Кибишев Муаз - ГIебарта-Балкхаройчуьра лаамхо ву, Украинехьа тIом бечу "Единый Кавказ" диверсин-таламан тобанан декъахо. И тоба йукъайаьлла дукха хан йац. Изза цIе йолчу телеграм-канале хьаьжча, гуш ду, церан тIемалой Донецкан махкахь Оьрсийчоьнан эскарна дуьхьало йеш хилар. Официалехь йоцчу цхьаьнакхетараллина йуккъе богIу Украинин тIеман министраллица контракт ца дина кавказхой. Амма цу министраллера тIеман гIирс а, бензин а кхочу царна.
Кавказ.Реалии сайте Кибишевс дийцира, ша а, кхинболчара а Украинехьа тIом хIунда бо, Кавказан кхане шена муха го, Оьрсийчоь бусалбанийн мостагIа шена хIунда хета.
–Хьайх лаций дийцахьа. Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан сацам муха хилира хьан?
– ГIебарта - Балкхаройчуьра ву со, Нальчикна уллорчу жимачу йуьртара. Даймахкахь Iаш вара, бизнес лелош а вара - нехан санна цIа а дара, керт йара. Ислам дин лелон вола ма веллинехь, йуьйлаелира сан проблемаш. Цигахь жима стаг динаца дерг нисдан воллушехь, низамхойн бу бохучеран бIаьрг тIехIутту.
– ХIун проблемаш йу уьш? Дин бахьана долуш тIаьхьабевллера уьш хьуна?
– Дерриге цхьана кепаца хуьлу церан. Хьоьгахь герз карийна олу, шайн тешашна хьалхха наркотикаш хьан киснара схьайохуш санна сурт хIоттадо. ТIаккха хьо дIавуьгу... Цхьаберш - цхьана хIусаме, вуьйш-лармичу, кхинберш-полицин декъе, эрна ара дIабигар нисло. ТаIзарш до, йаздан дезачохь хьоьга куьг йаздойта. Цул тIаьхьа хьо набахте вуьгу.
Со "тIеийцира" чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин, ФСБ-урхаллин йукъара "Э" операци йоьдучу хенахь, ("Э"- экстремизмана духьаллонан Центр.-билг. ред). Патармаш, автоматан дакъа, граната сан чохь карийна кеп хIоттийна, со низамхойн декъе дIавигира. Хьо полицин белхалошна тIелеттера алий, куьг йазде бохуш, суна таIзараш дира. Цара дийцина тIелатар цул цхьа де хьалха хилла дара. Сайн кхечу вежарех лаьцна доцурш аса олийла лууш бара уьш. Тоькаца таIзар дира суна, йетта а йиттира, садукъдеш, ницкъ бира. Шайн хирриг дира цара. Цхьа де даьлча, со СИЗО дIавигира. Аса ца лайра церан таIзарш. Сайга йазде аьллачохь куьг йаздира. Сайна эшам беш йаздира, нахана зуламе дерг ца дийцира, со чувоьллира.
Терроризм артиклаца дIалаьцна хиларе терра, набахтехь ламаз ца дойту, лартIехь йуург ца ло, изолятор чохь латтаво. Хьалхарчу шина шарахь хIуьттаренна, тхо меца Iайта, даарех хьакхин жижиг тухура. Даимна гIело йора, тхан коча оьхура, хIумма а ца дича а, цхьа питана дой, ШИЗО чохь дIакъовлура. Чувашерчу колонехь опере хаьттира аса: " Тхьоьга, бусулбанашка хIун ден боху аша?" Аша шайна тIехь жIара гайтахь, Iадда дуьтур ду, элира цо. И пачхьалкх йохаре сатуьйсу аса. Тхайн хIора тIемалочунна хьалхара ала бакъо йац сан, амма массара халла ловш йу и Оьрсийчоь, массо [цунна дуьхьал бу].
– Шу батальонера хьо цхьаъ ву йуьхь ца лачкъош. ХIунда до ахь иза?
– Цхьа а маьIна ца го суна лечкъарехь. Оьрсийчохь со лехаршка велла ву. Цига со, танк чу хиина, хIинцалерчу рожан дуьхьалонча санна бен ваха йиш йолуш вац.
– ТIом болабелчхьана ву хьо Киеван агIонехь. Цу хенахь хиллачу тIеман, хIинцалерчун хIун башхаллаш го хьуна?
