"Ахмат" спецназан командирана, Нохчийчоьнан куьйгалхочун 50 шо долчу гIоьнчана тIеман министраллин тIеман-политикан балхехула йолчу коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовсан дарж делла. И бохург ду, хенан йохалла Кадыров Рамзанан метта хIотто стаг лоьхуш хилар Кремль, йа цуьнан Iаткъамбар лахдан дагахь, аьлла хета эксперташна.
ТIеман министраллехь Алаудинов Аптина дарж даларх дуьххьара хаийтира Нохчийчоьнан урхалхочо. Цо дIахьедира, оцу кепара сацам тIеэцар командиран "гIарадевлла хьуьнарш" хиларца доьзна ду аьлла, керла дарж цо лелор ду Украинерчу "Ахмат" спецназан куйгалла а деш аьлла.
Дарже ваккхарх цхьана а кепара комментарий ца йира ша инарлас, Оьрсийчоьнан Z-пропагандистийн телеграм-каналашка алар доцург. Масала, Daily Storm журнал арахецначу Кашеварова Анастасияс дагалецира Нохчийчохь хилла тIемаш, цо дIахьедира, Алаудинов гуттар а вара федералашкахьа, оцу тIамехь шен гергара 20 стаг дIаваьллашехь. ТIеман министраллин лакхарчу дарже хIоттор пропагандисто бохура "логикехь а, нийса ойла йина Путинан сацам бу, йоллу Оьрсийчоь вовшахтухуш" дина хIума ду и аьлла.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министралле Алаудинов балха вале хьалха цуьнан хиллачух – и ду хьуна Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш боьлху шераш – хууш кIезиг ду. Официалан хаамашца, инарла хинверг дуьненчу ваьлла Ставрополь-махкара Новосельский кIоштан "Керла маяк" олучу стоьмаш кхиочу совхозехь эпсаран доьзалехь. 2001-чу шарахь, Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, Нохчийн пачхьалкхан университетан юристан диплом ийцира цо, цул тIаьхьа прокуратуре балха а хIоьттира. Цул хьалха, Кавказ.Реалии сайтан хьасташа дийцарехь, Соьлжа-ГIалара базарахь мах беш вара иза.
Алаудинов шен кхолламан да вац, политикан ловзаран йийсархо ву иза
Цу хенахь 29 шо долчу Алаудиновн ницкъаллин карьера йолайелира чоьхьарчу гIуллакхийн министралле иза дехьаваларца: исс шарахь кхерамзаллин урхаллин белхахочунна тIера тобанашкахь зуламаш дечарна дуьхьал къийсам латточу урхаллин куьйгалхочун а, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан даржашка кхечира иза.
Кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, инарла бехке лоруш ву, Кадыровн цIарахчу полицин ППС-н полкан дозана тIе лаьцна валийна хилла ткъе иттех гергга стагана тоьпаш тохарна. Ишта цо дакъалаьцна Iедалхошна товш боцчу кегийчу нехан а, оппозицин гIуллакхдечийн а гергарчарна йеттачохь; Давыденко эвлара нах кхерийнера цо; Кадыровн дозанал арахьа а, республикехь а бехачу критикашна кхерамаш тийсира цо, "террорхочух а, экстремистах а тера волчунна" шайн хьаштдерг де аьлла, тIедожийра цо шен куьйгакIелболчарна.
2019-чу шарахь бода беара Алаудиновна тIе: хIетахь Нохчийчохь даьржира Кадыров Рамзанна дуьхьал бинчу берта йукъахь Алаудинов а хилла боху хабарш. Кадыровн бIанакъост вохийра даржера – ши шо даьлча, 2021-чу шеран зазадокху-баттахь.
Кадыровс дIатеттинчуьра йухавалийра инарла Украинехь болийначу тIамо – 2022-чу шеран зазадокху-баттера схьа дуьйна оккупаци йинчу дозанаш тIехь ву иза. Йуьхьанца "Ахмат" СОБР-н куьйгалла дан хIоттийра Алаудинов, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретарь вира цунах, кхин а масех бутт баьлча сепаратистийн "ЛНР-н" 2-чу армин корпусан командиран гIовс хIоттийра иза.
