Кадыровн закъалтхо? Нохчийн оппозиционерийн ненан Мусаева Заремин керла бехкзуламан гIуллакх

Мусаева Зарема

Нохчийн оппозиционерийн Янгулбаев Абубакаран а, ИбрехӀиман а, БойсгIаран а нанна Мусаева Заремина дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх долийна набахтен балхана новкъарло йина аьлла. Диабет лазар долу 55 шо долу зуда карарчу хенахь набахтехь хан токхуш йу, полисхочунна тӀелатар дарна бехке а йина. Бакъоларъярхоша а, Мусаеван кӀенташа а тхан сайтаца динчу къамелашкахь чӀагӀдо, цунна дуьхьал айдина керла бехктакхаман гӀуллакх Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бекхам бар ду аьлла.

ГIадужу-бутт бовш Мусаева Зареме Талламан комитетера талламхочо хеттарш динчул тIаьхьа хиънера, Устрада-ГIалара колонин белхахочунна тIелатарна цунах шеконаш хиларх. Оцу стага денна дIасалелош хиллера иза дарбанан цIийне. ТаIзар динчо даредина, ша кхеташ йац, цара дуьйцург хIун ду, хIунда аьлча, ша цхьаннах а пIелг Iоьттина цахиларна.

"Цуьнгарчу хьолаца колонихь иза латтайойла дац, цунна хаддаза дарба оьшу, диета ларйан а йеза, Iуналлехь латтон йезаш зуда ю иза. РогIера кхин а цунна хан тохар, иза йер санна хIума ду", - дийцира "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс.

Лахьан-беттан 11-чохь гIараделира, талламхочо адвокате Савин Александре керла бехктакхаман гIуллакх делларх лаьцна хаийтина хиларх. И гIуллакх айдарх бинчу сацамехь йаздина ду, гIадужу-беттан 29-чу дийнахь диспансерера колони йуха йуьгучу заманчохь, машенчохь йолчу Мусаевас йаьIни тIе тIара тоьхна, аьрру агIор белшаш тIехь хилла цуьнан погон схьайаьккхинера аьлла.

Колонин белхан къепе йохор аьлла цунна дуьхьал йаьккхинчу артиклехула цхьа таIзар бен деш дац – пхеа шаре гергга чохь йаккха хан тохар.

Билггал чохь йаккха хан тоха тарло цунна. Иза закъалтхо йу, цуьнан кIенташна бекхам беш ву Кадыров

Мусаева хӀинцале а "ницкъаллин" артиклца бехке йина хилар тидаме эцча, талламо а, кхело а керла "зулам" рецидив санна лара мега, бохуш дийцира шен цIе ца йаккхар доьхуш, Къилбаседа Кавказера хьал девзаш волчу "Мемориал" бакъонашларъяран центран белхахочо.

"Билггал таIзар дан тарло цунна. Иза закъалтхо йу, Кадыров Рамзан бекхам беш ву цуьнан кIентий бахьана долуш, нохчийн Iадаташца и тайпаниг догIуш доццушехь, ур-атталла ислам даржале хьалха а цхьаьна хилла дац. ТIаьххьарчу хенахь Мусаева Заремин хьал тодала доладеллера, махкара эндокринологин ддиспансере иза охьа а йиллинера. Амма цуьнан кIанта Кадыровх лаьцна тIаьххьара дIахьедарш динчул тIаьхьа, дерриг а хийцадели. ХIун хили цунах? Керла бехкзуламан гIуллакх хили", - аьлла билгалдаьккхира къамелдечо.

Цуьна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо эргIад вахийтина хила тарло, цуьнан кIенташа лелош йолчу 1АДАТ телеграм-каналехь шога критика йеш зорбане йоху материалаша. Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан гонехь болчу нехан а мах хадош, материалаш йаржайо цара.

"МогIарера кадыровхоша а могуьйтур дацара иштаниг"

Мусаева Заремех лаьцна гIарадаьлла дийцар доладелира 2022-чу шеран дечкен-баттахь, Лаха Новгородера шен хIусамера иза лачкъийча. Цуьнан хIусамдех таллам бан баьхкинера полисхой, Нохчийчохь Лакхарчу кхелехь суьдхо хилла Янгулбаев Сайдица гIуллакх долуш, амма и дIавига церан аьтто ца белира, цуьнан леррина статус хилар бахьана долуш. Лачкъийначун кхолламах лаьцна кхаа дийнахь хууш хIума дацара, йеккъа кучаца а, чохь тудучу кIархашца а дIайигина йара иза цIера.

Бертаза Нохчийчу дIайигинчу Мусаеван хьокъехь протокол хIоттийра полисхо сийзазвина цо аьлла, чохь сацийра иза 15 дей-буьйсий хан а тоьхна. Цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх айдира: протокол хIотточу белхахочунна тIелетта иза бохура. ТIаьхьо курхаллаш лелорна а бехкейира –оцу тIехула лаьцна йитира иза кхин дIа.

Лачкъийна шолгӀачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгӀеран доьзална цаьрца йист йоккхур йу бохуш. Цунна тIетайра лаккхара кхерамазаллин хьаькамаш а, пачхьалкхан белхахой а: Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама массарна а хьалха кхерамаш тийсира церан доьзалхойн "кортош дохур ду" шаьш аьлла. Соьлжа-ГӀалин йуккъехь ЯнгулбаевгӀеран доьзална дуьхьал дуккха а эзарнаш нах вовшахтоьхна митинг хилира – цигахь республикерчу Ӏедалша нуьцкъала гулбинчу пачхьалкхан белхахоша дагош, мийраш бетташ, кегдира церан суьрташ.

2023-чу шеран товбеца-баттахь Мусаевана пхи шой ахшой хан туьйхира, тIаьхьа эхашарна йацйира цунна кхайкхийна хилла хан.

Политикан бух болуш ду аьлла хета бакъоншаларйархошна цунна тIаьхьабовлар, адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхехь дуккха а харцонаш лелийнера аьлла. Хенал а хьалха Мусаева арайаккха гIиртира цуьнан адвокаташ, могушалла ледара хиларна тIе а тийжаш. Шела гIалин кхело дуьхьало йира, "ницкъаллин органийн векалшна тIелата кхерам" лаьтта цуьнца аьлла.

Адамашна хетачуьнца бала бац Кадыровн, коьртаниг – Путина бакъо йалар

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело даредира, нохчийн оппозиционерийн ненан хьокъехь даржашкахь болчу наха низамаш талхорах. Цунна компенсаци санна 52 эзар евро ахча дала декхаре йира Оьрсийчоь. Кхин а ялх эзар ах эзар ахча Мусаеван гергарчарна кхачийра Европан кхело – цуьнан хIусамдена, суьдхо хиллачу Янгулбаев Сайдина а, церан йоӀана Алияна а. ТIейожийна компенсаци царна дIайелла йац хIинца а: Украинина буьззинчу барамехь тӀелатар дан долийна дукха хан йалале Оьрсийчоь дуьхьал йелира Страсбурган сацамаш кхочушбан.

Ма-дарра аьлча, Мусаева лаьцна латтон цхьа а бахьана дац Кадыров Рамзанна, дийцира Кавказ.Реалиин сайте цуьнан кIанта, 1АДАТ боламан куьйгалхойх цхьаъ волчу Янгулбаев ИбрехIима.

"Нана лачкъийначул тIаьхьа тхешан болх сацирий оха? Ца сацийра. Критика лахъйелирий? Ца йелира. Оцу йукъанна Кадыровна дуккха а негатив кхочу, "зударшца тIом бийриг", шен оппонентийн наношца къийсам латториг ву аьлла, тIеоьцу иза. Суна хаарца, могIарерчу кадыровхоша шаьш а къобалдеш хIума дац иза", - билгалдоккху къамелдечо.

Иштта Янгулбаевс билгалдоккху, бехктакхаман гӀуллакх шайггара кхоьллина хилар. Катоьхна дарбанан хIусаме охьайилла йезаш йолчу зудчо таIзар кхочушдаран федералан урхаллин герзаца волчу белхахочунна тIелатар дийр дац. Баттахь сов хьаьдда лийлира адвокат, иза дарбана чу йижон.

"Ша санна болчаьрца, оццу сенаторца Керимовца, йа ЧВК "Вагнеран" долахочуьнца Пригожинца къийса ца хIоьттира Кадыров. Амма бакъду, цо кхиамца тIом бо цомгуш йолчу зудчуьнца. Украинехь тӀом балале цунах кхьардара цхьана нохчийн йукъараллехь, хӀинца цуьнан сонталлех а, стешхаллех а лаьцна йерриг Оьрсийчоьнна а, дерриг дуьненна а хаьа. Суна хетарехь, Африкера а, Азера а цхьана а диктаторера цкъа а оцу кепара хIума даьлла дац", - боху бехкевечун кӀанта.

Нанна дуьхьал керла бехктакхаман гӀуллакх дӀадолорца Кадыров гӀерта муьлхха а шена реза боцу нах совцон, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь Мусаеван шолгӀачу кӀанта, бакъонашларъяран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин хиллачу юристо Янгулбаев Абубакара."Цунна бен башха дац, зуда, йа стаг, и къена йа къона хилар, и цомгаш хилар а. Бехке ву, йа вац бохург а тидаме ца оьцу. Адамашна хетачуьнца цуьнан бала бац, коьртаниг – Путина магийтичхьана",- элира бакъонашларйархочо.

"Iедалан бекхаман садизм"

Мусаевана дуьхьал долийна керла бехктакхаман гӀуллакх юьхь йоцчу абстракте "Нохчийчоьнан Ӏедалша" долийна а доцуш, цхьана Кадыровс долийна хIума ду. Иза ву, Путина шена бакъо йеллачу гурашкахь, республикехь хуьлуш дерг дерриг а цхьана куьйга лелош верг, билгалдоккху бакъонашларъярхочо, герзаца тӀом болчу зонашкахь дӀахьочу аренан миссешкахь дакъалаьцначу Дмитриевский Станислава. ШолгӀа оьрсийн-нохчийн тӀом боьдуш "Оьрсийн-нохчийн доттагӀаллин юкъаралла" кхоьллира цо, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш талхорна тӀехь терго латтайора цо.