– Хьалхарчу миноташкахь дуьйна вара со Киевехь, йуха Киевна уллохь, тIаьхьо Белорусси йолчу агIора дахара тхо. Цу хенахь хилла тIом хIинцалерчух тера бац. Цу хенахь оьрсийн эскархой тобанашкахь тIебогIуш хуьлура, хIинца оьрнаш чохь левчкъина, Iаш хуьлу, хьалха царна шаьш хIун леладо а ца хаьара. ХIинцалера тIом окопашкахь бу, Донецкан а, Луганскан агIора - массанхьа цхьатерра, оьрсийн эскархой хаалучохь. Хьалхалерчу тIамехь тIелатаршна дуьхьало йеш хуьлура тхо. ХIинца тIом чолхечу хьоле бирзина.
– Цу хенахь хьо гIирмин-гIезалошца, украинхошца хадамехь вара. ХIинца?
– ГIийло хьал ду. Амма ГIирмерчу бусулбанех кIезга адам арадаьлла оккупантаца тIом бан. ХIара аьлча, со везар вацахь а, олу аса. Арабевлларш бан-м бу, амма дукха бац. Тхуна башха дац, кавказхой бу, бац, тхуна коьртаниг, - тхо бусулба хилар ду. Тхан батальонехь болучеран йукъара дерг кхечу пачхьалкхашкахь Кремлан эскархошца тIом бина хилар ду, цхьаболчара [къийсам латтийна цаьрца ] Кавказехь. Тхан тIемалойх 99 процентана хаьа, уьш муьлш бу. Цундела тхо цхьаьнакхетта.
Тхо долчу агIора кадыровхой тхуна ганза пхи бутт бу
Цхьацца бахьанаш ду дIасакъастаран. ХIинца тхаьш ду тхо. Тхан байракхна тIехь шахIада ду "Ла ИлахIа илллаллахIу" аьлла йаздина ("АллахI воцург Дела вац. - билг. ред) ду, гушдолу сурт Кавказан [дозанийн карта] ду. Тхешан низамаш лардо оха, царел тIехдовла йиш йолуш дац. Тхуна магийна дац бусулба йоцчу пачхьалкхийн байракхаш айбан. Iеламхошка хиттина оха - тхоьга маггане мегар дац аьлла, [байракхаш тIехь йолу духар] лелон, тIамехь "вайниг, хийраниг" аьлла, вовшашна довзийта и лелош делахь а.
Иза бахьана долуш, тхан цхьа а хIума галдаьлла дац. Тхо кхузахь мел ду, тхоьга цхьамма а хIума ца аьлла. Кавказхой цхьаьна лела, документашца дерг хIинца къаьстина дац. Йа къастош дац. Наггахь тхуна новкъарло йан хьовсу, амма Везачун къинхетамца халонаш тхуна тIехйуьйлу. Тхо ду - джамаIат (бусулбанийн йукъаралла. - билг. ред). Тхан исламан структура йу, тхан буьйранчаш, прапорщикаш бац. Тхан ву - воккхахволу амир, цуьнан гIоьнчаш бу - наибаш. Шура - кхеташо йу.
И тайпа, [Украинин тIеман министраллица] контракт йанза батальонаш шиъ бен йац - тхайниг, [нохчийн ] Шейх Мансуран цIарах йерг. Хьалха тхо йукъараллин "Кавказ" корпусан декъех дара.
КХИН А ХЬАЖА: "ТIамехь хьалхарчаьрца бац кадыровхой": Бахмутерчу нохчийн тIемалочун къамелХIун Iалашо йолуш бо аша тIом?
– Украинхой шайн хIусамаш ларйеш бу, шайн мохк, шайн доьзалаш, машарехьа къуьйсуш бу. Кавказхой кху тIаме Оьрсийчоь гIелйархьама баьхкина. И Донбасс а, ГIирма а санна, Кавказ - оккупаци йина латта ду. Амма тхан мохк оккупацехь болу дикка хан йу. Цхьаболчара олу, тхо европхойн мехаллашна тIехIиттина, тIом беш ду. Амма иза бакъ хила йиш йац. Тхо кхузахь цхьаннан а куьйга бухахь дац. Нагахь тIом сацийна, дIадаха деза аьлла хетахь, оха иза цхьаьнгга а ца хоттуш, дийр ду и. Йукъарчу мостагIчунна зен дан тхан аьтто хилча, хIунда ца деш дара иза. Тхан Iалашонаш йу: тхайн динна гIо дан, тхайна гIо дан, украинхошна гIо дан. Тхо кхуза дахкар бахьана долуш, АллахIа тхох къинхетам бина, Кавказера хьал хийцалур дац-те?
