Кадыров: Telegram дIакъовлийта ца лаьа, амма низам ца лардича а ца долу

Интернетерчу маршонан тIеххьарчу чIагIонех йолу Telegram юьхьарлаьцна Оьрсийчоьнан Iедалша.

Your browser doesn’t support HTML5

Кадыров: Telegram дlакъовлийта ца лаьа, амма низам ца лардича а ца долу

Интернетан мессенджерш лелор тахана могIарера хIума хилла дIахIоьттина вайн дахарехь. Уггар царах евзаш ерш ю WhatsApp, Viber, Facebook Messenger, Skype, ICQ, Google Hangouts.

Цу мессенджерша аьтто бо уьш лелочу нехан йоза а, къамел а, сурташ а, видео а вовшашка дIасаяхьийта. Харц хир дац тахана нохчашна юкъахь уггаре а яьржинарг WhatsApp олу мессенджер ю аьлча. Цул сов нохчаша жигара лелайо кхин йолу мессенджерш а, шайна юкъахь Skype а, Viber a, Telegram a йолуш. ТIаьххьарчун долахо ву ВКонтакте социалан маша кхоьллина волу Оьрсийчоьнан махкахо Дуров Павел.

Дукха хан йоцуш Telegram-хь шен канал схьадиллира Instagram-хь а, ВКонтакте а, Twitter-хь а, Facebook-ехь а, Livejournal-ехь йолчу шен агIонашкахь жигаралла гойтучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кхин а формалан йоьцучу кепехь шен ойланаш а, дахарехь шена зеделларг а довзийта кхоьллина ша Telegram-хь канал, бохуш вара республикан куьйгалхочо ша Instagam-хь бинчу хаамехь.

Хууш ма хиллара, цхьана Instagram-хь Кадыровн агIонтIе язвелла ву 2,7 миллион стаг. Цундела цунна вуно мехала дара 100 сов миллион стага лелочу Telegram-хь а шен агIо хилар, 5000 эзар стага дакъа а лоцуш, мультичат ян цигахь аьтто хилар тидаме эцча муххале а.

Амма тахана Telegram Оьрсийчохь болх бечура саца мегаш ю. Цуьнан бахьана ду Роскомнадзоро цу сервисана тIедиллинарг цуьнан долахой кхочуш дан лууш ца хилар.

Оьрсийчохь тIеэцначу низамца а догIуш, интернетехь «хаамаш баржо луучуьнан» декхар ду ша Оьрсийчохь болх болош хиларх лаьцна Роскомнадзоре хаам бан. Цул сов цуьнан декхар ду шен гIирсах пайдаоьцучу нахах лаьцна информаци а, 6 баттахь цара вовшашка яздинарг а Оьрсийчохь йолчу сервершна тIехь латто.

Стигалкъекъа-бутт болалуш и билламаш кхочуш ца барна Роскомнадзоро Оьрсийчоьнан территори тIехь болх бар дихкинчу ресурсашна юкъатуьйхира BlackBerry, Imo и Line мессенджерш а, ткъа иштта Vchat олу чат а.

Стигалкъекъа-бутт юккъе баьлча «Ведомости» газето хаам бира, Роскомнадзоро Telegram-е кехат дахьийтина, иза дIакъовлур ю аьлла кхерам тосуш. «Кху дуьнентIехь цхьана а Iедале а, лерринчу сервисе а цхьа бит информаци а ца кхаьчча тхоьгара. Иштта хир ду даима а», - аьлла комментари йира цу хаамна Telegram-о Rambler News Service агенствана, яздо ББС-но.

Болчу хаамца, Теlegram-н информаци схьаяста оьшучу шифрийн догIанаш латтош ду масийтта пачхьалкхехь. Цундела Теlegram-ан долахошна хета иза далур доцуш хIума ду аьлла.

Британерчу регистрацин чоьнан сайт тIехь болчу хаамца Telegram Messenger LLP компанина регистраци йина в Лондонехь 2014-чу шарахь.

Стохка ГIура-баттахь, Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар динера, шаьш Telegram-ах пайда оьцу журналисташца а, президентан пулехь болх бечу нахаца а зIе латтош аьлла.

«Telegram мессенджер чIогIа аьхна ю сихха хаамаш бан а, вовшашка хаттарш а, царна делла жоьпаш а дIасадахьийта а», - бохуш вара иза. Цундела иза дIачIагIа гIерташ цхьа а вац, дуьйцург ду цуьнан болх къепе балор ду, бохуш вара Песков.

Telegram-е дIаязбалар тIедиллинера Оьрсийчура Iедалан структурашкахь болх бечу белхахошна а. «Дуккха а урхаллашкахь вовшашца юкъаметтигаш латтайо Telegram-хула, иза кхечарел а дика къайленаш ларлуш йолун дела а, «Оьрсийчоьнан махкахочо кхоьллина йолун дела а, яздо «Секрет Фирмы» интернетан журнало.

Цундела тамашийна хIума ду тахана цунна кхерамаш туьйсуш Iедалан урхаллан куьйгалхо хилар. Роскомнадзоран куьйгалхочо Жаров Александара шаьш Telegram дIакъовла тарло, шайн урхаллина цуьнан куьйгалхочо Дуровс мессенджеран къайленаш ган доьхкуш хилахь, аьлларе хьалхо.

Мухха далахь а, Кадыров юкъацагIоьрташ ца дисина и хаттар а. Цо шен дош аьлла Telegram мессенджер дIакъовла тарлуш хиларх лаьцна.

Шина даржхочунна юкъа машарбеш ду Кадыровс шен Telegram-ан каналехула яздийриг: «Telegram дlакъовлийта ца лаьа, амма низам ца лардича а ца долу. Цунах жигара пайдаэцархо со хиларе терра, бертан шуьне хаон лаьа ши агIо. Сайн агIор со кийча ву Соьлж-ГIалахь Роскомнадзорна а, Телеграмна а бертабахка аьтто бан», яздина Кадыровс.

Вай лакхохьа аьлла ма хиллара, бутт гергга хьалха Telegram-ехь шен канал схьадиллинчу Кадыровс дуьйцург а, гойтур а цигахь шен тидамехь латтош ву хIинцале а 10 эзар сов стаг.​