Кадыров Путинца цхьанакхетар а, Пригожинца къовсаме валар а

Кадыров Рамзан

Дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех лаьцна

Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцина, Путинца цхьаьнакхетта Кадыров, Пригожинца къовсаме ваьлла нохчийн куьйгалхо, Кадыровн йоIа Iуналла дийр ду могушалла Iалашйарна тIехь – дайначу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзначу коьртачу хиламех доьвзуьйту Маршо Радионо.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров Путинца цхьаьнакхетар | МАРШОНАН ПОДКАСТ #2

Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:

Ямадаев верна шеконашкахь хиллачун бехк хийцина

"Восток" батальонан хилла экс-командир Ямадаев Сулима верна бехке лоручу Нохчийчуьра вахархочо Мазаев Зеламхас вовшахтоьхна ца хилла Шемахь гIаттамхойн тоба, шен хила тарлучу юкъархошна гIо дина цо зуламаш кечдеш. Иштта хьесапаш дина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Талламан версица, 2014-чу шарахь экстремистийн “Исламан пачхьалкх” олучу тобанхойн агIончашна ахчанаш дехьадохуш хилла Мазаевс. Юьхьанца иза бехкевира низамехь йоцу герзашца лела тоба вовшахтохарна. Эххар а, терроран зуламаш дан арабевллачарна гIо дарна бехке вира иза.

“Коммерсант” газетана йеллачу комментарихь Мазаевн адвокато бехк хийцар “жима толам” бу элира. Цо билгалдаьккхира, “тоьшаллаш цахиларна” адвокаташ шайн ма-хуьллу, гIуллакх сацадайта хьовсур бу аьлла.

Мазаев Зеламха вийца ваьккхира, 20I9-чу шарахь “Восток” батальонан хилла командир Ямадаев Сулима вийна аьлла, бехкаш дехкина, Дубайра прокуратуро иза лаца кхайкхийча. Талламо а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу кхело а хьесап дира, Мазаевс тапча тоьхна Ямадаевна нах бехачу цIенна уллохь аьлла. Делахь а, пачхьалкхера вада ка йелира цуьнан, шен лорах уьш кхетале.

Ямадаевца доьзнарг доцуш, кхин а масийттазза Москварчу полисхойн бIаьрг тIехIоьттира Мазаевна: 2011-чу шеран гурахь цо “йицйина” хиллера ресторанехь Стечкинан тапча, ткъа 2012-чу шарахь ша шен когах тапча тоьхнера цо.

2015-чу шеран дечкен-баттахь шен кхаа доттагIца цхьаьна долара инкассаторшна къола дан гIоьртира иза, тIаккха 6 шо туьйхира цунна. Бакъду, лаьцна кхо шой исс буттий бен ца баьккхира цо, цу хенан доккхаха долу дакъа талламан изоляторчохь.

Ямадаев Судима вийна цара аьлла, Iарбойн Эмираташа шеконашка эцна ворхI Оьрсийчоьнан вахархо лехамашка велира. Церан могIарехь вара Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, Мазаев Зеламха а.

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш къобалйазчу Ичкерин агIор тIемаш бина Ямадаев Сулимас, шолгIачу тIамехь - Оьрсийчочьнан агIор, "Восток" батальонан командир вара иза. Вийна Ямадаев Сулим 2009-чу шарахь Дубайхь. ЯмадаевгIеран вежарий байале хьалха Кадыров Рамзанан политикан конкуренташ лорура уьш. “Новая газетан” информацица, ЯмадаевгIеран вежарий бехке хила тарло 2006-чу шарахь журналист Политковская Анна йерна а.

Пригожинца къовсаме ваьлла Кадыров

Оьрсийчоьно Украинехь лелон тIеман тактика "хьекъале" ю а аьлла, массарна а хезаш эскарера кхачамбацарех, къаьсттина патармийн къоьлла йалхош латкъмамаш бечарна луьйш вистхилла Кадыров Рамзан. И дешнаш цхьаьна ца догIу кхул а хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо оьрсийн инарлех лаьцна дийцинчуьнца а, иштта бIостане довлу "ЧВК Вагнеран" куьйгалхо волчу Пригожин Евгенийца а - чиллин-бутт бовш цо дIахьединера хазош массарна а шен йолахойн "патармийн къоьлла" хиларх, цунна тIеман министралла бехкейира цо. Цул хьалха Кадыровс а, Пригожина а тIамерчу хьолах лаьцна ден хьесапаш масийттазза цхьаьна даьхкира.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров а, Пригожин а: доттагIалла дIадели?

Путин Владимирца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа Кадыровс шен позици хийцира. Кремлан сайтерчу официалан хаамца а догIуш, и шиъ Москвахь вовшахкхийтира зазадокху-беттан 13-чохь.

