Британин вахархо Нохчийчохь хьийзош ву, нохчийн Iедална луьйш волчуьнгара ков-керт схьадаккха кхерамаш туьйсу, Украине хьийсочарна догIу ахча дIалуш дац – цунах а, и доцчух а хезар ду шуна Маршо Радион хIора кIиранах арайолчу 79-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
ГIалгIайчуьра тIелатар
Кху беттан 3-чохь ГIалгIайчоьнан коьртачу гIалахь Магасехь тIелатар дира полисхошна. И нисделира гIали чу воьддучу меттигера некъан полицин постехь. Карахь сетал йолчу жимчу стага лазийра цхьа ницкъахо, цунна дуьхьало йечу цуьнан накъоста тIелеттарг вийна.
Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, вийнарг ву ГIалгIайчуьра 17 шо долу кIант. ТIаьххьарчу заманчохь Петарбухахь вехаш хилла иза, психдиспансеро шайн чоьтехь латтош а хилла иза. Официалехь и хаам тIечIагIбина бац – ницкъахоша бакъ дина тIелатар хилар а, оцу тIехула бехкзуламан гIуллакх долор а.
КХИН А ХЬАЖА: Килсана тӀелата кечлуш бара? ГӀалгӀайчохь керла лецаршХаамбарехь, лазийна полисхо дарбан цIийне охьавиллина, цуьнан дахарна кхин кхерам болуш хIума дац. ХIун Iалашо йолуш дина цо и тIелатар - хууш дац. Ишта хааза дисира марсхьокху-баттахь Наьсара, Кантышево эвлашкара а лаьцначу йалх стагаца хIун уьйраш хилла а. ХIетахь къайлахчу сервисаша дIахьедора, мангал-баттахь Дагестанехь а санна, лецнарш республикера килсашна а, синагогашна а тIелетарш кечдеш хилла аьлла. Изза сценарий йу аьлла, дIахьедира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iалис. Къайлахчу сервисийн белхахошна хетарехь, уьш боьзна бу "дуьненайукъара террорхойн организацица", муьлха йукъаралла йу шаьш йуьйцург, билгал ца даьккхира цара.
КХИН А ХЬАЖА: Магасехь вевзаш воцу стаг полисхошна тIелетта: ницкъахо лазийна, тIелеттарг вийнаЛаьцначех кхоъ терроризман артиклехула бехкевина, важа кхоъ бакъо йоцуш оьккхуьйтург дIайиллина латторна. Уьш берриш а чохь битина. Хиллачух лаьцна тхан редакцица дийцаредечу бакъоларйархоша дагадаийтира, шаьш "терроран" бехтакхаман гIуллакхашна тIекхочуьйтуш цахилар, и гIуллакхаш дукха хьолахь шайггара долийна хуьлуш хилар а. Иштачу хьелашкахь ницкъахойн шога лелар бахьана долуш радикализаци кхин тIе а йаржан тарло аьлла хета царна.
ЛГБТК+нах бертаза тIаме хьийсабо
Гомосексуалистийн ориентаци йу аьлла шеконаш йолу Нохчийчуьра бахархой Украинана дуьхьал болчу тӀаме хьийсош хилар тIечIагIдина SK SOS кризисан тобано масех масал а далош. SK SOS проектана гучудаьлла оцу тайпана ворхI гIуллакх. ТIаме бахийтинчу царех цхьаъ веллий хууш а ду.
Хаам хилира гезгамашин-бутт болалуш ницкъахоша Нохчийчохь гомосексуализм лелорна шеко йолуш йалх стаг лаьцнера бохуш. Цхьа миллион ахмиллион сом ахча дехнера, боху, ницкъахоша цаьргара – ца хьулчу далахь, шайггара бехкаш дохкуш, билгалйаккхазчу ханна лецна, набахтехь хан йоккхуьйтур йу бохуш. Иштта кхерамаш тийсинера, цаьрца чохь латточу нахе уьш муьлш бу а дIахоуьйтар ду шаьш аьлла.
Кхааннан аьтто хиллера боьху мах дIабелла, кIелхьаравала, бисинчарна ахча ца карийнера,- уьш тIамтIе бахийтина хилла боху. Дийцарехь, царех бертаза тIом бан вахийтина хилларг, цигахь кхелхина.
КХИН А ХЬАЖА: Бертаза Украинера тIаме хьийсабо Нохчийчуьра гейш бу боху нахОцу кепарниг кхул хьалха а нисделлера стохка. ХIетахь кадыровхоша ЛГБТК-йукъараллин масех векал лаьцна хиллера, билггал уьш маса хиллера, дуьйцуш дац. Зудабераш церан гергарчаьрга дIаделлера, ткъа божарий тIамтIе хьовсийра, царах хилларг хууш дац.
Нохчийчуьра лаамхой олу нах нуьцкъала тIаме хьийсош бу аьлла, дийцадаьккхира 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь. Бакъонашларъярхоша хаам бора, лачкъийна республикера бахархой нуьцкъаша тӀеман зоне дӀахьийсош хиларх. Цаьрга олуш хиллера: йа тIом бан воьду хьо, йа шаьш бехкевина, набахте вуллу хьо.
Оппозицин жигархойн гергарнаш а, наркотикаш лелош, йа къаьркъа моьлу нах а тIаме хьийсочу Iедалхоша бохура "йукъаралла дIацIанйеш" ду шаьш.
Оцу йукъанна Nyiso телаграм-канало дийцарехь, бертаза тIаме бохуьйтучарна луш дац тIеман министралло царна лерина ахча – хьаькамаша и ахча шайн кисана дуьллу.
"Тахана Iедалхошна уггар а оьшург – таро йолччуьра шайн кисанаш дIадузар йу", - дIахьедира оппозицин жигархоша. Кхечу хьасташкара хIара хаам бакъбина бац, мехкан Iедалхоша а комментарий йина йац жигархоша дуьйцучух лаьцна.
Бертаза тIаме ийзор – боккха кхерам бу Къилбаседа Кавказера гейшна, регион ишта а хьалхарчу меттигехь йу цаьрца дискриминаци лелорехь. ЛГБТК+нах кест-кеста лечкъабо цигахь, царна тIехь ницкъбо, уьш хьийзабо, хIаллакбо, сийсазбо, дарбанаш леладо царна.
Нохчийчохь балехь ву Британин вахархо
Оьрсийчоьнан вахархо хиларал совнаха, Британин паспорт а долу Нохчийчуьра вахархо Абубакаров Мохьмад охан-баттахь ницкъахоша лазийна вара. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГӀаларчу дарбан цӀийнехь цунна тIехь гӀелонаш хьегна хилла. Иза хӀинца Пятигорскерчу СИЗО-хь ву, шуьйра хаарш долу лоьраш тIебуьтуш цахиларна, цуьнан могушаллин хьал телхина догIу.
Абубакаровс бахарехь, чевнаш йинчул тӀаьхьа Хьалха-Мартанарчу дарбан цӀийне кхачийнера иза, цигахь операци йинера цунна, хаамбина "Къизаллашна дуьхьал йолчу тобано". Иза меттавеанчул тIаьхьа цунна тӀевеанера ши талламхо – цара цуьнан мIараш йаьхна, бедарш дIаэцна хиллера, ткъа иштта мукӀарло динчу кехатна куьг йазде баьхнера. Цу тIехь билгалдаьккхина хиллера, полисхошна герзаца цо дуьхьало йина бохуш – ткъа Абубакаров реза ца хиллера куьг таIо.
КХИН А ХЬАЖА: Лазийна воллушехь тIехь къизаллаш лелийна британхойн паспорт долу нохчийн вахархочуьнгахь вон хьал дуЦул тӀаьхьа Соьлжа-ГӀаларчу дарбан цӀийне дехьаваьккхира иза. Цигахь маьрша духар дуьйхина пхиъ гергга стаг веара иза волчу, царах цхьаммо кхаа сохьтехь йиттина цунна, айхьа шпионаж лелийна алий, мукӀарло де бохуш. Ницкъахочо Абубакаровн ирхъоьллина ког ийзийна боху, лазийначу хонан даьIахкаш йохийна вара иза.
Соьлжа-ГIалахь кхин а цкъа операци йира Абубакаровна, шолгӀачу дийнахь цхьа стаг веара цунна тӀе, ша ФСБ-н белхахо ву аьлла вовзуьйтуш. Цо а деа сахьтехь гергга ницкъ бина хиллера цунна тIехь. Абубакаровн кога чу хӀоттийна чIу схьабаьккхина, иза сийсазвеш, цунах кхаьрдаш, хIуманаш лелийнера цо а. Цуьнан мохь хезаш хилла лоьраш а, дарбан цIийнан белхахой а чу ца баьхкинера Ӏазап латточу хенахь. ХӀетте а Абубакаров реза ца хилла ша шпионалла лелийна бохург тIечIагIдан.
Абубакаров карарчу хенахь Пятигорскерчу СИЗО-хь ву, ша лоцучу хенахь герз тоьхна хиллачу полицин белхахочунна тIелетта хилла иза аьлла бехке а вина. Цунна ца хаьа, шена дуьхьал шпионажан гӀуллакх диллина ду, йа дац. Хонах йинчу тоьпан чевно Iаткъам бина цуьнан чуьйрашна, хонах тIоьрмиг оьллина лелаш ву иза.
Критикан хIусам схьайаккха кхерам
Кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъан командиро Батукаев Залимхана видео йаьккхина нохчийн оппозицин NIYSO боламан векалан Нохчийчуьра цIенна хьалха. Эскархочо кхерам тесна, бахам схьабоккхур бу ша аьлла: "Хьо а, хьан тIаьхье а цкъа а йехар йац кху кертахь, хIара керт суна схьалур йу, кхузахь ас доккха цIа а дийр ду" олу цо.
