Нохчийчоьнан цIарах думан депутатана Делимханов Адамна пачхьалкхан лаккхара совгIат - Оьрсийчоьнан Турпалхочун дашон седа луш омрана куьйгяздина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимир. Зазадоккху-бутт юкъабаьллачу хенахь дуьйна республикерчу тIеман тобанашна тIехь куьйгалла латтош ву иза Мариуполерчу тIеман тийсадаларшкахь. ТIом боьдучу юкъанна Кремло Нохчийчуьра векалшна дина шолгIа совгIат ду иза: цул хьалха цуьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан даржехь лакхаваьккхира инарла-лейтенантан тIегIане кхачалц.
Делимхановна совгIат даларан омрана тIехь яздина ду, сператистийн "ДНР-хь", "ЛНР-хь", Украинехь а "лерина тIеман операци" йоьдучу юкъанна цо "стогалла а, турпалалла а гайтина", аьлла.
Делимханов тIаме вахарх лаьцна Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь хаамбира Зазадоккху-беттан 14-хь. Оцу хенахь дуьйна цо 40-зза хьахийра арахецаршкахь шен гергара стаг Делимханов Адам.
ЯмадаевгIар, Немцов, Венера Анзор
52 шо долу Делимханов Адам 1990-чу шерийн юьххьехь латторхо вара, машенашца йохк-эцар лелош вара, ткъа Ичкерин заманахь, зорбанаша яздарехь, аренан буьйранча Радуев Салман дIасалелориг вара. Нохчийн шолгIа тIом болабелча иза Москван агIоне дехьавелира, Оьрсийчоьнехьа йолчу Нохчийчоьнан дуьххьарчу президентан Кадыров Ахьмадан кхерамазаллин сервисехь болх бан а хIуттуш.
Оцу хенахь иза къаьсташ вара муьлхха а тIедиллар кхочушдан кийча хиларца. Масала, 2007-чу шарахь тIемалой бу бохучийн гергарчаьрца цхьанакхетча, цо дIахьедира, "хьуьнха бахначех" лаьцна хаам ца биначаьргара коллективе жоьпалла хоттург хиларх лаьцна, кхерамаш туьйсура "коьртеш дохур ду" бохуш, иштта олура, жоп лулахошкара а доккхур ду, "билггал хьал девзаш хиллачу, амма оьшуче хаам ца бинчу… Цхьаннах жоп лур ду массара а".
Оцу шарахь Делимханов дуьххьара пачхьалкхан думе хаьржира – 15 шо ду цо оьрсийн парламентан лахарчу палатехь Нохчийчоьнан векалалла лелош. Низамаш кхолларехула политикан гIуллакхаш кхиаме ду ала хала ду: ерриг хеначохь иза 19 низамана юкъахь бен хилла вац, цкъа а думан трибунера къамел ца дина цо.
Москвана юккъехь думан хилла волу депутат, Оьрсийчоьнан Турпалхо Ямадаев Руслан вийча, кхин а ах шо даьлча "Восток" тобанан буьйранча, Оьрсийчоьнан Турпалхо Ямадаев Сулим а вийча, церан вашас Ямадаев Iийсас оцу зуламашна Делимханов бехкевира. Интервьюн ерриг текстехь цо дIахьедира, Делимхановс оцу тIехь шена цIе йина аьлла.
Массарна Радуевн "рикша" санна вевзаш вара иза
"Къаьсттина и тIелатар дича бен иза вийца ца буьйлира, ткъа хIинццалц … массарна Радуевн "рикша" санна вевзаш ма вара иза. Сулимас массо а хенахь сацадора нахера бизнесаш схьаяхар а, стегаца болчу цабезамна тIехула набахте хьежор а… ТIелатар хилча, иза дина долу шайтIа, массочу шайтIанел доккха шайтIа хилла, лоьманна дуьхьала яла майра хилла йолу чагIалкхийн тобанера цхьа чагIалкх санна", - бохура Ямадаевс.
Цхьана хеначохь Делимхановн "цIен карта" ур-атталла Интерполан базехь дара Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмиратийн полицин хаттамна тIехула, амма организацин Оьрсийчуьра официалан векало дIахьедира: "Единая Россия" партин депутат пачхьалкхан дозанехь дIалоцур вац, ницкъахойн цуьнга хеттарш ца хиларна.
"Медиазоно" а, The Scanner Project-о цхьаьна бинчу талламца а догIуш, Немцов Борис верна чубоьхкинчу нохчийн бахархошца телефонехула зIенехь хилла Делимханов Адам, зулам дале масех де хьалха а, иза динчу дийнахь а, диначул тIаьхьа а.