Видео тIехь гуш ду, даккхийчу элпашца йаздина, тIоьрмиг чуьра ша дан деза къамел тIехь долу кехат схьаоьцучу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун дегон куьйгаш. ТIом толлучу америкахойн Институтан аналитикашна хетарехь, Кадыровн воьхна хьийзар, Путинан бIаьрг шех бадарна кхоьруш ду, -шена муьтIахь долчу эскарша Украинерчу тIамехь кIезиг пайда беш хиларна.

Украинана дуьхьал тIом боьдучу шарахь Кадыровс шен телеграм-каналехь дуккхазза а критика йира Оьрсийчоьнан ТIеман министраллина, шога дIахьедарш дира лаккхарчу инарлашна а. Цу техь цунна тIетайра Пригожин.

Ткъа хIинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIдарехь, массо а "сахьт санна дика болх беш ву", "Генштабан эпсарийн дакъа" а цхьана. Путинца цхьанакхеттачул тIаьхьа шен телеграм-постехь Кадыровс ишта баркалла элира тIеман министраллина, Нохчийчуьра тIаме хьийсочу лаамхой бу бохучарна герз а, тIеман гIирс а латторна.

"ТIемлочо мохь ца хьоькху – тIемлочо шен гIуллакх до", - дIахьедира Кадыровс, тIамехь патармаш тоьуш дац бохуш дечу латкъамашна комментарий йеш. Цунна хетарехь, тIеман гIирс боцуш бисинчеран шайн бехк бу. Къастийна цIераш ца йехира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, амма чиллан баттахь "тIеман гIирсан къоьллех" латкъамбинера ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо.

Цо дIахьедора, тIеман министраллин куьйгалло деш хIума цахиларна, йолахой пхоьазза сов дукха леш бу бохуш. ТIаьхьо америкахойн тIеман талламаш бечу Институто элира, Оьрсийчоьнан тIеман куьйгалло ЧВК "Вагнеран" эшамех пайдаоьцуш хиллера Пригожинан хьал гIелдеш, цо цуьнан накъостий къахко мега, шайлахь Кадыров а волуш. Кадыровс «тIемлочуьнга» бохуш, ден дIахьедар тарло Пригожине деш хила а – дахначу шеран гурахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо вагнерхойн куьйгалхочух «бакъволу тIемало» элира. ХIинца Кадыровс чIагIдо, "дикачу тIемлочун патармаш цIеххьана дIадовлуш ца хуьлу" аьлла. ХIара видео зорбане йоккхучу хенахь ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Кадыровн дIахьедарх лаьцна комментарий йина йац

Ала догIу, зазадокху-беттан 13-чохь Кадыровн президентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь, цо ша ма-аллара, дозалла дира Нохчийчохь социалан проекташ кхочушйеш, ша бинчу аьттонах. Бакъду, цуьнан дIахьедар пурхнехьа ду официалан статистикаца. Масала, мехкан урхалхочо дIахьедира, Нохчийчохь бархI процент ца кхоччуш лахара ю белхазалла аьлла. Амма билгал ца даьккхира, и гайтам - Оьрсийчохь уггар а ледарчех хилар.

Зазадокху-беттан 15-чохь Кадыровс йуха а терго тIеозийра шена - Нохчийчочьнан куьйгалхочо дийцира, шо долалуш шен критикаша ша цомгаш ву бохуш, динчу дIахьедарна комментарий а йина. Bild таблоидан тIечIагIбазчу хаамашца, Кадыровна дарба дан Абу-Дабира нефролог веара, - жаннашна дарба деш волу. Кадыров цомгаш ву аьлла хетачу бахьанашлахь дара, чиллан-беттан 21-чохь Путин халкъе вистхуьлучу заманчохь, цигахь иза цавар а.

Ишта-м дуьххьара дац Нохчийчоьнан куьйгалхо оцу бараме ца вахар. Ша Кадыров Рамзана чIагIдо, шен могушалла дика ю бохуш.

