу репрессин низам бахьана долуш, редакцино цуьнан цIе ца йоккху.- Билгалдаккхар).
"Тоххара ца хиллачу кепара Оьрсийчоьнан [политикехь] долчуьнца йоьзна йу Нохчийчоь массо а сферашца. Схьаоьцур вай изза Оьрсийн православин килс – хIун гIуллакх ду цуьнан православица? Ма-дарра дийцича, президентан администрацин филиал ша йолуш санна лела и, ткъа патриарх [Кирилл] – ритуалан сервисан урхалла ден хьаькам ву. Изза ду регионашкарчу муфтияташца дерг а цхьаьна – исламаца доьзна дац хIара, Iедалан хьашташ кхочушдар ду, Межиев шена тIедиллинарг кхочушдеш бен вац", - аьлла хета къамелдечунна.
Европера цхьахдолчу нохчийн маьждигийн имамо, шен цIе а ца йоккхуш, дийцира, Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь шен махкахоша дакъалацарца муьлха бIостаналлаш йу йоьзна.
Цхьаннан а олийла дац, кандидат "делах кхоьруш, дика стаг ву, ислам а лоруш"
"[Харжамашкахь дакъалацар магийна ду], нагахь санна, и кандидат бусалба умматана пайден хир волуш велахь, цунна гIо дийр долуш а иза велахь. Амма вай йуьйцург Оьрсийчоь хилча, бакъволу нохчийн стага йа зуда, уьш баха ца беза харжамхойн дакъошка – бусалба динехь церан ишта бакъо хилла йац. ТIаьххьарчу 30 шарчохь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан цIарах нохчий байъинчуьнгахьа кхаж муха тосур бу? Нохчийчохь и харжамаш хIиттош, цигахь дакъалаца бохуш, агитаци йинчара кхайкхамаш бина-кх, шаьш дайъинчуьнна кхаьжнаш дIало бохуш", - дIахьедира къамелдечо.
Редакцино хеттарш динчу нохчийн кхечу имамо, иза а ву Европехь вехаш, цул а шога вистхилира. Цуьнан дешнашца, шарIин бакъонца а догIуш, харжамашкахьа хила мегар ду, нагахь санна, вуьйцург бусалба пачхьалкхера бусалба кандидат велахь.
"Хуьлийла и муфтий, йа имам, церан бакъо йу – уьш декхаре а бу - хаттарна жоп дала, хIун дан деза пачхьалкхера харжамашна, нагахь санна хьан даймохк хьоьгара схьабаьккхинехь, хьо маьрша вацахь. Иштачу меттигашкахь йа муфтийн а, йа кхин волчун а чIагIонаш йойла дац, кандидат "делах тешаш, дика стаг ву, бусалба дин а лоруш" бохуш. Цо ишта бахахь а, шарIан бакъонца бIостане волу иза. ХIара кепара реклама а, агитаци йар а мегар дац бусалба динан урхаллехь волчу стагана", - дерзийра нохчийн имама.
- Оьрсийчоьнан президентан харжамаш бирзича динчу жамIашца, Путин Владимирна кхаьчна 87 процент харжамхойн кхаьжнаш. Кавказ.Реалии сайто зийра пачхьалкхан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь бахархой кхаьжнаш тийса бахар - цо билгалдоккху, дуккха а харцонаш лелийна хилар.
- 2022-чу шеран лахьан-баттахь Кадыровс кхайкхамбира, Нохчийчуьра суффийн йукъараллин векалех шайн батальонаш вовшахтоха йеза аьлла. Амма и лаам кхочушбар ца нисделира. Цунна дуьхьал Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIедожийра муфтийна а, цуьнан куьйгакIеларчу имамашна а, къедашна а тIеман кечамех чекхдийлар Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университет олучу базехь.
- Нохчийчуьра пропагандо Кадыров гойту "КъорIанна вацархо, исламан турпалхо, Мохьмад Пайхамаран суннаташ лардийриг санна". Цо шога йемалдо ислам цаларар, къаьсттина дозанал арахьа и нисделлехь. Делахь а Кадыровс тергамза дуьту Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба тутмакхийн бакъонаш эшор, Подмосковьера маьждигашкахь рейдаш дIайахьар, динан духарца доьзна нислун девнаш а. Нохчийчохь лоьцу, мехкан куьйгалло къобалдина доцу динан гара лелош берш.