Кадыровс шел тIаьхьа хинверг ву аьлла волу парламентхо масийттаза нислора скандале хиламашна юкъахь, царах гуш-хезаш цхьанне агIор жоьпалле а ца озош. 2013-чу шарахь пачхьалкхан думехь иза леттера шен парти юкъарчу Журавлев Алексейх, цо дийцира журналисташка, тийсалучу хенахь шен дуьхьала летачун дашон тапча охьайожарх лаьцна.
2016-чу шеран Зазадоккху-баттахь бакъоларъярхойн а, журналистийн а ГIалгIайчуьра Соьлжа-ГIала йогIуш хиллачу машенна тIелетира бевзаш боцурш. ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан талламан урхалла Делимханов оцу тIелатарца воьзна вуйла хьажа реза ца хилира.
2016-чу шарахь Делимханов Адама Соьлжа-ГIалара берийн летаршна критика йина волчу латархочунна Емельяненко Федорна шога жоп делира. Депутата дIахьедира, муьлххачу стага, статус, чин тидаме ца оьцуш, жоп лур ду "сан хьомечу вешин воIаршна мел аьллачу дашна", ткъа Емельяненкоца хаьдда долу телефонера къамел цо кхоьруш хиларан билгало ю элира.
"Делимханов Адамца йоьзна нохчийн бусулба кегийрхойн тобан декъашхочо" кхерамаш тийсарна Петербургера феминистийн лекци хIоттор дIатеттира. Депутатан гIоьнчас комментари еш элира, "Ребра Евы" цхьанакхетараллин активисташна кхерамаш тийсина волу Бобкулов Леонард парламентхочуьнца цхьанне а агIор воьзна вац.
Венехь вийна волу Умаров Анзора (Мамихана) тIечIагIдора, "Азов" а, Дудаев ДжовхIаран цIарах йолчу батальонийн буьйранчаш байъа аьлла Делимхоновгара тIедилларш кхаьчна, бохуш. 2020-чу шеран Товбецан-баттахь Венера Анзор ша а вийра – кхузахь а гуш яра "Единая Россия" депутатан лар.
2021-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь гIалгIайн оппозицихочо Хазбиев Мохьмада дIахьедира, Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан думан депутата а шена чIир кхайкхорах лаьцна. ТIаьхьбоьвлла леларца а, тIедилларца нах байъар кечдарца а боьзна хила мегачу оьрсийн тобанца Кадыровн уллора гIоьнча воьзна хила мега, аьлла хаамбира Туркойчоьнан таллархоша дайначу шеран Гезгамашин-баттахь.
Делимхановс ЯнгулбаевгIеран доьзална а, шен видео оьрсийн матте гочйинчарна а бойъур бу, бохуш кхерамаш тийсира
Федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема кху Дечкен-баттахь лачкъийча, депутата Делимхановс ЯнгулбаевгIеран доьзал а, шен видео оьрсийн матте гочйинарш а бойъур бу бохуш, кхерамаш туьйсуш инстаграмехь эфир йира.
Шортта бераш долу академик
ХIора шарахь арахоьцучу декларацехь депутата яздийриг къоман харжамхочун алапа ду – 2021-чу шарахь 5,7 миллион сом дара иза. Цуьнан долахь 14 бIеметр латтан дакъа а, 250 метр хIусам а ю. Декларацехь хьахийна ду цуьнан пхи бер, амма яц юьйцуш хIусамнана, 2014 шаре кхачалц цу юккъехь хилла йолу.
Официалехь иза зудчуьнца дIасакхаьстина велахь а, цу гIуллакхо зуда йолуш санна цунах лаьцна дийца Нохчийчоьнан куьйгалхочунна новкъарло ца йо. Масала, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь Кадыров Рамзана иза йинчу денца декъалйира: "Йинчу денца декъалйо аса тхан хьоме нус Делимханова Макка – хьомечу вешин Делимханов Адаман хIусамнана! Даимна тхуна гергара стаг, дика нус, гIайгIа йолу йиша а яра иза".
2021-чу шеран чакхенгахь Кадыровс шен гIоьнча хIоттийра Делимханова Разита, цуьнах депутатан зуда а олуш.
"Делимханов Адаман зуда суна йиша санна ю. Оха дуьненаюкъара терроризмаца къийсам латточу хенахь, церан хIусамехь тхо уггара хьоме нах санна тIелоцура. Разитас тхуна массочу ханна Iуналла дора, сагатдора, - яздира хIетахь политика, цунна республикан лаккхара совгIат а луш – Кадыровн орден. – Оха тхайн тIаьххьара диснарг вовшашца доькъура. Суна цкъа а ца дицлора, оцу хIусамехь со хьаша цахилар, со церан доьзалхо хилар".
