Марсхьокху-баттахь Нохчийчуьра эскархоша далхийра Кадыров Рамзане тIамера гIад дайначу хьолах. Оцу йуккъехула мехкан урхалхочо дозаллаш до, дIахIоттийначу барамах къаьсташ йолчу шен эскархойн экипировкех. Оьшучу гIирсан кхин дIоггара къоьлла йац кадыровхойн, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа. Амма тIемаш ледара бо цара, дIакхайкхийначу Iалашонийн дуьхьа "тIом бан а, бала а кийча цахиларна"
Кеп-кепара кадыровхой
Нохчийн эскархойн бистхилар гайтира оппозицин NIYSO телеграм-канало. Оцу кадраш тIехь – бархI эскархо ву, царех цхьаъ – Нохчийчоьнан байракх тIехь йолу кепка тиллина ву – ша 408-чу штурман декъан командир ву олу цо. Къилбан Донецкан агIор ву ша боху цо, ши сахьт даьлча цхьана эвлахь штурм йан дезаш а ду шаьш боху. Цо дийцарехь, даккхийчех герз а дац цаьргахь, "кхо-йиъ гранатомет а, иштта пхиъ-йалх "подствольник" а йоцург.
"Делан духьа, гIо дехьа тхуна тIеман гIирсаца", - боху камери хьалха волчу эскархочо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга. ТIаьхьа регионера Iедалхоша дIахьедира, гIо дехна эскархой – "Акула" 37-чу бригадин эскархой бу аьлла. Бутт бовш Кадыровн фондо дIакхайкхийра, шаьша царна гIо дахьийтарх.
Хьалхо телеграм-канало видео хIоттийра, цу тIехь эскархочо латкъамаш бо хина а, мацаллина а. ДогIанан хи моьлуш Iаш ду шаьш бохура цо. Цуьнан терго ца йира Нохчийчохь.
ТIамехь дакъалоцучу Къилбаседа Кавказера вахархочо шен цIе а ца йоккхуш дийцира Кавказ.Реалиин сайте, "Ахматан" декъана оьшург латтайар, церан куьйгаллин "бала кхачаре терра" ду аьлла. ТIамтIехь, "Оьрсийчохь масанхьа а санна", кхуьуш йу коррупци.
"Кадыровхойн дикачу хьелашкахь дакъош а ду, ледарчу хьелашкахь дерш а ду, - кхетадо цо. – Доккхачу декъанна арми меца йу. Аналоги йахь, вайна массарна а дагайогIу Нохчийчуьра арми: цара муха тIом бира, хIун йуура – оцу маьIнехь аьлча, кхин башха хийцам бац. Амма "тикток-батальонаш" тIех дика лелош йу. Церан тоьлла амуници а йу".
"Ахмат" батальонан урхалло билггал лелош йу йеза экипировка, америкахойн йолчух тера а йу, дийцира Кавказ.Реалиин сайто хеттарш динчу эксперташа. МогIарера тIемалой, церан дешнашца, дукха хьолахь "Алиэкспрессера тарлуш йинарг" лелош бу.
Вербовка йен коьрта пункт
Iедалхойн хаамашца, "Ахмат дакъа Iамораш дIахьош ду Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университетан (РУС) базехь. Кхузахь дукха хьолахь корматаллина Iамош бара Росгвардин, ОМОНан белхахой, хадархой, шаьш дIасалелон машенлелорхой а. Украинехь тIом болабелчхьана "университетах" йоккхачех плацдарм хилла йоллу пачхьалкхера йолахой а кечбеш.
Университет боху статус шеконашкахь йуьсу: юридикехь спортан-кхийсархойн клуб йу иза. Документаш тIехь, РУС – автономин коммерцица йоьзна йоцу организаци йу говзанчаш Iамош. Нохчийчоьнан дешаран министраллин лицензи йу клубан. Делахь а, цхьана а ницкъаллин структурина муьтIахь йац и.
ХIаваэ герз тохар тIамн пайден хилар ду ала йиш хилча, чIогIа лакхара хир дара церан маьIна
Университетан официальном сайтехь "университет" Оьрсийчохь хьалхара йу боху лерринчу дакъойн говзалла лакхайоккхуш йолу, "оцу кепара йолчу дуьненчуьра майданел а йоккха а йу" боху.
РУСан базехь нохчийн кечбина ца Iа, боху Израилан тIеман аналитико Шарп Давида. Кхузахь вовшахтухуш йу, вагнеровхой дагабохкуьйту "йолахойн-лаамхойн" батальонаш. Царна йукъахь бу Оьрисйчуьра доллу къаьмнийн векалш, иштта кавказхойн халкъийн векалш а цхьаьна.
"Коьрта момент: уьш къастош хила беза кадыровхойн гомогенан вовшахтохараллашца – "Ахмат-Север" батальонашца а, цунах тера йолчаьрца а. Йукъарчу каппашлахь лаамхой хилла ца Iаш, мобилизаци йинарш а бу. Мобилизаци йинчера долчул а тIеман хаарш церан алсамох ду", - тIетуху эксперто.
Шарпа бахарехь, РУСехь арахецначийн кечамбаран барам боьзна бу лерринчу программех. Оьрсийчоьнан стандарташца, лаам а, хан а йелахь, йуккъерчул а лакхара тIегIа хила тарло цигахь дикка Iамабахь: "Амма и курсаш цхьана кIиранна а эхакIиранна а, йа шина кIиранна йелахь, хIинца ма-хиллара, иза чIогIа гIад дайна тIегIа йу".