"Политикан, йа цхьа даим а багахь йисина политикан логика йанне а йац Кадыровн леларехь. Эмоционале сферера хIума ду цуьнан Мусаевана тIаьхьавалар. Дайн аьлча, и стаг, нахана тIехь гIело латтийна, цхьа садистийн амалш йолуш ву. Мусаева Заремин кIантана Янгулбаев ИбрехIимана тIехь а бина цо ницкъ, цунах там а хуьлуш", - тешна ву къамелдийриг.

Садистийн кепаш йу уьш, кхечу политикан тутмакхашна а тIехь лелийна

Дмитриевскийс дуьстира и уггар а Оьрсийчохь гоьваьллачу оппозицин политикца Навальный Алексейца. Иза набахтехь волчу хенахь адамашка лалур доцчу хьелашкахь латтийна ву.

"Навальныйна тIехь ницкъ барца политикехь Iалашо хилар дацара, тIех сов лелийна цIена садистийн кепаш йара уьш. Кара-Мурза Владимирна а, кхечу политикан тутмакхашна тIехь а лелийна хIуманаш ду уьш. Олийла ду, Кадыров а, Путин а шала вина ву цу тIехь, и шиъ чIогIа тера ву Iедал шайн буйнара ца хецарца а, хIуъа а динахь Iедалан мукъ шайн карара ца балийта гIертарца а, адаман дахар цхьана хIуманан меха хеташ вацарца а. Мусаевах, Навальныйх дерг аьлча, кхузахь вайна гуш йу, Iедалан бекхаме садизм", - элира бакъоларйархочо.

Мусаева Зарема политикан тутмакх йу аьлла, тIеэцна бакъоларйаран "Политикан тутмакхашна гIортор йар. Мемориал" цIе йолчу проекто.

Диъ шо хьалха кхоьллина йолу 1АДАТ телеграм-канал хӀинца а йуьсуш йу Кадыровн Ӏедална дуьхьал лаьттачу уггар йаккхийчех цхьаъ санна. Карарчу хенахь цуьнан агIоне йазвелла ву 47 эзар сов стаг. Цуьнан авторша зорбане доху республикехь адамийн бакъонаш хьешарх а, меттигерчу хьаькамашна йукъахь лелачу коррупцех а лаьцна керланаш, ткъа иштта, церан цӀераш къайла а хьой, аьтто боккху бахархойн шайна хетарг дийца а, ала а.

  • 2023-чу шеран товбеца-баттахь Мусаеван адвокатна Немов Александрна а, журналистна Милашина Еленина а тӀелатар динера муьлш бу ца хуучу наха, царна къизаллийца йиттинера. Церан техникан гӀирс хӀаллакбира, коьрта тӀе тапча а лаьцна, дойъар ду шу бохуш, кхерамаш тийсина хиллера. Милашинан хье-туьта лазийнера, пIелгаш а кегдинера. Цуьнан корта а баьшна, баьццара коьчал тIейоьттинера. Доллу кехаташ а, техника а хIаллакйинера. Иштта чӀогӀа йиттина хиллера Немовна, ког лазийнера цуьнан, хетарехь, уьрсаца йина чов хиллера иза. Кхелехь дакъалацар йукъахделира цу шиннан, чевнаш йинарш Бесланера дарбанан цIийне дIабигира.
  • Зазадокху-баттахь хаам баьржира, Устрада-ГIаларчу колонин куьйгалло Мусаеван хьокъехь лоьрийн экспертиза ца йен ши бутт сов хан хиларх. Цундела тӀаьхьатоьттура иза хенал а хьалха набахтера арайаккхарх дехар листар. Стигалкъекъа-беттан юьххьехь, могашалла телхина йелахь а, вежарийн ЯнгулбаевгӀеран нана дарбан хӀусаме йилла бакъо ца йелира. Цул тӀаьхьа адвокато дӀахьедира, ша Iалашйийриг хаддаза лазар теден молханаш лело декхаре йу, Iасанаш йоцуш лелалуш а йац аьлла.
  • Росфинмониторинго Янгулбаев ИбрехӀим террористийн а, экстремистийн а реестре вазвира 11 741-чу лоьмарца. Цул а масех бутт хьалха, Соьлжа-ГӀаларчу Заводской кIоштан кхелан сацамна тӀе а тевжаш, Роскомнадзоро дӀакъевлира Оьрсийчохь 1ADAT боламан интернет-ресурсийн цхьа дакъа. ДӀакъовларан бахьанашлахь Нохчийчоьнан прокуроран гӀовсо билгалъяьхнера "зуламечу Кадыровн Ӏедалх" лаьцна зорбане йаьхна публикацеш. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь хиира бакъонашларъярхо Янгулбаев Абубакар лехамашка ваьккхина хиларх а, оццу шеран стигалкъекъа-баттахь церан жимах волу ваша БойсгIар а лаца кхайкхорах.