Кадыровн седа. Турпалхочун чин хIунда юкъадаьккхина Нохчийчохь?

СаIудийн-оьрсийн дийцаредарш хилале Кремлехь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2017-чу шеран гIадужу-беттан 5-хь

Республикерчу эскархоша Украинерчу тIамехь дакъалоцучу юкъанна Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан Турпалхочун чин юкъадаьккхина. Кадыров Ахьмадан цIарх орденна меттана лаккхара совгIат хир ду цу седах. Регионерчу эскархойн Украинехь доьналла айъа Iалашонца доьзна ду боху эксперташа керла совгIат кхоллар, иштта федералан политикан кепехь Кадыровн кхиаран тенденцина тIе тидам бохуьйту цара.

70 грамм йолу китч

Орден кхолла лаам хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь хьахийра гIадужу-беттан 14-хь, тIаккха кхин а ши кIира даьлча Турпалхочун чин кхолларан а, цунна мидал юкъайаккхаран а омрана куьг йаздира цо.

Оьрсийн Турпалхочун Седаца дуьстича, нохчийн седа бархI маьIиг йолуш бу, тойина киртигаш, къоман бустам болуш. СовгIатан юккъехь баьццарчу гона юкъахь горга медальон йу, ах беттаса а, пхи маьIиг йолу седа а болуш. Гона тIедаздина "Къонах" дош ду, цунна бухахь "АллахIу Акбар, Ахмат – сила" ду – хьалхарниг бусулбачийн коьрта алар ду, шолгIаниг – кадыровхойн слоган йу оьрсийн маттахь, таханалера Нохчийчоьнан куьйгалхочун да Кадыров Ахьмад вазвеш олуш долу.

Юкъяйаьккхинчу мидалан йозалла 65-75 грамм йу. 750 цIаналла йолу деши леладо и кхуллуш. Масаллина – Оьрсийчоьнан Турпалхочун мидал кхузза йай йу, амма иза 950 цIаналла йолчу деших йеш йу.

ХIинццалц Нохчийчоьнан коьрта совгIат дара вийна волчу Кадыровн Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан цIарх орден. И кхуллуш 750 цIаналла йолу 60 грамм деши дойъу, тIаккха колодкана тIе оьхкина оьрсийн байракхан беснашкахь долу рубинаш, сапфираш, бриллианташ леладо – церан йерриг йозалла пхиъ гергга карат ю. 2004-чу шеран марсхьокху-баттахь кхоьллина йара и, Кадыров Ахьмад кхелхина кхо бутт балале.

Масала, къилберчу регионашкара совгIаташ механа гIеххьа дораха ду.

Тайп-тайпанчу регионашкара лаккхара совгIаташ – "Дагестанна хьалха хьуьнарш гайтарна", "ГIебарта-Баркхаройчоьнна хьалха хьуьнарш гайтарна", гIалгIайн "Хьуьнарш гайтарна" – уьш детих дина ду. "Слава Осетии" орден, "Слава Адыгеи" мидал а латунах йина ю, тIаккха "Кхарачойн-Чергазийчоьнна хьалха хьуьнарш гайтарна" орден иштта беза мах боцучу аьчках йина йу.

Оьрсийчоьнан къинхьегаман Турпалхочун седах тарйина йолу Ставрополан мехкан "Ставрополан къинхьегаман Турпалхо" коьрта совгIат деших дина ду. Дешин колодкица цхьаьна цуьнан йозалла 21 грамм йу. Иштта деших дина ду Краснодаран мехкан лаккхара совгIат а – "Кубанан къинхьегаман Турпалхо".

Шен йозаллица ГIалмакхойн лаккхарчу совгIато бен – КIайнчу лотосан ордено – конкуренци ца латтайо нохчийн совгIаташца. 750 цIаналла йолчу деших а, 950 цIаналла йолчу платинех а йоьттина ю иза, 13 бриллиантаца а, бархI рубинца а кечйина ю.

