Оьрсийчоьнан арахьара чергазойн диаспорийн масех йукъараллийн лидерша дIахьедар даржийна Украинана тIехIуттуш. Цара йемалдина цунна тIелатар, кхайкхамбина катоххий герзашца долу эскарш арадаха, дуьнено а къобалйина пачхьалкхан дозанаш йухаметтахIиттаде аьлла.
Иштта цара кхайкхамбина Оьрсийчохь бехачу чергазошка а, тIамехь дакъа ма лаца аьлла. Кхайкхамна кехат йаздинчех цхьаъ ву Яганов ИбрахIим, "Маьрша Черкесси" ассоциацин куьйгалхо, "Бахархойн кхеташонан" (цу организацино кхайкхамбо Оьрсийчоьне, Украинехьа тIемаш бе бохуш) декъашхо ву иза.
Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь цо дийцира Украино чергазойн геноцид къобалйан тарлуш хилар а, Оьрсийчоьнна "деимпериализаци" йар коьрта хиларх а.
– Чергазойн йукъараллаша тIеман хьокъехь динчу дIахьедаран хIун Iалашо йу?
– Тхуна чIогIа коьрта ду, Украино Кавказан тIамехь чергазошна тIехь динарг геноцид ларар, хIунда аьлча, къам паргIатдаккхаран чергазойн боламна тхешан лелориг легитимехь хилийта механизмаш оьшу.
Царех цхьа гIирс бу – Украино чергазойн геноцид къобалйар. Гуьржийчоьно хIинцале а къобалйина, тIаккха президент Ельцин Борис волчу заманчохь ГIебарта-Балкхаройчоьно а, Адыгейхь а. Стохка оцу тIехь къахоьгуш вара со, тхуна дош делира, стигалкъекъа-беттан 21-чохь, Оьрсийн-Кавказан а тIамехь эгнарш дагалоцучу тезетан Дийнахь, Украинан Лакхарчу Радо а чергазойн геноцид къобалйийр йу аьлла. ХIетахь кехаташ а чуделлера оха.
Кху шарахь, йуха а стигалкъекъа-беттан 21-чохь, оцу хаттарца доьзна керла кампани йолийна оха. ДIахьедар дина, чергазойн ворхI йукъаралло куьйгашйаздина – оха дийцареден дIахьедарна [Оьрсийчоьнан агIор тIемаш ма бе аьлла] куьйгаш таIийна организацеш йу уьш а.
– Чергазойн геноцид Киево къобалдан лаар стенна ду шуна маьIне?
Чергазойн хаттарехула долу хьал тахана мел а чолхе ду, 9-чу шерашкахь хиллачул а
– ХIунда аьлча, тIаккха тхоьгахь керла бакъонан баххаш хуьлу. Таханалерачу дийнахь Германигара репарацеш кхочу Израильна. Билггал йолу механизм йу и, тхуна а пайдаэца лууш йолу. Суна дош делла, къобалдар доцург, царех схьакхета луучу кхечу пачхьалкхашка а йер йу Украина, геноцид къобалйар доьхуш аьлла. Къаьсттина Польша а, Балтин мехкаш а.
Нагахь санна, тхоьгахьа йолу оцу тайпа оха иттех пачхьалкх вовшахтухий, тхан бакъонан бух хир бу ООН-е довла. Чергазойн халкъана историн бакъдерг йухаметтахIоттадайта хьийза тхо.
– Оцу дIахьедарехь аша Украинана гIортор латтайо, схьахетарехь, ткъа цунна дуьхьал Киев шайна тIехIоттап лаьа шуна?
– И доцург а. Тхо Орсийчоьнан империна дуьхьал ду. Деколонизацигахьа ду. Оцу империхь дехаш долчу массо а къаьмнийн шайн харжам бан бакъо хилийтарехь ду тхо. Шайн маршо, дозанан цхьаалла а къуьйсучу оцу бакъонан тIамехь тхо Украинехьа ду.
– Кавказан KAFFED ассоциацийн Федерацин позици муха йу оцу хаттарехула? Украинан агоIр лацарехь, йа цалацарехь цхьана а кепара бIостаналла дуй шун?