КХИН А ХЬАЖА: "Шен цIоки йукъахь, шен тобанца": кхо эзар вагнеровхочунна Нохчийчохь меттиг карийнаАдамийн бакъонаш хьешарца воьзна хиларна а, Украинерчу тIамехьа жигараллица хьийзарна а Кадыровн ницкъахо Малхбузен пачхьалкхаша санкцийн тептаре ваьккхира. Украинан кхерамзаллин сервисан шеконаш йу Алаудиновх шайн пачхьалкхан цхьааллина тIекховдарна а, цуьна бух хIаллакбан гIортарна а.
Куьйгаметтаниг лохуш ву?
Алаудинов Апти – Украинана дуьхьал болийна тIом бакъбечу пропагандистийн керла кеп йукъайаккха хьийзинчу кIезигчу Оьрсийчоьнан спикерех ву, дIахьедира Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарехь Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. "Керста динан ламастин мехаллаш Iалашйар, глобалан Малхбаленан дуьхьал динехь къийсам" болуш санна йовзийтира цо и формула. Оцу йукъанна Сулеймановн шеконаш йу, Алаудиновс шеггара и дуьйцуш хиларна.
"Пригожина бунт йича дуьйна Кадыровх бIе процентана хилла тешам байра. Бюрократин вертикалан системахь йоцу элемент санна тIеоьцу Кремлехь иза, Путинна шен муьтIахьалла дIагайтахь а. Цундела Кадыровна дуьхьал дуьйлучийн механизмаш дIахIуьтту.иДиллина дуьсу иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун могушаллех долу хаттар а. Иза хийцарх а, цуьнан метта кандидат харжарх а хадам боллуш сацам бина бац, масех стаг хила тарло церан бIаьрг тIехIоьттина, иштта Алаудинов а цхьана", - билгалдоккху къамелдечо.
Алаудинов Ичкерица хилларг дац, йа чалтач ву, цуьнан "дашо тапча" йу аьлла цIейахна а вац
Иза дешна хиларна къастийна хила тарло, кхетаме, хаарш долчу ницкъахочун репутаци хиларна, дуккхаъ а Оьрсийчоьнан бахархой оьгIаз оьхуьйту Кадыров Рамзанан вастаца бIостане ву иза, аьлла хета Сулеймановна. Шен хьасташна тIетевжина, цо билгалдаьккхира, контроль шен карара йолуш йу аьлла хетачу Нохчийчоьнан куьйгалхочо масийттаза къедораш йина бохура "Ахматан" командирана, республике йухавола бохуш. Цо уьш тергалдина а ца хиллера.
"Алаудинов бала хьегна ву Кадыровн куьга, амма йуха а ша дIататта тарлора цо аьлла, кхерам боллушехь, Нохчийчу йухаван даго вуьтур вацара иза. Цуьнца доьзна хилла а ца Iа – цуьнга и дойтур дацара, хIунда аьлча, Алаудинов шен кхолламан да а вац, иза политикан ловзаран йийсархо ву", - бохура "Цхьааллин ницкъан" куьйгалхочо.
Компромиссе фигура
Алаудинов тIеман министраллин тIеман-политикан урхалле дIаэцар – Кремлан лаамца ду, "Ахмат" спецназехь цо хьуьнарш гайтина аьлла дац, тIетов америкахойн тIом зуьйчу Институтан (ISW) эксперт Степаненко Катерина а.
"Хетарехь, Кремлан ши Iалашо йу: Кремльна муьтIахь хир ду нохчийн Iедал аьлла, гарантеш кхоллар, хIунда аьлча Кадыров шен ницкъаш шорбан хьийза, ишта доллу дакъош тIеман министраллин куьйгакIел дерзор. Кремло шен Iедал сецадо "Ахмат" спецназана тIехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо шайна шантаж йан гIортахь а, Iалашдалархьама. Оцу тайпа хIума дира Кадыровс 2022-гIа шо довш Пригожин Евгенийца а", - элира цо.