– Украинхошца уьйр муха латтайо аша?
– Уьйраш латтор тхан дика дIадоьду. Тхайн хенан 80% тIеман хьалхарчу лоттийлашкахь дIахьо оха. Инарлашна тхо дуйла хаьа, оха хIун леладо хууш бу уьш. Цхьа а тайпа дуьхьалонаш, халонаш йац цу тIехь. Хьалхарчу лоттийлашкахь тхуна тIеман гIирс йа бензин оьшуш хилахь, тхуна иза хуьлуьйту. Вуьшта тхешан таронашца дохкуш ду. Волонтераша гIо а до тхуна. Тхан цаьрца дика гергарлонаш ду, оха хIун леладо хууш бу уьш а, тхуна гIо дан кийча бу. Тхо Кавказ паргIатйаккха лерина ма ду, иза исламан низамца йахийта лууш арадевлла ду, лулахошца хаза йукъаметтигаш хилийта луур ду тхуна. Оьрсийчоьнца дика йукъаметтиг тхан хила йиш йанне йац.
Оьрсийчохь гIаттамаш, карчамаш хиларе сатесна йу Украина. Амма цунна дицделла, йа поволжхой йа сибарехой, Кавказ гIатталц, гIовттур боцийла. Йерриге Кавказ, къаьсттина цхьа республика йа цхьа къам хилла ца Iаш - йоллу Кавказ хьалагIатталц, кхинберш хьоьжуш, хевшийна Iийр бу. Украинина дика лулахо йу Кавказ. Тхан вовшашца дегазлонаш цкъа а хилла йац.
– "Кадыровхой" олурш тIамехь хаабеллий шуна?
– Тхо долчу агIора кадыровхой тхуна ганза пхи бутт бу. Украинин тIеман ницкъийн эскархоша цкъа йийсаре винера цхьа "ахматхо". Амма иза йа нохчо йа кавказхо вацара, оьрси вара. Сибарехара вара иза. Цара йоллучу Оьрсийчуьра схьагулбеш ма бу уьш. "Ахьмат" цIарца вовшахтоьхна мел йолу батальонаш - деккъа цхьа хIушт ду-кх хIаваэхь. Уьш тIаманна кечбина бац, йа догIмашца, йа доьналлица. 2022-чу шарахь Киевна уллохь хиллачу тIамехь дукха белира уьш. ТIаккха йухабевлира.
***
Цхьаьнакхетараллин тIемалоша дийцарехь,"Единый Кавказ" диверсийн тобано тIаьхьарчу хенахь йинчу операцех цхьаъ Оьрсийчоьнца долчу дозанехь йина йара. Цул хьалха тобанан декъахой Бахмутна уллорчу тIамехь бара. Стигалкъекъа-баттахь украинхойн эскархоша дикка дIадаьхьира масех тIелатар, оьрсийн эскар Бахмутна къилбаседа агIора, къилбехьа а дIатоттуш.
Украино кечдина тIелатар, Киевн дIахьедаршка ладоьгIча, кестта хир ду - бIаьстенан чакхенгахь, аьхкенан йуьххьехь. Цу Iалашонна Малхбузехьарчу бертахьчаьрга тIеман гIирс бехнера цара. Бронетехника а, 150 чакхарма гена кхета ракеташ а, F-16 кеманаш а. Ракеташ, кеманаш, официалерчу хаамаша дийцарехь, царна ца кхачийра. Британхойн талламчаша бахарехь, оьрсийн эскаро Украинан латтанаш тIехь рекордийн терахьашца йуста тарлон фортификацийн чалхаш хIиттийна. Царна Украинан тIеман ницкъаша тIелатарш дийр ду.
Украинхойн Бахмутна хадар деш тIаьхьарчу масех баттахь боьдуш луьра тIом бу. Цу тIамехь дакъалоцуш йу нохчийн лаамечеран Шейх Мансуран цIарах батальон. Цу батальонера дукхахболу тIемалой Ичкерин маршонехьа тIемаш бина бу. Украине Оьрсийчоь чугIортар Нохчийчохь хиллачу тIемийн чакхе лору цара. Кавказ. Реалии корреспондентаца хиллачу къамелехь, царех шимма дийцира, тIеман тIаьхьарчу шаро шайн дахар хийцарах.