"Кремлан мутаци кхузахь йолийна ю". Къилбаседа Кавказера "Мемориалан" коьрта гIуллакхаш

Оьрсийчоьнан эскархо Нохчийчохь, чиллан-бут 2000 шо

Нобелан машаран совгIатан лауреаташ бевлла 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан бакъоларъяран "Мемориал" юкъаралла а, беларусхойн бакъоларъярхо Беляцкий Алесь а, украинхойн бахархойн маршонийн Центр бакъоларъяран организаци а. Оьрсийчохь "арахьарчу агентийн" могIаршка яьккхина "Мемориал", Коьртачу прокуратурин сацамца дIайохийра иза. Бакъоларъярхоша дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, Къилбаседа Кавказера бахархой Iедалан харцонех Iалашбарехь цара лаьцначу доккхачу декъах лаьцна

"Дуьххьара суна дийна гина бакъоларъярхой бара "мемориалхой". 1989-гIа шо дара иза. ТIейеттачу Соьлжа-ГIалахь 1995-чу шарахь суна гина дуьххьарлераниг а вара бакъонашларъярхо, "Мемориалан" белхахо. Суо ца кхета, сайн къовсаме дуьйлу хеттарш, айса муха нийса дан деза ца хууш, сайн шеконаш хилча, ас гуттар а дустура "Мемориалера" нахаца", - дуьйцу Оьрсийчоьнан президентехуда адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхочо, 2015-2022-чу шерашкахь "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" хиллачу куьйгалхочо Кадяпин Игоря.

1990-чу шерийн юьххьера схьа дуьйна "Мемориало" дIахьош бара шайн болх Къилбаседа Кавказехь. ГIо дора мухIжаршна а, мигранташна а, "тIемаш лаьттачу меттигашкахь" адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латтайора, Нохчийчохь а цхьаьна, ша Къилба ХIирийчоь ю аьлла, дIакхайкхийначу махкахь а, Ломанан Карабахехь а. "Мемориало" иттаннашкахь гIуллакхш толийтира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь – низамашца доцуш нахана дуьхьал бехкзуламан гIулакхаш дахар, лецар, кхел йоцуш нах байар нахаладоккхура бакъонашларъярхоша.

Оьрсийчоьнан кхечу субъекташца дуьстича, "Мемориална" чIогIа коьрта яра, Iаламат дукха адамийн бакъонаш талхош йолу Къилбаседа Кавказ, дагалоьцу "Мемориалан" бакъонашларъярхочо, центр дIайохаяллалц "Горячие точки" программин куьйгалхо хиллачу Оров Олега.

Тахана Украинехь хуьлуш дерг – Оьрсийчоьно ехха, леррина, къиза, цIий Iенош Кавказа чохь тIемаш баран тIаьхьало ю

"Европера цхьаболчу нахана хетара, Нохчийчохь ши тIом боьдучу заманчохь хиллачун терго ян ца оьшура, Оьрсийчоьнан чуьра колониалан тIом бу иза олий. Оха кхетабора, оцу кепара хетар нийса дац, коьртачу хIуманех кхеташ ца хиларна, моьтту царна иштта олий. Коьртачех цхьаъ дара, Кавказан тIемаш мутациш хилар, уьш бахьанехь Оьрсийчоьнан политикан рожах хилла тахана вайна гуш дерг. Пачхьалкхера демократин институташ йоха йолаеоира Ельцин волуш, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь, шолгIачу тIемах Путин Iедале варан пиар-технологи хилира", -дуьйцу Орловс.

Бакъоларъярхочунна хетарехь, Къилбаседа Кавказера хиламаша аьтто баьккхира, Оьрсийчоьнан юкъаралло ницкъахой тIех чIагIбар паргIат тIеэца а, харцахьабаьккхинчу кхерамзаллех кхетаман метта маршонан идейш тIеэца а. ХIокху доллу шерашкахь "Мемориало" тIетаьIIина, шен-шен рожехь дIахьедора оцу мутацин кхерамех.

Соьлжа-ГIала, 1994 шо

"Тахана Украинехь хуьлуш дерг - Оьрсийчоьно ехха, леррина, къиза, цIий Iенош Кавказа чохь тIемаш баран тIаьхьало ю. Тахана вай дехачу оцу эрчоне хьаьжча, суна хета, кхиамех лаьцна дийца а ца оьшу. ХIокху минотехь дешнаш товш дацахь а, амма суна хета, хIара совгIат тхуна догIуш дацара аьлла. Тхан ницкъ ца кхечира Оьрсийчоьнан юкхаралла кхетон, мел оьшу маршо, кхерамзалла бахьана долуш иза йита мегар цахиларх, уггар реакционан ницкъаша пайдаоьцу тIом – ирча зулам хиларх. Цундела цхьа баккхийчу кхиамех лаьцна дуьйцийла яц", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиина еллачу комментарихь "Мемориалан" бакъоларъярхочо, хьалхо "Горячие точки" программин куьйгалхо хиллачу Орлов Олега.

