Кху беттан 4-чу дийнахь тIемалоша некъаца лаьттачу полицин белхахошна тIелатар динера Соьлж-ГIалахь. Уьш байинчул тIаьхьа цу наха дIалаьцнера ши гIишло - «Дом печати» олу зорбанан гIирсийн цIа а, цунна гена йоцуш йолу номер 20 йолу юккъера школа а.
Цхьаболчу хаамашца, верриг а оцу операцехь дакъалоцуш хилла 12 стаг. Уьш берш байина еза техникица царна го биначу меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша.
Полицин белхахошна юкъара дараш иштта ду: 14 стаг вийна, 36 чевнаш йина ву. Цул сов, цхьаболчу хаамашца, вийна маьрша вахархо а.
Соьлж-гIалахь хуьулучунна жигара комментареш еш бара Украинин бахархой, шайна юкъахь Лаккхарчу Радан депутаташ а болуш. Царах ву Мосийчук Игор.
Иза ву «Халкъан фронт» олучу партин цIарах Раде хаьржина. Хьалха «Азов» олучу шайн лаамехь Украинин цхьаалла ларъян арабевллачу тIемалойн батальонан куйгалхо вара иза. Мосийчука кхайкхам бира Кавказехь шолгIа фронт схьайелла еза аьлла.
Ткъа оццу партин декъашхочо Береза Юрийс Соьлж-ГIалахь хуьлучунна комментари еш элира цу гIалана тIелатар динарш Украинин бертахой бу аьлла.
Нохчийчохь хуьлучунна комментари йира Ляшко Олеган «Радикалан партин» декъашхочо Левус Андрейс а. Соьлж-ГIалана тIелатар динарш шаьш ду аьлла дIахьедар дина йолу «Кавказ Имарат» бакъонашларъярхойн болам бу аьлла. Украино гIортор ян еза «нохчийн гIаттамхошна», Оьрсийчоьно царна дуьхьал лелош дерг емал а деш аьллера цо.
Кхеташ ду, Украинин политикаша дуьйцург Оьрсийчоьно шайн малхбалехь лелочунна дуьхьал аьлла хилар. Амма цара вуно огIаз вахийтинчух тера дара Нохчийчоьнан администрацин куьйгалхо Кадыров Рамзан.
Цо дийцарехь, Украинерачу депутаташа гIортор йина 14 милцо вуьш тIемалоша динчунна. Депутаташа аьллчунна цо мах хадийра иза терроризмана гIортор яр ду аьлла. Цул сов, и политикаш а хила мега Соьлж-ГIалана тIелатар деш дакъалаьцна, иза талла деза аьлла хеташ ву Нохчийч\оьнан администрацин куьйгалхо.
Кадыровс шен дIахьедар дира ГIуран-беттан 5-чу дийнахь шен Instagram – хь йолчу агIонна тIехь. Цо хаам бира, ша омра делла кхоччуш оьуш дерг де Береза Юрий а, Левус Андрей а, Мосийчук Игор а, схьа а лаьцна, Нохчийчу схьавало» аьлла.
Береза Юрийна а, Левус Андрейна а, Мосийчук Игорна а оьрсаша бехке дуьллуш ду террор яре кхайкхар.
Ткъа хIинца Украинин кхерамазаллин сервисо бекх-такхаман гIуллакх долийна Кадыровна дуьхьал. Цунах лаьцна хаам бина цу сервисан куьйгалхочуьнан хьехамчо Лубкивский Маркияна.
Цо дийцарехь, бахьана ду Кадыровс Украинин кхо депутат Соьлж-ГIала схаькхачаве аьлла омра далар. Украинин кхерамазаллин сервсиан сервисо Кадыровн дIахьедар тIеэцна терроран кеп йолу кхерам тасар санна. Лубкивскийс бинчу хаамца, цхьаъ хилахь а аьлла, вуьйцуш волу кхо депутат ларвийр волуш ву чIагIйинчу рожехь.
Украинин Кхерамазаллин сервисан куьйгалхочо Наливайченко Валентина дIахьедар дина, дуьненаюкъаралло мах хадо беза Кадыровс адамаш дIалуьйцур а, дойур а ду аьлла кхерамаш тасарна аьлла.
ТIаьххьара болчу хаамашца, Укранин Iедалш дуьненаюкъарчу лехаме вала дагахь ду Кадыров. Цунах лаьцна хаам бина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчо Геращенко Антона 112 олучу Украинин телеканалана еллачу интервьюхь.
Геращенко Антон: "Мосийчук Игор а, Левус Андрей а, Береза Юрий а пачхаьлкхан нах хиларна, халкъан депутаташ хиларна царна кхерамаш тийса мегаш дац. Мегаш дац уьш лечкъо а, байа а. Цундела цу бехктакхаман гIуллакхан бухехь хир ду Кадыровс ша дина долу дIахьедар. Цул тIаьхьа оха Интерполе кхайкхам бийр бу иза схьалаха кхераме зуламхо санна аьлла".
Кхин цхьа а хIума а ду шена тIе тидам бохуьйтуш. Соьлж-ГIалана тIелатар динчул тIаьхьа Кадыровс иштта элира :«Ас офицалан кепара дIахьедар до: нагахь тIемалочо полицин белхахо, я кхин стаг вехь, тIемалочуьнан доьзал Нохчийчура арабоккхур бу, юхабан йиш а йоцуш, ткъа цуьнан цIа дохор ду, чхо а цхьаьна дIа а хьокхуш».
И тайпаниг догIуш дац цхьана а Оьрсийчоьнан низамца. Говзанчаш варе во Кадыров, цо дан юьхьарлаьцнарг вуно луьра таIзар догIу адамаллана дуьхьал зулам дар хир ду бохуш.