ТIаьххьарчу шина бетта чохь Балканаш хьахочу хаамашкахь яьхна "Кадыров" цIе. Дуьйцура, Сербехь хьумаршан Кадыров Ахьмадан, Нохчийчоьнан таханлерчу куьйгалхочун ден, цIе тиллина урамна, цуьнан цIе лелор ю цигахь йилла леринчу хьафизийн хьуьжаро, бохуш. Кадыровн-воккхахчун цIе туьллур ю аьлла парканна Къилбаседа Македонехь. Боснехь а хир ю Кадыровн Ахьмадан парк, цул совнах, тIай хир ду Кадыров Рамзанан цIе лелош. Хьехавора Нохчийчоьнан таханлера куьйгалхо Сербин Республикан а, Боснин а, Герцоговинан а фестивалехь.
Хьехош болу барамаш доккхачу декъанна бузу Марсхьокху-баттахь Кадыров Ахьмад вина 70 шо кхочуш хиларца. Оцу хиламна тIехьажийначу даздаршна Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша тиллина цIе ю "Ерриг Европан дагалецамийн барамаш".
Айинчу инициативан декъахь Мангал-беттан чаккхенехь – карарчу беттан юьххьехь Iалашоне диллинера Европерчу цхьамогIа мехкашка кхачар. Официалехь барамийн хьалханча ю Европан исламан форум, декъашхошлахь ю бархI пачхьалкхера делегацеш. "Горгачу столехь" Оьрсийчуьра дакъалецира Москварчу Исламан культуран центран президента Ниязов Iабдул-Вахьида. Юьхьанца хьеший тIеэцнарг яра Беларусь, тIаккха – Сербин парламент. Серберчу бусалбанийн Санджак кIоштахь хIоттийра юьйцу "горга стол", цул тIаьхьа хьеший бигира Кадыров Ахьмад дагалоцучу Къилбаседа Македонерчу а, Боснерчу а, Герцоговинерчу а барамашка.
Кадырова Ахмадан цIе тиллина объекташ
Ниязовна тIе а тевжаш бира Оьрсийчуьрчу прессо хаам: Серберчу бусалбанийн урхалло дехна Нохчийчоьнан куьйгалле шайн Нови-Пазар гIалахь хьафизийн хьуьжар схьайоьллуш гIодар. Дехарна бухахь дара, боху Ниязовс, "Кадыров Рамзана бусалбанашна гIодеш хилар" а, 2019-чу шарахь Нохчийчу вахана хиллачу Сербин муфтина Дудич Мевлюдна цигара хьафизийн хьуьжарш тайна хилар а.
Санджакехь хьуьжар йиллар "гергарчу хенахь" дийцаредан дагахь ву Сербин муфтий шен нохчийн коллегица Межиев Салахьца, билгалдаьккхира РИА Новости агенталло. Ткъа "Чечня сегодня" ("Нохчийчоь тахана") агенталло и проект хьахийра йина яьлла гIишло санна – бохура, Дудича "дерриг нохчийн къоме" баркалла аьлла хьуьжар еш "гIодарна".
Нови-Пазарехь Кадыров Ахьмадан цIе урамна туьллийла луурш а бу боху хаамашкахь меттигера бусалбанаш.
Къилбаседа Македоне кхаьчна делегаци тIеийцира мехкан шахьарахь Скопье гIалахь. Цигахь къамел хилира муфтийца Фетаи Шакирца. Кадыров
Къамелаш а, Кадыров Ахьмадна лерина доIанаш а динчул тIаьхьа гулбеллачийн барт хилира цуьнан цIарца хийца коьрта шахьарарчу ДоттагIаллин паркан цIе. Цул совнах, сацам бина Тетово гIалахь Балканийн, Кавказан гергарлонийн монумент хIотто – цунна а ю туьллуш Кадыров-воккхахчун цIе.
