Кадыровн Нохчийчохь цIийнах мел верг жоьпе озор: тIемалойн гергарчарна муха таIзар до

Соьлжа-ГIала, архивера сурт

Соьлжа-ГIалина юккъехь республикан вахархочо ДПС-н инспектор вийра, цунна шена герз диттира. Официалан версехь чIагIдо, ницкъахо ламаз дечу юкъанна вийна, тIелатар динарг вада гIоьртича вийна бохуш. Цул тIаьхьа республикехь дуккха а нах дIалийцар долийра, тIемалочун гергарнаш ницкъахоша лачкъийра.

Лахьан-беттан 21-хь маьждигехь ницкъахочунна тIелатар дар республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдира. Зорбанехь тIелеттачун цIе гучуйелира – 19 шо долу Закриев Мовсар хиллера и, цо вийнарг лахара лейтенант Джамалов Джабраил вара. Инспекторера герз схьа а даьккхина, ураме ара а ведда, кхин а шина ницкъахочунна герз кхийса волавелла хиллера Закриев (царна хIумма ца хилла), бохуш дуьйцу. ТIаккха важа дуьхьал тоьхначу герзаца вийна.

Полисхо вийначу меттигехь. Оьрсийн пачхьалкхо ахча латтош йолчу ТАСС агенталлин сурт

Закриевс дIабазбина боху озан хаам хьахабо Baza-но: динах хаьддачарна дуьхьал "сийлахьчу тIаме" араваларх лаьцна дуьйцу цо цигахь боху нохчийн маттахь. Цул сов, телеграмерчу каналехь цуьнан ду боху сурт арахийцира: карахь урс ду цуьнан, иштта дуьненахь магийна йоцучу террорхойн "Исламан пачхьалкх" цхьанакехтараллин байракх а йу гойтуш. FotoForensics, InVID сервисашца и сурт теллича, Кавказ.Реалиин редакцина цу тIехь хийцамаш бина хилар гучудаьлла, цара тоьшалла дан мега, урс а, байракх а тIаьхьо оцу суртана тIейиллина хиларна.

Полисхочунна тIелатар дича жимачу стеган гергарнаш лечкъийна ницкъахоша Нохчийчуьрчу БухIан-Йуьртахь, дуьйцу Niyso телеграм-канало шайн хьасташна тIе а тевжаш. Оппозицин нохчийн 1ADAT телеграм-каналан хаамашца, 20 гергга кегийнах дIалецна кадыровхоша, Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан РОВД схьабалийна уьш. И хаамаш тIечIагIбо Европехь йолчу нохчийн бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино.

ДIагулбо, арабоху, сийсазбо

ТIемалой бу бохучу нехан гергарнаш лечкъор эвсара практика йу аьлла хета Къилбаседа Кавказерчу ницкъахошна, боху дукхазза Нохчийчохь хиллачу, цигахь Iаткъамна кIел нисвеллачу Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолчу адамийн бакъонашкахула а, гражданийн йукъаралла а кхиарехула йолчу кхеташонан экс-декъашхочо Каляпин Игоря.

"Низамехь ду-дац боху хаттар вайн пачхьалкхехь цхьамма а тергал деш дац. Цуьнан эвсаралла йалахь, куьйгалхойн коьртеш чохь цо пайда бахьа аьлла ойла йалахь, дерриг низамашна тIе туйнаш кхуьссур йу лечкъа а ца деш. Минотана а ойла йийр йац", - билгалдоккху бакъоларйархочо.

Низамехь ду-дац боху хаттар вайн пачхьалкхехь цхьамма а тергал деш дац

Доьзалан цхьаболчу декъашхошна дуьхьал репрессеш лелор – и кадыровхойн практика йу, федералан Iедало бIаьргаш хьаббина дуьту и гIуллакх, дерзийна Каляпино.

Масала, 2016-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-ГIалахь полисхошна тIелатар дича, Нохчийчоьнан Iедало митинг хIоттийра, байъинчу тIелеттачийн дайша-наноша гулйина аьлла дIахьедеш. Нохчийчоьнан бусулбачийн синан урхаллехь иштта дийцира цунах лаьцна: "Шайн граждански ойла гайта арабевлла терорхойн гергарнаш". Цул хьалха байъинчу нехан гергарчаьрца ницкъахоша къамелаш дира.

2017-чу шеран дечкен-баттахь "къоман гуламашкахь" Цоци-Йуртахь, Шелахь терроризмана бехкебечу нехан доьзалш шаьш бехачу меттигера сов, республикера арабаха сацамбира. Масех кIира даьлча Шелахь керла тIелатар дира полисхошна – ши низамхо а, тIелетта волу кхо стаг а вийра, маьршачу шиннан чевнаш йира. Iедало йуха къеста ца беш нах дIалеца болийра.

2017-чу шеран зазадоккху-баттахь Соьлжа-ГIаларчу Росгвардин декъанна тIелатар дича, ницкъахоша байъинчу МуридовгIеран вежарийн да дIалецира. Оцу хенахь и практика луларчу Дагестане кхечира – 2017-чу шеран гIадужу-баттахь ницкъахоша тIемалой бу бохуш бехкебинчу нехан Кизляран кIоштера кхо хIусам эккхийтира, йисте церан декъийн суьрташ ихкира.

Берриг доьзал бу бехке?

Кадыров Рамзана йукъайаьккхина йац "коллективан жоьпаллин" а, тIемалой бу бохучу нехан гергарчарна шога таIзар даран а практика, цо шорйина и. 2004-чу шарахь цуьнан дас Кадыров Ахьмада дIахьедира: гергарнаш хилла ца Iаш, ур-атталла лулахой бу жоьпаллехь. Сепаратистийн ичкерин агIонехьа тIом беш хиллачу нехан доьзалийн хIусамаш йагийра ницкъахоша, дуьйцура Human Rights Watch-н докладехь.