– KAFFED-на йукъахь цакхетамаш бац. Барт цахилар тхан ду KAFFED-ца. Историн даймахка йухадахкар – Орсийчоьнан карахь ду аьлла хета царна, чергазойн хаттар а машарца, дипломатица листа деза аьлла. Церан кхетамехь со террорхо ву, ткъа царна ца лаьа террорхошца гIуллакх хила. Орсийчоьнна гечдан а деза, цуьнан дог кIадделла, шаьш историн даймахка йухадигийта аьлла хета царна. KAFFED-н официалан позици ишта йу.
– Цо жамIашка кхачор дуй, муха хета хьуна?
– Дера кхачор дац! Ишта хьесапаш хилийта аьлла, цара къахьоьгу тIаьххьарчу 30 шарчохь, нисделла хIума дац тахана а. Чергазойн хаттарехула долу хьал кхин тIе а ирча ду 90-чу шарахь хиллачуьнга хьаьжча. ХIетахь цIа ваха а, йукъарчу бакъонашца махкалла доккхуш кехаташ чудала а йиш йара.
"No-Sochi 2014" боламан гурашкахь лела а гIиртира тхо. Цуьнан коьрта Iалашо йара репатриацих низам Оьрсийчоьнера даккхар, чергазойн цIа бахна, шалха махкалла эца таро хилийта, уьш оцу махкара хиларе терра.
ХIинца цуьнан метта низам арахецна, цо тIечIагIдо, Кавказ йаккхале хьалха Оьрсийчуьра дIабахна хиллачийн тIаьхьенах бу уьш, цундела махкахой лорийла дац аьлла. Тхуна стохка даийтина-кх ишта жоп. Цунна реза йу KAFFED а.
– Оьрсийчохь дукха буй маршоне сатуьйсу чергазой?
– Боллу кегийрхой бу ала тарло. Билгалдаьлла цхьа дакъа ду тхоьца реза доцуш, амма уьш а Iедал а, советан заманара нах а бу. Уьш дукха бац, иттех процент, орсийн идейгахьа бу уьш.
Империна демонтаж чинчул тIаьхьа, оха барт бийр бу Кавказан кхиндолчу къаьмнашца
Кхузахь хаттар чергазойн националистех, йа национал-патриотех доьзна дац. Тхуна дIадаха лаарца а дац, кеста импери хирг цахиларца ду. ТIаккха маршо ша тхан когаш буха йожа тарло. Ас жимма даздина дуьйцу, амма хIетте а. И маршо хьалаэца йеза, Iалашйан йеза. И ца дахь, цхьа хийра кхин стаг вогIур ву, и схьаэца лаьттара. Йуха а тоххара хилларг дIадолалур ду тIаккха.
– И хаттар муха го хьуна?
– Нагахь санна, Кавказан тIамехь чергазошна йина геноцид дуьненан йукъаралло къобалйахь, тIаккха "Геноцид йинчу халкъехь" лаьттачу низамца а догIуш, суна хетарехь, историн дозанаш йуха меттахIиттадайта аьтто хир бут хан.
1739-чу шарахь йина Белгарадан теракт йу, хIетахь Оьрсийчоьно а, Османан имерино а Кабарда йозуш йоцу пачхьалкх йу аьлла, лерира. Оцу бертаца а догIуш, тхуна хета тхешан пачхьалкхалла а меттахIотталур ду аьлла. ТIаккха цул тIаьхьа, империна демонтаж йича, тхан барт хир бу кхиндолчу халкъашца а.
– Историн дозанаш шайна йуха лур ду аьлла хета хьуна?
– Оцу дозанашка аса ца туьйсу. Шаьш ма-хиллара диса йиш йолуш ду уьш. Тхо вовшашна дуьхьалдохуш хилла тхан "воккхаха волу ваша" ца хилахь, - дукха хаза барт хир бу тхан. Оцу административан дозанашкахула оха дозанаш дохкур ду, цигахь дехачу халкъашца, машарца цаьрца дехар а ду. Оха лору адамийн бакъонаш, шен хIума хила цуьнан бакъо хилар а.