Ямадаевна тIера Патрушевна тIекхачалц

Хьалхлера Нохчийчоьнан лаккхарчу совгIатан – Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу орденан – кавалерийн тептар уггар гайтаме ду. Иза кхаьчначех доккха дакъа – уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера нохчий бу. Масала, ДелимхановгIеран кхаа вешина йелла иза – Шарипна, Алибекна, Адамна.

Нохчех боцу орденан кавалерех бу Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан хьалханча Лебедев Вячеслав, ВГТРК-н коьрта директор Добродеев Олег, Росгвардин директор Золотов Виктор, иштта Ларамаш бечу палатин куьйгалхо, вице-преьер лаьттина волу Кудрин Алексей, Москван хилла мэр Лужков Юрий, Кхерамазаллин кхеташонан секретарь Патрушев Николай, пачхьалкхан думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула волу хьалханча Слуцкий Леонид а.

Дукха хан йоцуш "Донецкан къоман республика" шех олучун сепаратисташна а делира и совгIат, иштта МММ финансийн пирамидан гIуллакххочунна Пушилин Денисна а, "ЛНР-н" куьйгалхочунна Пасечник Леонидна а.

СовгIат деллачу нехан тептарехь Путин Владимир вац. Амма царлахь бу Нохчийчохь тIемаш доьлхучу юкъанна буьйралла дина волу Трошев Геннадий, Нохчийчуьра хьалхарчу тIамехь сепаратистийн агIо а лаьцна, тIомбеш хилла волу "Восток" батальонан куьйгалхо Ямадаев Сулим а – Кадыровца дов даьлча Iарбойн Эмираташка ведира иза, цигахь 2009-чу шарахь вийра.

СовгIат деллачийн аьтто бу Нохчийчоьнан Iедалан органашка кхача а, Нохчийрчуьра администрацин куьйгалхошна тIекхача а

"Кадыровн орден йеллачу наханна леринчу социалан льготех а, гарантех а лаьцна" низамца а догIуш, Нохчийчоьнан Iедалан органашка кхача аьтто бу церан, иштта администрацийн куьйгалхошна тIекхача а. ХIора баттахь пхи эзар сом кхачадо царна, амма уьш кхалхахь, и ахча церан доьзална кхочу.

ТIаьххьарчу пхийтта шарахь, Оьрсийчохь сепаратизман, федерализман муьлхха а гучудийларш Iаткъам а беш дIадохучу юкъанна, регионашкахь керла совгIаташ юкъадоху боху хаамаш ца хуьлура, дуьйцу Кавказ.Реалига нохчийн Iедал шена тIахьдала кхерам хиларна шен цIе йаккха ца лиъначу оьрсийн цхьаволчу политолога.

"Лаккхара совгIат кхолларал сов, вайна кхузахь гушдерг ду, Нохчийчохь кхоьллина йолчу Кадыров Ахьмадан культаца иза иэдар. Регионашкарчу цхьанна а губернаторийн цIерш йац цигахь кхоьллинчу совгIаташ тIе йазйина, уьш мел говзалла йолуш хиллехь а, цара регинана куьйгалла мел иттанаш шерашкахь динехь а. ХIунда аьлча, администрацина кхета, совгIат ханна а, политикана а тIехула хила деза, йоцачу хенахь йолчу конъюнктурина кIел нислуш хила а ца деза. Кадыров Ахьмадал хьалха республика хилла йацара бохуш туьйра ма ду цара жигара кхуллуриг", - билгалдоккху эксперта.

"Шайчарна" совгIат

Кадыровхошна лерина керла совгIат кхоллар – иза нохчийн Украинерчу тIамехь дакъалаца догойла хилийтаран цхьа агIо ю. Даккхийра ахчанаш, социалан гIо лур ду бохуш дош далар, кхинйолу стимулаш – "патриотизм" айъаран муьлхха а гIирсаш лелабо Iедало, билгалдоккху Францера юкъараллин нохчийн жигаралхочо Албаков Шемала.

Кавказ.Реалиица къамелдинчо тидам бо, ишттачу стимуло дуьххьара ахча дукха дезарг иркархIотто мега, амма хIинца дукха наханна кхета, Украинаца тIом баран бахьанаш бух болуш доцийла.

