Кадыров Исламан Инстаграман безамна

Кадыров Ислам

Муха вехара нохчийн хьаькамах цхьаъ, Кадыров Рамзанан бIаьрг шех баддалц

Нохчийчоьнан хилла вице-премьер, Соьлжа-ГIалин мэр лаьттинарг, мехкан куьйгалхочун администрацин урхаллехь хилларг, Кадыров Рамзанан хьехамча а вара иза… И дерриге а а цхьана стагах – Кадыров Исламах.

"Кавказ.Реалии" порталан журналисташка церан махкарчу къайлахчу хьосташа дийцарехь, кху шеран Охан-баттахь балхара вохийна Кадыров Рамзанан дешичин кIант Кадыров Ислам, тахана юьртара-цIера дIа-схьа валар дихкина, шен хIусамехь "набахтехь" латтош ву.

Махкарчу массо а жимачу а, воккхачу хьаькамо лелорийг а санна, Исламан дахар а дара нехан бIаьрга хьалха тергонехь латтош цуьнан Инстаграмехь лелочу аккаунтехула.

Нохчийчохь ламаст хилла дIахIоьттина, Кадыров Рамзана шена герга валийначо оцу сохьта социалан машанехь шен агIо схьа а йоьллий, шен дахарехь а, балхахь а мел хуьлург Iорадокккхуш.

Цул совнах, оцу пена тIе ухку цара философийн аларш, цхьацца дезачу денца декъалдарш. Доллу йозанаш оьрсийн маттахь хуьлу. КIорггерачу, хецначу оьрсийн маттахь.

Цундела халкъалахь даьржина дуьйцу, кадыровхойн инстаграмаш лелош лерина хIиттийна, алапа а хIоттийна, мотт хуу нах бу бохуш.

Цундела, даржах ваьккхиний хьо, Инстаграм дIакхехьа стаг а воцуш вуьсу хьо.

Дахарехь хилла хийцамаш

Стохка Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Исламан "инстаграмера дахар" кагделла шина декъе дирзира.

Мехкан куьйгалхочунна вен Iалашонца йинчу кIелона новкъарло йинчул тIаьхьа хиллера и хийцамаш.

Нохчийн талламчийн зерашца, и кIело вовшахтоьхнарг хиллера мехкан куьйгалхочун чIиран мостагI Ямадаев Iийса.

Хаамашкахь даьржина дуьйцура, Кадыров Исламан уллерчу гергарчо къайлах цуьнан телефончуьра Кадыров Рамзанан лоьмар схьаэцна хилла, Ямадаев Iийсага дIакхачо, бохуш.

Иштта тешам байначух тера дара мехкан урхалхочун хIетахь гIалин мэран гIентахь хиллачу Исламах.

Оцу юкъанна хIора денна инстаграмехь ша мел баьккхина ког буьйцучу Кадыров Ислама цIеххьана сацадо социалан машанашка вийлар а.

Цул тIаьхьа ша бинчу белхан жамIаш деш мэро дIаяьхьначу кхеташонехь гуш ду, ший а куьйг цуьнан кисешца дихкина хилар.

ХIун ойланаш лаьттара-те Кадыров Исламан коьртехь хIетахь, республикан куьйгалхочунна кечйина кIело аьтто боцуш юкъахъялар жигара Iедалан гонашкахь дуьйцучу заманчохь? Кхуьнан цIе а ма яра хIетахь яха йолийна.

"Кхерам а, воьхна хьовзар а кеп-кепара эмоцеш ю. Кхерамо гIо до дийна висса, ткъа вохар кийчча Iожалла ю".

Стохка Мангал-беттан 21-чу дийнахь йина Ислама шен пена тIехь оцу дешнийн публикаци.

Логико хьоьху, философийн ойлане воккху стаг, цуьнан кийрахь лаьттачу сингаттамо, гIайгIано.

Кадыров Рамзанан а, Исламан а юкъаметтигаш эххар а дIанисло.

Цуьнан тоьшаллина санна ду Мангал-беттан 22-чу дийнахь инстаграмехь Ислама шен мехкан куьйгалхочуьнца даьккхина сурт-селфи гучудаккхарехь.

Iедалан урхалхо мел хеставарх а, кIелхьара ца ваьлла

Стохка аьхка дуьйна юха а жигарала совйоккху Кадыров Ислама инстаграмехь, Кадыров Рамзан хестош, цунна суждане оьхуш, и саннарг ван а вац бохуш. Ислама хьеставаларца яздо "хьоме ВАША", байташкахь хеставо, вазвеш шен куьйгалхо.

Ша цуна резахилар а, цуьнан тобанехь хилар а чIагIдеш масийтта кхайкхам буьллу Ислама зорбане: "СО КРА-н командехь ву", "Рамзан, оха дозалла до хьох!", иштта кхи дIа а.

Бусулбачийн деза лоручу деношца декъалдарш а Кадыров Рамзанан сурт а хIоттош, билгалдоху Ислама. Даим а куьйгалхочун багара дуьйлучу дешнийн цитаташ ялош, шарло инстаргамера Кадыров Исламан дахар.

Масала, аьтто мел болу республикан урхалхочо олу "Оьрсийчоь гора хIоьттина ган лаьа Малхбузена, амма и цкъа хир доцург ду".

Уггаре интересе дерг ду, хастаме посташ алсам йийлар Исламан пена тIехь кху шеран Iай-бIаьста а, иза даржера вохавале хьалха.

"Паччахьан» шашлыкаш ечуьнгахь моторан херх бу?"

Стохка ГIуран-баттера схьа дуьйна шеконаш кхоллаяла тарлора, Кадыровн Рамзанан командерчу Кадыров Ислама Iедалхошлахь дIалоцучу меттигах, цунна кхочушдан тIедохкучу декхаршка ладоьгIча.

Iа доьлчхьана кху дийне кхаччалц инстаграмехь цхьа а хаам бац Кадыров Ислама оьллина ша бечу балхах а, я шена тIедехкинчу декхарех а.

Билгалъяьккхинчу заманчохь, ма-дарра аьлча, тIаьххьарчу 7 баттахь Исламан агIон тIехь кхо публикаци ю кхачанах лаьтташ, яц цхьа а пост ша бинчу балхах (тергоне ца эцахь моторан херх а карахь субботникехь даьккхина сурт).

Суьрташкахь дуьйцу Ислама ша устагIан пIендарех цIерга а оьллина, чорпин яй баккхарх, оцу яйне хьоьжучу шен "хьомечу ВЕШИН" Кадыров Рамзанан сурт а хIоттош.

Оцу юкъанна билгалдоккху, вице-премьеран дарже ша кхачале а, Ислама шен инстаграме базбеллачарна информаци латтош хилар, Соьлжа-ГIалин мэран даржехь а, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхаллехь а мел жоьпалле болх бу ша бийриг, бохуш.

"Паччахьаллера тамада"

Дукхахъйолу Кадыров Исламан инстаграмера публикацеш декъалдарех лаьтташ ю. Бусулба динан дезачу деношца, Iедалан коьртехь лаьттарш а, церан чуьра гергара нах а дуьненчу бовларца декъалбарца, контртерроран операци (КТО) олу раж юхаяккхарца, Оьрсийчоьнан а, Конституцин а деношца, иштта кхи а масане ду уьш.

Ша виначу шен ненан ларам лаххара хиллачух тера ду Исламан.

"Хьомечу ВЕШИНА" там бархьама зударийн 8-чу Мартаца Кадыров Рамзанан нана а, хIусамнана а цу дийнахь декъалйой, ул тIаьхьа де даьлча бен коьрте ца догIу цунна нана декъалъян.

"Уггар а карзахе мIаьрго"

Кадыров Исламан дахарера «уггар а карзахе мIаьрго» а ю инстаграмехь Iораяьккхина. Цо ша боху иштта.

Нохчийчоьнан коьртачу шахьарна "тIеман сийлаллин гIала" цIе тиллинчу барамехь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир чохь а волуш, ша вистхилар ду цо дуьйцург.

Кхаа декъехь видео ю Исламаy пена тIе оьллина.

ТIаккха, вице-премьеран даржехь волчу хенахь хIун декхарш лаьттара Кадыров Исламна хьалха?

Юьхьанца къахьийгира, кхеташонаш дIахьора, субботникашкахь дакъа лоцура, цул тIаьхьа, Iаламехь чорпин яй боккхура устагIан пIендарш чу а тесна, даздаршкахь хуьлура… "Паччахь" вазвеш, хастамаш бора цунна.

Хьаххинчуьра, шен "хьоме ВАША" санна, спортзале эхар, инстаграмерчу хаамашца, дезаш вацара Кадыров Ислам.

Автор Меренкова Любовь.