"Кадыровн рожан динехь хилар - шалхо йу". Нохчийчохь ловзаршкахь керла дозанаш деттар

Кадыров Рамзан

Зуда йалийначохъ хIитточу ловзаршна тIехь Iуналла дан буьйлабелла йуха а Нохчийчуьра Iедалхой: марсхьокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь хьаькамашца а, ницкъахошца а, махкара динан урхаллин куьйгалхочуьнца а дIайаьхьначу кхеташонехь республикан урхалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра, дайн Iадаташца доцуш, муьлхха а "керла йукъадоккхучу" хIуманца къийсам латтабе аьлла. Ткъа регионера бусулбачийн Динан урхалло дIакхайкхийра шаьш кечдина "зуда йалорах-йерзорах низамаш".

Къилбаседа Кавказехь тIехбевлла ловзарш хIитторна тIехула проблемаш йийцарейен дуьххьара шо дац. Той дIадахьа доьзалша кредиташ оьцу, дехкарш тIехьерчадо. Оцу йукъанна и барамаш харж йеш дIабахьан масал луш берш лаккхара даржхой а, церан уллора нах а бу.

"Нохчашлахь йукъадохуш ду сонта низамаш, динца а, къоман ламасташца а догIуш доцу. Ловзарш хIитторна тIех сов ахчанаш дойуш хиларна, оцу керла йукъадохучу хIуманех бузу нах", - йаздира Кадыровс марсхьокху-беттан 16-чохь Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь.

Нохчийчоьнан урхалхочун йоIа, культурин министр йолчу Кадырова Iайшата оццу цхьаьнакхетарехь йовзийтира, "халкъан ламастийн леррина терго йен" долара "Ирсе де" ивент-агенталла.

Йиллинчу информацица а догIуш, фирмана регистраци йина Соьлжа-ГIалахь кху шеран зазадокху-баттахь. Иза йиллинарг а, цуьнан коьрта директор а ву Асаев Адам Махмудович, кхин совбаьккхина цунах лаьцна хаам бац. Журналистийн хаамашца, бизнес а, чу-ара цабаккхалун бахам а КадыровгIеран доьзало формалехь нахалахь бевзаш боцчу нахана тIейазбо.

Бриллианташ а, шуба а йоцуш

Кхеташо йерзош Нохчийчоьнан куьйгалхочо куьгйаздира тIедахкарийн: "къоман культурин мехаллаш Iалашйархьама, тIех сов харж ца йайта, социалан нийсо хилийтархьама" муфтиято хилла къамел дIатухур ду кIоштийн къеданех, маьждигашкара имамех. Дуьйцур ду царна ловзарш муха хIиттон деза, ткъа администрацийн куьйгалхоша а, полицино а тIехь терго латтор йу, и дехкарш кхочушдайта.

Рекомендацеш кечйан кIира сов хан ийшира Нохчийчоьнан муфтийна Межиев Салахьна. Марсхьокху-беттан 31-чохь зорбане йаьккхина "кхочушбан безачу барамех" 14 пункт. Масала, там 80 эзар соьмал совболуш хила йиш йац, амма цунна улло "устагIца а, чайнаца а, шекарца а совгIат даккха йиш йу". Ткъа невцана стунцхоша лучу совгIатан барам 10 эзар соьмал а лакхара хила мегар дац.

Кадыровс а, цуьнан гоно а лелон хIуманаш ду. Оцу тIегIанехь Нохчийчохь нускал дерзон йиш йолуш цхьа а доьзал бац

"Исламехь, нохчийн Iадаташца богIуш боцу барам совбаккхар, деза совгIаташ далар, масала: бриллиантан мухIарш, кетарш, чохь лелон техника, петарш, машенаш, иштта кхин дIа а, шога дихкина ду", - билгалдаьккхина документа тIехь. И низам дохийначунна хIун таIзар дийр долуш ду, йаздина дац.

Динан урхаллин тIедахкарш оьзда ду, цара кхайкхамбо совнах хIуманаш ца лелош, шен барамашкахь дерзор. Исламан низамаша там лакха ма баккха боху, ткъа тойнашка миска нах кхайкха. Кхин ду, и дехкарш Кадыровн доьзалех а, царна уллорчу нахах а хьакхалур долуш цахилар, билгалдоккху нохчийн диаспорин йукъараллин гIуллакхдархочо Албаков Шемала.

"Ловзаршкахь дозанаш деттар, маьждигаш хьаладар, некъаш дар, сагIадаккхар – и дерриг а дика ду, товш а ду, амма контекст йу коьрта. Проблема йу, и кадыровн рожан йоллу дикалла шалхо хилар. Муьлхха а Кадыровца, йа цуьнан муфтийца йолчу видеога хьовсийша. Совнах хIуманех боьттина бу уьш, церан диванашна а, тIемашна а тIера дIа, пхьегIашна а, духаршна а тIекхаччалц. ГIеххьачу барамашкахь тойнаш хIиттаде боху цара кхечаьрга, ткъа шаьш мел а чуьрабовлий хIума леладо", - кхетадо Албаковс.

