Оьрсийн православин килсан уггар а дика вевзаш волчу спикеро, миссионеро, тележурналисто, протоиерейс Ткачев Андрейс дIахьединера, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан оьрсийн цивилизацех хилар, Украинана йинчу тIеман агрессина дуьхьал болу оьрсий царех цахилар а.
Билггал вуй-те Кадыров хIинца кхайкхочу "оьрсийн дуьненан" декъах, йа пачхьалкхан бахархой Iадийна, Кадыров баккъал а "оьрсел а оьрси" волу кхин цивилизаци ю-те юьйцург, хаьттира Кавказ.Реалиино эксперташка.
"Нохчийн-оьрсийн вежаралла"
Шен къамелан дакъа ютьюбе даьккхина Ткачев Андрейс ша. Украинерчу хиламех ду иза, цу тIехь протоиерейс жигара хьахаво тIеман коьрта ньюсмейкер хилла политик.
"ХIара кхайкхам оьрсийн стаге бу, йа оьрсийн цивилизацехь хиллачаьрга. Шуна хууш ма-хиллара, цигара ву, масала, Ахьмад-Хьаьжин кIант, Кадыров Рамзан. Шен са а, пха а ма кхоччу оьрсийн цивилизацех ву иза, ши бIе эзар ИвановгIар-ПетровгIар-СидоровгIар а боцу", - дуьйцу во видео тIехь.
ИвановгIеран-ПетровгIеран-СидоровгIеран оьла юьстах яьлла
МозгIарна хетарехь, тIемаш боьлхучу юкъанна "оьрсийн эскархочун цIий дIаийна нохчийн тIемалочун цIийх, кхолладелла тIеман оьрсийн-нохчийн вежаралла", дукха хан йоццуш къаьмнаш антагонисташ санна тIеоьцуш хиллехь а.
"Цхьа керла цхьа хIума ду хIара, вайна иштта хир ду а ца моьттура. Оцу юкъанна ИвановгIеран-ПетровгIеран-СидоровгIеран оьла юьстах йиссина", - дуьйцу мозгIара.
Львовра схьаваьлла ву Ткачев. 2005-чу шарахь Киеве дIавахара иза, Киевн епархин миссионерийн декъан урхалле а хIуттуш, "Киевская Русь" телеканалехь программа дIаяхьа волавелира иза. 2014-чу шеран аьхка протоиерей Москва кхечира, шеца болх бинарш а, Украинана а хьуьнаре лен а луьйш. Кадыров а санна, юкъ-кара эхь ца хеташ, вистхуьлу иза, шен аларшна тIехула вийца а воккху иза.
Масала, хьалхара скандал иккхира Ткачевца, иза Оьрсийчу дIавахна ши шо даьллачул тIаьахьа. ХIетахь машанехь диктофонан аудио яьржира, мозгIаро "гоьлаш тIе а бохкуш, зударий кегбе" бохуш.
ОьгIазбахначу наха ша вийца ваьккхича, Ткачевс дIахьедира, "готтачу гонехь хилла къамел" дара иза, ткъа аудиох пайдаэцна леррина ша сийсазван аьлла.
Путинан оьрсийн дуьне
Протоиерейна Ткачевна хетарехь, КадыровгIеран да а, кIант а оьрсийн цивилизацина юкъавогIуш хилча, оцу цивилизацехь меттиг бац адамийн бакъонашна, дийцаредо Оьрсийчуьрчу Amnesty International организацин талламхочо Прилуцкая Натальяс.
"Вайна массарна а дика хууш ду, Нохчийчхь 20 шарахь мел хуьлуш дерг: нах байъар, лечкъор, Iазапаш хьегийтар, кеп-кепарчу, экономикан а цхьаьна гIирсашца, къомана Iаткъамбар. Массо а пачхьалкхашкахь оьрсийн цивилизаци юзу Толстойца а, Достоевскийца а, керстан оьздангаллица дахарх кхетарца а. Тахана "оьрсийн дуьненан" апологеташа а, и концепци кхочушъечара а хьоьхучуьнца догIуш дац хIара", - билгалдоккху Кавказ.Реалиица къамел дечо.
Керла импери кхоьллина, цунна урхалла дан сатуьйсучу Путинан шен амбицеш ю "оьрсийн дуьне" аьлла, хета карарчу хенахь Нохчийчоьнан Iедалхошан оппозицехь лаьттачу 1АДАТ нохчийн боламехь. Каналан администраторна хетарехь, оцу "оьрсийн дуьненан" дакъа хилла Кадыровх, цо шен деца "нохчийн къам доьхкина, Москвагахьа дехьаваьллачул тIаьхьа". ХIинца, тIетуьйхира боламан векало, Нохчийчоьнан куьйгалхо "Путинан оьрсийн дуьненан" коьрта дакъа ду.
БIостане ойланца йистхилира, Чиллан-баттахь Кадыров дIаваккха луучийн кхьажнаш гулдина, "Маяк" юкъараллин боламан куьйгалхо Хейкинен Дарья.
"Цуьнан майрачу тIемалочун, дерачу "берзан" васт гена ду баккъал а долчуьнца, оьрсийн маттаца а Рамзанан гIуллакх ца деъна. Шеко йоцуш, оьзда-гIиллакхе воцчу, стешхачу, къизачу Рамзанан "оьрсийн дуьненца" догIуш хIуммаъ дац", - тешна ю Кавказ.Реалиица къамел динарг.
Цунна хетарехь, "латтанаш дIадахар, цIий Iенор а" дац "оьрсийн дуьне" бохург, культура, оьздангалла, мотт, истори бохург ду. МаьIне доцчу тIемийн а, империн амалийн а тIаьхье гайтина истори, къастадо Хейкинена.
"Керстана дуьхьал тIом"
Ткачевн къамело бакъонашларъярхой оьгIазбахийтина ца Iаш, цуьнан "коллегаш" а реза бац цунна.
"Сан гергарнаш бу Харьковна гергахь тоьли чохь хевшина Iаш. Царна бомбанаш етта диъ кIира ду, уллора ши цIа даьгна, машенаш яьгна, кораш дохийна хIоъ-молхо. Шайн дахарна лаьтта кхерам боцург, Iадор доцург оцу "оьрсийн дуьненах" царна хаалуш хIуммаъ а дац", - дуьйцу Кавказ.Реалиига дозанал арахьарчу Оьрсийн православин килсан иеромонаха, килсан дахарх дуьйцучу блоган авторо Валентина (Соломаха).
Бисинарш массо а тапъаьлла Iаш бу, кхера а кхоьруш
МозгIара бакъдо, хIокху хиллачуьнга хьажча, Кадыровн васт дерриг а догIуш хилар Украине деанчу "оьрсийн дуьненца" – эхь дайна, мостагIаллин, къиза, шога, кхузахь аьлча, къинхетамза".
"ХIинца санна Оьрсийчоь а, Украина а цкъа а дуьхь-дуьхьал лаьттина яц эхь доцуш, къинхетамза цIий Iенорехь. ХIара тIом хилла а ца Iа, хIара маьрша нах байъар ду. Цхьаммо а ца доьхура, оцу Кадыровн а, цуьнан тобанхойн а кепехь туьрца "оьрсийн дуьне" даржаде. Диканан а, вон а, бакъдолчун а дозанел тIехдаьлла хIара. Кхин дIа хIун хир ду? Доза дан а дац кхузахь. "Оьрсийн дуьнено" лелориг термозарратан муьре кхачахь, дуьне дохар хир ду цунах. Массарна а хууш ду, Евангелин мехаллашна дуьхьал болчу керстийн а, керстана дуьхьал а беш боций хIара тIом", - кхин дIа дуьйцу мозгIаро.
Зазадокху-беттан юьххьехь Оьрсийн православин килсан масех мозгIара диллина кехат яздира, Украинера вежараллин тIом сацабе аьлла, кхайкхам беш. Оцу кехатна доккхачу декъанна куьйгаш яздира 200 килсан мозгIаро – Оьрсийн православин килсан боллу клирикашлахь 0,5 процент бен бац уьш.
"Биссинарш тапъаьлла, кхера а кхоьруш Iаш бу. Делахь а, Ткачев санна болу нах – массарел а хьалха бу", - дерзийра шен къамел иеромонаха Валентина.