Кадыровн йоIа Iуналла дийр ду могушалла Iалашйарна тIехь

Оцу юкъанна Нохчийчоьнан урхаллехь рогIера хийцамаш хилла Кадыров Рамзанан доьзалца боьзна. Цуьнан 20 шо долу йоI Хутмат, хIинцале а мехкан урхалхочун секретариатан коьртехь йолу, цуьнан ден тIедилларца, Нохчийчоьнан могушалла Iалашйаран системин куратор хIоттийна. Цкъачунна къаьстина дац, керлачу даржехь хIун декхарш кхочушдан дезар ду Кадырова Хутматан. Дечкен-баттахь хаамбира, цуьнан тIедилларца Устрада-ГIаларчу реабилитацин центрехь 29 керла маьнга хIоттийна аьлла. Цул хьалха, мангал-баттахь, Нохчийчоьнан вице-премьеро хастийра Кадыровн йоI регионерчу реабилитацин медицинехь дикачу агIор баккхий хийцамаш барна. ХIун гIулчаш йехира 20 шо долчу Хутмата оцу гIуллакхна лерина, республикерчу зорбанашкахь ца дуьйцу - цкъачунна кеп-кепарчу кхеташонашкахь лоьрашца Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIан даьхна суьрташ даржор бен. Юй-те Кадыров Хутмат цхьанхьа а дешна, пачхьалкхан даржашкахь белхаш баллал, иза а хууш дац. Хьаькаман карьера цо йолайалале хьалха Соьлжа-ГIаларчу дельфинарийн директор лаьттира иза. Кавказ.Реалиино вовшахтоьхна Кадыров Рамзанан пачхьалкхан структурашкахь белхаш бечу 52 гергарчу стагах лаьтта тептар.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь могушалла Iалашйарна тIехь терго латтор ю Кадыровн йоIа

Латаршкахула йолчу Францин тобанера нохчий

Францин вовшахтоьхначу тобанан цIарах Европан кегийрхошлахь Румынихь дIахьочу латарийн чемпионатехь дакъалоцур ду ялх нохчочо. Бибулатов Адам, Арсамерзуев Хьамзат, Сангариев Мухьаммад-Амин, Делиев Мохьмад, Магамадов Рахьим, Висханов Iадлан. Бераллин хенахь дуьйна Франицхь беха уьш, оцу пачхьалкхан байракха бухахь дакъа а лоцуш.

Масала, юниорашлахь Европан а, дуьненан а чемпионан Магомадов Рахьиман доьзал цIера Гуьмсера бу. Цуьнан диъ шо долуш дIабахна церан доьзал оцу пачхьалкхе. Оцу хенахь Нохчийчохь дIахьош тIом бара, Оьрсийчоьно контртерроран операци олу. Кавказ.Реалиин сайте дийцира бакъоларйархочо Черкасов Александра верриг а Нохчийчуьра ши тIом бахьана долуш бIенаш эзарнашкахь нах дIабахна аьлла. I994-чу шарера схьа дуьйна Къилбаседа Кавказехь белхаш беш ву иза, ткъа Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлхуш, масийттазза гуманитаран Iлашонашца вахара иза тIемаш бечу меттигашка.

Черкасов Александр, бакъоларйархо:

"Дуккха а бIенашкхаь эзарнаш бахархой дIабахара республикера цхьана ханна аьлла, бIенаш эзарнаш бу тахана Нохчийчоьнал арахьа. I999-чу шеран гурахь,”контртерроран операци” аьллачу Нохчийчуьра хьалхара а, шолгIа а тIемийн юьххьехь…Ала догIу, хьалхарчу тIамах а ма ца олура тIом - “низамехь йоцуш, герзашца вовшахтоьхначу зуламхошкара герз схьадаккхар а, конституцин къепе дIахIоттор” а олура. Нохчийчуьра цхьана тIамах тIом аьлла дац. Со ала гIерта, хьалхара тIом боьдуш - хIетахь а дикка нах дIабахара, амма адам хIетахь дикка кхера Iемина дацара. ТIаьхьа буьйлабелира уьш кхера, тIаккха шолгIачу тIамехь маьршачу бахархошлахь кIезиг нах хIаллак хилира. Дукха хьолахь пачхьалкхана чухула дIасабоьлхура. ШолгIачу тIамехь - Европе дIахьоьвдира".

Your browser doesn’t support HTML5

Францин цIарах хIунда бу нохчийн латархой

Румынихь хIотточу чемпионатехь Францин вовшахтоьхначу тобана юкъахь леташ волу нохчийн спортхо Висханов Iадлан а ву, ша бер долчу хенахь Европехь нисвелла - 2008-чу шарахь. Ша доьзалца дIавахаран бахьанех ду аьлла цо нана цомгаш хилар а, “Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш гIоьртина хилар а”.

Францин байракхца нохчийн латархойн дакъалацарх лаьцна комментарий йина Москварчу спортан хьаькамо, Оьрсийчоьнан спортан латаран Федерацин президенто Мамиашвили Михаила. Иштта аьлла цо: “Французаш гей-парадашкахула буьйлабелла лела, ткъа нохчаша церан метта боьршачу нехан гIуллакхаш лелор ду”. Спортхойн доьзалш тIом бахьана долуш махках бевлла хилар, тергамза дитина Мамиашвилис.

ТIаьххьарчу кIирнахь Нохчийчоьнца боьзна коьрта хаамаш бара хIорш. Йазло Маршо Радион социалан машанашка, йазйе комментареш, йахка лайкаш.

Йазло Маршо Радион подкасте: