Кадыровн ша-шех воккхавер. ХIунда яккхалур яц Нохчийчоьнан куьйгалхочунга "Азов"?

"Азовсталь", 2022-чу шеран Охан-бутт

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIеман министрца Шойгу Сергейца хиллачу цхьанакхетарехь тIедожийра "Азовстальна" тIелатар ма де аьлла – иза ю украинхойн Мариуполехь яккхийрчех цхьаъ эчиг кечдаран комбинат, бутт сов хан ю иза украинхойн эскархоша ларъеш. Оцу хеначохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бутт хьалха дIахьединера завод "схьаяккхарх а, дIацIанъярх" лаьцна.

"Азовн" а, 36-чу хIордан гIашсалтийн а тобанаш йоцурш комбинатан катакомбаш чохь бIеннаш маьрша гIалин бахархой бу, дукхачу хьолехь зударий, бераш а. ТIелатар цадар уьш ларбарца доьзна дац – оьрсийн Лаккхара омралучо кхетийна и сацам салтешлахь, эпсаршлахь ца хила йиш йоцу даккхийра зенаш хиларна кхерам латтарца, заводан инфраструктуран латта кIелара шатайпаналла тидаме а оьцуш.

ТIелетачарна кхайкхам

Путина хьахийна долу "Азовстальна" тIелатар дIадерзоро тIеман тийсадаларш сацийна бохучун хIинца а дац тIечIагIдарш, дуьйцу Украинан стратегин талламийн Къоман институтан белхахочо Замикула Николайс. Хьостанашца а догIуш, индустрин дозанна тохарш дар а, оьрсийн эскарийн тIелетар а сацанза ду, иштта, Кремль дан ца хIоьттинарг ду - цхьа инарлойн тIелатар, йа тIеман тийсадаларш марсдахар.

ТIеман позицера дийцича, и сацам кхетон мегара ду ницкъаш кхечу Луганскан, Харьковскан, Донецкан кIошташка дехьабаха безаш хиларца, цигахь тIелатар чIагIделла. Оьрсийн эскарийн аьтто ца баьлла фронтан доза хадон, Мариуполехь тIегулбина адамийн ницкъ ца тоьа царна, билгалдоккху украинхойн эксперта. Дуьххьара гIала ерриг схьа а яькххина, цул тIаьхьа эскарш дехьакхийса планаш хилла хила тарло, амма украинхойн эскархоша дуьхьало яро тIадам хIоттийна оцу плана тIе.

"Азовстальна" тIелатар иза чIогIа боккха кхайкхам бу тIелетачарна – индустрин дозано и ларъечарна вуно дика позициш елла дуьхьало йан, ткъа лаьттехула йолчу тоннелийн машано ларбо уьш яккхийра тоьпех а, бомбанех а. "Азовсталь" ларъеш ду украинхойн эскархойх уггаре деганлаам болу дакъа – "Азов" полкан а, 36-гIа хIордан гIашсалтийн тоба а, уьш кхеташ бу оцу чолхечу хьолах, дуьхьало йар бен шайн ца диснийла кхеташ бу уьш. Кхин агIо яц", - дагардо Замикулас.

Your browser doesn’t support HTML5

"Кадыровн эскаран" Украинехь эшар

Батте даьлла тIелатар

Зазадоккху-бутт юкъабаьлча хиира "Азовсталь" тIамца яккха гIерташ хилар. Кадыров Рамзанан телеграмерчу каналехь хаам арабелира, Мариуполерчу тIемалойн тобана куьйгалла дечу пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама "доларчу тобанашна кхерам ца хуьлуьйтуш, жим-жима заводан доза дIацIандан тIедиллар дина", аьлла.

Диъ де даьлча цо рапорт йира, "нохчийн эскархой Мариуполан агIонехь кхиамца тIеоьхуш бу. Йоккха "Азовсталь" завод лаца а лаьцна, дIацIанйиначул тIаьхьа гIалана тIелатар долийра цара, квартална тIаьхьа квартал мукъайоккхуш".