2008-чу шеран ГIуран-баттахь и академи коьртачу прокуратуран арзаца дIакъевлира
Официалан ресурсашкахь (масала, "Единая Россиян" сайтехь) Делимханов Адам проблемийн, кхерамазаллин, дуьхьало яран, къепелатторан Академин декъашхо (академик) ву аьлла, язвина ву. Цу организацино йоькъура, пачхьалкхан совгIаташна дубляж еш йолу орденаш, мидалш, бедаршна тIе билгалонаш, барзакъаш, Iилманан а, тIеман а чинаш. 2008-чу шеран ГIуран-баттахь и академи, цуьнан декъашхойн статусаш тидаме ца оьцуш, коьртачу прокуратуран арзаца Лаккхарчу Оьрсийчоьнан кхело дIакъевлира.
Юй конфликт?
Делимханов Адам Кадыровна дуьхьала ваьлларг, йа къийсамхо вац. И совгIат Нохчийчоьнан куьйгалхочун дехарца делла хила мега. Кадыровс а, цуьнан агIончаша а жим-жима Украинерчу тIамехь Путинан позици дIакхехьаран билгало ю иза, боху Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана.
Кутаевс тидамбо: Украинехь тIеман агресси йолаелча, зорбанийн хаамашца, бехктакхаман гIуллакхаш даьхна ФСБ-н "пхоьалгIачу" сервисан лаккхарчу белхахошна а, тIеман министраллин инарлашна а дуьхьала. Тахана и урхаллаш "Путинна хьалха юьхьIаьржа хIиттина".
"Президентан луурш кхочушдан гIерта ницкъаллин сервис иза еккъа цхьа Росгварди ю, - тахана Кадыровн а, Делимхановн а кепехь гушйолу Росгварди", - билгалдоккху Кутаевс.
Нохчийн политолог тешна ву, Делимхановх "Кадыровна дуьхьала яьккхина йолу йозуш йоцу фигура йан ца гIерта. Цунна Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа балар Нохчийчоьнан куьйгалхо къобалваран бухца догIуш ду. Путин тешаш ву Кадыровх, цо шен тIейогIучу хенан политика Кадыровца юзу, цуьнан тIеман организацешца а".
Цунна дуьхьала яьккхина ойла ю украинхойн эспертан "Сова" тобанан хьалханчан, политикан Iилманийн докторан, профессоран Савва Михаилан. Иза тешна ву, Делимхановна совгIат далар – иза Кадыровна цхьаъ дуьхьал ваккхархьама дина хилар.
"Президентан омрано республикехь Кадыров воцург кхин а нах хилар билгалдоккху. Суна хетарехь, Делимхановна совгIат далар – иза Украинера тIом боьдучу юкъанна республикан куьйгалхочун медиашкахь чIагIваларан реакци ю. Баккъала альтернатива хилар гайтарал совнаха, Кремло иза ша а кхуллуш ю, республикехь кхин фигура чIагIъярца", - билгалдаьккхина политолога Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь.
Брутале Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыровх тIаьххьаре шолгIачу тайпера беламча хилла
Даимна цунна гонаха гучудуьйлучу девнаша регионан куьйгалхо санна иза вохорна а, иштта цуьнан говзалла ца хиларо а, иштта тIеман говзалла а, Кремлехь баккъала иза хийца ойланаш йолуш бу, дуьйцу нохчийн бакъоларърхочо Янгулбаев Абубакара. ТIаьххьара сацам тIелаьцна бац, амма иза хийцабала тарло. Амма хIинца вайна гуш дерг ду, брутале Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Кадыровх тIаьххьаре а шолгIачу тайпера беламча хилар, цул сов, цуьнан арахецаршкахь гуш ду иза беламча хила лууш вуйла", боху эксперта.
"Делимхановн метта хилча аса ойла йийра яра. 2008-чу шарахь "Восток" батальонаца ЯмадаевгIеран Гуьржийчохь къегина жигаралла хилча, Кремль Ямадаевгахьа ойла еш яра, амма иза вийра. ХIунда, муха – Делимхановна кхечарначул дика хаьа. Цундела шен кхарамазалла ларъяран Iалашо йан цо, йа шен лаамехь гуш-хезаш Кадыровл а лаха охьавожа веза, интересийн конфликтан къедам а ца хилийта", - хьоьху Кавказ.Реалиица къамелдечо.
***
"Новая газетан" журналист Милашина Елена Оьрсийчуьра дIаяхара Нохчийчуьрчу Iедало кхерамаш тийсарна, иштта Делимханов Адамца боьзна а. "Делимханов чIогIа кхераме стаг ву. Со-м ала а ца хIутту, мила ву цу шиннах гуттара кхераме – Кадыров Рамзан йа Делимханов, цундела иза вуно кхераме хьал ду", - бохура интервьюхь Милашинас.
Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, Мансур Старый цIарца вевзаш волу нохчийн блогер Алиев Iимран верна бехкехета Мамадиев Iусман а.