Мобилизацин йинчел а дика кечбина бу кадыровхой, амма зеделларг долуш, окопашкахь беха некъ" бинчу тIеман дакъойл а ледара хуьлу уьш, тIетов Украинан агIор тIемаш бан нахана рекрут йечу "Бахархойн кхеташо" тобанан декъашхо Соколов Дениса.
"Европера нохчийн Ассамблей" йиллинчу Сулумов ЯрагIина хетарехь, "цхьа а шеконаш йац, Кадыровн го дикка кечбина хиларх". Амма буьйцурш тIеман хьалхарчу позицешка хьийсораш бац, - царна герз а, кхинболу гIирс а ца тоьа, аьлла хета цунна.
ТIом бан цалаар
Оьрсийчоьнан спецназан университет йеш "шайн лаамехь" йукъа ахчанаш дехкира пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара баккхийчу нохчийн бизнесхоша, бохура Кадыров Рамзанан ницкъаллин блокехула гIоьнча волчу Мартынов Даниила.
2022-гIа шо доладелча кху шеран бIаьстенга кхаччалц Украинерчу тIамехь дакъалаца РУСо 980 миллион сом ахча дайина. Оцу ахчанан ах кхаьчнера нохчийн совдегаран Альвиев Мовсадин бизнес-структурашкара. Мехкан урхалхочун бIанакъост а, йуьртахо а ву иза, билгалдаьккхира "Важные истории" ресурсо.
Герз латтор – и ахча ду, ткъа цуьнца проблемаш йац Кадыровн, - билгалдоккху Соколовс. – Кху заманан герзаца йу проблемаш, йоллу армин а санна. Амма коьрта хаттар герз латторца дац, адамашца ду: кадыровхошна тIом бан а, бала а ца лаьа. И коьрта ду – оцу лаамах, йа лаам цахиларх доьзна ду тIеман зеделларг хилар а, тIом болчу заманчохь мотиваци хилар а".
Экспертан дешнащца, шен эскар Iалашдан хьийза Кадыров – дуккха а зенаш хуьлучу тIемашкахь цара дакъа ца лоцу.
Изза ойла йу, Украинехьа тIемаш бечу Шейха Мансуран цIарахчу батальонан цхьахволчу тIемалочун Очерхаджиев Асланан а: "Йа со, йа Шейх Мансуран цIарах батальон цкъа а цаьрца цхьанакхетта дац тхо. ХIунда аьлча, хьалхарчу позицешкахь уьш бац, Кремлан интересашкахьа бала мотиваци йац кадыровхойн".
Полисхойн ницкъаш тIамтIехь бу?
Царна хIара тIом- ахча даккха а, дахарехь дIанисвала а цхьа барам бу, аьлла хета Украинехьа тIемаш бечу къоман батальонан кхечу тIемалочунна.
"Тхо массо а бусулбанаш ду: уьш а, тхо а. Динехь аьлча, оцу тIамехь дакъалоцу шаьш муьлш ду хаьа царна. Даггара Ахьмадан некъах тешаш берш цигахь бу бохург, - и фантастика йу", - боху къамелдечо.
Соколов Денисан дешнашца, Нохчийчуьра эскархой Москвахь полисхой санна шаьш маьIналле хила тарло, амма цигахь а уьш эшар лахделла хила хьесап ду.
"Йуьхьанца, Гуьмсехь хIаваэ герз тохар тIамна пайден хилар лоручу хенахь, уьш чIогIа оьшура, - билгалдоккху къамелдечо. – Ткъа хIинца массарна а хууш долу дикка хан а йу, кадыровхой муьлш бу. Армехь а, штабехь а".
Америкахойн тIом зуьйчу Институтан (Institute for the Study of War) аналитикаша динчу жамIашца а догIуш, тIаьхьарчу хенахь президент Путин Владимир реза вац Украинана дуьхьал тIамехь кадыровхоша кхиамаш ца бахарна. Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхо гIоьртира Пригожинан тIеман министраллица хиллачу конфликтах шен авторитет меттахIотторхьама пайдаэца, цо хьийхира ЧВК "Вагнеран" ницкъаш нохчийн дакъошца дIасахийцар.
Политико дIахьедарш дешшехь, цуьнан эскарш хьалха санна хIинца а тылехь бу полисхой санна, церан Iалашонаш ладаме цахиларан билгало йу и, аьлла хета ISW-н экспертана Степаненко Катеринина.
- Спецназан ницкъаш кечбан республикехь центр йоьллуш хиларх дийца даьккхира 2016-чу шарахь. "Интерфакс" хьастана дийцира Кадыровс лаам хиларх "дуьненчуьра 200 тоьлла говзанча- инструктор тIеозон, иштта Африкехь а, Латинан Америкехь а, Азихь а тIемашкахь чекхбевлла Американ доларчу компанешкара а цхьаьна". Iамон нах а гулбийр бу ша бехира цо "доллу дуьненчуьра".
- Нохчийчоьнан урхалхочо видео хIоттийра Украинаца дозанехь йаьккхина. Кадраш тIехь гайтарехь, эскархой тIелеттера коьллашна а, цIенна а, биъ некъ къаьстачохь а. Кавказ.Реалиино къастийра, стенгахь бара кадыровхой, хьалхо кепаш хIиттош видеош йахарна "тикток-эскарш" аьлла, цIейахна.