Охан-беттан 4-хь Кадыровс хаамбира, нохчийн эскархой "жигара тIелетта комбинатана". Масех де даьлча цо дош делира дуьхьало е украинхой шайн чакхенга кхачор бу ша "Голливудан ерриг жанрашкахь санна", тIетуьйхира, "хеппи-энд гуш яц", аьлла. Охан-беттан 12-хь кхин а цхьаъ видео гIаръелира "Азовсталехь" тийсадаларш гойтуш – оцу тIехь кадыровхоша, дийцарехь, украинхой дIалевчкъина меттигна тIе герз кхуьйсу, ткъа оцу чу оьккхуйтург кхуссу. Амма дуьхьала герз ца кхуссу царна.

ТIаьххьаре а, тIелатар сацаде аьлла, омра делча Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцира, шен шича Кадыров Халид, депутат Делимханов а, Росгвардин полкан командиран гIовс Рашаев Султан (иштта вевзаш ву Кадыровн "киллер" санна) "селхана дуьйна дагахь бара "Азовсталь" заводна тIелата, бохуш.

Мариупольна тIе вуно дукха ницкъ а, ресурсаш а йойъу, дуьйцу Кавказ.Реалиига Соьлжа-ГIалахь Iийначу "Мысли Ислама" ютюб-каналан авторо Белокиев Ислама. Цо бахарехь, "Азовсталь" ларъяро хIора де дIа мел-дели украинхойн тIеман доьналла хьалаойбу, ткъа иза схьаяккхар боккха толам санна гуш хир бара. Цундела Кадыровна лаьара ша оцу тIелатарна юкъавазван, жигара пиар йора цо шена оцу тIехь.

Къена говр караерзорах цхьамма дозаллаш ца до, массарна леа маса айгIар караберзон

"Къена говр караерзорах цхьамма дозаллаш ца до, массарна лаьа маса айгIар караберзон. Иштта мерза бу вевзаш волчу тIемалочунна тIехь баьккхина толам, цо ша-шех дозалла дар совдоккху, масала даладо Белокиевс. – Цундела лаьара Кадыровна оцу тIамехь толам баккха, хIунда аьлча, иза кхеташ ву, и уьстагI ша тилон хьакъболуш бу аьлла. Амма Путин тIелата реза ца хилча Кадыровн кхи хIуммаъ а ца диссира, иштта дIахьедарш дан бен: цара цхьажимма Iийна буьззина толам боккхура. Массара дуьйцура ма ду паччахь уьшал чу хиъна, бохуш".

Белокиев тешна ву, Нохчийчоьнан куьйгалхочо "шахташ тоьпан дилхаца юзург" хилар, оцунна кийча а вара иза. Яккхийрачу тIеман тобанашна тIехь куьйгалла дан лаар а, вуно чIогIа стратег волуш санна, ша гайта лаам хилар а ду и стаг Iуналлехь латтош, муьлхха мах бала реза ву иза оцунна дуьхьала.

"Вайна дагадогIу кадыровхоша къорза береташ йохучу къийсдаларшкахь дакъа муха лецира. Оцу скандале хиламо гойту, Кадыровна хьалха коьрта Iалашо юйла а, иза муьлхха агIор цунна тIекхача гIерташ ву а а. Хууш ма-хиллара, шена кхерамазалле долчу агIор", - билгалдаьккхина блогера.

Кадыровн ресурсаш яц

Нохчийчоьнан куьйгалхочун риторика а, цуьнан "тик-токера тIом" а къаьсттина чоьхьарчу оьрсийн аудиторина хьажийна ю

Путинан а, Кадыровн а дIахьедарш вовшашца догIуш дацахь а, цу шинна юккъехь цхьа а конфликт ю аьлла ца хета украинхойн политологна Замикула Николайна, хIунда аьлча, Нохчийчоьнан куьйгалхочун риторика а, цуьнан "тик-токера тIом" а къаьсттина чоьхьарчу оьрсийн аудиторина хьажийна ю. "ТIеман хьолан мах хадоран чулацамехь а, Оьрсийчоьнан буьйраллин планашца а оьший-те баккъал а тIеэца" Кадыровн дIахьедарш аьлла, хета цунна. Цо билгалдоккху, "хIинца операцина тIебирзина кхин нах хилар, и къаьсттина бIаьрла ду Оьрсийчоьнан операцина тIехь буьйралла дан коьрта куьйгалхой хIиттийначул тIаьхьа".

