Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчохь хьовха, махкал арахьа а кху тIаьхьбарчу хенахь буьйцуш а, жоьпаш лоьхуш а болчу хиламех лаьцна шена хетарг довзийтина цIеххьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан республикерчу урхаллан куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь Кадыровс къамел деш яьккхина видео хIоттийна ЧГТРК "Грозный" телевизионо шен YouTube-рчу каналехь.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо хьахийначех цхьаъ дара, машена чохь наркотикаш карийна аьлла, "Мемориалан" республикерчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIалацар.
Кхааран делкъахенахь Титиевн адвокато Маршо Радиона интервью луш мел ледара белахь а, сатийсам бара Кадыров Рамзан кIадвелла я кхечу бахьанца бакъонашларъярхочуьнан гIуллакх тIе тидам а бахийтина талла деза аларо кIелхьарваккха мегара иза набахтах аьлла. Амма тахана, гарехь, Титиевн кхоллам муха хир бу бохучух шеко йолуш кIезиг нах хир бу.
Бахьана ду Кадыровс дина жамI: "Цхьа наркоман лаьцна боху МВД-н белхахоша, анаша а йоккхуш. Суна интернетехь а бен хиъна а дац иза. Иза лаьцна аьлла, кху дIьнентIехь массо а меттехь нохчийн къам дуьйцуш бу-кх. ООН а, Госдеп а, хIунехдинарг а... Куршлойн-эвлара цхьа наркоман лаьцна аьлла, Iамеркера Госдеп араяьлла-кх, иза дIахеца аьлла. Ткъа вай маса наркоман лаьцна хаьий царна Нохчийчохь? Вай эзарнашна лецначу наркоманашна цхьа а ара а ца ваьлла".
ШолгIа хаттар дара йишлакхархочуьнан Бакаев Зелимхан кхолламах лецнарг.
Кадыровс цIарца хьахийра иза: ""ДIаала шайн зударшка и хIун яра... Бакаев! ХIун ю а ца хууш йолу цхьа хIума ю. И юьйцуш, ша-дерриг а дуьне а и юьйцуш. Шен да ватIа цуьнан делаI, наркоман цIера яьлча а вайн бехк хуьлу, наркоман лаьцча а вайн бехк хуьлу, террорист лаьцча а вайн бехк хуьлу, зуламхо лаьцча а вайн бехк хуьлу. Вай, шен да ватIа цуьнан делаI, тIаккха хIун де вай? Хьан, схьадуьйла дерш шайна луъург дан аьлла, дIадагIа деза вай? ХIан-хIа, ца деза! Вай хIокху чохь дера хила деза, къепе галйоккхуш болчарца".
Кхин цхьа мехала дIахьедар а дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. ХIинца кхеташ ду, Кадыровна гергахь, бакъонашларъярхой муьлаш хила беза а, цара болх муха бан беза а: "Нохчийн къоманна зулам деш, нохчийн къоманна вон болх беш араваьлла волуш волу... иза бакъонашларъярхойн ворхIа да велахь а, цунна Нохчийчохь меттиг яц. Цо ша ларъяхь бакъонаш вайца цхьаьна ларъян еза".
Амма хIетте а Iебаш боцучу мостагIашна луург ца дакхха хIун да деза а хьийхира Кадыровс: "Вайн мостагIчуьнан букъ муха кагбийр бу вай? Вай хила дезачул а сов дика хилча, вай церан букъ кагбийр бу-кх. Далийта мегаш дерг а вай ца далийтахь, тIаккха вай церан букъ кагбийр бу. Иза вайга далур ма ду! Сий долуш хиларан кодекс, нохчалла кийрахь йолчу стаге далур доцуш хIума дац. Иман а, нохчалла а цхьана долуш волу стаг... Иза ... Дуьненчохь цул ницкъ болуш, цул кхиаме а волуш стаг хила йиш яц".
Ткъа муха мах хадийна Кадыров Рамзана дуьйцучунна цуьнга ладоьгIначу наха? Цкъачунна цу хаттарна дала жоп дац. "Грозный" телевизионо шен YouTube-чу каналехь дихкина комментареш йита.