Оцу юкъанна, Орлов Олега охьадагардо иттаннашкахь, бIеннашкахь шаьш баьхна кегий толамаш – ЕСПЧ-н а, къаьмнийн кхелашкахь толийна гIуллакхаш, бух боцуш бехкебина нах маьршабахарх, бехкенаш чубохкийтарх, тIепаза байначийн а, бертаза къайлабаьхначийн а база кхолларх.

Нохчийчоь

1995-чу шарахь, хьалхара тIом боьдучу юкъанна, бакъоларъяран центро вовшахтуьйхира, коьртехь "Мемориалан" куьйгалхо Ковалев Сергей а волуш, тергамчийн мисси. Церан белхан жамIашца лаьцначарна тIехь Iазап хьегарх, гIаттамхошлахь хилла вуй хьовсуш, федералаша лелийначу "фильтрацих" аналитикийн рапорт арахийцира. Оццу шарахь Ковалев Сергейс а, Орлов Олега а кхечу бакъонашларъярхошца а, Оьрсийчоьнан парламентан депутаташца а дIасахийцира шайца Буденновскехь гIаттамхоша лецна закъалтхой. Уьш бахьанехь дарбанан цIийнера арахийцира 111 зуда а, бер а.

"Мемориалан" декъашхоша теллира, СемаIашка эвлахь 1995-чу шарахь 100 сов маьрша вахархо а вуьйш, дIаяьхьначу "зачисткийн" тIаьхьало. ТаIзар данза биссина и цхьа бохам бара, Нохчийчуьрчу тIамах йолу факташ харцахьа яьхна Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсийн а, хьаькамийн а дезинформацин хьалхарчу масалех цхьаъ. Ницкъахоша чIагIонаш йора беттан юьххьехь пхи эзар гергга стаг хиллачу эвлахь "цхьа а маьрша стаг" шайна ца хаавелира, ткъа байинарш берш тIемалой бара.

КХИН А ХЬАЖА: Вежараллин кешнаш, маьршачу бахархойн декъий: стенца дагайоуьйту украинхойн Буча гIалано нохчийн СемаIашка

Премьер-министран дарже Путин Владмиир варца нисбелла шолгIа тIом болалуш бакъоларъяран "Мемориал" центро кхайкхамбира Оьрсийчоьнан куьйгалле:

"Федералан ницкъашна меттигерчу бахархоша гIо латтор доцу, керла шуьйра лаьтта тIехь йийр йолчу Нохчийчуьра операцино дуккха а бахархошлахь а, эскархошлахь а нах бойъур бу. Шина а агIор лурбаларо нах бойъуьйтур бу. ТIаккха хинйолчу эрчоно а, эхьо а Оьрсийчоь катастрофан дозане хIоттор ю".

"Мемориало" ЕСПЧ кхелехь толам баьккхира Къилбаседа Кавказехула Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь хиллачунна тIехула чукхачийначу гIуллакхца. Дара и 1999-чу шеран гIадужу-баттахь "Ростов-Баку" трасси тIехь мухIажарийн коврана тIе бомбанаш йеттар, Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштахь 2000-чу шарахь дIаяьхьначу "зачисткашкахь" маьрша нах байъар, Котар-Юьртахь, иттаннашкахь маьрша нах бойуш, бIеннашкахь чевнаш йеш, бомбанаш тохар. Нах лечкъабора Кадыровн Нохчийчохь а, ЕСПЧ-н кхелехь ду "тептарера 27-нна тоьпаш тохарх" гIуллакх, иза хьакхало къайлахчу Iазапийн набахтех, царех цхьаъ ю Соьлжа-ГIалин юккъехь.

Оцу кепарчу бозуш боцчу балхо агресси гIаттийра Оьрсийчоьнехьа долчу куьйгаллин. 2009-чу шеран товбеца-беттан 5-чохь "Мемориалан" белхахо Эстемирова Наталья лачкъийра иза ехачу цIенна уллохь, ГIалгIайчоьнца лаьттачу дозане дIайигина, цигахь тоьпаш тоьхнера цунна. Марсхьокху-беттан 31-чохь "Эстемирова Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхехула шаьш бина сацам бовзийтира ЕСПЧ-но.

Цхьана агIор гIуллакх кхачам боллуш теллина дац элира кхело, амма вукху агIор – Нохчийчоьнан Iедалхой оцу зуламна бехке бац аьлла юхататта йиш йолу тоьшаллаш ца гира.

2018-чу шеран дечкен-баттахь Нохчийчохь лецира 60 шо долу Титиев Аюб – Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо. Цунна кхел йира марихуана латторна. Титиевн белхан накъосташа и гIуллакх шайггара дуьхьалдаьккхина ду элира.

ГIалгIайчоь

Къилбаседа Кавказан кхечу мехкашкахь а санна, ГIалгIайчохь а бакъонашларъяран центро 2000-чу шерийн юьххьехь дуьйна йолийра адамийн бакъонаш талхорца долчу хьелан мониторинг. Уггар а чIогIа дийцинчух дара "гIалгIайн гIуллакх"ю. 2018-чу шеран гIадужу-баттахь ГIалгIайчоьнан урхалхочо Евкуров Юнус-Бека а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а куьйгаш яздира, шина регионна юккъера дозанаш хуьйцучу бертана. Нах протесташка бевлира, 2019-чу шеран зазадокху-беттан 27-чохь Росгвардица тийсадаларшка йирзира дуьхьало.

Магасера митинг, зазадокху-беттан 26 -гIа, 2019 шо

Верриг а "гIалгIайн гIуллакхехула", бакъоларъярхойн центран хаамашца, бехкзуламан гIуллакхе озийна ву 49 стаг. 2021-чу шеран гIуран-баттахь протестан ворхI лидерна хенаш туьйхира ворхI шарера, ах шарера исс шерашна тIекхаччалц. "Мемориало" гIалгIайн протестийн лидерш политикан тутмакхаш лелира.

Дагестан

Бакъоларъярехь боккха болх бира центро луларчу Дагестанехь. Ницкъахой бехке хила тарлун, 2000-чу шерашкахь республикера нах лечкъош, тIепаза бовш хуьлучух дукха лерина ларарш дира цуьнан эксперташа. Иштта дIаяздора контртеррорна операциш дIахьочу заманчохь бойъучу дагестанхойх – цул тIаьхьа федералаша гIаттамхой бара олий, кхайкхамбора уьш.

Уггар дукха даьржина дийцинчух дара, 2016-чу шеран мархьокху-баттахь Дагестанерчу Шемалан-кIоштахь байъинчу вежарийн- бежIунойн ГасангусейновгIеран Гасангусейнан а, Набин а гIуллакх. Оцу заманчохь МВД-н декъан хьаькам хиллачу майора Алиев ИбрахIима дIахьедира, оперативан барамаш дIахьочу заманчохь бевзаш боцчу наха герзаш диттинера, дуьхьал герзаш диттина байъира уьш аьлла. Вежарийн дега-нене дIахьедира, вийна шиъ террорхо хиллера аьлла. Цул совнах суьдхо Магомедов Убайдулла вийнарг а, Телетль эвлара школа ягийнарг а, Хебда эвлара бIов ягийнарг а ГасангусейновгIар хиллера аьлла, тIедилла гIоьртира полисхой

Шайн доьзалхой бехбарна дуьхьал делира вийначу шина вешин да-нана, ялхолгIа шо а ду цара бакъдуерг къуьйсу. Наби а, Гасангусейн а гIаттамхошца воьзна цахиларх тоьшалла дира цара, ткъа хIинца и шиъ вийначунна таIзар дайта гIерта. Цунах лаьцна Путин Владимире шегга хоуьйтура, амма хIетте а жоьпалле озийна вац хIинца а.

Вийначу шина кIентан да Гасангусенов Муртазали

Жа дажош лелла вежарий байъарна жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIехь хилар а, зулам эвсара теллина цахилар а къобалдира ЕСПЧ кхело, И сацам бойтуш гIо дира дена "Мемориалан" юристаша.

2008-чу шарахь гидростанцин Ирганайскан хи латтийлехь Iедалхоша 0 Дагестанан бахархошкара "схьадехира" цIенош а, бошмаш а. ХIетахь дуьйна федералан а, регионалан а Iедалхоша низамехь догIу компенсаци царна лур ду баьхнера, амма хIинца а даланза ду. ХIусамех а, бошмех а бевллачу нахана бакъонан гIо латтийра иштта "Мемориалан" юристаша.

Кхин а цхьаъ резонансе истори ю – Временный олучу меттигехь 2014-чу шеран гурахь эскархоша а, бакъоларъяран структурийн белхахоша а "зачистка" дIаяхьар. Божарий а, царна тIаьхьа дIабахана зударий а декхаребира шайн хIусамаш дIатийса, ткъа ши бутт баьлла, уьш юхабирзича, царна гира шайна дина къола. ГIаттамхой левчкъина хилла аьлла хетачу ницкъахоша "бункерш" лоьхуш, экскаваторшца аьхкинера йоллу эвла, церан бошмаш а дIахьокхуш. Нийсо а лоьхуш, компенсациш даха гIерта Временный эвлара нах бакъоларъяран центран гIоьнца.

