Нохчийчоьнан "коьрта бренд" Кадыров Рамзан, мехкан куьйгалхочун нуц шеконечу хьелашкахь набахтехь кхелхина, Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа лаьцначунна тIехь Iазапаш хьегна – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион 72-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
"КИФ" а, "коьрта бренд" – Кадыров а
Соьлжа-ГIалахь кху кIиранах хIоттийнера Кавказан инвестицийн форум, доцца аьлча – КИФ. И барам хир бу бохуш, охан-баттахь дуьйна духа-духа дуьйцура Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Меттигерчу Iедалхошна муьтIахь долчу пачхьалкхан зорбанан гIирсаша чIагIдора, форумехь дакъалаца шовзткъе итт сов пачхьалкхашкара векалш богIур бу бохуш.
Ала дашна, Кадыровн телеграмера публикацешка хьаьжча, Соьлжа-ГIала баьхкина хиллера Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн, КъатIаран, СаIуда Iаьрбийчоьнан а векалш, ткъа уггар а лакхара арахьара веана хьаша вара Узбекистанан премьер-министр.
Хетарехь, ца лаахь а, лууш санна баьхкинчух тера дара форуме Къилбаседа Кавказан республикашкара а, къилбан регионашкара а хьеший. Москвара баьхкинчу дуккхаъчу хьаькамашлахь, уггар а баккхийчех вара Оьрсийчоьнан премьер-министр Мишустин Михаил.
КИФ йолийначу хьалхарчу дийнахь, товбеца-беттан I5-чохь, Нохчйчохь доккха эккхийтар хилира. Соьлжа-ГIалина кхузткъе итт чакхарма генахь йолчу гIишлошйаран майданахь, Башин-Кхелахь, газ чохь баллонаш лилхира. Кхечу хаамашца, бахьана хиллера индустрин эккхийтарх цIе йалар. Мел кIезиг а пхи белхало велла, 20 гергга ву чевнаш йинарг - цунах лаьцна Кадыровс ша дIахьедира. Цо билгалдаьккхира, лазийначу нахалахь Дагестанера бахархой а бу аьлла. Бохам хиллачу меттигехь йаьккхинчу цхьана видео тIехь гуш йу иттаннашкахь йаьгна техника.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн пиар: муха дӀахьош йу Нохчийчохь Кавказан инвестицийн форумЙуьхьанца хаам бора, эккхийтар Устрада-ГIаларчу жимачу гидроэлектростанцихь белхаш бечу меттигехь нисделла ду бохуш. Делахь а "РусГидро" пачхьалкхан компанино и бакъ ца дира: цигахь журналисташка дIахьединера, эккхийтар "ДагГидроспецстрой" фирмин техникан базехь хилла дара, гидроэлектростанцин гIишлошйаран майданахь дацара аьлла
Нохчийчоьнан куьйгалхочо цкъа хьахийра эккхийтар, "бохаме инцидент" йу а бохура цо и, кхин цунах лаьцна дош а ца элира. Цуьнан метта цхьанакхетарш дора цо Кавказан инвестицийн форуман гурашкахь. Протоколан барамашлахь хаамийн гIирсаша тидам бира Кадыровс Оьрсийчоьнан финансийн министре бехкаш дахаран, ала дашна, Соьлжа-ГIала ца веънера иза ша.
Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедира, Силуанов Антона республикехь бехачу Оьрсийчоьнан Турпалхошна итт-итт эзар соьмаш ма ло аьлла, федералан центрехь ахча тоьаш дацарна. Ткъа меттигерчу бюджетан доккхаха долу дакъа Москвара кхочу дотацеш йу.
"Оьрсийчоьнан турпалхошна" дӀадала Москвара кхочуш ахча ца хиларна: "Массарна а хета, пачхьалкхо тхуна дуккха а ахча ло аьлла. Нах кхеторхьама, оха итт-итт эзар ахчанаш делира бюджетера Оьрсийчоьнан Турпалхошна. Господин Силуановс тхуна дихкина ахча далар, Цо официалехь кехат дахьийтинера аша и 10 эзар соьмаш Оьрсийчоьнан Турпалхошна дӀа ма ло аьлла. Иштта бу уьш регионашкапра бюджеташца, къаьсттина Нохчийчоьнца, ткъа массарна а моьтту шена ма-дезза ахча кхочу Нохчийчоьнна", - дIахьедира Кадыровс.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан туризман министро Кадыров Рамзан мехкан "коьрта бренд" йу аьллаИшта дагахь дисинчех ду Нохчийчуьра туризман министро Байтазиев Муслиман алар а, цо дIахьедира, Кадыров – "бренд хилла адам ду" аьлла.
"Нохчийн Республикан цхьа бренд а, цхьа хатӀ а, цхьа шарм а йу. Суна хетарехь, коьрта бренд баккъал а кхоллайелла цуьнан авторитет хиларна, иза регионалан политик хилла ца Iаш, и стаг [Кадыров] билггал ву Оьрсийчоьнан Къилба а, Гергара Малхбале а къаьстачохь. Ву иза вайн президентан бакъ волу бIахо а, вайн ницкъаш Гергарчу Малхбалеца бузуш верг а.