Зезагийн гIашца беракема а, миллиард механ машенийн ковра а

Къилбаседа Кавказехь зуда йалочохь йаккхий харжаш ца йайта Iедалхойн дуьххьара хьийзар дац хIара. Масала, 2016-чу шарахь цхьатерра масех республикехь бехкамийн тулгIе йаьржира, цо а буххехула ца хийцира хьал.

ХIетахь Дагестанехь масех йуьртара джамаIато формалехь доцуш "зудайалоран низам" йукъадаьккхира, цо доьхкура кIантана а, йоIана а томана лучу ахчанан барам 300 эзар соьмел совбаккхар. Барам хедочарна гIуданаш деттара, и ахча маьждигашна а хьажош. Цуьнца цхьаьна ГIалгIайчохь тIедожийра нускал схьадалочу боьлхуш кхо-йиъ машен бен коврана йукъахь цахилийтар. Цо лахбан тарлора некъан бохамаш; ткъа нохчийн культурин министралло комисси вовшахтуьйхира, цара дIадохуш дара йукъара товш доцу хелхарш, духарш а.

2019-чу шарахь Нохчийчохь цхьа могIа гечдарш дийхира ловзаршкахь дакъалаьцначара. Кадыров Рамзана йоьдучу кхеташонехь бехкбаьккхира, маре йоьдучу йоIаца видео йаьккхинчу меттигерчу вахархочуьнгара. ТIаьхьо зуда йалийначу кIанта гечдар доьхуш видео дIайазйира, ша Iайгаца нускална хIума кхаллорна, ткъа кхин а цхьана нохчочо бехк цабилар дийхира шен вешин йоI марейоьдучохь Iарна.

2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Украинана дуьхьал тIом боьдучу йукъанна Нохчийчохь шуьйра тойнаш ма хIиттаде аьлла, кхайкхамбира. Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсера а банкетан хIусамаш хIетахь соцунгIа хилира, шаьш дIадахьа лерина ловзарш хуьлуьйтур ду шаьш, йа дац ала. Бехкамо новкъарло ца йира оцу баттахь нускал далор даздан UFCн латархочунна Чимаев Хьамзатана.

Султанех а, шайхех а лаьцна сериалашка а хьуьйсуш, йукъадохуш ду тоххара нохчийн хилла доцу ламасташ

Масех шо хьалха скандал иккхира нохчийн бизнесхочун Бажаев Мусан йоьIан Элинин совдегарца Мамакаев Бекханца хиллачу ловзарна тIехула. Монакохь хIоттийнера ловзар, ткъа цул тIаьхьа керла доьзал кхоьллина шиъ Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка дахара.

Зорбанашкахь йаздора, масех баттахь тегначу кучан мах 20 миллион сом бара бохуш. Амма йукъараллин дог датIийнарг цара йина харж йацара, нускалан агIоне йазвеллачу цхьаммо: "ГIоле стенгахь ду, Америкехь йа Рашкехь (Оьрсийчоь)?"- аьлла хаьттича, цо делла жоп дара. Оцу заманчохь МГИМОн дуьненайукъарчу йукъаметтигийн факультетехь доьшуш йолчу Бажаевас жоп деллера: "Рашкехьчул а гIоле миччахь а ду" аьлла. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Милонов Виталийс дIахьедира хIетахь, цо ког ловзор бац МИДехь аьлла.

Воккхачу бизнесхочун таронаш йайра КадыровгIара йинчу харжана хьалха: 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь зуда йалийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин кIанта Хьамзата. Безачу хьешашлахь бара луларчу мехкийн урхалхой: Евкуров Юнус-Бек, Битаров Вячеслав, Темрезов Рашид Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, казахийн олигарх Ракишев Кенес а, кхинболу вип-персонаш а.

Доьзалехь хIоттийначу тойна лерина уьш бехачу йуьртахь говраш хаьхкира, хьеший схьабалийра иттаннашкахь машенашца коврашца, хила тарлора бIе премиалан Mercedes, Rolls-Royce а, Bentley машенаш (церан массеран а мах миллиард сом бу бохура). Социалан машанашка йазбелларш эргIадбахийтинера оцу кепара хьолалла дIагайтарна, цо скандал а эккхийтира.

Хьоле дара 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича кIентан – Кадыров Абубакаран той а. И хIоттийнера коронавирусна тIехула дозанаш тоьхначу йукъанна. Нускал банкетан хIусамчу далийра гIудалкхчохь дошлой улло а баьхна Царна тIехула хьийзачу беракемано зезагийн гIаш даржийра хьешашна. ХIаваэ герзаш а диттира.

