Кадыровна хетарехь, хиджаб йийцар ларамаза дац. Оьрсийчурчу ишколашкахь баккъала а долчу хьолан тIера тидам дIабаккхархьам лелош ду иза.
-Ткъа, цигахь-м шортта баланаш бу: маларш, наркотикаш, берашна тIе хьехархой кхийдар а,-- аьлла цо.
Нагахь санна зудаберашна хиджаб школашкахь лелор магош дацахь, ша шен берашна кхин меттиг лохура ю, иза магош йолу, боху Кадыровс. Амма ца аьлла цо мичахь хир ю иза, нагахь санна Оьрсийчоь мел ю, иза лелор дехкахь.
Нохчийчохь массийта шо ду духарна луьра терго яр доьшийлашкахь юкъадаьккхина долу. Школехь а, лаккхарчу доьшийлехь а коьрта Iуьйра дешархой-зудабераш чу а ца дуьту. Иштта царна тIехь хила еза деха пхьуьйшаш долу коч а.
"Цигахь-м шортта баланаш бу: маларш, наркотикаш, берашна тIе хьехархой кхийдар а".
Зудабераша йовлакхан меттана хиджаб йоьхча, нохчаша ма аллара «фарз» доьхна хилча, хIумма а ца олу доьшийлашкахь. Мелхо а, лелар дикачу агIор хуьлу, ткъа дешарна цхьанна а тайпа новкъарло ца йо цу духаро боху Соьлж-ГIаларчу хьехархочо Яхъяева Маликас.
Яхъяева: «Тхан школехь и фарз тиллина дуккха а дешархой бу. Тхуна а, царна а цхьа а новкъарло яц. ГIиллакх-гIуллакх хуьлу царгахь, амма дешарна новкъа ца хуьлу».
Кадыровна тIаьххье Нохчийчура Iедалан хьукматаша а, диндайша а емал дина федералан министран дIахьедар. Ала догIу, шо а, ши шо а хьалха Ставрополерчу школехь а, Мордоверчу гIезалойн школехь а меттигерачу кхело дихкинера йовлакхаш лелор.
Нохчийчоьнан муфтиято шен официалан агIон тIехь цунах лаьцна дIахьедар ду гIарадаьккхина. Иза а дина диндайша республикан куьйгалхочо шена хетарг довзийтинчул тIаьхьа. Иштта цхьамогIа меттигерчу хьаькамаша а деш ду цу кепара дIахьедарш дIахьедарш.
100 шо хьалха даьхначу суьрташка хьажча а гуш ду, вайн наноша духар муха лелийна.
Нохчийн юкъаралла йоьлла меттигерчу школашкахь йовлакхаш лелор тIедожорна. Уьш лелийча доьхна хIумма а дац аьлла хета нахана. Юьхьанца реза боцурш а дукха бара, ткъа хIинца цунна дуьхьала хIума олург карор а вац. Коьртахь хIума лелор а, бедаршца къовлаелла нохчийн зуда даима хилла бохуш дуьйцу Соьлж-ГIалара яхархочо Сайдулаева Селимас.
Сайдулаева: «Хьалхалерачу, 100 шо хьалха даьхначу суьрташка хьажча а гуш ду, вайн наноша духар муха лелийна. Хиджаб хилла а ца Iаш, цул а чIогIа оьзда хилла иза. Молланаший, динандайший бен лело ца деза аьлла хета цхьаболчарна и духар. Дала хIора стаган оьшург, пайдехь дерг аьлла кхоьллина охьдиллина ма ду».
Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министро Васильева Ольгас хиджаб дешарца йогIуш яц, динан билгалонаш гойту меттиг яц школаш аьлла, дIахьедар динера Мордоверчу гIезалой бехачу юьртара школехь хиджаб лелор доьхкуш директоро омар динчула тIаьхьа.
Ала догIу, дукха хан йоцуш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а дIахьедар динера доьшийлашкахь духар лелор меттигерчу Iедалша бинчу сацаман тIехь хилча мегар ду аьлла. ХIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочо федералан министран дIахьедар официала емал даро жамIаш дохьура хиларна шеко яц.