Геноцид къобалйинчул тIаьхьа цкъа хьалха оха чергазойн пачхьалкх кхуллар йу, тIаккха, кавказхойн доллу халкъаш империна жимма гена а девлла, шайн дозанаш цара дIахIиттадахь, тIечIагIдийр ду, барт хир бу массаьрца а, цул тIаьхьа Кавказан къаьмнийн конфедерацига гIуртур ду – цхьатерра бакъонаш йолчу пачхьалкхийн берта.
Ичкерин политикца Закаев Ахьмадца реза хуьлийла дац тхо хIинца, цкъа Ломанан республика йуьйцу цо, йуха – конфедераци. Республика – цхьаммо куьйгалла ден, административан територи йу. Схьахетарехь, Закаевс бахарехь, Соьлжа-ГIалахь шахьара а йолуш. Кхин долу къаьмнаш цунна реза хир дац, суна билггал хаьа и. Ткъа конфедераци – шайн шахьарш а, шайн экономика а йолуш, йозуш йоцчу прачхьалкхийн йукъаралла йу. Башхалла йу.
– Къаьмнашна йукъахь девнаш дийларна ца кхоьру хьо?
– ХIан-хIа. ХIунда аьлча, машаран гаранти, массо а вовшашна дуьхьал дохуш хилла йолу Оьрсийчоьнан импери хир йац, доллу кавказхойн къаьмнаш хир ду.
Муьлхха а къам, гIалгIай, хIирий гIебартой, шайн бисинчьарца йолу йукъаметтигаш талхарна кхоьруш, къоман хеттарш глобалан кепехь ийдийр дац цара. Ткъа дахаран хьелашца боьзна цакхетамаш даим хилла а бу, хир а бу, и хила йиш йоцург дац.
– Ишта сценарий хила тарло аьлла мел тешам бу?
– Со тешна ву, хила йиш йолуш хIума ду и. Оьрсийчоь гучуйалале хьалха Кавказера къаьмнийн йукъаметтигаш Iадаташца лелош йара. Массеран а аьлча санна, уьш тхан йукъара ду. Iадатийн баххаш тIехь керла йукъаметтигаш дIатуьйсийла йу.
– Дукха хан йуй хьо Оьрсийчуьра дIавахна, хIунда вахара хьо?
– Стигалкъекъа-баттахь ши шо хир ду со Оьрсийчуьра дIавахна. Соьга хаийтира, сан хьокъехь кехат кхаьчна аьлла, суна кхо де делира, оцу хеначохь со пачхьалкхера аравала везаш вара. Кхаа шарахь сох лаьцна информаци гулъйеш хиллера цара, ас интернетехь йаздинарг а, и дерриг а Москва экспертиза йан дахьийтинера. Цигахь, сан дешнашца терроризм хаайеллера, эскарна "дискредитаци йар" а тIетоьхнера. И шиъ артикл сан йоллуш йу, цу тIе со "арахьара агент" а ву. Даймахкана йамартваьлла аьлла кхин цхьа Iедалан къепе а дуьхьал йаккха дагахь хиллера, амма суна хууш дац, цунах хилларг.
– Тоххара ахь олура, хьан коьрта Iалашо – регионашна федерализаци йар йу. Ткъа хIинца ахь диллина боху империна демонтаж йарх а, Черкесин суверенитетах а. Хьежамаш хийцар хьан стенца доьзна ду?
– Федерализацих лаьцна ас дийцина 15 шо хьалха, и йоккха хан йу, хIетахьлерачу хьелашка хьаьжжина йара сан цу заманахь дог-ойла. Оьрсийчоь ницкъе, хьоле пачхьалкх йара. Оцу реалешкахь федерацига бен сатуьйсийла йацара сан. Оцу заманахь пачхьалкхаллех лаьцна дийцар утопи йара.
Амма кху 15 шарчохь хьал бухера дуьйна хийцаделла. Хьанна моьттура 15 шо хьалха, Оьрсийчоь Украинана тIелетар йу? Таханалерачу реалеша таронийн керла кор схьадиллина. Тахана дог дохийла йац федерализацига, пачхьалкхалле сатуьйсийла йу. Вайн цунна бакъо йу. Кхечунна тхо реза дац.
