Навалнина кхаж тасар доьху Ходорковскис

Ходорковски Михаил гIуран -беттан 9, 2015

ТIедогIучу шарахь хин болчу президентан харжамашкахь Навални Алексейна кхаж таса, аьлла кхайкхам бина цхьана хенахь Оьрсийчоьнан олигарх хиллачу Ходорковски Михаила. Оханан-беттан 15-чу дийнахь хиллачу "Схьайиллина Оьрсийчоь" вовшахкхетараллин цхьаьнакхетарехь бира цо и кхайкхам.

"Путин кхечу Путинца хийцар вайна товш дац. Цундела, ас президентан харжамашкахь Навалнина гIортор яр доьху,” яздира Ходорковскиc твитехь.