Украинера тIом дукхахболчу бахархоша къобал бо бохуш оьрсийн пачхьалкхан зорбанаша дIахьедарш дахь а, 2022-чу шеран коьрта билгало хилла дIахIоьттира тIамна дуьхьал йолу протесташ. Тайп-тайпана кепаш хуьлура церан – социалан машанашкара комментарешна тIера, гуламашна, пикеташна, тIамна дуьхьал долу кехаташна, туьканашкарчу мах тIейазбечу кехаташна тIекхачалц. Арахьарчу политикаца реза цахилар гойту Оьрсийчоьнан йерриг регионашкахь: ур-атталла Кадыров Рамзана куьйгалла деш йолчу Нохчийчохь а простест хилира.
Къилбехь, Къилбаседа Кавказехь дайначу шарахь итт сов бехктакхаман гIуллакхаш долийра эскарх лаьцна "фейкаш" йаржорна аьлла. Шеконашка лаьцначех бара журналисташ, бакъоларйархой санна, политикаца хIинцалц бала хилла боцу рогIера нах а. ЦхьамогIа гIуллакхашкахула кхелан сацамаш хилира: масала, Элистан мэрин хилла волчу белхахочунна Очиров Алтанна кхо шо хан туьйхира колонехь йаккха, Сочера лоьрана Золотов Евгенийна кхо миллион соьманна гIуда туьйхира, шен фейсбукан агIонехь Украинехь байъинчу нехан терахьех лаьцна дийцарна, талламца барт бина хиллачу Адыгейрчу пенсхочунна Сумина Еленина 209 эзар соьманна гIуда туьйхира – и цуьнан шеран пенси ду.
Буьззинчу барамехь йоцу мобилизаци дIакхайкхийча, уггар йаккхийра тIамна дуьхьал йолу протесташ Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь а хилира, бIеннаш нах арабевлира цигахь, нах тIаме гулор сацаде аьлла. Пачхьалкхехь уггар дукха дискредитацина тIехула гIуллакхаш диллинчу кхаа регионех бу Краснодаран мохк. Цигахь лакхара жигаралла хиларца а, бахархойн терахьца а доьзна ду и – оцу барамца Оьрсийчохь кхоалгIа регион йу и, Москва, Санкт-Петербург дIайаьлча.
Протестийн къинйолчу трендех, 2022-чу шарахь жигархошна тIехьбевлла хьийзарх а Кавказ.Реалиин редакцино дийцира "ОВД-Инфо" бакъоларйаран проектан аналитикца, юристаца Короленко Дарьяца.
– 2022-чу шарахь жигархошна тIехьбевлла хьийзар муха къаьста дайначу шерашкахь царна тIехь репрессеш лелорах?
– 2020-чу шарахь дуьйна, йукъаралла сецорна тIера и хIаллак йарна тIе репрессийн кеп йоьдуш вайна гуш ду. ТIом болалучу хенахь йукъаралла чогIа гIийла йара.
Кху шарахь репрессеш Iаламат чIагIйелла, цул сов, гуттара хила йу уьш. "Демократица", "адамийн бакъонашца" бехказбийлар кIезга леладо Iедало, дехкарш хIитто дезаш хиларх дуьйцу сих-сиха. Гуш хезаш "кхерамазалле" жигаралла лелоран кеп йиссина а йац хIинца, хIунда аьлча, тIаьхьбевлла леларан практика вуно йаьржина.
– Йерриг пачхьалкхехь, Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь а, бIеннаш административан гIуллакхаш долийна эскарна дискредитаци йина бохучу артиклашкахула. 2022-чу шарахь уггар дукха "политикан" гIуллакхаш долийна артикл хиллий цунах? И чIогIа лелош хиларо хIун гойту?
– ХIаъ, эскарна дискредитаци йина бохуш пхи эзар сов гIуллакхаш долоро гойту уьш шортта хилар. Иштта тIом болабелча административан жоьпалле нах ийзоран терахь кхиар а – стигалкъекъа-баттахь кхо эзар гергга гIуллакх дара.
Шен кочара бахархьама, адамо кхелехь бехк тIелоцу
И лелочу практикера вайна хаьа, и артикл массо хIуманна дуьхьал лелайо: социалан машанашкахь, мессенджерашкахь тIамна дуьхьал йолу посташ, символика, урамехь дина къамелаш, пикеташ, кехаташ, пенаш тIехь дина йозанаш, тIехь йоза доцу кехаташ, ур-атталла "нет в***е". (Тюменерчу йахархочо кхелехь тIечIагIдайтира, ша йаздинарг "Нет вобле" дара аьлла – гIуллакх дIакъевлира, амма лакхарчу кхело 30 эзарна гIуда туьйхира цунна. – Билг.).
Оьрсийчохь дукха а наха тIамна дуьхьал йолу шайн ойланаш йовзийтина хилла, аьлла сацам бан мега – массарна а дуьхьал ца йаьхна протоколаш, гIуллакхаш ца долийна, иштта, респрессийн аппарат цкъа ца хиллачу кепара карзарйаьлла.
– ТIамна дуьхьал йолу протест регионашка а дIайахйелла, масала, Дагестане, ГIебарта-Балкхаройчу. Цунах муха кхета мегар ду? Цхьайолу регионаш жигара протесте хилар, кхинаш кIезга хилар гойтуш бакъо йуй лелаш? Стенца доьзна ду и?
– "Ламасте" протестийн регионаш йу – Новосибирск, Екатеринбург. Меттигера жигара йукъараллица, кхиъна горизонтале зIенашца а, регионийн ламасташца а доьзна хила мега и. Дагестанера, Якутера, Коми республикера протестех лаьцна дийцича, хетарехь, мобилизаци хержамашца дIайахьарца йоьзна хила мега уьш – къоман республикашна уггар дукха зен хилла, тIаккха цо резабацарш, реакцеш гулйина.
Цул сов, чиллан-беттан 24-хь тIамна духьал болу нах дIалецарш гучуделира тхуна Оьрсийчоьнан 226 гIаланашкахь – коьрта гIалахь хилла ца Iа протесташ.
– Доккхачу декъанна дискредитаци йина бохучу артиклехула жоьпалле оьзийначу наха – арахецначу кхелийн сацамашца дуьстича – бехкаш тIелоцу, дохкобовларх дIахьедо. ХIунда? Оьрсийчоьнан бакъонийн системица дов даьлча уггар атта позици йу и?
– Уггар хьалха гIуданийн барамаш бовза беза – лахарниг 30 эзар сом бу, дукхачу регионашкахь долу йуккъерчу барамера алапа ду и (масала, Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь официалан алапийн йуккъера барам 31 тIера 34 эзар соьме кхачалц бу. – Ред. билг.) Бехкаш тIе а лоций, шайн таIзар лахдан гIерта уьш – кхело лахарчул а лахара гIуда тухуш меттигаш йу, 15 эзар сом, бехк тIелаьцначу наханна а туху иза иштта. Провинцера лахара алапаш тидаме эцча, дерриг алапа, йа цуьнан дакъа дIадалар – и дукхачарна вуно дахарна чолхе хаттар ду.
ШолгIа-делахь, тхуна хаьа, дукхачеран дIалоцучу йукъанна телефонаш, ноутбукаш схьайохуш хилар, адвокаташца, бакъоларйархошца а зIене бовла аьтто луш ца хиларх а. Массарна а ца хаьа оцу опцех лаьцна. Сих-сиха полисхоша юридикан хаамаш доцучу нахана тIедожадо, цара дакъа а ца лоцуш, кхел йина бохучу кехатна куьг йаздар.
Иштта Iаткъам бича, рогIерчу стага, масала, "ВКонтактехь" даггара ша тIамна дуьхьал ву аьлла йаздинехь, цо тIелоцур ду: хIаъ, и йаздинера, со къера ву. Шена кочара бовлийтархьама.
– 2022-чу шарахь эскарна дискредитаци йарна, цунах лаьцна фейкаш йаржорна артиклаш тIехула жоьпалла Бехктакхаман кодексе йаздина. И артиклаш лелоран муьлха башхаллаш билгалйохур йара ахь?
– "Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш лелорна дискредитаци йархьама гуш хезаш гIуллакхаш лелор" боху артикл цуьнан хьалхачу декъехь дийцарехь, рогIера дискредитаци йича лелош йу и – масала, стага интернетехь масехазза цхьаъ йаздича, йа шозза пикете араваьлча. ШолгIачу декъаца (дикка зенаш дича лелош йу и) боьзна кхин дукха хаамаш бовзийла дац, муьлха зенаш дина оцу гIуллакхашкахула.
Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал даьхначу нахах тхуна хIумма а ца хаьа, йа йеккъа цуьнан цIе бен ца йевза
"Фейкийн" артиклах дерг дийцича – цуьнца жоьпалле озийра, масала, Бучех лаьцна, Мариуполерчу бер ден цIенна тохар дарх, оьрсийн эскархой байъарх лаьйна долчу хаамашца – цунах тера посташ го вайна, "дискредитацин" административан гIуллакхашкахь. И лелоран кепаш хийцаро кхин а кхерам латтабо: тIамна дуьхьал йозанаш долу мах безбеш йолу кехаташ бахьанехь 30 эзар сом гIуда тухур йу хьуна, йа бехктакхаман гIуллакх долор ду, Скочиленко Сашина, Завьялов Владимирна а дуьхьал санна?
– Йуккъара васт кхолла йиш йуй, Украинерчу тIамна дуьхьала волчу стеган? Стаг, йа зуда, дешаран Iилма, хан, бен болх, хьалхалерачу протестийн барамашкахь дакъа лацар?
– Оха оцу тайпа кхоччуш барамехь социологи йина йац, цуьнан цхьа дакъа бен ца дина. Масала, тхуна хаьа, акцешкахь дакъа лецна болчу зударийн терахь чиллан-зазадоккху беттанашкахь 44% хилла долу гезгмашин-баттахь 71% хьаладаьлла, амма "тIамна дуьхьал" боху гIуллакхаш дуьхьал даьхнарш доккхачу декъанна божарий бу. Хетарехь, "протестийн" бахархой тIом болабелча пачхьалкхера дIабахча санна хета, 2022-чу шарахь хилла дIалецарш (20 487) герга ду 2021-чу шарахь хиллачунна (23 500), уьш кхин а шогачу хьелашкахь хуьлу. ТIаккха протесте керла нах йукъабогIуш бу. Бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал даьхначу нахах тхуна хIумма а ца хаьа, йа йеккъа цуьнан цIе бен ца йевза – бакъоларйаран белхех лаьцна хIумма ца хууш, мичара орца деха деза ца хуу нах бу уьш.
– "ОВД-Инфо" гIирсехула хIора денна иттанаш гIуллакхаш дIаоьху, тIамна дуьхьал йолчу позицешна тIехула наханна тIехьбевлла лелаш. Хьуна уггар дагах кхетта, йа дагахь лаьттина истори йа гIуллакх дуй?
– Суна цатам бинарш Шуи эвлара Веселов Сергейн а, Вологдерчу кочегаран Румянцев Владимиран а гIуллакхаш ду. Кхаа бехктакхаман артиклашкахула тIехьбевлла Сергейна, Владимирна йалх шо хан тоха аьлла дехна прокуратурано, бакъ болу хаамаш бовзуьйту радио кхолла гIертарна. Цу шинна а 50 сов шераш ду, оцу наха доьналлица тIелоцу шайна дуьхьал лелориг.
Your browser doesn’t support HTML5
– 2023-чу шарахь репрессийн аппарато муха болх бийр бу аьлла хета хьуна? Муьлха трендаш йуьссур йу, йа чIагIлур йу? Стенца доьзна хир ду и?
– Пачхьалкхан думо тIаьххьара тIеэцначу низамашка хьаьжча а (экстремизмана тIехула жоьпалле озор, ур-атталла цо реестрера материалаш йаржийна йацахь а, арахьара агенташ административан, бехктакхаман а жоьпалле озор атта деш) кхета йиш йу, репрессеш совцур йац, мелла а чолхе хир йу. И муьлхачу кепехь хир ду, масех факторех доьзна хир ду, шайн декъехь тIеман гIуллакхаш, экономика а йолуш. Iедалан репрессеш лело берриг аьттонаш бу, кху шарахь цара уьш шорбина.
– Машаре протест йан меттиг бисний таханалерачу Оьрсийчохь?
– Тхан зенделлачуьнца дуьстича, ур-атталла кху шарахь дуккха а наха дакъа лоцучу митингашкахь 5 тIера 15% кхачалц декъашхой бен дIа ца лоьцура, тIакккха пикете арабевллачарна гIуда бен ца тухура. ТIамна дуьхьал йозанаш, кехаташ, битамаш, байташ, эшарш хуьлу йерриг Оьрсийчоь мел йу. Аьттонаш хIинца а буьссур бу, реза цахилар дIагайтар тайп-тайпанчу кепашка доьрзуш ду.
- Украинера тIом болабелча эзарнаш Оьрсийчоьнан бахархой махкара дIабахана. Дозанаш тIейогIучу хенахь дIакъовларх кхоьру дукха нах. ТIамна дуьхьал хиларна репрессеш, тIехьбевлла леларх ийзало вуьйш. Биссинарш кхоьру санкцеша хIоттийначу экономикан хьолах. Евробертан дозанаш къевлина хиларна, Оьрсийчуьра дIаоьхучу наха къилбан меттигаш лоьху: Эрмлойчоь, Гуьржийчоь, Узбекистан.
- Нуьцкъаха тIаме вигар, мобилизацина дуьхьал йолу протесташ нуьцкъаха хьешар, нах лечкъор, Iазап латтор, ЛГБТ-наханна, бакъоларйархошна, журналисташна а тIехьбевлла лелар, "сий лардеш адам дер", коллективан жоьпаллин практика, зударийн бехкечу меттигашкахь зен деш йолу операцеш йар – Къилбаседа Кавказехь оцу кепара низамаш хедорна тIе тидам бахийтина ООН-н Адамийн бакъонехула йолчу Комитето шен Оьрсийчуьрчу хьолах лаьцначу докладехь.
- Президента Путин Владимира мобилизаци кхайкхийча, Къилбаседа Кавказан республикашкахь протесташ йуьйлайелира. Дуьххьара Соьлжа-ГIалара зударий арабевлира, тIаккха гезгмашин-беттан 25-хь Нальчикехь, Махачкалахь а хилира протесташ, цигахь полицино дIалийцира гулбелларш. Бакъонашларйархоша бахарехь, тIейогIучу хенахь Кавказера тIамна дуьхьал йолу протест радикалан кепе йерза мега, Путинан цхьадолу туьйра хIаллак а деш – Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь массара а Кремлан политика къобалйо бохург.