Your browser doesn’t support HTML5
ГIиргIизоша шайн махкахь бехачу нохчех лаьцна филм яьккха йолийна. Шаьш болчу нохчий кхачаран некъан тIера таханлерчу хьоле кхаччалц церан васт гайта Iалашо лаьцна цара. Кхоччуш и болх хилийта шинарийдийнахь сарахь гIиргIизойн кинодокументалистийн тоба Нохчийчу кхаьчна. Цуьнан коьртехь волчу Калиев Медета дийцира шаьш болийначу балхах.
Калиев: «Культуран уьйраш шор еш а, кхиамаш бовзуьйтуш а филмаш йоху оха. ХIинца тамехь йолу керла проект йолийна. Иза ю «ГIиргIизойчоьнан дикачу адамийн дахар» цIе йолуш. Цуьнан Iалашо ю ГIиргIизойчуьра къаьмнийн диаспорех дерг довзийтар.
ХIинца тхуна нохчийн диаспорех яьккха лаьа фильм. Цуьнан чулацамехь дуьйцур ду оцу къоман культурех а, Iадатех а, тоьллачу векалех а, кхиамех а. Тхуна цхьацца цхьаьнакхетарш дан лаьа Нохчийчохь, хIунда аьлча, тхо долчохь бина а, баьхна а болу цхьаболу нохчий шайн даймахка цIабирзина».
73 шо хьалха нохчийн къам Сталинан Iедало махкахдаьккхинчу хенахь, цуьнан цхьа дакъа, 20 эзар доьзал, вуьшта аьлча 90 эзар гергга стаг ГIиргIизойчу кхачийнера.
Цигахь 13 шо даьлча, цIа бахка бакъо елча, цхьаберш шайн доьзалшца бисира Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а. ХIетта, когаметта хIотта болабеллера нах, цундела цигахь Iар гIоле хеттера царна. Тахана уьш муьлхачу хьолехь бехаш бу аьлла, деллачу хаттарна иштта жоп делира Калиев Медета.
Калиев: «Муха беха нохчий ГIиргIизойчохь, бохучу хаттарна жоп луш цхьана дашца ала хала ду. Кхиберш санна бехаш бу ала мегар ду. Цхьаберш дика беха, кхиберш во беха. Нохчий дукхачу хьолехь къахьоьгуш къам ду. Муьлхачу пачхьалкхехь баккхий кхиамаш бахалур болуш бу нохчий.
Цу тIехь нохчашна а, кхечарна а гIиргIизойн къомера дуьхьало ца хуьлу. Шаьш хьасине болу гIиргIизоша тIеэцнера нохчий. Таханлерачу дийнахь а цаьрца лулахь бехаш бу. Иштта нохчашна а хеташ хуьлийла лаьа тхуна».
ГIиргIизойн журналисташ, Iедалан цIарах яздина кехаташ а долуш, Нохчийчу баьхкина белахь а, царна дуьхьал баханчу могIарерчу бахархоша вовшех къевсинера хьеший, уьш шай-шай цIахь Iийр бу бохуш.
Устрада-гIалара вахархо Хасимиков Сулбан ГIиргIизойчохь дуьненчу ваьлла ву. Шена дукха хIума дага ца догIу, амма шен дайш а, кхечу баккхийчара а цкъа а вон дош ца олура шаьш тIелаьцначу гIиргIизойх боху цо.
Хасимиков: «Оцу ГIиргIизойчохь Iийначу вайн баккхийчара цкъа а ца олура царах вониг. Дагаев Валида олуш а ма дара илли: «ГIиргIизой а, казахаш а вежарий бара», бохуш. Кхуза баьхкина гIиргIизой бу нохчех лаьцна фильм яьккха дагахь. Со теша вайн доттагIалла цо карладоккхур ду бохучух».
Нохчех фильм йоккхучу гIиргIизошна накъосталла деш ву Хасимиков Сулбан. Цо лаккхара мах хадабо цара болийначу белхан. Къоначу гIиргIизошна нохчийн амал евзича, оцу шина къоман юкъахь уьйраш чIагIлура ю бохуш, дийцира цо.
Хасимиков: «ХIокху Медета боху гIиргIизойн кегийрхошна нохчий ца бевза. Царна бовзийта а дика хир ю и фильм. Шаьш филм кечйина бевлча иза вайна а йоуьйтура ю боху цара иза».
ГIиргIизойчохь 2016 шарахь динчу лараршца 1705 нохчо ву цигахь вехаш. Дукхачу декъана нохчий вовшех гена боцуш, цхьана Чуй кIоштахь бехаш бу.
Цигахь баьхначу вайн наха тахана а дагалоьцу, гIиргIизоша шайна цкъа а «жокх» олу жоп ца лора бохуш. Пропагандо хIетахь, шуна тIебогIурш адамаш дуу нах бу баьхнехь а, гIиргIизошна дукха сиха къаьстинера нохчий хIун къам ду.