Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташоно бакъо елла Шемахь Оьрсийчоьнан тIеман хIаваан ницкъех пайда эца. И хаттар сенаторшка кховдийнарг вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочо Иванов Сергейс дийцарехь, Шеман президенто дехар дина Путин Владимире тIеман ницкъашца гIо дахьара шена аьлла.
Ивановс билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан Iедалш дагахь дац Шемахь лаьттахула тIеман операцеш дIаяхьа а, гIашсалтех пайда эца а. Даханчу шарахь Зазадоккху-баттахь а елира Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташоно Путин Владимирна Украинехь тIеман ницкъах пайда эца бакъо. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьно дIалецира ГIирма.
Кху тIаьхьарчу масийтта баттахь Малхбузе саготта яра Оьрсийчоь Шемахь шен эскарш дIатардеш ю бохуш хаамаш хиларна. Гезгмашин-бутт юккъе болуш Iамеркин армин векалша дIахьедар дира Шемахь Латакия провинцехь шен тIеман база кечйеш ю Оьрсийчоь аьлла. Гезгмашин-беттан 29-чу дийнахь Нью-Йоркехь Iамеркин президентаца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Путин Владимира дIахьедар дира шаьш тIом бан дагахь дац Шемахь аьлла.
Оьрсийчоь Шемахь хилар пайде хила мега Цхьаьнатоьхначу Штаташна аьлла дIахьедар дина Iамеркин пачхьалкхан секретаро Керри Джона, Си Эн Эн телеканалана еллачу интервьюхь. Цунна хетарехь, Шемарчу конфликтана юкъа а гIоьртина Оьрсийчоьно ша халчу хьоле хIоттор ю. И бахьана долуш эххаре а шен политикан курс хийца езаш хир ю Оьрсийчоь аьлла хета Керрина.
«Нагахь иза (Путин Владимир) Асадана а, ГIажарийчоьнна а, «ХезболлахIана а тIехIоттахь цуьнан яккхийн проблемаш хир ю дукхах болу бахархой сунниташ болчу Гергарчу Малхабалехь йолчу пачхьалкхашца. Иза ду Путин ша хир ю суннитийн Iалашо бохург»? - элира цо.
Iамеркин пачхьалкхан секретарана хетарехь, цу гIуллакхо аьтто бийр бу Iамерки Оьрсийчоь тешо Шемара политикан кризас дIаерзалур яц бохучух, суннташ а дакъа а цалоцуш, Асад шен даржехь а вуьсуш. Асад Iедалехь а волуш, машар хуьлийла дац Шемахь элира Керри Джона.
Цо дагадаийтира, Асад даржера дIавала веза аьлла хеташ ду шаьш, амма хIинца цо иза сихха дан деза аьлла цахета Iамеркина аьлла. Цуьнан метта низамашца керла куьйгалла харжа деза Шемахь элира Керрис.
Iамеркин пачхьалкхан секретарна хетарехь, сихха Асад даржера вохоро кхин а галдаккха мега Шемара хьал, кхин а алсам бохам бан мега цигарчу бахархошна, керла адамаш дайар а дохьуш.
Асадан кхолламах лаьцана хаттар дийцаре дира Обама Барака а, Путин Владимира а Гезгмашин-беттан 29-чу дийнахь Нью-Йоркехь хиллачу цхьаьнакхетарехь. Амма хIара бу аьлла барт цахилира церан цу хаттарехь.