Замикулас билгалдоккху, тIеман агресси тIехь пиар еш волчу нохчийн политикан йанне яц "Азовстальна" тIелатар дан ресурсаш, шен декъехь дуьхьало еш болучеран позициш чIогIа хиларна.

"Кадыровхойн баккъала долчу тийсадаларшкахь болу тIеман мах шеконе буьллу шаьш оьрсаша а. ХIинцале маьршачу бахархошна дуьхьала зуламаш дарца бен къаьстина бац уьш. Завод схьаяккхархьама берриг тIеман гIирсан спектр комплексехь лело еза – иштта еза яккхийра тоьпаш, стратегин бомбанаш кхуьйсург а. Амма царна тIехь куьйгалла деш верг Кадыров вац", - тIетуху къамелдечо.

Таханлерчу Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь болчу 1ADAT боламехь а реза бу ишттачу мах хадорна. Хууш долу хIума дагадаийтира цара – Кадыров Рамзанна цIарах телеграмерчу каналехь яздечунна тIехь тидам латтош яц Кремль. Хаамийн хьост санна тешаме а вац иза: масала, Чиллан-беттан чакхенгахь дуьйна цо "хIинц-хIинца" Мариуполь схьайоккху аьлла 30-зза сов, амма гоне лаьцна йолу и Приморскан гIала хIинца а яц ерриг оьрсийн оккупанташа дIалаьцна.

ГIашсалтичо шена мел-луу дозаллаш дийра ду, амма чакхенгахь цо муьтIахь кхочушдо тIедилларш

"ТIелатар дан цхьа а ресурсаш яц Кадыровн. Цхьаъ дIахьажон, йа цхьаъ схьаяккха возушвоцу стаг вац иза. Кадыров стратег вац, йа тIеман стаг вац, кадыровхойх пайда ца хиларх лаьцна дуьйцу ур-атталла цуьнца цхьана агIонехь тIом бечу эскархоша а. Кадыровс шех "гIашсалти" олу. Ткъа жимма мукъане коьрта сацамаш тIеоьцушверг гIашсалти вац. ГIашсалтичо шена мел-луу дозаллаш дийра ду, ша оьшуш хилар дестора ду, амма Путина шен гIашсалтешка цIадерза аьлча, цара муьтIахь кхочушдо и тIедиллар", - дийцина 1ADAT-хь.

Украинан президентан офисан хьехамчас Арестович Алексейс де хьалха дIахьедира, тIеман кечам лахара хилар бахьана долуш нохчийн тобанаш Мариуполе дехьалестийна, аьлла. Цо хаамбира, Кадыровн Путинца "томехь доцу къамел" хилла, тIедиллина гIуллакхаш цо кхочуш ца дарна.

***

  • Охан-беттан 25-гIа де – Оьрсийчоь Украине тIамца чугIоьртина 62-гIа де ду. Украинана бIе километр генахь Iуьллучу Брянскехь йолчу Транснефть компанин мехкдаьттан базехь цIе яьлла. Керстийн Пасхан дийнахь Украинан малхбалера гIаланаш юха а тохаршна кIел нисъелира. Украинерчу Iедало хаамбо, малхбалехь оьрсийн тIелатаршна кIел нисъелларш Славянск, Краматорск гIаланаш хиларх лаьцна. Зеленскийца дийцарш дан Киеве кхаьчна Американ пачхьалкхан секретарь Блинкен Энтони а, тIеман министр Остин Ллойд а. Путин Владимиран Украинехь тIом дIабалийтархьама дипломатикехь дIагIерта лаам дIабаьлла, цуьнан метта, хетарехь, из гIерта украинхойн мелла а дукха латтанаш дIалеца, тIечIагIдо Financial Times гIирсано.
  • Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза кхайкхамбира президенте Путин Владимире спецопераци ма сацайе аьлла, дехар деш. Луьра критика йина цо Украинаца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоьнан делегацин куьйгалхочо Мединский Владимира динчу дIахьедарна а, тIом болабелча махкара дIавахначу телевизионан белхалочух Ургант Иванах патриот аьллачу Оьрсийчоьнан пресс-секретарна Песков Дмитрийна а.