Байтазиевн дешнийн тидам бира "Агентство" гIирсо, цу дешнашца къовса а атта дац. Иттаннашкахь шерашкахь Iедалан коьртехь лаьттачу Нохчийчоьнан куьйгалхочух боккъал а мехкан "бренд" хилла. Туризм, йа экономика кхийна аьлла-м дац и, цаьрца-м хIинца а халонаш хьоьгу регионо, ду и шен махкахошна а, кхечу Оьрсийчоьнан бахархошна а тIехь гIело латторна, шен чакхе йоцу гергара нах пачхьалкхан даржашка хIитторна, билламза президентана Путин Влдаимирна муьтIахь хиларна, цо Украинехь болийначу тIамна а цхьаьна.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровс нахана хьалха критика йина финансийн министрана ахчанаш дӀадала реза ца хиларнаХьахон догIу, масала, Кавказан инвестицийн форум йолайалале хьалха, Кадыровн критикаша йуха а дIахьедира Нохчийчохь ницкъахоша нах лечкъийна аьлла. Оппозицин IADAT боламан хаамашца, тIаьххьарчу деношкахь республикехь 30 сов стаг лачкъийна, бу царлахь кхиазхой а цхьаьна. Дукха хьолахь ницкъахоша операци дIахьош йу, бохура, Шела кIоштахь. Ткъа NIYSO телеграм-канало йаздира ишта Теркйистехь а, Соьлжа-гIалин йистошкара а нах лечкъийна бигина аьлла. Бакъду, регионан Iедалхоша цхьана а кепара хьаха ца дира цунах лаьцна.
Шеконе хьелашкахь Кадыровн нуц кхелхина колонихь
Нохчийн Чернокозово эвлара номер 2 йолчу колонехь велла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шича йахана Альбеков Хьасан. Цунах лаьцна хаам бина нохчийн Ӏедална критика йеш болчу наха, царна хетарехь, Альбеков вийна хила тарло. Официалан кепара тӀечӀагӀдина дац тутмакхан валар.
Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочун Янгулбаев Абубакаран хаамашца, Альбеков Хьасанехь йара Кадыров Мохьмадан йоӀ, иза Кадыров Рамзанан деваша ву. Альбековс пайдаоьцуш хилла оцу хьолах, талораш а лелош, кхин а цхьацца зуламаш леладора цо. Стохка кхел йинера цунна иза "кхетон Iалашонца", Янгулбаевс чIагIдарехь, наркотикаш лелийна аьлла, шайггара долийначу гIуллакхехула. Амма хан такхар формалехь дара цуьнан.
Охан-баттахь NIYSO олучу оппозицин боламо зорбане йаьккхира Альбековс Кадыровх а, цуьнан накъостех а сийдоцу къамелаш деш д1айазйина видео. Янгулбаевс бохура, товбеца-беттан 13-чу дийнахь, колонин лоьрийн декъехь Альбековна маха тоьхна хилла, цул тӀаьхьа дукха хан йалале иза велла, бохуш. Ша валале ала кхиъна боху иза: "Сан хIусамнанна дIахаийталаш, со вийнарг дарбанан цIийнан коьрта лор Дени ву алий".
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн гергара стаг шеконечу хьелашкахь велла Нохчийчуьрчу колонехьОфициалехь дIакхайкхийна даге лазар иккхина велла иза аьлла, амма Альбековс хьалхо шен могушаллех латкъамаш бина бацара.
Альбеков валарх дIахьедина NIYSO телеграм-канало а, иштта цара а билгалдаьккхира, цуьнан валар цхьа шеконе бух боцуш дац аьлла.
Дагадоуьйту, Кадыров Рамзанан берийн тренер хилла, тайп-тайпанчу хенахь республикин куьйгалхочун секретариатан хьаькаман а, Нохчийчоьнан Ӏедалан вице-премьеран а даржехь хилла Эдилов Ӏабдул-Керим 2022-чу шеран гIуран-баттахь, шен 39 шо долуш велира, иштта кхеташ доцчу хьелашкахь. Республикехь Ӏедална критика йеш болчара дIакхайкхийра хIетахь, Кадыровн омрица вийна хила мега иза бохуш.
Дагестанехь теракт йинчул тIаьхьа лаьцначунна ницкъбина
Мангал-беттан 23-чохь Дагестанехь йинчу терактан хьокъехь лаьцначех цхьаммо, Магомедов Заура, латкъам бина ХIинжа-ГIалара номер 1 йолчу СИЗО-хь гIело хьегийтина шега аьлла. Цунах лаьцна дийцина мехкан Йукъараллин тергамчийн комиссин (ОНК) куьйгалхочо Хадулаев Шемала.