Босне а, Герцоговине а кхачар къаьсттина деза дуьйцу Нохчийчуьрчу прессо, билгалдоккху цигарчу боснихойн муфтийс Цериг Мустафас нохчашка "мерза маршалла даийтина" хилар. Иза, Кадыров Ахьмад а санна, шен къоманна хьалхаваьлла лелла 1990-чу шерашкахь тIемаш лаьтташ, хилла муфтий, хорваташна а, сербашна дуьхьал кхайкхийна джихIад, Оьрсийчоьнна дуьхьал Кадыров Ахьмада а санна. Бакъду, Кадыровс тIаьхьо хийцина шен байракх, "бенара гIовттале" байъа баьхна Кремланна дуьхьалбевлларш.
Тамаше истори ю. ХIунда аьлча вайн доттагIий сербаш бу Боснехь а, Герцеговинехь а бусалбанаш байъинарш
Боснехь Кадыров-воккхахниг дашалоцуш конференци дIаяьхьира Сараевохь. И барам хилале Завидовичи гIалахь вазвечу нохчочун цIе тиллира урамна а, тIайна а.
Кавказ.Реалиино хеттарш шайга динчу эксперташа билгалйоккху шайна Балканашкарчу бусалбанашна тIекарло ярний, Югославехь тIемаш лаьттачу заманахь Оьрсийчоьно лаьцна хиллачу позициний юкъахь шалхенаш гуш хилар.
Орлов Олег, бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгалхо (Оьрсийчоьнана Iедало арахьарчу агентийн могIара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" цуьнца реза яц – ред.):
"Тамаше истори ю. ХIунда аьлча вайн доттагIий сербаш бу Боснехь а, Герцеговинехь а бусалбанаш байъинарш. Сараево хIаллакъеш хьийзира
сербийн тIеман дакъош, Соьлжа-ГIала йохийна Оьрсийчоь а санна. Сербашна тIамца гIо ца динехь а, цаьргахьа яра оьрсийн политика. Цундела ду тамашена – ТIе даш детташ латтийна Соьлжа-ГIала а, хIалаллакьеш хилла Сараево а, хIинца уьш Кадыров Ахьмад вазвеш Iа, Соьлжа-ГIала йохош хьийзинчу Оьрсийчоьнан ницкъашкахьа ваьлла волу Кадыров".
Орловна хетарехь, Боснерчу бахархошна евзачух тера дац Нохчийчоьнан историн и агIо: "Оьрсийчуьрчу стаганна дIо цхьанхьа, геннахь, хIолламаш хIитто, йоьллучу хьафизийн хьужарна цуьнан цIе тилла гулбеллачу нахана ца евза Нохчийчоьнан истори, ца хаьа цигахь хIун лелла а. Я церан цуьнан балаболучух тера а дац. Ахча луш хилча, таро нисъеш хилча, хIун ду и ниIматаш тIеэцарх!"
Суна хетарехь, цигарчу нахана гуш ю Оьрсийчоьнан дипломатин мекаралла, амма дакъалоцу оцу ловзаршкахь шина а агIоно
Балкане хьеший кхачар нисделла цигахь, Сребреницехь, 1995-чу шарахь дуккха а бусалбанаш байъина денош тIекхочуш хиларца. Югослави кхелехула чекхъяьккхинчу Дуьненаюкъарчу трибунало довзийтинчу терахьаша бахарехь, Боснерчу сербаша вийна цигара 7000–8000 бусалба. 2015-чу шарахь Дуьненаюкъара Цхьанакхеттачу Къапьмнийн организаци гIоьртира оцу къаьхьачу хиламна геноцид цIе тилла, амма Оьрсийчоьно вето кхайкхийра оцу сацамна дуьхьал.
"Серби – иза дукха хенара схьа Оьрсийчоьнан цIуьхIар хилла еха пачхьалкх ю. Оьрсийчоьнан паччахьаша а латтийна иза шайн тIома кIел. Суна хетарехь, цигарчу нахана гуш ю Оьрсийчоьнан дипломатин мекаралла, амма дакъалоцу оцу ловзаршкахь шина а агIоно. Иза шатайпа, бусалбанийн духьа ду а моьттуьйтуш, коьртах куьг хьакхар ду, оха бусалбанийн ларамбо уьш тхоьца хиларна, бохуш, амма кхузахь дерг ду и меттигаш Путинна муьтIахь ян гIертар. И болх, КадыровгIарех пайда а оьцуш, кхочушбан аьтто бу аьлла хета Москвана, шена КадыровгIар – да, воI а – пайде карийна хилар юьхьар а оьцуш арабаьккхина некъ бу иза", - боху нохчийн политолога Кутаев Руслана.
Боснера а, Герцоговинера а "Чечения фест"
Сербин Республикерчу Боснин а, Герцоговинан а Билеча гIалахь Товбецан-беттан 22-чохь хила езаш ю сагIин концерт "Чечения фест". ДIадиттинчу рекламин суьрташкахь тIеман духарахь гойтуш ву Кадыров Рамзан.
Кегийрхойн "Йезерине" цхьаьнакхетаралло яц боху шаьш тиллинчу бараман цIерца политика, иза шаьш бегашбеш тиллина, боху. Цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Милирадовича Владимира дицарехь, Нохчийчохь тIом боьдучу заманахь Йезерине юьртарчу кегийрхойх, уьш амална сиха хиларна, "нохчий" олдуш хилла луларчу Билечи юьртарчу наха. Цундела хаьржира боху бармна тиллина цIе "Чечения фест" а, реклама тухуш, Кадыров Рамзанан сурт а.
"Оха и [на постер] хIоттийна , амма цхьанна а хIуьттаренна дац иза. И цIе а йолуш, хьалхара фестиваль оха 7 шо хьалха дIаяьхьира, иштта, ца хуьйцуш, йитина цуьнан цIе", - дийцира Радио Свободин Балканашкарчу сервисе Милирадовича. Цо бахарехь. Хьалхарчу фестивалехь 200 стаг веана хиллехь, 2019-чу шарахь веана 2000. Ткъа 2020-чу шарахь пандеми бахьанехь хилла яц фестиваль.
"Чечения фест" фенстивалаш дIахьо меттигерчу Iедалан пурбанца: Билеча юьртан администрацино 500 Боснин марка елла (250 евро) иза вовшахтухуш кхушара. Кадыровн сурт рекламе даккхар Iедале хаьттина дац, амма иза дац цунна дуьхьал: Кремланна мутIахь а, Путина тIекъавеш а волу стаг ву суьрто гойтург.
"Путинах хьакхалушдерг – иза суна проблема еш хIума дац. Суна товш ву иза, иза воккха лидер хиларна", – билгалдаьккхира Радио Свободин Балканашкарчу сервисца къамел деш мэра Вуйович Веселина.
Амма фестивальна яьлла спонсор-хьукмат ю Черногорера, Никшич гIалара йий кхехкхош йолу фирма. Цуьнан да ю Америкера Molson Coors компани. Радионо фирмехь хаьттира, хаьий цигахь Кадыров Рамзан мила ву а, цуьнан суьрташ фестивалан юьхь йина дIасадетташ дуйла а. Жоа ца делира дуьхьал.
Амма бараман спонсорна ца хаа йиш яц иштаниг – Кадыров дуьненаюкъарчу санкцешна кIел воллу стаг ву. Цунна а, цуьнан доьзалхошна а дуьхьал Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна стохка Мангал-баттахь - "дуккхаза а къиза адамийн бакъонаш хьашарна", и некъ Кадыровс схьабохьу "итт шо сов хан" хиларна. Ткъа " Магнитскийн тептара" Цхьаьантоьхначу Штатийн финансийн министралло иза язвира цул а хьалха, 2017-чу шарахь.
КХИН А ХЬАЖА: Цхьаьнатоьхначу Шататаша санкцеш кхайкхийна Кадыровна дуьхьалАла дашна, Кадыров Ахьмадан цIе лелош йолу хьукматаш ягарйина ца валлал дукха ю ша Нохчийчохь, школаш, маьждигаш, майданаш хилла а ца Iа уьш. Чиллан-баттахь "Новая газето" дуккха а нах байъина, къайлаха, кхел а йоцуш, аьлла арахецначу артиклехь бехкеден ницкъхойн дакъа а ду Кадыровн цIе лелош – цигарчу гIишлош чохь хIаллакбина Нохчийчуьра дIагулбина кегий нах. Американ санкцешна кIел ю Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд а, футболан а, латархойн а клубаш а.