– Ша хила ма-йеззара бакъ йолу федераци кхоьллина, Оьрсийчоь демократин пачхьалкх хилча, Черкеси реза хир йарий цуьнан декъахь йиса?
– Тахана хир йацара. Хьелаш кхин ду. Оьрсийчоьнан импери ша вовшахйолуш йу, ша дуург диъна йаьлла иза. Империн амбицешца таханалерачу реалешкахь вахар, хила йиш йоцург ду. Европехь тIаьххьара импери йу – Оьрсийчоь. Йахкалуш йолчу империна йукъахь федерализаци хиларе сатийсар тIаьхьало йолуш дац.
– Украинана гIо дарх а, ахь динчу дIахьедарх а лаций дийца вай. Черказийн геноцид къобалйеш, цо муха Iаткъам бийр бу, стенга сатуьйсу аша?
– Оха сатуьйсу Лакхарчу радин депутаташа тхан терго йаре. И ду, кхин хIуммаъ а дац. Царна хаьийла лаьа тхуна, тхо Украинехьа дуй, цуьнан агIор тIемаш бан а тхо реза дуй, кхана-лама Киев тхан къовсамехь тхоьгахьа хилийта.
Тхайна пайда а ца лоьхуш, ца до оха хIара дерриг а, тхо романтикаш дац, тхо реалисташ ду. Оьрсийчоьнан империна демонтаж йан лууш йу Украина ша а. Толам баьккхинчул тIаьхьа цара цунна демонтаж ца йахь, цкъа мацца делахь а, иза йухайогIур йу тIамаца.
– Ткъа хIун аьлла хета хьуна, Киев шуна тIехIуттур йуй?
– Шансаш йаккхий йу, дукха хан йоццуш Лакхарчу радехь гIалгIашна йинарг геноцид йу аьлла, къобалдарна. Цо мел а иракарахӀиттийна тхо.
– Стенна оьшу шуна тIеман гIо?
– Iедал бошхепахь цхьаммо а схьадохьур дац тхуна. Оьрсийчоь герзан маттах бен кхеташ йац. И даим а ишта хилла ду.
Орсийчоьно куьйгаш йаздина чIагIамаш, уьш тIейаздинчу кехатан меха а бац. Тхаьш Iалашдан кийча тхо дацахь, маршонан йоллу проект аьтто боцуш йоьрзур йу. Цундела Iаламат чIогIа оьшу, идеологи а даймахке безам а ца лерича, тхаьш лардала таро хилар. Ткъа Iалашдала йиш йу тIеман ницкъашца.
Нохчийн и ницкъаш болуш бу. Цунах Нохчийчоьнна бохам бала тарло, хIунда аьлча дисбаланс хиларна. Церан шайн арми йу, мел лахара а кадыровхой олу 50 эзар стаг. Кхин хьенан бу? Цхьаьннан а. Со тешна ву, Кавказера хьал дIанисдан чIоIга оьшу ницкъаллин баланс. Кхузахь, Украина тхоьгахьа ца йалахь, Нохчийчоьнах тхуна проблема хила тарло. Боллу кавказхошна, чергазой боцчарна а.
– Ахьа Нохчийчохь тIом бина, Басаев Шемалца (Оьрсийчохь а, США-хь а террорхо лерина ву) а доттагIалла лелийна ву хьо…
– Сийнан низамашца аьлча, со сайн цIахь Iен йиш йолуш вацара, Нохчийчохь тIом баьлча. Кхоъ стаг вара тхо, Басаев волчу даьхкира тхо, цо цхьацца тIедахкарш дира тхуна, долчунна тIахьа а кхиийра. Ши бут баьллча со Туркойчу хьажийра, Истанбулера "Нохчийн комитетехь" болх беш вара со.
– KAFFED-н а черагзойн йукъараллийн а теме йухадогIу вай. Бакъ дуй, церан къийсамаш Украинехь тIом болорца ду бохург?
– Дац, кхин дIоггара Украинехь болчу тIамаца доьзна дац и. Доцца аьлча, KAFFED-на хетарехь, охьа а хиъна Iен деза, тхуна, дикачу нахана, бошхепахь маршо йохьуш цхьаъ варе хьоьжуш. Амма иза утопи йу. Ткъа KAFFED-на йукъара арабевллачарна хета, тхешан даймохк тхаьш схьабаккха беза аьлла. Оцу тIехь цакхетамаш бу тхан.