2014-чу шеран чакхенехь бакъонашларйархоша дийцира, Соьлжа-ГIалина тIелатар дича шортта хIусамаш йохорах лаьцна. ГIуран-беттан 6-хь Гехаев Юнусан хIусам йагийра Гуьмсан гIалин уллехь – цул хьалха Гехаевна байъинчарна йукъахь шен кIант вевзира, гIуран-беттан 7-хь дагийра Энгал-Йуьртарчу Касумова Майсетан цIа, цуьнан кIант а тIемалойх дIакхеттера. Дечкен-беттан 6-7 буьйсанна, "Мемориалан" хаамашца, Янди-КIотарара диъ цIа дагийра. ТIаккха гIуран-беттан 19-хь бульдозерца йохийра тIемало ву бохучун гергарчийн Берза-Боьрара (Кошкельды) хIусам.

ХIетахь Кадыровс дIахьедира, полисхо вийначун доьзал "сихонца республикера арабоккхур бу, йухаберза аьтто ца луш, хIусам шен бухца йохор йу".

Кхерийна, тебна Iар

Оцу тайпа практика [гергарчарна дуьхьал репрессеш лелор] федералхоша Нохчийчохь тIемаш долчу хенахь гуттара лелийна хиларх хууш дац, къаьсттина КадыровгIара лелош ду и, тидам бо "Мемориалан" бакъоларйархочо Орлов Олега, центр дIакъовлале "Горячие точки" программина куьйгалла дина ву иза.

2004-чу шарахь дуьйна, дагадоуьйту Орловс, байъинчу тIемалойн гергарнаш лецна ца Iаш, хьаннашкахь, лаьмнашкахь болчеран гергарнаш а дIабуьгура, - церан доьзал йийсаре лоцура, тIамелочо герз охьадиллича маьршабохур бу бохуш.

"Эвсара дара и. Нах арабовлура, уьш цIийа боьхкура, бовла меттиг ца йуьссура церан, тIаккха кадыровхой хуьлура царах", - билгалдоккху Орловс.

Низамлардаран органийн белхахой Соьлжа-ГIалахь

Нах лечкъоран динамикана тIехь тидам латто хала ду бакъоларйархошна, хIунда аьлча, йерриг факташ гуш-хезаш дIа ца йуьйцу, боху "Горячие точки" программин хилла йолчу координаторо Тарасова Галинас.

"Нохчийчохь хуьлучух дукхачу хIуманашна бIаьргаш дIакъуьйлу федералан тIехьоьжучу органаша. Хеттарийн доккха дакъа Кадыровн, цуьнан гонан а кара дIаделла ду", - дуьйцу юристо. Цо тIетуху, коммерцехь йоцучу цхьанатохараллийн "терроран" гIуллакхашна тIекхочийла адвокаташкахула, йа бехкебечийн гергарчарехула бен йац, нагахь санна цара бакъоларйархошка орца дехнехь.

Дукхачу хьолехь зен хилларш кийча ца хуьлу шайн бакъонаш гуш-хезаш къийса, хIунда аьлча, баккхийра кхерамаш лаьтта царна, тIаккха къоьвлина го хуьлу цунах, билгалдоккху "Iазапашна дуьхьало латточу Тобанан" юристо Кузнецов Альберта. Къилбаседа Кавказехь мобилан тобанашкахь болх бина цо хьалха, иштта цхьанатохараллин цигарчу филиалан юрист вара.

Нохчийчуьрчу ницкъахоша йа низам ца хьоьшу, йа и хьешарна жоп ца ло

"Республикашкахь хамаш тоъал сиха баьржа, ницкъахоша зуламаш лелорах лаьцна хеза наханна, амма уьш жоьпалле озийна боху хаммаш бац ала мегар долуш хьал ду. Цундела низам болх беш доцуш санна хета царна. Бакъонан аренехула орца даккха гIерта бакъоларйархой, амма низамо а, и кхочушдаро а нах реза боцуш битинехь, уьш бакъоларйархошка гIо деха ца хIутту. Церан бакъо йу и – иштта позиции хилар", - боху спикеро.

Масална цо даладо, ницкъахоша наханна тIехь Iазап латторна царна йинчу кхелийн статистика: тIаьххьарчу деа шарчохь оцу артиклехула бархI сацам бина - уьш берриг тIеман дакъойх хьакхалуш бу.

"Иштта хIунда ду? Нихчийн ницкъахоша йа низам ца хьоьшу, йа и хьешарна жоп ца ло. Амма оцу кепарачу хиламех лаьцна хаамаш сих-сиха зорбанашкахь гучубуьйлуш хиларна цигахь шолгIаниг ду аьлла хетало. Наханна и гуш ду, тIаккха низамлардаран органашка, бакъоларйархошка орца деха лаам ца хуьлу церан. Оцу кепара низамехь шайн бакъонаш ларйан гIирсаш ца буьссу цаьргахь. ЖамIехь – радикализацин вуно дика латта", - дерзийна "Iазапашна дуьхьало латторан Тобанан" юристо.

  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь хиира, Нохчийчохь кхаа шарахь пхи эзар гергга стаг доьза вайна хилар.
  • 2022-чу шеран исс баттахь Нохчийчохь 1598 стаг тIепаза вайна лоруш вара. Къилбаседа Кавказехь байначу нехан ах дакъа ду и. Регионашкарчу полицин главкашкара хаамашна тIехула и зераш далийна Оьрсийчоьнан МВД-но. ТIепаза байъинчу нехан терахьащца Оьрсийчоьнан регионашлахь кхоалгIачу меттехь йу Москва (2243) а, Москван кIошт а (1762) дIайаьлча.