Видео зорбане йаьккхина марсхьокху-беттан 28-чохь Батукаевс телеграм-каналехь. Эскархочо кхерамаш туьйсучу жигархочо бакъ дина тхан редакцина, видео тIехь гуш йерг билггал шен хIусам йу аьлла. Карарчу хенахь цу чохь Iаш цхьа а вац.
Батукаев Зелимха хьалхо дакъалаьцна ву гIаттамхошца Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал бечу тIамехь, тIаьхьа шозза кхел а йинера цунна – 2011-чу а, 2016-чу а шерашкахь. Дуьххьара бакъо йоцуш герз лелорна, шолгIа – талораш лелорна а, стаг верна а, нехан бахам хIаллакбарна а. Шен накъосташца цхьаьна Краснодарехь такси чу хиънера иза, машен лачкъон Iалашонца. Машенлелорхо вийра цара, ткъа Нохчийчоьнан дозана тIехь машен дIайоьхкинера. Оцу тIехула Батукаевна шогачу хьелашкарчу набахтехь даккха 19 шо хан тоьхнера.
Нийсо боламан хаамашца, колонера мукъаваьккхира "Шустрый" цIе лелош волу "Ахмат" спецназан цхьахдолчу декъан командир. Дуьххьара ЧВК "Вагнеран" цхьана декъе дӀайазвеллера иза, цул тӀаьхьа Алаудинов Аптин спецназах дӀакхийтира. 2023-чу шарахь гIадужу-баттахь цо дIахьедира Батукаевна Украинехь тӀамехь дакъалацарна майраллин орден йелла аьлла. ТӀаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочо рогӀера совгӀат делира тӀемалочунна – Кадыров Ахьмадан орден.
Оппозицин жигархочунна кхерамаш туьйсуш видео дIайазйечу заманчохь Батукаев Нохчийчохь хӀун деш хилла, кхеташ дац. ХIунда аьлча, Алаудиновн дӀахьедаршца, "Ахмат" спецназ карарчу заманчохь Курскан кӀоштахь Украинан герзахойн ницкъашна дуьхьал тIемаш беш йу.
ТIеман министарллин ахчанаш кисана дахка
Украинера тӀаме хьийсочу тутмакхашна а, Нохчийчохь лечкъийначу нахана а Оьрсийчоьнан тӀеман министраллин цIарах луш долу ахчанаш дIа ца кхочу. Царна аьлла, билгалдаьккхина ахча хьаькамаша дIаоьцаш ду. Цунах лаьцна дIахьедина нохчийн NIYSO цIе йолчу оппозицин боламо, и хаам стенгара схьабаьлла а ца хоуьйтуш. Кхечу хьасташкара оцу хаамна тоьшаллаш дац, мехкан урхалхоша цунах лаьцна йа йина комментарий йац.
Доккхачу декъана NIYSO -н хаамца, ахча луш дац тIеман министраллин Серноводскера "Север-Ахмат" полкан базе бертаза балочарна. И тIеман база стохка стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, карарчу хенахь лаьцна волчу тӀеман министран хиллачу гӀовса Иванов Тимура а дакъа а лоцуш, схьайиллина йара.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчоьнан Ӏедалхоша шайн кисана дуьллу тIамехь дакъалаьцначу тутмакхашна лерина ахча, дIахьедина Кадыровн критикашаГезгамашан-беттан 2-чу дийнахь нохчийн жигархоша, информаци стенгара йу а ца хоуьйтуш, дӀахьедира, оцу базе таIзар дина хилла, йа аминистративан тергонехь латтон махкара бахархой балош хиларх. ТӀеман министраллица бертаза контракташна куьйгаш йаздойту цаьрга, и нах тайп-тайпанчу цамгаршца боллушехь. Иза ФСБ-н тергонехь хуьлуш ду, чӀагӀдо NIYSO-но.
"Уьш цхьана а хIумана сагатдеш бац, йа шаьш хIаллакдечу нехан дахарна а, йа адамийн кхолламна а. Кадыровхошна йукъара цхаьммо а джихIадан тIом ца лору и...Цундела тахана царна уггар коьртаниг - шайн кисанаш дузар ду, шайн аьтто болччуьра", - элира оппозицин жигархоша.
Хьалхо Кадыров Рамзана куьг йаздира нах къестон белхан тоба кхуллуш. Цу тобана декхар ду, Украинана дуьхьал тӀамехь дакъалаца эскархой схьахаржар. Цу йуккъе богIура кхелаша бехке бина нах а, карарчу хенахь таллам беш болу нах а. ХӀинццалц Нохчийчохь тутмакхашна вербовка йарехь дехкарш дацара, хӀинца республикехь харц бехктакхаман гӀуллакхийн терахь алсамдала мега, саготта бу бакъонашларъярхой.