"Ахматан" командир дика кандидат ву элира Степаненкос тIеман-политикан белхан урхаллин куьйгалхочун гIовс хIоттон, хIунда аьлча, Алаудинов кест-кеста вистхуьлу Оьрсийчоьнан телеканалашкахь, оцу тIехула дика вевзаш а ву иза.
Оьрсийчохь репрессин низамаш чIагIдарна шен цIе къайлайахьар дехначу Оьрсийчоьнан политологана хетарехь, Кадыров Рамзанан гонерчу нахалахь Алаудинов Апти компромиссе фигура йу Кремльна.
"Ичкерица доьзна хилларг дац цуьнан, йа чалтач ву, Делимхановн санна, цуьнан "дашо тапча" йу аьлла цIейахна а вац иза. Кадыров дIаваьккхича, цуьнан оьрсийн маттахь къамелдар кIорггера ду, дика хаарш ду, интеллеигент волуш санна ша дIагайта а хаьа цунна. Цундела иза дарже хIоттийча Оьрсийчуьра бахархошлахь а, тIеман эскархошлахь а резадацарш ца хааделира. Республикехь ши тIом хиллачул тIаьхьа кадыровхой хьалхатеттар эргIадаллица тIеоьцура хIинццалц", - дIахьедира политолого.
Оцу заманчохь америкахойн Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс ХIарольда Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь элира, Алаудиновна керла дарж даларо Кадыровн позицеш чIагIйийр йу федералан тIегIанехь, тIеман министраллехь а цуьнан дош лелаш хир ду.
"Йоккха пропагандистийн кампани дIайаьхьна Алаудинов Аптис, амма цуьнан декъо кхин дIоггара бина пайда бац тIамехь, тIелетарш дечу хенахь шайна хьалхара бала салтий тийсар доцург. Оцу кепара, иза дарже хIотточу заманчохь инарлин стратегин корматалла йацара леринарг, Кремльна цуьнан муьтIахь хилар дара", - аьлла хета Чемберсна.
Хьалхо Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарихь дуьненан талламийн Институтан (МГИМО) Iилманан белхахочо, ислам толлуш схьавогIучу Ярлыкапов Ахьмада кхетийра Алаудинов Аптин керста а, бусалба а цхьаъ хиларх йолчу концепцих. Алаудинов – говза оратор ву, цо акцент йина Iийса Пайхамар варе сатуьйсуш ду аьлла, ислам дина кхетамца догIуш ду иза. Оцу аспектехь ислам динан Iилма дуьззина нийса ду керстачуьнца, амма кхин дIа бIостане долу: исламехь Iийса Пайхамар Маьхьдица цхьаьна тоьлар ву Дадждал йа антихрист эша а веш. Оцу йукъанна чIогIа шуьйра тидар ду нохчийн инарлин динан догамтех дерг.
- "Ахматан" эскархойх шеконаш йу Украинехь, цара маьрша бахархой байина аьлла. Киевн хаамашца, цхьахйолчу тобанан командиро Мусаев Изноврас а, цуьнан куьйгакIел болчара а Оьрсийчоьно тIом болийначу йуьххьехь рейдаш дIахьош хилла шаьш схьадаьхначу дозанаш тIехь, кхерош хилла меттигера бахархой, тIехь ницкъ а беш. Иштта рейд дIахьочу хенахь, СБУ-но чIагIдарехь, Мусаевс хаа а хууш, коьртах герз детташ вийна маьрша пхи вахархо. Царлахь хилла ши зуда а, кхо борша стаг а.
- Цхьахволчу "Ахматан" "лаамхочо" дийцинера кадыровхоша Украинехь лелийначу тIеман зуламех лаьцна. Цунах лаьцна иштта дIахьедора, оккупаци лайначу Украинан бахархоша а.
- Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо.
- Украинехь шуйра тIом болийначул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъойн эскаршна а, Оьрсийчоьнан армин кхечу салташна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, кху шеран дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополь гIаларчу постехь хиллачу конфликтах.