Суна моьттура, сайн йиссина хан лаьмнашкахь говрашна йукъахь айса йоккхур йу
KAFFED йукъара нах Туркойчохь бина бу. Шайн менталитетехь уьш туркой бу, масала, тхо оьрсий хилар санна. Тхох муьлххачо а, шайна дика хуучу маттахь йо ойланаш. Кузахь вовшашна бехкаш дохкийла йац. Амма пачхьалкхалла йухметтахIоттийна, тхешан дай баьхначу махка йухадахка лаарх идей дийна йу тахана а.
Дустуш аьлча: тIаьххьара дуккха нах дIабоьлхуш хилла оьрсийн эмиграци 1917-чу шарахь хилла йу, Октябран революци йирзинчул тIаьхьа. Оцу бIешарахь иза йерриг а дIайайна. Ткъа чергазойн миграцино 200 шарахь ларбина шайн мотт, гIиллакхаш, уггар коьрта – адамашна дагахь ду, шаьш стенгара ду. И чIогIа дика къаьсташ ду, Iаламат Туркойчохь.
Тахана KAFFED йукъахь берш, церан идей йу, шаьш дипломаташ а, политикаш а ду аьлла, церан ностальги йу. Царна даймохк – Ялсаманен цхьа кийсак йу, бераллехь буьйсанна дIадийшош шайна дийцинчу туьйранашкахь йиссина.
– KAFFED-ца къийсамаш буьйлабелира шун чергазойн батальон кхолла йеза аьллачу дешнашна тIехула, дийцахьа цунах лаций.
– Украинехь дакъа кхолла лаам бара тхан, тIаьхьа Черкесин тIеман ницкъийн гура хир бу аьлла хеташ. Вовшахтоьхна оцу кепара дакъа, и Iамо, кечдан тхан Украинехь бен аьтто бац.
Чергазойн батальон кхолла йеза аьлла, ас дIахьединчул тIаьхьа KAFFED кехтаца суна дуьхьал йелира. Сан цIе ца йоккхура цара, ама кхеташ дара. Со нах тилкхазбаха хьийза, шаьш Украине а дигина, цигахь хIаллакдайта бехира цара. KAFFED-н некъ бац и, шайн некъ – "дипломати" а, "политика" а йу бехира. Кехатана куьг йаздинера кхаа дийнахь 603 стага.
Хаттам хIоттийнера цара: "Хьо тIамехьа вуй?" аьлла. Вукхара жоп деллера: "Дац". Царех эханна со вевзаш ву, хIинца бехк цабиллар доьху цара, шаьш тилкхаздаьхнера бохуш.
– Хьо говраш лелош вара, Украинехь тIом баккхале хьалха Оьрсийчохь говраш хахкаран вовшахтоьхначу тобанан коьрта тренер хаьржинера хьо. Цкъа мацца а и болх бан йухаван лууш вуй хьо?
– Дера ву. Дала мукъалахь, ас лелор долуш хIума ду и. ХIара къоман хеттарш листинчул тIаьхьа… Лаьмнашкара айса говраш латтийначу сайн буьна йухаверза лууш ву со. Сайн йиссина хан говрашца лаьмнашкахь йоккхур йу аьлла, Iалашо йолуш вара со. Амму, гуш ду-кх хьуна, аьтто ца хили. Кхоллам кхечу агIор хьоьвзира сан.
- Iедалца йоьзна йоцу уггар а йаккхийчех йолу Туркойчуьра чергазойн "Кайсери Хасэ" (Kayseri Kafkas Derneği) диаспоро дIахьедира, шаьш Кавказан ассоциацийн Федераци KAFFED йукъара довлуш ду аьлла. Организацино шайн сайте хIоттийначу дIахьедарца а догIуш, оцу тайпа сацам боьзнера KAFFED-н куьйгалла Орсийчоьнан Iедалхошца доьзна ду аьлла. Дукха ца Iаш цунах дIакхийтира кхин а коьрта Туркойчуьра чергазойн диаспора – Истанбулера кавказхойн культурин ассоциаци.