"Йиссина стимулаш пайдабоцуш хилар шена кхетча, Нохчийчуьра а, ур-атталла луларчу республикашкара а тIаме баха ца луучу бахархошна эхь хетийта гIерта Кадыров. Ахчанца шаьш тIаме кхайкхарна наха реакци йеш цахилар гойту цо, цундела Нохчийчоьнан Турпалхочун совгIат юкъа а даьккхина, "патриотзмаца" ловза дагадеана царна", - чекхдаьккхина Албаковс.

Кадыров Ахьмадан цIарх орден маьршачу сферера ю, цундела кадыровхой тIамехь дакъалаца боьлча билггал тIеман совгIат дезна, билгалдоккху Европехь йолчу нохчийн пачхьалкхан хьалхаллин "Толам" Комитетан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Цо бахарехь, 1990-чу шерашкахь Нохчийчоь йозуш йоцучу юкъанна кхоьллина къоман традицица догIуш совгIаташ дара, амма Кадыровна лиъна, оьрсийн совгIатех тераниг кхолла.

ТIеман тийсдаларшкахь болчу оцу Iехийначу пекъаршна лерина деши хир дац

"Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу наханна лур ду и совгIат, кхерамазаллечу меттигехь собар а деш Iийначу наханна. ТIеман тийсдаларшкахь болчу оцу Iехийначу пекъаршна лерина деши хир дац. И орден леррина йина йоккха, деших, хьолахочун Кадыровн лелар ду иза, цхьа а моралан, къоман а мехалла йолуш дац", билгалдоккху Кавказ.Реалиица къамелдинчу эксперта.

Шайлахь кхуза кечамашка баьхкина кхечу регионашкара "лаамхой" а болуш, тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьра дуккха а нехан чоьтах шен статус ойъуш ву Кадыров Рамзан, билгалдоккху адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" Центран векало Орлов Олега.

"Цхьана регионан да а, нохчийн хьалханча а волчура, федералан политик хила гIерта иза. ХIинца Кадыровн аьтто хуьлуш лаьтта цу тIехь. Кадыровхоша гойтуш ду бохучу "хьуьнаршна" тIе тидам бахийта аьтто лур бу Кадыровна Нохчийчоьнан Турпалхочун совгIат юкъадаккхаро. И совгIат дIа мел ло, хIоразза а йоккха пиар-кампани хир йу", - хета экспертана.

Орловс бахарехь, "Кадыровна китч йеза", цундела деших совгIат хаьржина цо. ГIишлонаша а, цо видеош йохучу чоьнийн кечйаро а гойту, цуьнан чам цахилар, чекхдаьккхина эксперта.

***

Дуккха а шераш ду Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан культ йаржо гIерта: иза кхуллуш ю, 2004-чу шарахь вийначу цуьнан ден Ахьмадан дахаран истори язъян гIертачу гонах, регионан дахарехь оцу доьзало лаьцначу ша-тайпачу декъаца билгалйоккхуш. КадыровгIеран сий деш мел лахара а 346 республикерачу урамна церан цIераш техкина, ткъа цIераш хийцарца болх шайна аттачу баккхархьама меттигерачу низамашкахь а цхьаьна бина хийцамаш.

Кадыров Ахьмадах лаьцна книга школийн программаш йукъа йахийтира Нохчийчохь. "Серлоно къагийна некъ" жайна лакхарчу классашкахь Iамо дезаш хилар тIедожийра. Иза язйинарг ву полицин майор. Меттигерчу хьехархоша а, бакъонашларъярхоша а мах хадийра цу арахецаран, КадыровгIеран культ кхолларехь кхин а цхьа гIулч ю аьлла.

Кадыров Ахьмадан 71 шо кхачарна лерина хIитточу барамийн план тIечIагIйина Iедалхоша – цу юкъахь нисъелла 364 кеп-кепара акцеш, массара а дIахIиттийна ден ламазаш а, социологин хаттам а, чIерийлецархойн къовсам а. Цул сов, ерриг меттигерчу министраллашкахь Кадыров дагалоьцуш мовлидаш йоьшур ю, цхьана дIахIиттина ламазаш дийр ду.