Кху шеран зазадокху баттахь шуьйра дерзийра Нохчийчоьнан урхалхочун 17 шо долчу кIантана нускал далор а. Тойнехь сурташ даха хьешашна дихкина ца Iаш, мехкан бахархошна а дихкира, нускал далош йогIучу машенийн суьрташ дахар. Нускал даладалале хьалха Кремлехь президенто Путин Владимира тIеэцнера кхиазхо.

Массарна а доцу низамаш

Ловзаршкахь дозанаш деттийта инициатива гIаьттира нохчийн бахархошлахь Кадыровс а, цуьнан гоно а дIаоьхьучу хьолана реза боцуш. Оцу йукъанна ловзарш иштта йаккхий харжаш йеш хIиттор атта сацон йиш йу, масал гайта а ца оьшуш, тешна ву "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо, политолог Кутаев Руслан.

"Совдерг леладо Нохчийчохь Iедалехь нисбеллачу наха. Цу тIе гIуллакх тоделла дац церан корматалла, хьекъал бахьана долуш, йамартлонна а, тешнабехкана, федералан Iедалца йукъарлонаш лелорна а ду. Султанех, шейхех лаьцна сериалашка а хьуьйсуш, нохчийн тоххара хилла доцу ламасташ йукъадалораш уьш шаьш бу. Цаьрга а хьоьжуш, "йуьхьIаьржа" ца хIитта хьийза цхьаберш, тIаьххьара ахча дойу цара, кредиташ оьцу, ловзар эшна ца хилийта", - билгалдоккху къамелахочо.

Кадыровн гонера зударша Iаткъамбарца доьзна ду ловзаршкахь керла дозанаш деттар

Кутаевс бахарехь, цхьана а могIарерчу нохчочо керла доьзал кхоьллинчарна петарш, йа йеза иномаркаш ца ло совгIатна, ткъа и совгIаташ дийраш - мехкан урхаллин го бу, цундела низам дохийначунна аьлла цхьа а таIзар йукъадоккхур дац.

Официалан статистикаца а догIуш, дахаран хьелаш ледара долчу регионийн могIарехь йуьсу Нохчийчоь. Доккхачу декъана, алапийн тIегIанех хIоттийначу рейтингехь республика чакхенехь йу, хIора кхоалгIа Нохчийчуьра доьзал къоьллехь бу.

Кадыровс тIеозийначу Iеламчаша Кадыровна ша лерринчу статусехь а, хьолехь а ву аьлла, хоьтуьйту, хIунда аьлча, боккха мохь бу цо тIелаьцнарг, цундела хьакъ ву иза, нохчех доккхачу декъана магош доцург а магийта, аьлла хета Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" нохчийн политикан организацин куьйгалхочунна Сулейманов Джамбуатана.

"Суна хетарехь, зуда йалош-йерзош диттина керла дозанаш доьзна ду Кадыровн гонерчу зударша Iаткъам барца, уггар а хьалха, наноша, зударша, тарло йоIарша а, цара дийцаредина хила тарло республикехь товш доцчу кепехь ловзарш хIиттош хилар. Цара тешийна хир ву иза, цуьнца къийсам латтор коьрта хиларх", - аьлла хета къамел дечунна.

Сулеймановс бахарехь, мехкан урхалхочун гонахарчу наха оццул йоккха харж а йеш, хьолехь нускалш дерзор гуш болу цхьаболу бахархой а церан тароне кхача гIертачух тера ду.

"Дера гуш ма ду, Кадыровс а, цуьнан гоно а долийна хIума ду и. Оцу кепарчу тIегIанехь той хIоттон таро йолуш вац Нохчийчохь кхин цхьа а, амма шайн ма-хуьллу дукха тIаьхьа ца бисса хьийза уьш, декхарш тIе а хьерчош. Цуьнга диллича, дозанаш деттар пайден хила а тарло. Ша ду, къестамаш а беш терго латтор йу цара ловзаршна тIехь, шаьш шайна тIера буьйлабала безаш бара бан-м", - дерзийра Сулеймановс.

  • "Украинская правда", "Важные истории" гIирсийн журналисташна йезачух, тоьлла вилла хаайелла Дубайхь Кадыровн. Пальмин куьцехь болчу гIайри тIехь ю иза, пхи седа болчу отелашна юкъа а йогIуш.
  • ТIех хьоле дахар ду аьлла, шен оппоненташа бехкаш дехкича, стохка аьхка жоп деллера Кадыровс: "Шун, мотт беттачийн, хIун гIуллакх ду сан доьзалца…уьш цхьанхьа хехкалуш бара, церан машенаш йу бохуш. ХIаъ, сан берийн массо а хIума ду. Машенаш, ахча, массо а хIума ду. Шу хIуммаъ йанне а йац".