Диллинчу кехатна куьйгаш яздинчех бара бевзаш болу нах – игумен Никодим (Балясников), иеромонах Димитрий (Першин), игумен Петр (Мещеринов), протоиерей Иоффе Георгий а.
Ша ма-варра Путин
Кавказ.Реалиига историко, "Барт Маршо" вайнехан организаци вовшахтоьхначу Сулейманов Джамбулата дийцарехь, оьрсийн цивилизаци лекхачу культурица хетара цунна гуттар а. Амма тIамехьа а, "оьрсийн дуьненехьа" а къамелаш дан килсан мозгIара шена могуьйтуш хилча, схьагарехь, "оцу хьоле текхна культура а", далхадо историко.
"Дукхахболу оьрсийн бахархой реза бара, цара мага а дора Соьлжа-ГIалахь а, Шемарчу Алеппохь а бомбанаш еттар, ткъа тахана украинхойн гIаланашка дирзина хIара. Тхан хьалхарчу президенто Дудаев ДжовхIара "русизм" олура кхунах – адамалла йоцчу а, эхь-бехк доцчу а системин хатI", - аьлла Сулеймановс.
Кадыров – харце ю, Путинан альтер-эго
Президентан Путин Владимиран хьесап дар пачхьалкхан гIуллакхдархочун санна дац, Питерерчу кевнан кIеларчу стеган санна ду, цкъацкъа цо-м дозалла а до цунах, билгалдоккху историко: "Юьхьанца ша цхьа лараме политик волуш санна, гайта гIиртира иза, ткъа тахана маска охьаяьлла, вайна гучуваьалла Путин ша ма-варра. Гуттар а ша ма-хиллара. Оцу маьIнехь Кадыров – харце ю, Путинан альтер-эго. Нахана хьалха хIотта йиш а йоцуш, амма хила ма-лаъара".
Сулеймановс тIетуьйхира, тахана доллу дуьненна евза оьрсийн цивилизаци, историко ша а лакхахь хьахийнарг, йисса лаьара шена, тIаьхьарчу тIаьхьенна и дIакхачор йолу нах гучубовла а аьлла. И коьрта ду нохчашна а, хIунда аьлча, нагахь санна, Путинан рожо толам баккхахь, еххачу ханна дIататта дезар ду Нохчийчоьнан суверенитетах лаьтта хаттар а, дерзийра шен къамел историко.
- Украинан православин килсо (цуьнца вара 2014-гIа шо кхаччалц ша протоиерей Ткачев а), Москван патриархиин дакъа долу, коьртехь патриарх Кирилл (Гундяев) а волуш, Чиллан-беттан 24-чу дийнера схьа дуьйна масийттазза кхайкхамбира Оьрсийчоьнан тIеман агресси емалъеш. Масала, Зазадокху-беттан 20-чохь массо а килсашкахь молебен хIоттор ю, Украинана герзашца дуьхьалхIоттар сацадарехьа а, Украинан дозанаш дийна дисийтарехьа а.
- Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоь Украинан дозане гIоьртира, президентан Путин Владимиран омраца. Ши де даьлча Кадыров Рамзана 12 эзар меттигера тIемало дIахIоттйира Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь, "шайн лаамехь Украине баха хьаьгна бу уьш" аьлла, дIахьедеш. Билггал маса стаг ву кадыровхойх тIаме хьажийна, хууш дац – Украинан СБУ-н лараршца, Зазадокху-беттан 4-чохь Беларусехула Нохчийчуьра чувеара 1200 стаг Церан декъехь "Север", "Юг" тIеман батальонаш а, "Ахмат-Грозный" ОМОН а яра.
- Зазадокху-беттан 21-чохь Украинан кхерамзаллин сервисо зорбане дехира шайн карадаьхкина, хетарехь, Росгвардин эскархочо шен хIусамненаца нохчийн маттахь дина къамел. Шен коьртачу Iалашонех дуьйцу цо цуьнга – тIеман майданара дIасауьду Оьрсийчоьнан эскархой сецор ю шен коьрта Iалашо бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло а, Росгвардино а кху муьрехь тIе ца чIагIдина, йа бакъ дац аьлла, дIа а ца теттина оцу хаамехь дерг.