ГIебарта-Балкхаройчоь

"Мемориало" 2000- гIа шераш довш дуьйна дIаязбеш бу ГIебарта-Балкхарочйчохь нах лечкъорах а, кхел йоцуш нах байъарх а хаамаш. Шайга дIахьединчу 29–ннан- 2005-чу шарахь Нальчикехь террорхойн тIелатар динера аьлла, бехкевинчу "58-ннан гIуллакхех" латкъамна жоп делла Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. ТIехь ницкъбина, тIелеттера аьлла, тIелацийтинчу царна компенсаци кхачийра 26 эзар еврона тIера 52 эзарна тIекхаччалц.

"Мемориало" гIо динчара дийцинера, шаьш 2005-чу шарахь лецарх, йеттарх, ток йеттийтарх. Масех баттахь ницкъбинера царна тIехь – бехкаш тIелоцуш, цара куьйгаш яздинчул тIаьхьа а – шаьш аьллачунна дохко ца бовлийта а, латкъамаш ца байта а.

Бакъонашларъярхоша жигара дуьйцура меттигерчу вахархочун Гугов Исламан процессах, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх шайггара даьккхина доллушехь, колонихь такха 16 шо туьйхира цунна, Шемарчу террорхойн организацихь дакъалаьцна ву аьлла, бехкевина.

Болх кхин дIа а беш бу

"Мемориалан" балхаца коьрта дара, политикан буха тIехь лоьцучарна гIо латтор – репрессеш йинчеран тептарехь эзар сов Оьрсийчоьнан вахархо ву. Бу царлахь "гIалгIайн гIуллакхан" фигуранташ, "Черновик" дагестанхойн газетан редактор Гаджиев Iабдулмумин, ГIебарта-Балкхаройчуьра Кудаев Расул, шайн ориентаци бахьана долуш ницкъбина, балехь бахкийна нохчий Магамадов Салехь, Исаев Исмаил, «Откртая Россия» гIирсан экс-директор Пивоваров Андрей, Геленджикехь лачкъийна, Нохчийчу дIавигина оппозицин IАДАТ телегарм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман, "ВКонтактехь" посташ хIитторна таIзар дина Халимов Айтхьаьжа.

Кхелан сацамца "Мемориал" центр дIайохор дац бакъоларъяран болх сацийна бохург, дуьйцу йохийначу "Мемориал" центран "Горячие точки" программин юристо-координаторо Тарасова Галинас.

"Йохийначу бакъоларъяран "Мемориал" центран херцаршна тIехь бакъоларъяран "Мемориал" бренд кхуллучу тIедалийна репрессеша, цуьнан гурашкахь юридикан гIоьналла латтор ду адамийн бакъонаш къуьйсучу наха. "Мемориална" деллачу Нобелан машаран совгIато гойту, цуьнан цIарах лелачу бакъоларъяран белхан а, оцу брендан а мехалла", - билалдоккху Тарасовас.,

"Мемориал" брендан гурашкахь дозанал арахьа болх беш ю "Поддержка политзаключенных. Мемориал" проект. Оьрсийчохь кхоьллина адамийн бакъонаш Iалашъен юкъараллин Центр "Мемориал". Цо бечу балхах дуьйцу социалан машанашкарчу агIонашкахь а, мессенджерашкахь а.

Оьрсийчоьнан бахархошна шайна тIехь хIинцца бен хааделла доцург Къилбаседа Кавказехь лело дуккха а хан ю

ТIаьххьарчу иттех шерашкахь Къилбаседа Кавказехь лаьтта хьал дикка къаьсташ ду йиссинчу пачхьалкхах – кхузахь политикан кхин раж яра, Iедалш декъар данне а дацара, цIена харжамаш хуьлура, йозуш йоцу кхелан система яра, кхетадо "Мемориалан" болх оьшуш хиларх рцу регионехь ГIебарта-Балкхаройчоьнан регионалан бакъоларъяран центран куьйгалхочо Хатажуков Валерийс.

"Къилбаседа Кавказах Кремло политикан полигон йинера, цигахь Iедал шайн карахь сацор а, бахархойн юкъараллина а, бозуш боцчу зорбанан гIирсашна а Iаткъам бар карадерзийра. Кхечу биссинчу Оьрсийчоьнан бахархошна шайна тIехь хIинцца тIаьххьарчу шерашкахь бен хааделла доцург Къилбаседа Кавказехь лело дуккха а хан ю. Оцу хьелашкахь "Мемориалан" системе болх тIехчIогIа мехала бу", - билгалдоккху Хатажуковс.

"Мемориал" бахьана долуш, йоллу Оьрсийчоьнна а, дуьненна а хиира Къилбаседа Кавказерчу резонансе гIуллакхех, дерзийра къамелдечо.