Германехь вехачу нохчийн оппозицин блогеро Мализаев Минкаила видео дIаязйина, Нохчийчохь бисина шен гергара нах лачкъийна бигина, царна тIехь гIело латтайо, уьш хьийзош бу аьлла.
"Стомара дIабигинера массо а сан дехой а, нанахой а - божарий а, зударий а. ХIинца бала хьоьгуьйтуш бу цаьрга, хьийзош бу уьш, сийсазбо. Берзина баьхначу сан гергарчу зударийн масех сурт даийтина суна. Уьш стенгахь бу цхьанна а хууш дац", - дийцина Мализаевс, журналисташка а, бакъоларъярхошка а "йоккха резонанс" яр а доьхуш.
Мализаевн видеокхайкхам зорбане баьккхинчу "Осторожно, новости" телеграм-канало билгалдоккху, цо дийцарехь, ерзина яьккхинчу цуьнан ненан а, зудчун а суьрташ тесна цуьнга, ткъа Хьасан цIе йолчу цхьана стага тIедожийна, Iедалхошна критика яр сацаде аьлла.
Кху деношкахь Нохчийчохь шен ялх гергара стаг лачкъийна вигина аьлла, хаамбира телеграм-каналехь нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Цо дийцарехь, хьалхо лачкъийна вигинчу цуьнан массо а гергарчунна "ультиматум хIоттийнера", иза сацаве аьлла. Ца хуьлчу далахь, Абдурахмановс бахарехь, чIир хьейийр ю аьлла хиллера цаьрга.
- Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш видеош ютюбе яха волавелла Мализаев Минкаил масех шо хьалха. Шен доьзалца цхьана Германи дIавахара иза ворхI шо хьалха. Меттигерчу Iедалхоша ца елира цунна политикан тховкIело.
- 2018-чу шарахь, нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалан белхахой ду шаьш аьллачу наха йиттинера цунна. Цул тIаьхьа дийца даьккхира, цуьнан хIусамнана а, бераш а Оьрсийчу юхабаьхкина, ткъа иза ша оцу пачхьалкхехь висина аьлла.
- Шена еттале хьалха Мализаевс дIахьедира, нохчийн Iедалхоша шен долара йолуш бертаза видео дIаязъятйрах шен хIусамнене. Ткъа вешига кхунна тIехь доцург дийцийтинера.