Цо бахарехь, лаьцначо дӀахьедина, шена ток йеттийтина, куьйгашна тӀе граната а йиллира, тӀаьхьо иза Магомедов шен хIусамненаца вехачу петаре кхоьсина хиллера. Иштта, шеконашца лаьцначо харцдина ша ХIинжа-гIалахь а, Дербентехь а, Сергокала-эвлахь а полисхошна а, динан меттигашна а тӀелетарш динчу тӀемалошна юкъахь хилла бохург. Цо чӀагӀдо, шена цу тобанан куьйгалхо ву боху Омаров Осман вевза цуьнан цIахь белхаш бина хиларна аьлла.
КХИН А ХЬАЖА: Дагестанехь кхиазхочух шеко йу школехь теракт йан дагахь хилла аьллаМагомадов Заур лацар гӀараделира мангал-беттан 4-чу дийнахь. Оццу хенахь хаам баьржира, изза фамили йолу кхин а ши стаг лаьцна латтош ву аьлла. Талламхоша дийцарехь, уьш тӀемалойн тобанца боьзна хила мегаш бу, лелхийтарш дан кечлуш бара, царна дуьхьал схьадиллина терроран а, низамехь доцу герз лелорах а бехктакхаман гӀуллакхаш. Низамхоша цунна цхьа а тоьшалла ца далийна.
Дагестанан куьйгалхочо хьаькамех талламаш бан беза аьлла дӀакхайкхор йуха а хьахаделира кху кӀиранах. Мангал-беттан 23-чу дийнахь хиллачу терактехь Сергокалинскан кӀоштан куьйгалхо хиллачу Омаров Магомедан (карарчу хенахь экономикан зуламаш дарна бехке а вина, лаьцна ву) гергарнаш хилар гучудаьлча, ишта дӀахьедар дира Меликов Сергейс. Товбеца-беттан I8-чохь Меликовс билгалдаьккхира, республикерчу хьаькамийн кехаташ луьстур ду уьш коррупцица боьзна буй хьовсуш, тоххара дIа ма-аллара, экстремизмаца гIуллакх дуй хьовсур дац аьлла.
ЛГБТ-ца ву алийтина нохчийн кIанте ницкъахоша
Муртазов фамили йолчу Соьлжа-гӀаларчу вахархочо (кхелан сацамехь цуьнан юьхьанцара элпаш бен билгал ца доху) 12 миллион соьмана иск кховдийна Соьлж-ГӀалин Ахматан кӀоштан талламан декъе а, Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалле а ницкъахошна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх айдан реза ца хиларна. Муртазовс бахарехь, цара ницкъ бина цуьнан кӀантана, ша гей хиларна къера хилийта.
Ша инцидент хилла 2011-чу шеран мангал-беттан 14-чу буса - Муртазовн заьӀапхо волу жима кӀант шен девешин кӀант волчу воьдуш хиллера. Цунна бевзачу Умхановс а, Масаевс а, Дукаевс а чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахо тешийна хиллера иза лаца везарх, цуьнан телефон кего а йеза аьлла, цул тIаьхьа иза аьшнаш вина хиллера цара. Царна йукъагIоьртинчу милцочо, кхиазхо шен цIа вахийтина хиллера, аьлла ду сацамехь.
ТIаккха оццу кхааммо кхечу МВД-н белхахошка Бейбулатовга а, Тагировга а дӀахьединера, Муртазов божаршца уьйраш йолуш ву аьлла, цул тӀаьхьа иза юха а лаьцна хиллера. Бейбулатовс цуьнан телефон схьа а эцна, тептарш теллинера, кхерамаш туьйсуш машен чу а хаийна, кхаа информаторна тӀе кхачийра иза. Цара йиттина Соьлжа-ГӀаларчу вахархочунна, хьаж тӀе тапча а хIоттийна, ша гей ву алийтина хилла.
Кхиазхочун дас арз динера полисхошна а, кхаа зуламхочунна а дуьхьал. Муртазовс бахарехь, талламхочо Ӏехавора иза, царна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакхаш долийна бохуш – ткъа гIуллакх айдина цахиларх доьзална йеххачу хенахь хоуьйтуш ца хиллера. Иза билгалделира 2022-чу шеран товбеца-баттахь Соьлжа-гӀаларчу Ленинский (Ахматовский) кхелан кхеташонехь.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьра вахархочо дӀахьедина шен кӀанте нуьцкъала даре дайтарх ЛГБТ йукъахь ву аьллаЦхьа Умханов бен жоьпе озийна вацара, бакъо йоцуш цуьнан телефон кегийна аьлла, гӀуда тоьхна витинера иза а. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин цхьана а белхахочунна таӀзар ца дира. Муртазовна зен дарх тоьшаллаш дац материалашкахь – иштта жамӀ динера Соьлж-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштан кхело а, Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело а. Лаьцначун дас Талламан комитете дина дехар а йухатоьхна.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: